Хьасан Хасаев "Бохам"
Оценка 4.7

Хьасан Хасаев "Бохам"

Оценка 4.7
docx
09.03.2024
Хьасан Хасаев "Бохам"
Урок 23. Бохам. Хь. Хасаев. открытый.docx

Нохчийн меттан дешаран урок 3 класс

Урок №________

Терахь: ______________

Урокан чулацам: «Бохам» Хь. Хасаев. (Аг1о  )

 Кхочушдан лерина жам1аш :

Предметни:  Хь. Хасаевн «Бохам» ц1е йолу дийцар довзийтар ; нийса а , шера а дийцаран тексташ еша  1амор

     Метапредметни: шайн урокан ц1е билгалъяккха а, книги т1ехь гайтинчу г1ирсах пайда а оьцуш, шайн болх д1анисбан а, вовшашца цхьана болх бан а, ша-ша бан. Деллачу хаттаршна бух а болуш (масалаш далош) жоьпаш дала, шайна хетарг д1аала, и нийса хилар т1еч1аг1дан.

Личностни:Шен матте а, 1аламе а болу безам т1еч1аг1бар. Берийн ойла дешарна т1еерзор

Урок д1аяхьар.

1.     Урок йолор

·        Дешархой урокана кечбар. Маршалла хаттар

·        Хьешийн де дика дар

·        Урокана мотиваци яр

¾   Бераш, хьовсал х1окху малхе. Ма белабелла хаза бу и. Цо массарна а йовхо ло. Х1инца и малх санна дела а лой, вовшака хьовсал. Иштта хазахетарца д1айолор ю вай литературин урок.

¾   Тахана вай долчу шортта хьеший баьхкина. Хьалхара вай хьаша- Маьлха-Аьзни ю.

¾   Маьлха –Аьзни, алахьа , хьо х1ун дохьуш еана?

¾   Аса шу таханлерачу урокехь т1екхиа деза 1алашонаш еана, урокехь дика болх бинчу дешархошна а, вайга хьовса баьхкинчу хьешашна а  дала совг1аташ деана.(хьешашна совг1аташ д1ало)

¾    2. мотт шарбар

Хьовсал х1окху кицане:

КЪИНХЬЕГАМ  - АДАМАН ШОЛГ1А НАНА Ю.

¾   Д1адеша кица шайн дагахь

¾   Д1адеша хозуьйтуш, массара а цхьаьна.

¾   Муха кхета шу х1окху кицанах? (берийн жоьпаш)

¾   Нийса боху: КЪИНХЬЕГАМО НАНАС САННА КХОБУ

¾   Юха цкъа д1адешал кица .

¾   Х1инца юханехьа , т1ехьара схьа деша.

Ц1ера болх таллар.

 Дешархоша схьабуьйцу «Асвадан адамалла» дийцаран чулацам.

¾   Хьан эр дара, стенах лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь?

¾   Хьан яздина и дийцар?

¾   Стенах лаьцна ду дийцар?

¾   Мила ву Асвад?

¾   Дийцал,  мичара вог1уш вара Асвад? (1 деш. Дуьйцу)

¾   Х1ун гира к1антана?х1ун дира Асвада г1езана?

¾   Нана- г1езо х1ун дира?

¾   Ц1еххьана х1ун гира Асвадана? Цо х1ун дира к1орнена?

Нийса жоьпаш деллачу дешархошна Маьлха – Аьзнис совг1аташ ло.

   2.1алашо йовзийтар

¾   Вайн таханлерачу урокан чулацам вай цххьаьна билгалбоккхур бу. Аса шуна байташ йоьшур ю, аша дог1у дош ала.

 

Хьуьна уллехь бу цхьа барз,

Цу т1ехь буса уг1у ….. (борз)

 

Д1аделлийша сихха кор

Ас дузур ду нехех …. (ор)

 

Юуш ву со мангалкомарш

Дийца хан яц даьсса ….. (хабарш)

 

Д1а ца довш , шу, чиркхаш дага,

Техкош ву со гакин … (ага)

 

Цунна цхьа ца кхочу т1е,-

Накъост , иза х1ун ю –те?

1алам хаздеш ю и чалх,

Дийнахь кхетта дашо … (малх)

 

¾   Х1ун ю вайн урокан ц1е?

¾   Схьаеллал книгин 44- г1а аг1о. Мила ву цуьнан автор?

3.Керла тема хьехар.

а) авторх лаьцна хаамаш бовзийтар

¾   Вайгахь кхин а бу хьеший. Схьадуьйлал, хьеший, довзийтал шаьш

(Цхьана  дешархочо авторх лаьцна кечбина хаам бу.)

¾   Де дика хуьлда шун, бераш, хьеший! Со Хасаев Хьасан ву. 

    Гуобаьккхина 1аламо хазйнчу ламанан ширчу Доча- Борзехь  хьуьнхочун Мохьмадан доьзалехь вина  со.

   Оцу юьртахь д1аяхара   сан  бералла. Шу санна ловзуш, самукъадолуш , лелара со а. Ишколехь хьехархочун болх бина

Ас уггар ч1ог1а гергарло 1аламца лелийна. Сан дукхахйолу произведенеш 1аламах, 1алам лардарх лаьцна ю.

¾   Х1инца Хьасанан дахарх лаьцна боцца хаамаш шайн литературин тетрадаш т1е д1аязбе

ХАСАЕВ ХЬАСАН ВИНА ШАРАХЬ 1936 –чу шарахь ДОЧА –БОРЗЕХЬ.

Цуьнан дукхахйолу произведенеш 1аламах лаьцна ю.

Аь) дешнаш т1ехь болх

(Цхьа дешархо Исмаилов Абу ву. Цо шен дошам т1ехь оцу дешнийн маь1на досту)

¾   Тахана вай долчохь хьошалг1ахь ву Абу Исмаилов Абу, вийца ца оьшуш, нохчийн маттаца жимма а гергарло долчу стагана вевзаш ву – поэт, прозаик, публицист, гочдархо, меттан 1илманча. . Абу, дийцахьа тхуна х1ун ю ахьа тахана вайн уроке еънарг?

¾   Х1ара ас вовшахтоьхна нохчийн-оьрсийн дошам ю. Кху т1ехь итт эзар дош ду.

¾   Аса хьоьга уроке вог1уш х1ун ян аьлла , дехар динера?

¾   Аса «Бохам» дийцар деша а дешна, цу юкъара дешархой ца кхета мега аьлла дешнаш оьрсийн матте гочдина. Дешархочо дошам йозанъуьна т1е д1а а латош, дуьйцу дешнийн маь1на.

Г1айре- островок

Г1амаршлахь –в песке

 Сесий-головастики

Йокъа-засуха

Белхам- плач

Ж1оммаг1а - топорик

 4.Сада1аран миноташ.

 ТХО ДАХНЕРА ХЬУЬНАХ ЛОВЗА,

АРЕ ЙОВЗА, ДИТТАШ ДОВЗА.

САДАЬ1ИРА ОХА ХАЗА-

ЗЕЗАГ- ХЬУНА, ЗЕЗАГ –СУНА,

Ц1АЗАМ- ХЬУНА, Ц1АЗАМ СУНА

Б) хьехархочо дийцар дешар

В) дешархошка ешийтар

  Бераша з1енаца   д1адоьшу Хь. Хасаевн «Бохам» дийцар.

г) Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь юьйцург? (Аьхке)

-Муха дара де? (Къегина кхетта малх а болуш довха дара)

-Хьенан ц1арах ду дийцар? (Турпалхо ву  шена гиначух лаьцна дуьйцуш)

-Муха долийна цо дийцар? (Со Ч1аьнти-Оргий, Шарой-Оргий  вовшахкхетачу сада1а ваханера. Цигахь карийра суна Султан)

-Х1ун хезира цьршинна? (Ч1ог1ачу маьхьаршца пхьидаш екаш хезира)

-Х1унда велира и шиъ цец? (Иза пхьидаш ека хан яцара)

-Маца ека пхьидаш?

-Х1ун бахьна хиллера уьш екаран? (Царна бохам хиллера)

-Дийца , х1ун бохам бара и? Д1аеша к1айдарг.

-Шуна къахийтин пхьидех? Х1унда?

-Х1ун орца кхечира пхьидашна хиллачу бохамна? Д1аеша и к1айдарг.

-Муха стаг ву Султан?

-Султанах ала мегар дуй : иза турпалхо ву? Х1унда? (Цунна моссо а х1ума оьшуш юй хаьа, иза  1аламна пайденна ву)

¾   -Аша дийр дарий иштаниг?

Г1)Дийцаран жам1дар

¾   Х1инца алалур дуй вайна бохам – х1ун ю?

¾   Абу, хьан дошам т1ехь муха гайтина бохам дош?

¾   Бохам- беда (дешархочо йозанъуьна т1е д1алатадо кехат)

Д) кхечу произведенешца дийцар дустар

¾   Вай тахана дешна «Бохам» ц1е йолчу дийцаран чулацам муьлхачу дийцарх тера хета шуна?  («Асвадан адамалла»,»Бен»)

¾   Х1инца шишшамма цхьаьна а, тобанашкахь а болх бар д1ахьур ду вай. Х1ара дийцарш вовшашца дустуш, кластерш х1иттор ю .

Бен                        Асвадан адамалла                                     Бохам

 6 урокан жам1 дар.

¾   Муьлха произведени евзира вайна?

¾   Мила ву цуьнан автор?

¾   Стенах лаьцна ду иза?

. Рефлекси.

-Муха хийтира хьуна дийцар?

- Х1окху урокехь дийцинчух кхеттачо а, самукъадаьллачо а шайгара г1аш хьалаайа..

7.

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша Хь. Хасаевн «Бохам» ц1е йолу дийцар.

 

 

 

 

Хасаев Хьасан вина 1936–чу шарахь

Доча-Борзехь.

Цуьнан дукхахйолу произведенеш 1аламах лаьцна ю.


 

Нохчийн меттан дешаран урок 3 класс

Нохчийн меттан дешаран урок 3 класс

КЪИНХЬЕГАМ - АДАМАН ШОЛГ1А НАНА

КЪИНХЬЕГАМ - АДАМАН ШОЛГ1А НАНА

Д1а ца довш , шу, чиркхаш дага,

Д1а ца довш , шу, чиркхаш дага,

Аса хьоьга уроке вог1уш х1ун ян аьлла , дехар динера? ¾

Аса хьоьга уроке вог1уш х1ун ян аьлла , дехар динера? ¾

Султанах ала мегар дуй : иза турпалхо ву?

Султанах ала мегар дуй : иза турпалхо ву?

Хасаев Хьасан вина 1936–чу шарахь

Хасаев Хьасан вина 1936–чу шарахь
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
09.03.2024