Тема : «Дош а,дешдакъа а»
1алашо:дашана,дешдекъана юкъахь йолу башхаллаш йовзийтар. Дешнаш дешдакъошка декъа 1амор,уьш цхьана мог1анера вукху мог1ане даха 1амо кечам бар.
Билгалбаьхна кхиамаш:берашна хуурду предложенера дешнаш къасто, уьш дешдакъошка декъа.Берашна хуурду , мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар.
Урок д1аяхьар
1.Ц1ера болх таллар
2.Ц1ена язъяр.
Ирсас бедарш йиттира,
Иту хьаькхна якъийра.
«Иза-м тамаш бацара»-
Ислам вешаш вацара.
-Муьлха элп яздийрду вай тахана? Ии
4.1алашо йовзийтар.
-Д1адеша вай талла дезаш долу хаттар.(Муха хаа тарло дашехь масса дакъа ду?)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь? (Дашах, дешдакъойх лаьцна дуьйцур ду вай)
5.Керла тема хьехар.
А) Дешнаш дешдакъошка декъар.
аь)Шардар № 78 аг1о 38.
Д1адеша дош.Тидам бе,масса декъе декъало иза.
Ехк,о-га,мо-за,бах-тар,чим-чар-г1а.
Жам1 де:дешдакъа бохург х1ун ду?
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а ахьехар.
а)Шардар №79,аг1о 38
Аьрру б1ог1амалгахь яздина дешнаш а,аьтту б1ог1амалгахь яздина дешдакъош а д1адеша.
Грозный,г1ала ю,вайн республикин,коьрта.
Шар,де.ха,ол,зар.
Дешнех предложении х1оттае.Д1аязъе иза.
Дедакъойх дешнаш кхолла.Д1аязъе уьш.
аь)Дешнаш дешдакъошка декъар.
Шардар №83 аг1о 40.
Ваша,нана,к1ант,йо1,шича
б)Дешдакъош кхолладараллан башхаллаш.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш
Орам, Аза,можа , пхьид, стака.
-Дешдакъошка декъа дешнаш.
-Маса дакъа ду орам дешан?(шиъ)
-Муьлханаш ду уьш? (О-рам)
-Маса элп ду хьалхарчу дешдекъехь?
-Маса дешдекъах лаьтта можа боху дош( шина)
-Муьлханаш ду уьш? (Мо-жа)
-Муха кхолла дела мо-дешдакъа? (Мукъа ,мукъаза элпаш вовшах кхетарца)
-Маса дешдекъах лаьтта стака дош?(Шина)
-Муьлханаш ду уьш? (Ста-ка)
--Муха кхолладелла хьалхара дакъа шиъ мукъаза . (цхьаъ мукъа элп вовшах эдаларца)
-Д1аеша бакъо.
7.Рефлекси
-Муха хаа тарло, дашехь масса дешдакъа ду?
8.Жам1 дар.
-Х1ун керланиг 1ема шуна?
-Х1ун дара халаниг?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 86 аг1о 40
Бакъо аг1о 39
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.