«Хандешнашца ца , ма нийсаядар».
Оценка 4.8

«Хандешнашца ца , ма нийсаядар».

Оценка 4.8
Разработки уроков
docx
другое
3 кл—4 кл
08.04.2024
«Хандешнашца ца , ма нийсаядар».
Предметни: бераша т1ач1агбир бу хандешнех лаьцна болу хаамаш. Евзар ю хандешнашца ца , ма дакъалгаш къаьстина язъяран бакъо. Берашна 1емар ду предложенешкахь дакъалгаш а , хандешнаш а каро , билгалдаха.
Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздар.docx

04.04.2024.

Урокан  ц1е: «Хандешнашца ца , ма нийсаядар».

1алашо: дакъалгаш ца , ма хандешнашца къаьстина язъярх лаьцна кхетам балар. Оцу хаамехь йозанехь нийса пайдаэца 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: бераша т1ач1агбир бу хандешнех лаьцна болу хаамаш. Евзар ю хандешнашца ца , ма  дакъалгаш къаьстина язъяран бакъо. Берашна 1емар ду предложенешкахь дакъалгаш а , хандешнаш а каро , билгалдаха.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду шайн болх райде долчу аг1ор нисбан д1абахьа. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган, церан мах хадо , пайдаэца. Кхачамбацарш ган , царех ларбала.

·         Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттарна жоьпаш дала, шайна оьшург хата. Берашан 1емар ду вовшашца г1иллакхе хила, г1он-накъосталла дан.

·        Познавательни: берашна 1емар ду книги т1ехь шайна оьшу г1ирс лаха, цунах пайдаэца. Бераш т1екхуьр бу хандешнашца  дакъалгаш къаьстина яздан дезарна. Берийн алсамдер ду тидамбар , ойлаяр, х1ума лаха лаам.

3. Личностни: берийн алсамбер бу х1ума довза , дика деша лаам. Г1иллакхе а , адмалле  кхочур бу бераш.

                                                       Урок  д1аяхьар

1.Маршалла хаттар. Де дика хуьлда шу, хьоме бераш.

2. Ц1ера болх таллар.

Шардар №

Дешаре  шовкъ кхоллар.

Уьн  т1е д1аяздо.

Олу , ца олу, ма ала, язйо, ца язйо, ма  язъе, таса , ца  т осу , ма таса, кхалла, ма кхалла,  ца кхоллу, лийча , ма лийча , ца  луьйчу.

-Д1адеша дешнаш  .Кхаа тобане декъа уьш.

-Муьлха  дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?( Олу , язйо, тосу, кхалла , лийча)

-Шолг1ачу? (Ца  олу, ца язйо, цат осу,  ца кхоллу , ца луьйчу)

-Кхоалг1ачу? (Ма  ала,  ма язъе, ма таса, ма кхалла,  ма лийча)

-Муьлхачу  билгалонашца декъна  аша уьш  кхаа тобане? (Карарчу хенан хандешнаш,  ЦА цхьанадолу хандешнаш, Ма  цхьанадолу  хандешнаш)

-ЦА,МА  цхьана долчу хандешнийн х1ун маь1на  ду? Берийн жоьпаш.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Стена т1ера д1адуьйлалур ду  вай? (Бакъонна т1ера).

-Х1ун дан ницкъ кхочур ба аьлла хета  шуна вайн?

-Бераш , вайна тахана евзар ю хандешнашца дакъалгаш ца , ма нийсаязъяран бакъонаш.

Ца, ма дешнаша хандешнашна дацаре маь1на кхуллу. Уьш хандешнех къаьстина яздо

Масала.

Слайд:

              -ца

      -ма

гина —  ца гина,

ала —  ма ала,

йина — ца йина,

дийца -ма дийца,

веъна — ца веъна,

теша — ма теша,

мега —  ца мега,

даладе -ма даладе, 

гора- ца гора,

латта-  ма латта.

-Маттахь –ца, -ма дешнаш   дацахьара х1ун хир дара хьовсий вай.

Слайд:

-Ца мега розеткица ловза, воккханиг уллохь воцуш пеш лато, сирникаш лело.

Ма ловза машенан новкъахь,  ма хахкало буткъачу ша т1ехь, ма лийча боьхачу хи чохь.

Ца мега  светофоро ц1ен стогар латийча, урамах дехьа вала, молханаш кего, хийрачуьнгара кампет схьаэца.

-1амийнарг т1еч1аг1деш, кхочушдан хьовсур ду вай х1ара т1едиллар.

 

4. Керла тема кхьехар

·        Дакъалгаш хандешнашца нийсаязъяран тидам бар

Шардар №  

(Бераша шаьш кхочушдо шардар).

·        Картоцкашца болх бар.

Карточка 1.

Къовларш д1а а йохуш  д1аязъе предложенеш.

        Хьалха хьажий бен ког (ма) баккха, таьхьа хьажий бен дош (ма) ала. Къьоллех кхарда (ма) кхарда,  къинхьегамах кхера (ма) кхера. Хьалдолчунна къехочуьнгара хьал (ца) хаьа.  Хьайца схьалело (ца) луудерг, нахаца д1а (ма) леладе.

 

Карточка 1.

Къовларш д1а а йохуш  д1аязъе байт.

Ислам, дехках ма къехка,

И цхьа цуьрриг бен ма бац.

Цул схьаволий кхуза чехка,

Хьайн Писулиг схьалаца.

-Муха язйиана аша аша къовларш юкъара дакъалгаш хандешнашца?

5.Сада1аран миноташ.

 

. Хелхадуьйлу «т1ох-дап-т1ох»,

Тхайн ц1ахь чохь а, арахь.

Кхин дан х1ума ца хилахь,

Хелхар дийр ду школехь.

Хуьлийла хьо шианхо

Я т1ехдика дешархо.

Xlapa хелхар 1амаде,

Когаш хьайн ма кхоабе!

(Xlapa байташ а йоьшуш, куьйгаш хьала а дохуьйтий, уьш вовшах а детташ, юкъ-кара нагнаггахь когаш а тухуш,хелхар до)

 

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

·        Предложенешка оьшу дакъалгаш язъяр.

Шардар №  

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха дакъалг язйийр яра аша оцу предложенехь? (Ца).

-Муха язйо дакъалгаш хандешнашца? (Къаьстина).

-Билгалъяха уьш.

(Толлу еригге предложенеш).

·        Берашка шайга болх байтар.

Шардар №  

7. Жам1 дар.

-Х1ун эр дара аша дакъалгаш ца , мА хандешнашца нийсаязъярх?

Вай шуна довзийтира хандешнашна дацаре маь1на кхуллуш  долу дешнаш  -ца, -ма.    Хии,  уьш хандешнех къаьстина яздеш хилар а, цара вай дахарехь зенах, зуламах лардеш хилар.                                                     

-Цу т1ехь вайн урок ерзор ю вай.

 

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №

  Бакъо,


 

Урокан ц1е: «Хандешнашца ца , ма нийсаядар»

Урокан ц1е: «Хандешнашца ца , ма нийсаядар»

ЦА,МА цхьана долчу хандешнийн х1ун маь1на ду?

ЦА,МА цхьана долчу хандешнийн х1ун маь1на ду?

Картоцкашца болх бар. Карточка 1

Картоцкашца болх бар. Карточка 1

Жам1 дар. -Х1ун эр дара аша дакъалгаш ца , мА хандешнашца нийсаязъярх?

Жам1 дар. -Х1ун эр дара аша дакъалгаш ца , мА хандешнашца нийсаязъярх?
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
08.04.2024