Чеченская литература
2 класс
Берсанов Хож-Аьхмад
«Бексолтин алаша»
Подготовила: учитель начальных классов Межидова Рашан Шахитовна
Дешаре шовкъ кхоллар.
Борз
Чуьраяьлла хьийза борз,
-- Ас бер,— боху, - шух и х1оз!
-Массохьуьнан ох1лане:
Зуьне, пхьиде,бух1ане,
Д1аме, луне, тарсале,
Щока хазчу цхьогале,
Бецан сенчу парг1атехь
Децаш долчу зингате,
Цкъа а цхьанна хьовзаме
Цахиллачу хьозане,
Хенак1уьре,чхьаьвриге,
Яьт1ча санна х1инца ге,
Хьийза иза, чуьраюьйлу,
Доцца аьлча, девне юьйлу
, Амма гучудаьлча лом,
Сеци эццахь берзаи т1ом.
(С. Гацаев)
1алашо йовзийтар.
-Бераш муьлха дакъа ду вай т1екхаьчнарг? (Вайн доттаг1ий -дийнаташ)
-Стенах лаьцна хир ду и дакъа?
(1926 -2018)
Берсанов Хож-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан Ша1ми-Юьртахь ахархочун Ахьмадан доьзалехь. Юентан пхи шо кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра доьзалш. Махкахь коллективизаци кхочушъеш, колхозаш йохку мур хилла и. Т!ехь да воцуш бисинчу доьзалх а хьакхаелла оцу заманан харцо. Кхеран долахь йолу бежан-хГума дIа а яьккхина, юьртахь юьллучу колхозе д!аелла. ЦIенош чу колхозан правлени яийтина. Г атто- хало хиллехь а, нанас кога-ира хГиттийна бераш. Хожа-Ахьмада школа шайн юьртахь чекхъяьккхина. Цул т!аьхьа деша вахна Серноводскерчу юьртабахаман техникуме зооветеринаран корматаллин отделени. Дуккха а т!аьхьа заочно доьшуш чекхъяьккхина Нохч-Палг!айн пачхьалкхан педагогически институтан филологин факультет. Иза кхелхина 2018-чу шарахь.
Керла тема хьехар.
а) Х1етал -металш.
Хьуьна уллехь бу цхьа барз,
Цу т1ехь буса уг1у…
-Муха хиира хьуна и борз хилар?
аь)Хина-т1ай, некъана-накъост.
-Муха хиира хьуна и говр хилар?
Сада1аран миноташ.
Иорг1а
Иорг1а говр, йорг1а говр,
Хало, атто оха ловр.
Дига генна хьайца д1а,
Класса чохь тхо кхин ца 1а.
Кхосса-кхосса-кхоссалуш,
Яда Йорг1а, сих цалуш,
Лаьтта ког ахь билла байн,
Тата дезаш дац тхо, х1ай!
Яда, Йорг1а, кхоссало,
Каде хила, мал ма ло.
Иорг1а идда,к1адлуш ю,
Болар цуьнан лаг1луш ду.
Собар! Тоьар!Сацахь цкъа!
Кхин хьо идахь духьан къа.
Болар лахди, х1оьтти д1а:
Деза цуьнан сада1а.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.