Внеклассное мероприятие по географии "Географическая кругосветка" (игра-путешествие) 6 класс

  • doc
  • 25.11.2019
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала 0012317f-2c436b32.doc

Урок дIаехьнарг Хагаева Петимат Шахидовна

Урокан  ц1е:   Ошаев Халидан дийцар «Чайра».( довзар).

Урокан тайпа:   керланиг довзийтар.

Урокан кеп:         ийна урок.

Урокан г1ирс:  учебник, сарташ.

1алашонаш:                                                                                    1).1аморан: яздархочун  кхоллараллех лаьцна хаам бар;

2).кхиоран:1амийначух кхетаран талламбар;

3).кхетош- кхиоран: Даймахке а, 1аламе а дешархойн безам кхиор.

Урокан хьесап:1аморан.

Урок д1аяхьар.

I.Дешархойн ойла т1еерзор.(Маршалла хаттар, охьаховшар, урокана оьшу г1ирс кечбар, боцурш  билгалбахар).

Урокан 1алашо дешархошна йовзийтар.

II.Хаарийн актуализаци.

-Хьа эр дара соьга, мила ву Ошаев Х.?

(Нохчийн яздархо).

-Ошаев Халидан муьлха произведенеш евза шуна?

(«Асламбек Шерипов», «Брест- ц1еран б1ар»)

III.Керла хаарш ,  г1уллакхдаран некъаш 1аморан мур.

Яхдархочун а, Даймехкан 1аламан а сарташ ду уьн т1е  д1атоьхна.

 

A description...

 

 

 

1.Хьехархочун  дош.

-Бераш , хьанна хаьа, маца , муьлхачу шарахь даьккхина вайн къам ц1ера?

(1944 ш.)

-Маса шарахь  лайна вайн къомо и къизалла?

(13 шарахь).

а).Ошаев Х. нохчийн г1араваьлла яздархо ву. Доккха дакъа лаьцна цо вайн  нохчийн  литература 1аморан, халкъан культура, 1илма кхиоран  белхашкахь. Ошаев Х. бехк боцуш чувоьллина  10 шо , цул т1аьхьа ссылкехь 3шо , къам ц1ерадоккхуш махках ваьккхина кхин 13 шо хан Сибрехахь а текхна.

 

A description...

 

A description...

 

 

б).Вай тахана 1амор долчу дийцаран  ц1е «Чайра» ю

Дийцаран чулацам  т1ехь болх болабале ,  яздархочух лаьцна хаам бан лаьа сунна.

2). «Чайра» дийцар яздархочунна шен дахарна ч1ог1а герга хетта.

Коьрта турпалхой- къена Даду, Чайра ,цуьнан  к1ант Мохьмад.

3).Дийцар дешар , коьрта маь1на билгалдаккхар.

4). Дешнех кхетам балар.

 

Стешна- диттийн тайпа.

Пхьаг1ат-шина бердан юрт.

Ч1ожа- к1орга басе, готта 1ин.

Чаккхарма- километрал алсамо(верста).

III.Физминот.

-Бераш, цхьажимма са а до1уш ,Даймахках лаьцна  кицанаш хьа дуьйцур дара?

а).Нехан юьртахь эла хуьлачул а, шен махкахь лай хилар г1оле ю.

б).Дика еъна гуьйре , буьзна никх санна ю.

в).1уьйре ц1ийелча- кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча- кхаллар кечде.

Г). Ненан сий динарг махко а лерина.

IV.Керла 1амийначу кхеторан хьалхара талламбаран мур.

1. Хьехархочо дийцар доьшу.

2.Дийцаран чулацам т1ехь болх бар.

3.хаттарш далар:

А).Х1ун хиламаш бу кху дийцар т1ехь буьйцурш? Муьлш бу коьрта турпалхой?

-Вай къам махках даьккхина хан коьрта турпалхой:Даду, Мохьмад, церан ж1аьла Чайра.

б).Шен Даймахкана са муха гатдо Мохьмада ?Х1унда вара иза шен  ц1а ваха сатесна?

-Даймохк дукхабеза цунна.Цо цуьнга сатеснийла хаьа вайна, цуьнан ц1ерпошта т1ера охьавоьссина багах девлачу дешнашца: «Даймохк…».

 

 

 

A description...

 

в).Х1ун ю цуьнан юьртан ц1е?

-Лаха- ч1инха ю.

г).Шайн хилла ж1аьла гича х1ун дог-ойла кхоллало Мохьмадан даг чохь?

-Цунна ч1ог1а хазахета и гича. И дийна дисарх воккхаве  иза.

д).Ж1аьла шеца Казахстане д1адига лаам маца кхоллабелира Мохьмадан?

-Иза  новкъа ваьлча ж1аьла цунна т1аьхьадолало.

A description...

 

 

 

е).Х1унда ца лиира ж1аьлина цуьнца д1адаха?

-Ша 1ан меттиг йита ца лиира  цунна.

ж).Х1ун ала г1ерта автор шен дийцаран чулацамехь?

Буста Чайрин а,Мохьмадан а Даймахке болу безам.

V.Т1еч1аг1даран болх.

1.Дийцар дешархошка дешийтар.

2. Х1ораммо а ешначу  кийсак т1ехь хаттар далар.

3.Шина-кхаа дешархочуьнга шайн Даймахках  лаьцна ши-кхо  предложени тетрадаш т1е д1аязъяйтар.

 

VI.Урокехь 1амийначун жам1 дар.

-Хьа язйина вай тахана 1амийна дийцар?

(Ошаев Халида).

-Х1унда тиллина , шуна хетарехь, автора цунна ц1е «Чайра» аьлла?

(Турпалхочун ц1а а и ж1аьла а цаьрга болу  безам  Даймахке нисса лору автора).

VII.Рефлексин мур.

-Таханлера вайн урок муха хийтира шуна?

-Дийцар  хазахийтирий шуна ?

_Х1инца  аша бинчу  белхан мах хадор бу вай.

 

 

 

 

Синквейн.

-Хьа язйийр яра иза?

1алам

Самукъане, ц1ена, хаза

Оьшу, лардо, тово

Саде1арна ч1ог1а оьшу

Х1аваъ.

-Дика ду. Нийса язйина.

VIII.Ц1ахь бан болх.

1.Дийцар деша, чулацам хаа, хаттаршна жоьпаш ло.

2.Даймахках лаций шайн белхан тетрадаш т1ехь жима дийцар язде.(4-5 предложени).

 

 

 

 

 

A description...

Ошаев Халид Дудаевич(1898-1977 шш)

 

Йоккхачу Атаг1ара

№3 йолчу юккъерчу школан

хьехархочун  Гетиева Шерипатан

6-чу «В» классехь нохчийн литература хьехаран йиллина урок.

26. 01. 2012 ш.