Урокан ц1е:Дешхьалхе.
Оценка 4.7

Урокан ц1е:Дешхьалхе.

Оценка 4.7
Разработки уроков
docx
администрации
5 кл
02.05.2018
Урокан ц1е:Дешхьалхе.
Урокан тайпа:Хуучу хаарех пайда эцаран урок. Урокан кеп: Шаьш беш болу болх, кхолларалин болх. Урокан г1ирс: Книга, ручка, тетрадь, кехаташ УМК: В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев. Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш): Предметни (Кхеторан):Хаа деза, дешхьалхе х1ун ю, цуьнан чулацам, цо дашна луш долу керла маь1на. Дешхьалхе билгалъяккхар.Дешхьалхенашца дешнаш кхолла хаар. Дешхьалхенашка хьаьжжина дешнаш тобанашка декъар. Дешан д1ах1оттам муха бу хаар. Нохчийн меттан нийсаяздаран дошамах пайда эцар Метапредметни (Кхиоран 1алашо):1амийнарг карладаккхар.Дозуш долу къамел кхиор. Личностни (Кхетош - кхиоран 1алашо):Шен матте болу безам д1акховдо хаар.
Документ Microsoft Office Word.docx

Технологически карта

1.       Хьехархочун ц1е:

2.       Класс: 5  «Б», «В», «Г».

3.       Терахь: 12.02.2015 шо

4.       Предмет: Нохчийн мотт.

5.       Урокан ц1е:Дешхьалхе.

6.       Урокан тайпа:Хуучу хаарех пайда эцаран урок.

7.       Урокан кеп: Шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.

8.       Урокан г1ирс: Книга, ручка, тетрадь, кехаташ

9.       УМК: В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев.

10.   Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):

Предметни (Кхеторан):Хаа деза, дешхьалхе х1ун ю, цуьнан чулацам, цо дашна луш долу керла маь1на. Дешхьалхе билгалъяккхар.Дешхьалхенашца дешнаш кхолла хаар. Дешхьалхенашка хьаьжжина дешнаш тобанашка декъар. Дешан д1ах1оттам муха бу хаар. Нохчийн меттан нийсаяздаран дошамах пайда эцар

Метапредметни (Кхиоран 1алашо):1амийнарг карладаккхар.Дозуш долу къамел кхиор.

Личностни (Кхетош -  кхиоран 1алашо):Шен матте болу безам д1акховдо хаар.

 

 

п/п

 

Урокан

мур

 

Хьехархочун болх

 

Дешархочун болх

Планехь долу хиндерг

Предметни

Метапредметни

Личностни

Шен, долахь долу

1

 

Берийн ойла дешарна т1еерзор

(мотиваци)

Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Маршалла хаттар. Урокан ц1е а, 1алашо а йовзийтар.

Уьн т1е хьалхе яздина дешнаш.

Малх бац тахана гуш,-

Бижна и бисна.

Я кхерабелла и,

лечкъина д1а.

Мархаша кхохкийна

стигал ю буьрса.

Схьакхечи, схьакхечи

къажделла 1а.

Урокана кечам бо.

Хьехархочуьнга маршалла хаттар.

Хезчун маь1на  къастор, шайн дешнашца.

 

Регулятивни:

(Х1орамма шен белхан кечам бар).

Целеполагани.

Познавательни: анализ яр, керлачун хаам бар.

Смыслообразовани

(Х1ора дешархочун урокан мотиваци яр).

самоопределени

2

Дешнийн диктантах пайда оьцуш керла коьчал йовзийтар.

Ц1е хьалалатийра, ц1ен шекъа, к1ай д1алатийра, к1айн котамаш, к1ентан да, х1ун дан, ден амал, марха досту де, т1евог1уш ган, охьаоьзна га, сан д1аяхана хан.

-Стенах олу лард, чаккхе?

-Муха лоху дешан орам?

-Буха сизаш хьаькхначу дешнийн хьайна девза дешан дакъош билгалдаха.

-Муьлха дешан дакъош дисина вай тидам база?

-Дешан муьлхачу меттехь лаьтташ ду уып? Схьа- караде уьш:

д1а - латийра

т1е - вог1уш

д1а - яхана

-Дешан лексически маь1на муха хийцаделла и дещдакъа т1ет1оьхча?

-Муьлха ц1е тилла мегар дара оцу дешан декъа-

на: а) дош д1адолориг;

б) дешан маь1на хуьйцург;

в) дешхьалхе.

-Стенах олу дешхьалхе?

-Муха билгалйоккху дешхьалхе йозанехь?

Д1аязйо дешнийн диктант.

Текст т1ехь болх бо.

Ладуг1у деллачу хаттаршна нийса жоп ло.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Т1едиллар кхочуш дар.

Керла предметни хаарш.Х1ора дешархочун схьакаро деза нийса жоп.

Регулятивни:

(таллар, бинчу балхан мах хадор), шен оьшуш йолу материал къасто хаар.

Коммуникативни: Шен дагахь дерг нийса д1аала хаар

Познавательни: шен оьшуш йолу материал къасто хаар

Самоопределени.

маь1на дан

1ема.

Самоопределени.

саморегуляци

3

1амийнарг т1еч1аг1дар

Уьн т1е хьалхе яздина дешнаш.

Кхосса, вала, веара, кхийтира, кхечи.

- Схьа, - д1а, - ара, - чу, - хьала, - охьа, - т1е,  - охьа.

Схьакхосса, д1акхосса, аракхосса, чукхосса, хьалакхосса, охьакхосса, т1екхосса.

- Дешхьалхенийн г1оьнца керла дешнаш кхолла.Д1аязде уьш.

Ладуг1у, т1едиллар кхочушдо.

Дешхьалхенийн г1оьнца керла дешнаш кхоллу. Тетрадаш т1е д1аяздо уьш.

Проблема къасто 1ема

Предметни хаарш т1еч1аг1дар

Коммуникативни:

Вовшашца яьхье буьйлуш, собаре хила 1ема, урокан 1алашонаш кхочушйо

Познавательни:

Шаьш бинчу балхана мах хадор

Маь1на дан

1ема.

 

4

1амийнарг т1еч1аг1даран шардарш.

 

1. Кхочушде 219-г1а шардар. Лард билгалъяккха.

2. Учебникан дошам т1ера схьаязде 10 дош. Дошкхолладаран къастам бе царна.

3. Цхьана дашна х1оттае дошаман статья.

 

Т1едиллар кхочушдо, Кхочушдо 219-г1а шардар. Лард билгалъйоккху

2.Учебникан дошам т1ера схьаязде 10 дош.Дошкхолладаран къастам бе царна.

3.Цхьана дашна х1оттае дошаман статья.

Предметни хаарш т1еч1аг1дар.

Т1едиллар кхочуш дар

Проблема толлу, къастам бо

Регулятивни:

(таллар а, бинчу балхан мах хадор), шен оьшуш йолу материал къасто хаар

Коммуникативни:

ларамца цхьа барт хилар, тобанашкахь

болх бо

Познавательни: маь1на дан 1ема.

Маь1на дан

1ема.

Самоопределени.

саморегуляци

6

Рефлекси

     Урокана маь1на а, жам1 а дар. Урокехь 1амийнарг билгал а доккхуш, 1амош йолу материал йийцаре ярехь дакъалаьцначу дешархошна оценкаш а йохку.

 

Хаттаршна нийса жоп ло. Шаьш бинчу балхана мах хадор, х1оттина хиллачу 1алашонаш дешархоша муха кхочуш йина хаар.

1амийначун жам1 дан 1ема

Регулятивни (таллар а, бинчу балхан мах хадор), шен м1аьна кхоллала. Коммуникативни:

Познавательни: (анализ, жам1 дар)

Самооценивани.

Ша – шен хаарш таллар, масийта тайпана мехала хаарш к1оргло

7

Ц1ахь бан болх.

1.       1амае 4б-г1а §.

2.       Муьлххачу а исбаьхьаллин произведени т1ера схьаязъе 5 предложени, шайца дешхьалхенаш йолу дешнаш а долуш, дошкхолладаларан къастам а беш.

3.       Дешхьалхе бохучу дашна бе фонетически къастам.

 

1аматца болх.

 

Познавательни

Регулятивни:

 

 

 

 

 

Технологически карта

1.       Хьехархочун ц1е:

2.       Класс: 5

3.       Терахь: 16/18.02.15.

4.       Предмет: нохчийн мотт.

5.       Урокан ц1е: Изложени «Доттаг1 вонехь вевза!»

6.       Урокан тайпа: Дозуш долу къамел кхиор.

7.       Урокан кеп: Кхолларалин болх.

8.       Урокан г1ирс: Ручка, тетрадь.

9.       Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):

Предметни (Кхеторан):Дозуш долу къамел кхиор.

Метапредметни (Кхиоран 1алашо): Текстаца болх болх бар.Нийса предложенеш х1иттор. (шайн ойланца кхетамца). Предложенешна юкъахь уьйр хилийтар, цхьаьцхьаьнца а, вукхуьнца а доьзна хилар.

Личностни (Кхетош -  кхиоран 1алашо):Ненан меттан, йозане берийн безам кхиор.

 

п/п

 

Урокан

мур

 

Хьехархочун болх

 

Дешархочун болх

Планехь долу хиндерг

Предметни

Метапредметни

Личностни

Шен, долахь долу

 

 1

 

Берийн ойла дешарна т1еерзор

(мотиваци)

Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Маршалла хаттар. Урокан  ц1е а, 1алашо а йовзийтар.

 

Урокана кечам бо.

Хьехархочуьнга маршалла хаттар.

Хезчун маь1на  къастор

 

Регулятивни:

(Х1орамма шен белхан кечам бар).

Целеполагани.

Познавательни: анализ яр, керлачун хаам бар.

Смыслообразовани

(Х1ора дешархочун урокан мотиваци яр).

самоопределени

2

Хьехархочо д1айоьшу изложении текст.

 

Суьйранна дара иза. Юх-юххе дижина Iapa Борз (ж1аьла) а, цуьнан доттаг1а Ч1ама (эса) а.

Цхьа хан яьлча «булкъ» олуш г1овг1а кхечира лере. Б1аьрг ца боьллуш, лергаш дуьйлина, ладог1а делира Борз. Юха хезира г1ийла кхайкхаме аз. Кхин ладоьг1уш 1ен йиш яцара.

Бешан сетканан кертах дехьаоьккхуш, бетонан йоккхачу ной чу иккхира Борз. Хи чохь керча Иман лаза ца еш схьалаьцна, хьаладелира иза.

Ц1ийнан не1аре Иман охьа а йиллина, «г1алх, г1алх», аьлла, чуьрчаьрга кхайкхира ж1аьла. Чуьрнаш аралилхира, йо1ана го беш. Борз нацкъара а даьлла, шен хьекъале б1аьргаш йоь1ан дена-нанна т1е боьг1на, шена т1ера хи д1адоккхуш, дегаделира.

Ч1ама цунна т1е мотт хьоькхуш, и дакъо х1оьттира.

Иштта кертарчу баккхийчаьрца гергарло ч1аг1делира борзан.

 

Ладуг1у,цхьац долу х1ума шайн тетрадаш т1ехь д1аязйо

Нийса предложенеш х1иттор. (шайн ойланца кхетамца).

Познавательни:

маь1на дан

1ема

Хьехархочунга болу безам ч1аг1бар.

 

 

3

Текст т1ехь

болх

Ца кхеташ долу дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш уьн д1аяздо, церан лексически маь1на, нийсаяздар билгалдоккху.

 

Ца кхеташ долу дешнаш,дешнийн цхьаьнакхетарш тетрадь т1е д1аязйо, церан маь1на до.

 

Познавательни:

маь1на дан

1ема

 

4

Изложенин

план х1оттайо

1.       Хаттарш а луш, дешархошка буьйцуьйту из­ложении чулацам.

2.       Цул т1аьхьа х1оттайо план.

План.

1.   Суьйре.

2.    Борзана хеза г1овг1а.

3.    Ж1аьло rlo до.

4.     Доттаг1алла ч1аг1делла

3.Оцу план т1е а хьожуш, масех дешархочо схьаюьйцу изложении текст.

Деллачу хаттаршна нийса жоп луш, план х1оттайо.Оцу план т1е а хьожуш, масех дешархочо схьаюьйцу изложении текст.

Т1едиллар кхочуш дар

Познавательни: Целеполагани.

Проблемни хаттарш х1иттадо.

шен оьшуш йолу материал къасто хаар.

Коммуникативни:

ларамца  цхьа барт хилар.

Маь1на дар

5

Хьехархочо шолг1а д1айоьшу текст

Хьехархочо шолг1а д1айоьшу текст.

 

 

 

Познавательни:

шен оьшуш йолу материал къасто хаар.

 

6

Дешархоша шайга болх байтар

Дуьххьара дешархошка язйойту изложени цхьана кехаташ т1е.Цул т1аьхьа бен ца язйойту  тетрадаш т1е.

 

 

Дуьххьара дешархоша язйо изложени цхьана кехат т1ехь. Цул т1аьхьа бен ца язйо тетрадаш т1е.

 

 

 

7

Ц1ахь бан болх

Изложенин кечам бе. Бакъонаш карлаяха.

1аматца болх.

 

 

Познавательни

Регулятивни:

 

 

 

 

 

 

 

 


 

Технологически карта 1.

Технологически карта 1.

Ц1е хьалалатийра, ц1ен шекъа, к1ай д1алатийра, к1айн котамаш, к1ентан да, х1ун дан, ден амал, марха досту де, т1евог1уш ган, охьаоьзна га, сан д1аяхана хан

Ц1е хьалалатийра, ц1ен шекъа, к1ай д1алатийра, к1айн котамаш, к1ентан да, х1ун дан, ден амал, марха досту де, т1евог1уш ган, охьаоьзна га, сан д1аяхана хан

Кхочушде 219-г1а шардар. Лард билгалъяккха

Кхочушде 219-г1а шардар. Лард билгалъяккха

Урокан тайпа: Дозуш долу къамел кхиор

Урокан тайпа: Дозуш долу къамел кхиор

Хьехархочо д1айоьшу изложении текст

Хьехархочо д1айоьшу изложении текст

Урокан ц1е:Дешхьалхе.

Урокан ц1е:Дешхьалхе.
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
02.05.2018