Ьвьуь
Оценка 4.6

Ьвьуь

Оценка 4.6
docx
02.09.2021
Ьвьуь
10 -11 кл. ЛИТ. -2019.docx

 

Юккъера юкъардешаран ишкол

 

10, 11 классаш

 

НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН БЕЛХАН ПРОГРАММА

 

КХЕТОРАН  КЕХАТ

Нохчийн литературин программа хIоттийна шолгIачу тIаьхьенан Федеральни пачхьалкхан юкъардешаран стандартийн лехамашна тIе тевжаш.

Программо билгалдо инвариантни (ца Iамийча цадолу) дешаран курсан дакъа, таро ло белхан программаш хIиттош дешаран коьчал дIасаекъа, курсан дакъош шайн лаамехь хьалха-тIаьхьа нисдеш, хьеха. Программо аьтто бо дешаран цхьаалла ларъярехь а, хьехархойн кхоллараллин лаам ца боьхкуш, таронаш ло дешаран курс тайп-тайпанчу кепара дIахIотторехь а.

Программо Iамо билгалйина нохчийн литературин тоьлла произведенеш, уьш        массо юкъардешаран ишколашна лерина а, жамIдаран талламан системица йозаелла а ю. Программо иштта шена чулоцу юкъарчу хьесапера обзораш, тематически а, жанрови а башхаллашца хIиттийна йолу.

Яккхий произведенеш, Iамо атта хилийта, яцйина ялийна.

Программа кхаа декъах лаьтташ ю: «Кхеторан кехат», «Коьрта чулацам», «Тематически планаш».

 

 «Литература» предмето шеца Юкъардешаран Iалашонаш кхочушъярехь дохьург

Коьртачу юкъардешаран ишколашкахь литературин курс тIехьажийна ю дукхакъаьмнийн Россин ца хилча цаторуш долчу культурин декъах санна, литературех болу кхетам дешархошкахь кхиорна, цо аьтто бо массо кепара къиъна ваьлла, граждански кхетам болу, къаьмнашца йолу юкъаметтигаш цхьаьнайогIуш долу адам (личность) кхиорна.

Нохчийн литература ишколашкахь Iамор шен башхаллаш йолуш ду. Нохчий кхиаран социально-исторически башхаллаш а, къоман культурин исторически  хьелаш а, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ а тидаме оьцуш, дIахьо литература Iамор. Къоман башхалло шатайпа тIеIаткъам бо дешархошна литература Iаморехь, цундела культурно-исторически хьелаш тидаме а оьцуш, Iамо еза литература.

Дешаран предмет «Литература» герггара уьйр йолуш ю «Нохчийн мотт» предметаца. Нохчийн литература дешархойн ненан мотт а, церан къамелан оьздангалла а кхиорехь, юкъаметтигаш лелорехь а коьрта хьаст ду.

Исбаьхьаллин произведенийн мотт Iаморо аьтто бо дешархошна дешан исбаьхьаллин (эстетически) декхарш довзарехь, исбаьхьаллин дешнашца кхелина мотт караберзорехь. Цо билгалйоккхуш ю цуьнан мехалла нохчийн литература а, нохчийн мотт а герггара уьйраш тосуш Iаморехь.

Нохчийн литература, цуьнан цхьа дакъа а долуш, къоман культурица юххера йозаелла ю. Юкъаракультурица йоьзна литература Iаморо таро лур ю дешархошна нохчийн литература билггалдолу культурин цхьа дакъа санна иза тIеэца, ткъа иштта нохчийн литературин этнокультурни башхалла а, культура а тидаме эца. Цу кепара билгалйинчу школашкахь кочушъялур ю этнокультурни принцип.

Нохчийн литература герггарчу уьйрашца нохчийн историца а, географица а, исламан баххашца а Iаморо дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла а, синъоьздангаллин мехаллаш а кхуллур ю, шен дукхакъаьмнийн махках дозалла а дийр ду цо.

Коьртачу юкъардешаран школехь «литература» предмет 1аморан 1алашонаш ю:

– синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а, патриотически синхаамаш а, ша къоман культурин векал хиларх кхеташ, ларам барца кхийолчу культурашца юкъаметтигаш дIакхехьа хьуьнар долуш долу адам кхиор;

– дукхакъаьмнийн российски культурин дуьненна юкъавахар, цуьнан бух тIехь интеграци яр  цхьана дукхакъаьмнийн российски социуме;

– нохчийн литературех а, цуьнан синъоьздангаллин а, исбаьхьаллин мехаллех а,  нохчийн яздархойн гIараевллачу произведенех, церан дахарх, кхоллараллех лаьцна долу хаарш карадерзор; нохчийн литературин произведенеш ша еша болу лаам кхиор, произведенийн юкъараадамаллин а, билггала-исторически чулацам билгалбоккхуш, оьшуш болу теоретико-литературни хаамаш балош, исбаьхьаллин произведенешна талламбан хаар кхиор;

– искусствон кхечу тайпанашна юккъехь литературин башхаллийн юкъара хаамаш а, произведенеш шайн исбаьхьаллица тIеэца а, исбаьхьаллин чам бовза а, оьрсийн литературин тексташца юста а, церан вастийн-эстетически системийн башхаллашца доьзна юкъара дерг а, къаьстарг а билгалдан хаар кхиор;

– Iамочу литературни произведених лаьцна шена хетарг ала, мах хадо хаар кхиор;

– Iамочу нохчийн произведенийн бух тIехь массо а тайпа къамелдаран кеп кхиор а, шаръяр а, исбаьхьаллин дашах, цо кхочушдечу  исбаьхьаллин гIуллакхах кхеташ хилар, исбаьхьаллин дашца кхелина мотт шена караберзор.

 

Предметах лаьцна болу юкъара хаамаш

«Литература» предметан башхалла  базови дешаран дисциплинин санна, къастош ю  литература  дешан исбаьхьалла хиларца доьзна. Васталлин литературо таро ло синхаамийн тIеIаткъам бан ешархочунна, ткъа цуьнца цхьаьна цуьнан дуьненехьежар а, синъоьздангаллин мехаллаш, исбаьхьаллин (эстетически) чам жигара кхиорна а. Дешаран предметан «Литература» чолхалла билгалйолу иза искусство Iаморан дешан говзаллин а, Iилманан бухан (литературоведени) а цхьаалла шеца йолуш хиларца доьзна.

Оьшучу барамехь теоретико-литературни хаарш далар кхочушдо.

Программехь билгалдина хIара дакъош:

1. Литература дешан исбаьхьалла (искусство) санна.

2. Халкъан барта кхолларалла.

3. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

4. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

5. Кхечу къаьмнийн литература.

6. Обзорни теманаш.                                       

7. Литературин теорех болу хаамаш.

8. Дешархошна билгалдина йозанан белхийн тайпанаш.

 

ХIор декъехь, 7, 8 дакъош  доцучу, луш бу исбаьхьаллин произведенийн барам, исбаьхьаллин башхалла йовзуьйтуш болу боцца хаамаш а, церан коьрта проблематика а. Произведенеш Iамоле хьалха яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна боцца хаамаш балийна. Яздархочо нохчийн литературин исторехь дIалоцучу меттиге хьаьжжина, боцца а, шуьйра а бу уьш. 8-гIа, 9-гIа дакъош лерина ду литературин историн, теорин хаамашна а, дешархошна билгалбинчу йозанан белхашна а. Литературин теорин хаамаш цхьайолчу меттигашкахь Iамочу произведенин аннотаци юкъабогIуш бу, цундела  и прозведени Iамочу хенахь хьовсу цаьрга. 

                           

                            «ЛИТЕРАТУРА» ПРЕДМЕТ IАМОРАН ЖАМIАШ

Коьртачу юкъардешаран школа чекхйоккхучуьнгахь «Литература» предмет Iамош  кхио деза личностни жамIаш ду:

– шен къоман векал  а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;

– личностан синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн культуре болу ларам кхиор;

– хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн тайп-тайпанчу хьастех пайда эцар (словараш, энциклопедеш, интернет-гIирсаш).

 

Коьртачу юкъардешаран школехь предмет «Литература» Iаморан метапредметни жамIаш билгалдовлу:

– проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин - тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш  кепе дерзо а хаарехь;

– ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;

– ша гIуллакхдеш  юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех пайдаэцарехь;

– тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь.

 

Коьртачу юкъардешаран школа чекхйоккхучеран предметни жамIаш лаьтта:

1)   хIума довзаран декъехь:

– барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана кепе ерзо хьуьнар хилар;

– произведени  а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а, церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;

– литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;

– произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан гIирсаш  къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);

– литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни) литературоведчески терминологи евзаш хила езар;

 

2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь:

–нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;

– нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе дерзо хаар, церан мах хадор;

– Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;

– авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;

 

3) коммуникативни декъехь:

– тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;

– текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;

– Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар, юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;

 

4) эстетически декъехь:

– дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар, эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;

– эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;

– меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин произведенеш вовшашца юста хаар.

«Литература» курсо дешаран планехь дIалоцу меттиг

Юккъера юкъарадешаран школехь нохчийн литература Iамош ю 5 – 11 классашкахь. Дешаран планехь нохчийн литература хьеха билгалдина ду 476 сахьт. Царах 5 – 9 класашкахь –  340 сахьт,  10 – 11 классашкахь – 136 сахьт, хIор классехь кIирнах шишша сахьт.  Инвариантни декъана билгалдинарг 5, 6, 7, 8 классашкахь 222 сахьт ду, вариативни декъана – 50 ду; 9, 10,11 классашкахь инвариантни 186 сахьт ду, вариативни 18 сахьт ду.

 

ПРОГРАММИН КОЬРТА ЧУЛАЦАМ

1-ра дакъа.  ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

 

Мамакаев Мохьмад. Стихотворенеш «Даймахке» («Хьо муха буьйцур бу...»), «ТIулгаша а дуьйцу», «Зама»,  роман «Зеламха»

Мамакаев Мохьмадан дахаран, кхоллараллин некъ.

Мамакаев Мохьмадан поэзехь Даймехкан тема. Стеган паргIато, сий цуьнан Дймахкаца йолчу юкъаметтигех доьзна хилар. Поэтан лирически турпалхочо дахарх, заманах йо ойланаш. Мамакаев Мохьмадан лирикехь поэтан, поэзин тема. 

«Зеламха» роман. Роман исторически бакъдолчийн бух тIехь язйина хилар. Зеламхех обарг винарг – цу хенахьлера социально-политически дахар. Яздархочун шен турпахочуьнга болу хьежамаш. Турпалхойн васташ кхолларехь, дахаран исбаьхьаллин  сурт хIотторехь яздархочун  корматалла. 

Нохчийн литературехь Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла. 

 

Гадаев Мохьмад-Селахь. Стихотворенеш «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», «РегIара поп», «ЦIен-Берд».

Гадаев Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, Iаламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпанан аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гайсултанов Iумар. Исторически повесть «Александр Чеченский».

Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Цуьнан повестийн, дийцарийн проблематика. Вайн заманан кегийрхой гIиллакх-оьздангаллица кхиоран проблемаш хIитторан башхаллаш.

Исторически повесть «Александр Чеченский». Нохчийн кIентан кхоллам повесть тIехь гайтаран башхаллаш. Инарла-майор Александр Чеченский – 1812 шеран тIеман гоьваьлла турпалхо. Алссам исторически гIуллакхаш чулоцучу повестан хиламашкахула коьрта турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиаран хьелаш исбаьхьаллица довзийтаран башхаллаш.

Повестан композици, исбаьхьаллин гIирсаш. 

Нохчийн проза кхиарехь, берашна, кхиазхошна йолу литература кхолларехь Гайсултанов Iумаран произведенийн маьIна. 

 

Эдилов Хасмохьмад. Поэма «Сийлаха». 

Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а. Поэтан кхоллараллин шуьйра проблематика. Даймехкан, маршонан теманаш. Къинхьегаман стаг ларар. Лирически турпалхочун адамашка йолу къинхетаме дог-ойла.

«Сийлаха» поэми тIехь адаман дахар, ирс юкъараллехь кхоллалучу хьолех дозаделла хилар чIагIдар. ИбрахIиман оьзда безам, цуьнан деган, ойланийн комаьршо. Эдалхин оьзда йоцу ойланаш а, гIуллакхаш а. Сийлахас ца ларбина шен мерза безам, цуьнан доьхна дахар, цунах даьлла зулам.

Поэми тIехь суртхIотторан, васт кхолларан поэтически гIирсаш. 

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

 

Сулейманов Ахьмад. Стихотворенеш «Берд», «Ламанан хьостанаш», «Батто сагатдо».

Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь къонахаллин, оьздангаллин тема. Къоман гIиллакх-оьздангаллица вехаш, эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо. Безаман а, доттагIаллин а лирика.

Сулейманов Ахьмадан произведенешкахь поэтически сурт хIотторан башхаллаш.  Цуьнан кхоллараллин мехалла.

 

2-гIа дакъа.  ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

 

М. А. Сулаев. Дахар а, кхолларалла а.

Стихотворенеш «Сай», «Сох муха эр дара адам?».  Роман «Лаьмнаша ца дицдо».

Поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонах лаьцна йолу ойланаш. Дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар чIагIдар. Iаламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате Iалам Iалашдан дезар, цуьнца къинхетаме хила везар.

Роман «Лаьмнаша ца дицдо». Нохчийн халкъан дахарехь уггаре халчу мурехь – 1940-чу шерашкара 1960-чу шерашка кхаччалц – адамийн кхолламаш романехь гайтар. Товсолтийн амалшца доьзна къоман гIиллакх-оьздангалла гайтаран башхаллаш.

Романехь кегийрхойн васташ.

Романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.

 

Айдамиров Абузар. Дахаран а, кхоллараллин а некъ. Роман «Еха буьйсанаш»

(6 сахьт)

Айдамиров Абузаран кхораллара. «Еха буьйсанаш» исторически романехь нохчийн халкъо ХIХ бIешарахь къоман парг1атонехьа  латтийначу къийсаман тема. Къоман дахар кIорггера, дуккха а агIонаш толлуш гайтар. Исторически бакъдолу гIуллакхаш гайтарехь романан эпически шуьйра чулацам. Цу заманахь Нохчийчохь хилла юкъараллин хьелаш  говза гайтар.

Романан турпалхойн Аьрзу, Маккхал, Iела.

Романан исбаьхьаллин башхаллаш.

 

Ахматова Раиса. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Чекхдийр ду вайн шераш», «Даймахке». Поэма «Дагалецамийн новкъа» (4 часа)

Ахматова Раисин дахар а, поэтически кхолларалла а. Даймохк, халкъийн доттагIалла, машаре дахар, къинхьегам, безам, кегийрхойн дог-ойла гайтар. Поэтессин кхолларалла шен хенаца йогIуш хилар.

Ахматова Раисин поэзехь  нохчийн йоьIан васт.

Поэтессин лирически турпалхо даима къона, шен Даймохк дукхабезаш, дахарехь хIайт-аьлла хилар.

Ахматован поэзехь безаман тема. Цуьнан лирикин башхаллаш.

«Дагалецамийн новкъа» – автобиографически поэма.

Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан, халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. Поэмин тIехь къинхьегаман, безаман, поэзин, поэтан декхарийн теманаш цхьаьнайогIуш  къастор.

Поэмин идейни а, исбаьхьаллин а башхаллаш

 

Арсанукаев Шайхи. Стихотворенеш «Весет», «Нагахь хьан гIо оьшуш...», «Нийсонна гимн», «Гиний шуна?», «Дицдина илли», «Ненан мотт», стихашкахь роман «Кхолламан сизаш» (4 часа)

Арсанукаев Шайхин кхолларалла.

Поэтан произведенешкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, Iаламан аьрха хазалла. КIорггера кхетам, оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. Цо дуьненах, дахарх йо йоланаш, адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар.

Арсанукаев Шайхи лирикан башхаллаш: чулацам, поэтически гIирсаш, исбаьхьаллин хатI.

«Кхолламан сизаш» цIе йолу стихашца язйина роман. Даймехкан тIамехь бIаьхоша турпалаллица Даймохк мостагIчух Iалашбар романехь гайтаран башхаллаш. БIаьхойн васташ. Ризван а, цуьнан накъостий а.

Романехь тIеман а, тылан а суьрташ. Маршо ларъеш эгначийн сий а деш, тIом гIаттош болчарнра дуьхьал авторо халкъе бен кхайкхам. «Кхолламан сизаш» романан чулацам а, исбаьхьаллин а къастамаш а.

Арсанукаев Шайхин поэзин мехалла.

 

Шайхиев Iалвади. Поэма «Лазаман лорах», стихашца язйина повесть «Дерачу кхолламан кхиэл» (3 сахьт)

Шайхиев Iалвадин кхолларалла. Цуьнан поэзин шуьйра чулацам а, маьIна а. Шайхиев Iалвади стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. Цуьнан поэзин ша-тайпана долу хатI.

«Лазаман лорах» поэми тIехь поэтан деган Iийжам.

«Дерачу кхолламан кхиэл» – стихашца язйина повесть. Тешнабехккий, эхь-оьздангаллий цкъа а цхьанадогIург цахилар чIагIдар. Къоман гIиллакхаш а, оьзда безам а гайтар. Повестан маьIна а, исбаьхьаллин къастамаш а.

Шайхиев Iалвадин кхоллараллин мехалла.

 

Рашидов  Шаид. Стихотворенеш «Баланах дуьзна дог», «Пондар боьлху», «Аружа»  (3 сахьт).  

Рашидов Шаидан поэзин проблематика, коьрта башхаллаш. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.

Стихотворенеш мукъаме хилар, дуккха а стихаш эшаршка ерзор. Цуьнан стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш.

«Аружа» исторически хиллачийн буха тIехь язйина поэма. Махках даьккхинчу  халкъо лайна баланаш, халонаш гайтаран башхаллаш. Аружа а, Алымкхан а.

Лирически турпалхочун  халкъах, махках йолу ойланаш.

    

Ахмадов Муса. Повесть «Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош», Стихотворени «Нохчийн махкахь нохчийн маттахь…» (3 сахьт) 

Ахмадов Мусан произведенийн коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.

Ахмадов Мусан кхоллараллин обзор: бIешерашкара схьадогIу къоман оьздангаллин ламасташ хIинцалерчу заманан лехамашца къовсаме довлар, чолхечу дахаран галморзахаллаш адам эхь-бехках юхадалар, гIиллакх лахдалар, халкъан ламасташка лерам бацар къомана бохаме  хилар; оьздангаллех ца вухуш, гIиллакх лардеш дахаран халонех чекхвалар

«Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош» повестан чулацам, исбаьхьаллин башхаллаш.

Ахмадов Мусан прозин исбаьхьаллин башхаллаш.

    

Дикаев Мохьмад. Стихотворенеш «Нохчийн хIусам», «Стеган цIе», «Суна лаьа».

Дикаев Мохьмадан лирика. Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах  дозалла даран ойла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар  - цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам.

Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш.  Цуьнан поэтически хатI.

       

Абдулаев Леча. Стихотворенеш «КIант» – олий, кхойкхура нана…», «Мехкан йоI», «Зарзъелла тIаьххьара марха…»

Абдулаев Лечин лирика. Поэтан стихийн коьрта проблематика а. филофски чулацам а. Лирически турпалхочун амалшкахь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла. Поэтан стихан шатайпаналла.

     

Бексултанов Муса. Дийцарш «Наггахь сайн сагатделча», «Хьалхара парта», «Корталин Хантоти»

Бексултанов Мусан кхолларалла.

Цуьнан прозехь дахар шатайпанчу исбаьхьаллин хотIехь гайтар. Яздархочо кега-мерса долчу хIумнашкахула, царех чекххьежарца дахаран чолхе,  шайн кIорггера маьIна долу гIуллакхаш, хьелаш къастор.

Къоман хиндерг халкъан ламасташ, гIиллакх-оьздангалла ларъярца дозаделла хилар произведенешкахь чIагIдар. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ кхолларан башхаллаш.

Яздархочун кхоллараллин маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан барта кхоллараллица уьйр хилар.     

  

Бисултанов Апти. Стихотворенеш «ЙогIу и къежъелла месаш...», «Бадуев СаьIид», «Десачу гуьйна тIе...», «Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю».

Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун шен Даймахке, халкъе,  болу безам. Яхь йолу кIант кхиийначу ненан сийдар. Граждански лирикин исбаьхьалла.

Бисултанов Аптин поэзин исбаьхьаллин хатI.

Эльсанов Ислам. повесть «ЦIегIачу декхнийн боьлак».       

Эльсанов Исламан произведенешкахь хIинцалерчу дахаран сурташ, адамийн кхолламаш. Турпалхойн амалш гайтаран башхаллаш.

«ЦIегIачу декхнийн боьлак» – исторически повесть. Нохчийн халкъо ХIХ бIешарахь шен паргIатонехьа латтийн къийсам. Повесть тIехь Шемалан боламах дозаделла долу исторически хьелаш бакъдолчуьнца нийсадогIуш гайтар. Шемала хьафий а волу Исхьакъ вейтар. Машарехьа болу къоман лаам.

БойсагIар а, ТIелхаг а.

 

3-гIа дакъа.  ХХI бIешо долалучу муьран литература.

 

Ибрагимов канта. роман «берийн дуьне». Тема а, проблематика а. Исбаьхьаллин башхаллаш.

Яшуркаев Султан. Стихотворенеш «ХIара лаьмнаш лаьмнаш хилла…», «Ойланаш, аш соьга баха хIун боху,..», «ЦIахь котам декара зевне еш Iуьйкъе,..».                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                

 

4-гIа дакъа.  Кхечу къаьмнийн литература

 

Базоркин Идрис. Роман «БIешерийн бодашкара» (Дакъа).  

ГIалгIайн литературах юкъара хаамаш.

Базоркин Идрисан кхолларалла. «БIешерийн бодашкара» романан коьрта чулацам. Романехь гIалгIайн хьалхалера дахар гайтаран башхаллаш. Коьрта турпалхой. Калойн васт.                                             

«БIешерийн бодашкара» романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.

 

Яндиев Джамалдин. Стихотворенеш «Поэтан дог», «Хаза ю синтеме буьйса».

ГIалгIайн литературех хаамаш.

Яндиев Джамалдинан поэтичнски кхолларалла. Поэтан лирика. Цуьнан  лирически турпалхочун ойланаш а, синхаамаш а. Шен махке, халкъе болу аьхна безам. Поэтан дог халкъан лехамашца детталуш хилар. Цуьнан лирикехь Iаламан хазалла, аьхналла.

Яндиев Джамалдинан поэзин башхаллаш.

     

Александр Казбеги. Повесть «Элиса».

Гуьржийн яздархочун Алесандр Казбегин кхоллараллех хаамаш. «Элиса»  повестан коьрта чулацам. Къаьмнашна юкъарчу доттагIаллин уьйраш гайтаран хьелаш. Ламанхойн къонахалла, оьздангалла, тешаме хилар яздархочо хастаме дийцар.

Элисин, Чербижан Анзоран, Важиян васташ.

Казбегин турпалхой – нохчий, гуьржий – шайн сий, маршо, паргIато ларъечу къийсамехь, вежарий санна, бертахь хилар.

 

Кулиев Кайсын. Стихотворенеш «Хиндолчунна аьлла байташ», «ТIуьначу лаьттан цинц къуьйлу...».

Кулиев Кайсын – балкхаройн поэт. Цуьнан поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун ша винчу лаьтте, хьомечу Даймахке, халкъе болу безам. Шен дахар адам ирсе кхачорна дIадала иза кийча хилар.

5-гIа дакъа.  Обзорни теманаш

 

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран хьелаш (Обзор).

Нохчийн литературехь ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалуч муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш а, граждански тIом а гайтаран башхаллаш. Арсанов СаьIид-Бейн роман «Маца девза доттагIалла», Ошаев Халидан роман «Алун шераш», Окуев Шимин роман «Лай тIехь цIе зезагаш» (Обзор)

Сийлахь-Боккхачу Нохчийн литературехь Даймехкан тIеман (1941–1945) тема (Обзор).

Даймехкан паргIато Iалашъяран тема. Мамакаев Iаьрбин стихотворенеш «Дерриге а тIамна!», «Даймехкан тIом бечохь»; Мамакаев Мохьмадан – «И йоьлхуш яц», «КIиллочунна»; Сулаев Мохьмадан – «ГIовтта», «Малх тоьлур бу»; Эдилов Хасмохьмадан – «Суьрте», «Кавказан аьрзу», «ТIемало – хьоьга».  Гадаев Мохьмадан  – «Мехкан лоьмашка», «ДоттагIашка».

ТIеман шерашкахь литературо къаьмнийн доттагIаллин тема айбар. Граждански тIамехь халкъо турпалалла гайтар карладаккхар (Мамакаев Iаьрбин «Винчу юьрта»).

Даймохк мостагIчух паргIатбоккхуш гайтина халкъан турпалалла, патриотизм хIинцалерчу литературехь гайтар. ТIеман халчу хьелашкахь бIаьхойн дог-ойла, гIиллакх-оьздангалла, хьуьнар исбаьхьаллин произведенешкахь гайтаран башхаллаш. Муталибов Зайндин «БIаьхочун весет»; Эдилов Хасмохьмадан «Ирс къуьйсуш веллачун сий делахь латта», «Лаьттан цинц»;  Сулаев Мохьмад «Нохчийн кIант Волгин йистехь»; Гацаев СаьIидан «Ханпашин валар».

 

Нохчийн литературехь къинхьегаман тема. Исаева Марьяман роман «Ирсан орам», Музаев Нурдинан роман «Сатийсаман ницкъ», Нунуев Сайд-Хьамзатан роман «Гезган маша» (Обзор). 

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран хьелаш а, хIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш (Обзор).

 

6-гIа дакъа. Литературин теори а, истори а.

 

Нохчийн исбаьхьаллин литература кхоллаяларан хьелаш, къоман йозанан литературин хьостанаш. Нохчийн литературехь поэзин, прозин, драматургин жанраш кхоллаяларан а, кхиаран а башхаллаш.  Йозанан литературин нохчийн барта кхоллараллица уьйр хилар.

Литературин тайпанаш: эпос, лирика, драма.

Литератрин жанраш. Эпически жанраш: дийцар, повесть, роман. Лирически жанраш: стихотворени. Драматургически жанраш: комеди, драма, трагеди. Лиро-эпически произведенеш: поэма, баллада, басня, стихашкахь повесть, стихашкахь роман.

Исбаьхьаллин произведенин формех а, чулацамах а болу кхетам кIаргбар. Исбаьхьаллин прпоизведенин чулацам а, маьIна а.  Тема, проблематика, сюжет, дIахIоттам (пролог, юьхьйолор, долор, кульминаци, къастор, тIаьхьара дош, монолог, диалог, лирически юьстахдийларш). Исбаьхьаллин произведенин васт, персонаж, турпалхо. Лирически турпалхо.  Авторан васт. Авторан къамел.

Исбаьхьаллин произведени тIехь къовсам (конфликт). Драматургически къовсам.

Проза а, поэзи а. Церан башхаллаш.

Стих кхолларан кепаш. Стих кхолларан силлабо-тонически кеп. Стихан барамаш. Стихан гIулч. Хорей, ямб, дактиль, амфибрахи, анапест. Строфа, ритм, рифма.

Исбаьхьаллин произведенин меттан гIирсаш: дустар, эпитет, метафора, юьхьедерзор, гипербола, метоними.

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран башхаллаш.

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран башхаллаш.

ХIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш.

Теоретико-литературна хаарш далар исбаьхьаллин произведенеш Iамош а кхочушдо, цул совнаха литературин теори Iамо хан а билгалъяьккхина Программи тIехь.

 

7-гIа дакъа. Литература Iамош кхочушбечу барта а, йозанан а белхийн коьрта тайпанаш.

 

Исбаьхьаллин произведенин чулацам тайп-тайпанчу форманашкахь схьабийцар: чулацам текстана юххера бийцар; произведенин сюжетан сиз а лардеш, коьрта хиламаш схьабийцар; шайн къеггина маьIна долу цхьа-ши эпизод йийцар; билгалволчу турпалхочух йозаелла йолу меттигаш йийцар.

Исбаьхьаллин произведенин текст маьIна деш схьайийцар.

Литературах, юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян чулацам схьабийцар.

Стихотворенеш, прозаически произведенийн дакъош дагахь дешар.

Произведени тIера исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш билгал а бохуш, эпитетийн, дустарийн, метафорийн, геперболийн олицетворенийн, иштта дIа кхиболчу а суртхIотторан гIирсийн башхаллаш къастор.

Кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1оттор.

Литературно-критически белхийн тезисаш, конспекташ.

Барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш. Царна юккъехь хир ю литературин материала тIехь язъеш ерш а, дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна язъеш ерш а.

Литературин материал тIехь язъечу сочиненийн герггарчу хьесапехь долу тайпанаш:

– исбаьхьаллин произведенийн васташ къастош йолу сочиненеш;

– произведенийн тематика къастош йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенин идейни чулацам билгалбоккхуш йолу сочиненеш;

– обзорни теми хьокъехь йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенийн хорманех лаьцна йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин литературан произведени искусствон кхечу форманехь йолчу произведенех юстуш йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенех кхоллараллица пайдаоьцуш язъеш йолу сочиненеш.

Дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух, девзинчух лаьцна язъеш йолчу сочиненеш хила тарло шайн гIаланах, юьртах, юьртахойх лаьцна. Юкъараллин дахарх, даймахках, халкъийн доттагIаллех лаьцна сочиненеш.

Шаьш цIахь ешначу книгашна рецензеш.

Шайна гинчу кинофильмашна, спектаклашна отзываш.

Литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдар (цхьаннах я масех книгех пайдаоьцуш).

Интернет ресурсашкахь йолчу материалан барта мах хадор а, рецензи язъяр а.

Шаьш ешначу книгина, хьаьвсинчу кинофильмана, телепередачина, шайна гинчу спектаклана рецензи язъяр.

Шайн школин а, г1алин (юьртан) а дахарх лаьцна къамел кечдар, доклад язъяр.

 

                                                                                  

10- ЧУ КЛАССЕХЬ НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН ТЕМАТИЧЕСКИ ХЬЕСАПАШ

 

Дешаран темин дакъа

1амочу коьчалан ц1е

Сахьт

Сочинени

1

Довзийтар. Нохчийн меттан дешан мах

 

1

 

2

Арсанов Саь1ид-Бейн дахаран а,кхоллараллин а некъ.    

«М  «Маца девза доттаг1алла» роман. 

Ли

4

 

3

МаМамакаев Мохьмадан дахаран а,, кхолла кхоллараллин а некъ

 

       «Орган т1ехь сатесна»,  «Т1улгаша а дуьйцудуьйцу», «Даймахке»,«Зама»  стихот воренв  воренеш.«Зеламха» роман.

Литературин теори.Романах кхетамбалар.

 

 

8

 

 

 

         1

4

      Гадаев Мохьмад-Салихьан даха

Ра   ран  а,кхоллараллин а некъ.  

 

            «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта»     латта»,    «Рег1ара поп», «Гуьйренан зезаг», зезаг»,«Генара кехат» стихотворенеш.

 

5

 

5

Гайсултанов 1умаран дахаран а, кхоллараллин а некъ.

«А   «Александр Чеченский» повесть.

 

6

1

6

Эд Эдилов Хасмохьмадан дахаран а,, кхолла кхоллараллин а некъ.    

 

       «Сийлаха» поэма.

 

7

 

7

Я Яшуркаев Султанан дахаран а,. кхолла   кхоллараллин а некъ.          

 

«С «Самах ду, г1енах ду»,            

«Д«Дагахьбалламаш,дагалецамаш» стихот стихот воренеш.

 

3

 

8

Исмаилов Абун дахаран а,кхоллараллин некъ.                        

 

«В «Вог1ура воккха стаг», «Кхийра кхаба» стихо                                                                        

 

 

2

 

9

Абдулаев Шарипан дахаран а, кхоллараллин а некъ.            

«В «Весет»,  «Диканиг хьахадан кхоьру

 со со…» стихотворенеш.

 

2

 

10

Бексултанов Мусан дахаран а, кхоллараллин а некъ.           

       «Дахаран хин генара бердаш» повесть.

 

5

 

11

Яралиев Юсупан дахаран а, кхоллараллин а некъ.                

«Г «Г1иллакх», «Лулахочуьнга»

 Стстихотворенеш.

 

3

 

12

       Ахмадов Мусан дахаран а,кхол                        

лараллин некъ

«Л «Лаьмнел а лекха» пьеса.

 

4

 

13

Эльсанов Исламан дахаран а, кхоллараллин а некъ.              

«2 «Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» историчес

ки повесть

9

1

14

       Бисултанов Аптин дахаран а,. кхолла кхоллараллин а некъ.                

«Н «Нохчийчоь»,  «Нана» стихотворенеш.

 

3

 

15

Цу «Цуруев Шарипан дахаран а, кхолла раллин раллин а некъ.                

 

«Нохчийчоьне»,  «Йисалахь, Нохчийчоь» стихотворенеш.

5

 

16

Дешархоша шаьш хаьржина произведенеш

 

1

 

17

Дерриге

 

68

 

 

11-ЧУ КЛАССЕХЬ НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН ТЕМАТИЧЕСКИ ХЬЕСАПАШ

Дешаран темин дакъа

Коьчалан ц1е

Сахьтийн барам

Сочинени

1

 

Кадыров А-Хь «Хьомсара Нохчийчоь!»

1

 

2

 

ХХ б1ешеран хьалхарчу эхехь нохчийн литературин кхиаран башхаллаш

ХХ б1ешо долалуш нохчийн литература кхоллаяларан некъийн цхьайолу башхаллаш

1

 

Нохчийн литература ненан маттахь кхоллаялар

1

 

Даймехкан т1ом исбаьхьаллин дашехь

1

 

3

       ХХ б1ешеран шолг1ачу эхехь нохчийн литература кхиаран башхаллаш

1960-г1а шераш. Окуев Ш. «Лай т1ехь ц1ен зезагаш»романан обзор

1

 

1960-г1а шераш.Сулаев М. «Тавсолта ломара д1авоьду» романан обзор

1

 

1970-1990-чуй шерийн проза Айдамиров А. «Дарц»

1

 

70-90-г1ий шерийн поэзи Айдамиров А. «Вина мохк»,Арсанукаев Ш. «Ненан мотт»

1

 

4

ХХ б1ешеран юьххьехь нохчийн литература кхиар     

Х1инцалера проза а, поэзи а

3

 

Исаева Султанан Марьям

 

9

 

Айдамиров Абдулхьакиман Абузар

 

7

         1

Ахматова Солтамурадан Раиса

 

7

 

Сулейманов Сулейманан Ахьмад

                    

3

 

Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхи

5

 

Рашидов Рашидан Шаид

 

3

 

Гацаев Асламбекан Саь1ид

 

2

 

Ахмадов Мохьмадан Муса

 

 

          3

 

Дикаев Джунаидан Мохьмад

 

2

 

 

Бексултанов (Адамов) Мозин Муса

 

4

 

        1

Шайхиев Хасмохьмадан 1алвади

3

 

Алиев Хьамидан Г1апур

 

2

 

Ибрагимов Хьамзатан Канта

2

 

Казбеги Александр

2

 

Кулиев Кайсын Шуваевич

3

           

 

Дерриге

 

68

        2

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                                                      

 

 

 

 

НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА 10 КЛАСС

 

10-чу классехь нохчийн литература хьехаран шеран рузманан хьесапаш

2019 - 2020 деш.шо

«Нохчийн литература» 1амат, «Хрестомати» 10-чу классана Соьлжа- Г1ала 2019

Ахмадов М.М., Алиева З.Л.

Сахьтийн барам: 68 сахьт, к1ирнах 2 сахьт

Сочинени -3

1амочу коьчалан ц1е

Маса сахьт

Планаца

Биггала

1 –ра ахшо

 

1

Нохчийн меттан дешан мах

1

 

 

 

Арсанов Арсанбекан Саь1ид- Бей

2

Романах кхетамбалар. «Маца девза доттаг1алла» роман. Некъан юьхь (1-ра корта)

1

 

 

3

«Маца девза доттаг1алла» Арсби а, цуьнан накъостий а (2-3-г1а  корта)

1

 

 

4

«Маца девза доттаг1алла» (4-5-г1а корта)

1

 

 

5

Арсбин васт

 

 

 

 

Мамакаев 1амин Мохьмад

6

Мамакаев Мохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъ

1

 

 

7

Мамакаев М. поэзин башхалла «Т1улгаша а дуьйцу» стихотворенин чулацам а, исбаьхьаллин шатайпаналла а

1

 

 

8

«Даймахке», «Зама»  стихотворенийн чулацам а, исбаьхьаллин башхаллаш а

1

 

 

9

«Зеламха» роман Тутмакхаш

1

 

 

10

«Зеламха» романехь зударийн васташ

1

 

 

11

«Зеламха» Зеламхин доьзал

1

 

 

12

«Зеламха» Зеламхин васт

1

 

 

13

Сочинени «Зеламхин васт»

1

 

 

 

Гадаев Мохьмад- Салахь

14

Гадаев Мохьмад- Салахьан дахаран а, кхоллараллин а некъ

1

 

 

15

«Даймахке сатийсар» стихотворенин исбаьхьаллин башхалла

1

 

 

16

«Дай баьхна латта» стихотворенин чулацам а, исбаьхьаллин шатайпаналла а

1

 

 

17

«Генара кехат» стихотворенин исбаьхьаллин башхалла

1

 

 

18

«Ц1ен берд» стихотворенин чулацам а, исбаьхьаллин башхалла а

1

 

 

 

Гайсултанов Эдилсултанан 1умар

19

Гайсултанов 1. дахаран а, кхоллараллин а некъ. «Александр Чеченский» романан д1ах1оттам

1

 

 

20

«Александр Чеченский» Кегий йийсарш

1

 

 

21

«Александр Чеченский» Вина юрт

1

 

 

22

«Александр Чеченский» Бородино

1

 

 

23

Александр Чеченский» Чеченский а, Кутузов а.

1

 

 

24

Сочинени ««Александр Чеченскийн васт»

1

 

 

                                                

                                                 Эдилов Эдалан Хасмохьмад

25

Эдилов Х. дахаран а, кхоллараллин а некъ, поэзин башхалла

1

 

 

26

«Сийлаха» Ибрах1им а, Сийлаха а.

1

 

 

27

«Сийлаха» Ибрах1им а, Сийлаха а,Эдалха а

1

 

 

28

«Сийлаха» Ибрах1им а, Эдалха а.

1

 

 

29

«Сийлаха» Ибрах1иман васт

1

 

 

30

Аннотаци язъяр

1

 

 

31

1амийнарг карладаккхар (тест)

1

 

 

32

Дешархоша хаьржина произведени йийцаре яр

1

 

 

2- г1а ахшо

 

 

Яшуркаев Сайд1елин Султан

1

ХХ б1ешеран 80-чу шерашкахь нохчийн литтературе баьхкинчу яздархойн             кхолларалла

1

 

 

2

Яшуркаев  С. дахаран а, кхоллараллин а некъ. «Самах ду, г1енах ду» стихотворени

1

 

 

3

«Дагахьбалламаш, дагалецамаш» стихотворенин исбаьхьаллин башхалла

1

 

 

                                                      

                                                       Исмаилов Т1урин Абу

4

Исмаилов А. дахара а, кхолларалла а. «Вог1ура воккха стаг»  стихотворени

1

 

 

5

«Кхийра кхаба» » стихотворенин чулацам а, исбаьхьаллин башхалла а

1

 

 

 

Абдуллаев Шарипан Леча

6

Абдуллаев Лечин поэзин башхалла. «Весет» стихотворени

1

 

 

7

«Диканиг хьахадан кхоьру со…»,«Лазийний? Лазийна, хьаха…» стихотворенин маь1на а, исбаьхьаллин башхалла

1

 

 

 

Бексултанов(Адамов) Мозин Муса

8

Бексултанов М.дахаран а, кхоллараллин а некъ, прозин башхалла.

1

 

 

9

«Дахаран хин генара бердаш» повестан идея а, чулацам

1

 

 

10

«Дахаран хин генара бердаш» Лам чохь жа дажош

1

 

 

11

«Дахаран хин генара бердаш»  Ден весет

1

 

 

12

Рецензи язъяр

1

 

 

 

Яралиев Сардал -1елин Юсуп

13

Яралиев Ю. дахаран а, кхоллараллин а некъ, поэзин башхалла.

1

 

 

14

«Г1иллакх» стихотворенин чулацам а, исбаьхьаллин башхалла а

1

 

 

15

«Лулахочуьнга» стихотворенин чулацам а, исбаьхьалла а

1

 

 

 

Ахмадов Мохьмадан Муса

16

Драматургех кхетамбалар «Лаьмнел а лекха» драма

1

 

 

17

«Лаьмнел а лекха» Г1осуман васт

1

 

 

18

«Лаьмнел а лекха»  Элсин васт

1

 

 

19

«Лаьмнел а лекха»  Аматин васт

1

 

 

 

Эльсанов Исраилан Ислам

20

Эльсанов И. дахаран а, кхоллараллин а некъ. «Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» повестан чулацам

1

 

 

21

«Ц1ег1ачу декхнийн боьлак»  Х1инца бен садаьржаш дацара.

1

 

 

22

 «Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» Г1овг1а

1

 

 

23

«Ц1ег1ачу декхнийн боьлак»  Йоккха стаг

1

 

 

24

«Ц1ег1ачу декхнийн боьлак»  Мехка кхел

1

 

 

25

«Ц1ег1ачу декхнийн боьлак»Г1убашан,Шемалан  васт

1

 

 

26

«Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» повестехь халкъан кхоллам

1

 

 

27

Сочинени «Нохчийн мотт – дахаран хазна»

 

 

 

28

1амийнарг карладаккхар (тест)

1

 

 

                                                  

                                                   Бисултанов Дибин Апти

29

Бисултанов А. дахар а, кхолларалла а

1

 

 

30

«Нохчийчоьне» стихотворенин чулацам а, исбаьхьаллин шатайпаналла

1

 

 

31

«Нана» стихотворенин маь1на а, исбаьхьаллин башхалла

1

 

 

 

Цуруев Мовлдин Шарип

32

Дахаран а, кхоллараллин а некъ

1

 

 

33

Цуруев Шарипан поэзин башхалла

1

 

 

34

«Нохчийчоьне» стихотворенин маь1на а, исбаьхьаллин шатайпаналла

1

 

 

35

«Йисалахь Нохчийчоь» стихотворенин исбаьхьаллин шатайпаналла

1

 

 

36

1амийнарг карладаккхар т1еч1аг1дар

 

 

 


НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА 11 КЛАСС                                                                                     11-чу классан нохчийн литературин хьехаран шеран рузманан хьесапаш

«Нохчийн литература» 1амат Туркаев Х.В., Туркаева Р.А.,Соьлжа-Г1ала-2019

«Хрестомати» Мурадова З.И., Абдулкадырова Р.А., Соьлжа-Г1ала-2019

Сахьтийн барам: 68, к1ирнах 2 сахьт

Сочинени- 2

1амочу коьчалан ц1е

Сахьт

Хан

планаца

билггала

1-ра ахшо (32 сахьт)

 

1

Кадыров А-Хь «Хьомсара Нохчийчоь!»

1

 

 

 

I.                   ХХ б1ешеран хьалхарчу эхехь нохчийн литературин кхиаран башхаллаш

 

2

ХХ б1ешо долалуш нохчийн литература кхоллаяларан некъийн цхьайолу башхаллаш

1

 

 

3

Нохчийн литература ненан маттахь кхоллаялар

1

 

 

4

Даймехкан т1ом исбаьхьаллин дашехь

1

 

 

II.                ХХ б1ешеран шолг1ачу эхехь нохчийн литература кхиаран башхаллаш

 

5

1960-г1а шераш. Окуев Ш. «Лай т1ехь ц1ен зезагаш»романан обзор

1

 

 

6

1960-г1а шераш.Сулаев М. «Тавсолта ломара д1авоьду» романан обзор

1

 

 

7

1970-1990-чуй шерийн проза Айдамиров А. «Дарц»

1

 

 

8

70-90-г1ий шерийн поэзи Айдамиров А. «Вина мохк»,Арсанукаев Ш. «Ненан мотт»

1

 

 

III.             ХХ б1ешеран юьххьехь нохчийн литература кхиар

                                                                                                                   

9

Х1инцалера проза а, поэзи а. Арсанукаев Ш., К.Ибрагимов,Абдулаев Л., Бексултанов М…

1

 

 

10

Х1инцалера проза а, поэзи а. Айдамирова М., Идигова Ж.,Талхигова Роза,Абубакарова Пет1амат

1

 

 

11

Литературин родаш. Драматурги

1

 

 

Исаева Султанан Марьям

 

12

Исаева Марьяман дахар а, кхолларалла а

1

 

 

13

«Ирсан орам» Воха мегар дац

1

 

 

14

Дог ца 1ийна

1

 

 

15

Нанас йинарг хилла

1

 

 

16

Доккха инзар

1

 

 

17

Д1адевлларш

1

 

 

18

Кхаъ

1

 

 

19

Дош-болат

1

 

 

20

Драматически къовсамах кхетамбалар

1

 

 

Айдамиров Абдулхьакиман Абузар

 

21

«Еха буьйсанаш» романан документальни, исторически бух

1

 

 

22

«Еха буьйсанаш» Нохчмахке

1

 

 

23

«Еха буьйсанаш» Къастар

1

 

 

24

«Еха буьйсанаш» Б1е цхьолаг1а буьйса

1

 

 

25

«Еха буьйсанаш» Данч1а

1

 

 

26

Сочинени «Еха буьйсанаш» романехь нохчийн зударийн кхоллам»

1

 

 

27

Романах болу кхетам к1аргбар

1

 

 

 

Ахматова Солтамурадан Раиса

 

28

Ахматова Раисин дахар а, кхолларалла а

1

 

 

29

Ахматова Р. «Даймахке»

1

 

 

30

Ахматова Р. «Нене»

1

 

 

31

Ахматова Р. «Сан юрт»

1

 

 

32

Ахматова Р. «Дагалецамийн новкъа» поэма

1

 

 

                                                       

                                                2-г1а ахшо (36 сахьт)

 

1

«Дагалецамийн новкъа» поэмин турпалхочун васт- нохчийн зудчун типически кхоллам

1

 

 

2

Лиро- эпически жанрах кхетамбалар

1

 

 

Сулейманов Сулейманан Ахьмад

 

3

Сулейманов А. «Дог дохде ц1е»

1

 

 

4

Сулейманов А. «Берд», «Батто сагатдо»

1

 

 

5

Сулейманов А. «Ламанан хьостанаш»

1

 

 

 

Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхи

6

Арсанукаев Ш. «Весет»

1

 

 

7

Арсанукаев Ш. «Нийсонна гимн», «Ненан мотт»

1

 

 

8

Арсанукаев Ш. «Мохкбегор», «Дицдина илли»

1

 

 

9

Арсанукаев Ш. «Кхолламан сизаш» (1-5-г1а корт.)

1

 

 

10

Арсанукаев Ш. «Кхолламан сизаш» (6-12-г1а корт.)

1

 

 

Рашидов Рашидан Шаид

 

11

Рашидов Ш. «Баланах дуьзна дог», «Пондар боьлху»

1

 

 

12

Рашидов Ш. «Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма

1

 

 

13

«Аружа» поэми т1ехь интернациональни доттаг1алла гайтар

1

 

 

Гацаев Асламбекан Саь1ид

 

14

Гацаев С. «Йише Маржане», «Хаьий хьуна Фирдоуси»

1

 

 

15

Гацаев С. «Хатта хьайна Саидига», «Хийла нохчийн к1ант»

1

 

 

                                                    Ахмадов Мохьмадан Муса

 

16

Ахмадов М. «Нохчийн махкахь нохчийн маттахь»

1

 

 

17

Ахмадов М. «Зингатийн барз ма бохабелахь»

(1-2-г1а дакъ.)

1

 

 

18

Ахмадов М. «Зингатийн барз ма бохабелахь»

(3-5-г1а дакъ.)

1

 

 

Дикаев Джунаидан Мохьмад

 

19

Дикаев М. «Стеган ц1е»

     1

 

 

20

Дикаев М. «Нохчийн х1усам», «Суна лаьа»

Стихаш кхолларан кепаш

      1

 

 

 

Бексултанов (Адамов) Мозин Муса

21

Бексултанов М. «1аьржа б1аьрг»

1

 

 

22

Бексултанов М. «Хьалхара парта»

1

 

 

23

Бексултанов М. «Корталин Хантоти»

1

 

 

24

Сочинени «Нохчийн мотт- дахаран хазна!"

1

 

 

 

Шайхиев Хасмохьмадан 1алвади

25

Шайхиев 1. «Стаг велча юьртахь зударий боьлху», «Аса а ма лайна…»

1

 

 

26

Шайхиев 1. «Дерачу кхолламан кхел» повесть

1

 

 

27

«Дерачу кхолламан кхел» Аьрзу

1

 

 

Алиев Хьамидан Г1апур

 

28

Алиев Г1. «Къонахийн зама», «Х1ун лозу хьан, Нохчийчоь?»

1

 

 

29

Алиев Г1. «Къонахе», «До1а»

1

 

 

                                             

                                                Ибрагимов Хьамзатан Канта

30

Ибрагимов К. «Берийн дуьне» (10-г1а корта)

1

 

 

31

Ибрагимов К. «Берийн дуьне» (11-г1а корта)

1

 

 

 

Казбеги Александр

32

Казбеги А. «Элиса» (1-2-г1а дакъ.)

1

 

 

33

Казбеги А. «Элиса» (3-4-г1а дакъ.)

1

 

 

 

Кулиев Кайсын Шуваевич

34

Кулиев К. «Хиндолчуьнга аьлла байташ»

1

 

 

35

Классал арахьара дешар

Кибиев М. «Ден къамел»

1

 

 

36

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

Жам1даран урок

 

 

 

 


 

Юккъера юкъардешаран ишкол 10, 11 классаш

Юккъера юкъардешаран ишкол 10, 11 классаш

Коьртачу юкъардешаран школехь «литература» предмет 1аморан 1алашонаш ю: – синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а,…

Коьртачу юкъардешаран школехь «литература» предмет 1аморан 1алашонаш ю: – синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а,…

ЛИТЕРАТУРА» ПРЕДМЕТ IАМОРАН ЖАМIАШ

ЛИТЕРАТУРА» ПРЕДМЕТ IАМОРАН ЖАМIАШ

Iеэцар, кхеташ ешар; – текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ…

Iеэцар, кхеташ ешар; – текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ…

Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а

Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а

Цу заманахь Нохчийчохь хилла юкъараллин хьелаш говза гайтар

Цу заманахь Нохчийчохь хилла юкъараллин хьелаш говза гайтар

Р ашидов Ш аид . Стихотворенеш «Б аланах дуьзна дог », «П ондар боьлху» , «А ружа » (3 сахьт)

Р ашидов Ш аид . Стихотворенеш «Б аланах дуьзна дог », «П ондар боьлху» , «А ружа » (3 сахьт)

Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш

Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш

Iа дакъа. Обзорни теманаш

Iа дакъа. Обзорни теманаш

Исбаьхьаллин произведенин меттан гIирсаш: дустар, эпитет, метафора, юьхьедерзор, гипербола, метоними

Исбаьхьаллин произведенин меттан гIирсаш: дустар, эпитет, метафора, юьхьедерзор, гипербола, метоними

ЧУ КЛАССЕХЬ НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН

ЧУ КЛАССЕХЬ НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН

ЧУ КЛАССЕХЬ НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН

ЧУ КЛАССЕХЬ НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН

Дикаев Джунаидан Мохьмад 2

Дикаев Джунаидан Мохьмад 2

НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА 10 КЛАСС 10-чу классехь нохчийн литература хьехаран шеран рузманан хьесапаш 2019 - 2020 деш

НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА 10 КЛАСС 10-чу классехь нохчийн литература хьехаран шеран рузманан хьесапаш 2019 - 2020 деш

Гайсултанов Эдилсултанан 1умар 19

Гайсултанов Эдилсултанан 1умар 19

Дахаран хин генара бердаш» Лам чохь жа дажош 1 11 «Дахаран хин генара бердаш»

Дахаран хин генара бердаш» Лам чохь жа дажош 1 11 «Дахаран хин генара бердаш»

НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА 11 КЛАСС 11-чу классан нохчийн литературин хьехаран шеран рузманан хьесапаш «Нохчийн литература» 1амат

НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА 11 КЛАСС 11-чу классан нохчийн литературин хьехаран шеран рузманан хьесапаш «Нохчийн литература» 1амат

Сахьт Хан планаца билггала 1-ра ахшо (32 сахьт) 1

Сахьт Хан планаца билггала 1-ра ахшо (32 сахьт) 1

Еха буьйсанаш» Къастар 1 24 «Еха буьйсанаш»

Еха буьйсанаш» Къастар 1 24 «Еха буьйсанаш»

Ахмадов М. «Нохчийн махкахь нохчийн маттахь» 1 17

Ахмадов М. «Нохчийн махкахь нохчийн маттахь» 1 17
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
02.09.2021
Посмотрите также: