Конспект открытого урока по русскому языку: «Предложение».

  • docx
  • 24.04.2024
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала dokument_microsoft__25_-26__kh__office_word.docx

Йоза

Урокан ц1е: Йозанан доккха а , жима а элп Кхкх.

1алашонаш:

1.Предметни: йозанан доккха а, жима а элп  Кхкх  кхин д1а  довзийтар,  элп Кхкх цхьаъ ша , дешдакъошкахь, дешнашкахь яздан 1амор.Элп Кхкх  шалха хилар д1акхачор.

2.Метопредметни:

·        Регулитивни: шеен белхан пла н х1отто, иза кхочушъян некъаш карор.Шена данделларг ган, ца дан деллачун  бахьанаш довзар.Ша  т1елаьцначул совнаха динарг ган.Цуьнан бахьнаш довза, пайдаэца хаар.

·        Познавательни: карточкашна т1ера элпашна  юккъера шайна оьшу элп схьахаржа хаар.Текаст юкъара  предложении схьаязъяр , цунна схема х1оттор.Ребус ян хаар.Х1уманаш шина тобане екъар.Схеманашна дешнаш каро.

·        Коммуникативни:Шен  накъосташца дагавалар ша  кхоллараллин болх кхочушбеш, шена хеттарг т1еч1аг1дан хаар.Шен кхиамех лаьцна дийца хаар.Ша схьаязйинарг предложении хилар т1еч1агдар, шена предложенех хаьарг дийцарца.

3.Личностни: ненан метан хазалла гар и 1амо лаам , цунах дозалла кхиор. Урок д1аяхьар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

Дешнийн хийцадаларш

 

1. Хийца цхьа элп:

кхаж (1аж - наж - раж - маж - г1аж - таж);

кхор (кор - лор - мор);

кхел (бел - мел - цел - тел - гел);

кхера (бера - гlepa - дера - тера - шера - хьера).

 

2. Xlopa керла дош шеца КХ долуш я цунна т1ера д1адоло

Деза. Дашехь цхьа элп бен хийца йиш яц.

Кхокха - мокха, кхакха - лакха, кхала - кхакха, кхаза - кхаба,

кхахь - кхаж, кхача - кхана, кхема - кхера.

-Муьлха элпах лаьцна хир  ю вайн урок.?(Элп кх)

2.1алашо йовзар.

-Х1ун го шуна книги т1ехь?Х1н 1емар ду   вайна урокехь?

·        Элп Кх кх девзар ду.

·        Элп Кхкх д1аяздан 1емар ду.

·        Кх элпаца дешдакъош яздийр ду.

·        Кх  элпаца дешнаш яздийр ду.

·        Предложени язъйийр ю

·        Ребус йийр ю.

3.Керла тема хьехар.

·        Йозанан элп Кх кх довзар.

-Бераш шайгарчу карточкаш  т1ера элпаш  шина тобане декъа.(Хь, С,П,Д,!,КХ.)

-С П Д- цхьалха элпаш.

Кх, Хь –шалха элпаш.

-Шол1ачу  тобанера элпаш декъа шина тобане.

-Хь-яздан хаьа.

-Кх- яздан ца хаьаа.

-Лерина  хьовса цуьнга.И йозанан элп Кх ду , я зорбанан ду?(Йозанан ду.

-Ала элпаш хьала айбий:х1ара йозанан доккха элп Кх ду, х1ара йозанан жима элп кх ду.

-Элп кх цхьалха ду я шалха ду.Муьлхачу элпех пайдаэцна вай  и яздеш?(К+Х)

-_1ун 1еми вайна?(Йозананэлп Кх кх девзи)

-Кхин д1а х1ун 1амор ду   вай?(Дешнаш яздан)

·        Йозанан элп Кх кх  яздар.

Кх  Кх  Кх  Кх  Кх  Кх  Кх

Кх  кх  кх  кх  кх  кх  кх  кх

Кхкх  Кхкх  Кхкх  Кхкх  Кхкх

-Муха хоьттина элп Кхкх?

-Х1ун 1еми вайна?(Элп Кхкх д1аяздан)

               -Кхин д1а х1ун 1амор ду   вай?(Дешдакъош яздан)

·        Дешдакъош д1аяздар.

 Кха    кхо   кху   кхи   кхе

Акх   окх     укх    икх   екх

-Х1ун ду хийцаделларг?(Кх элп хьалхахь, т1ехьахь яздина)

 

-Кхин д1а х1ун 1амор ду   вай?(Дешнаш яздан)

·        Дешнаш д1аяздар.

Кхокха, кхаба, текх, мекх, кхакха.

-Маса дешдакъа ду кхокха дашехь?(Шиъ)

-Хьалхарниг?(Кхо)

-Шолг1а?(кха)

-Караде х1ора схемина  шиша дош.(__________________,___________-__________)

-маса дешдакъа ду хьалхарчу схемин?(Цхьаъ)

-Муьлха дешнаш ду цхьанан дешдекъах лаьтташ?Муьлха схема  магар ю цу шина дашна?(хьалхара)

-Маса дешдакъа ду шолг1ачу схемин?(шиъ)

-Муьлхачу дешнийн ду шиъ дешдакъа?

-Муьлха схема  мегар ю цаьршинна?(Шолг1а)

-Х1ун 1еми вайна?(Дешнаш яздан, дешдакъошка декъа,  дешнашна схемананш х1итто)

-Х1ун  дара вайн планан юкъа ца дог1ург?(Схеманаш х1иттор, дешдакъошка деъар)

4.Сада1аран миноташ.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

·        Текста юкъара предложении схьаязъяр.

Кхокхас 1алашдо кхокхий.Цо царна х1у тосу.Цунна хазахета олхазарш.

-Д1аеша текст.Маса предложении ю цу текстехь?(Кхоъ)

-Муьлханиг  ю хьалхара?( Кхокхас 1алашдо кхокхий)

-Шолг1а?( Цо царна х1у тосу)

Кхоалг1а?( Цунна хазахета олхазарш).

-Схьаязъе прдложени шайна лаьарг.Ч1аг1де шаьш язйинарг предложении хилар.

Х1ара предложении ю:

Йолийна доккхачу элпаца

Чаккхенгахь т1адам бу.

-Х1ун 1еми вайна?

-Предложени текст а юкъара схьаязъян.

6.Рефлекси.

-Х1ун дара вай  дан  билгалдаьккхина?

-Х1ун дара ца далуш дисина?

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Урок №2

Йоза

Урокан ц1е: Йозанан доккха а , жима а элп Кхкх.

1алашонаш:

1.Предметни: йозанан доккха а, жима а элп  Кхкх  кхин д1а  довзийтар,  элп Кхкх цхьаъ ша , дешдакъошкахь, дешнашкахь яздан 1амор.Элп Кхкх  шалха хилар д1акхачор.

2.Метопредметни:

·        Регулитивни: шеен белхан пла н х1отто, иза кхочушъян некъаш карор.Шена данделларг ган, ца дан деллачун  бахьанаш довзар.Ша  т1елаьцначул совнаха динарг ган.Цуьнан бахьнаш довза, пайдаэца хаар.

·        Познавательни: карточкашна т1ера элпашна  юккъера шайна оьшу элп схьахаржа хаар.Текаст юкъара  предложении схьаязъяр , цунна схема х1оттор.Ребус ян хаар.Х1уманаш шина тобане екъар.Схеманашна дешнаш каро.т1адамийн метана дог1у элп каро.Йоьхна предложениаоашахтаса. «Цхьаъ», «Дуккха» кхетам карлабаккхар.

·        Коммуникативни:Шен  накъосташца дагавалар ша  кхоллараллин болх кхочушбеш, шена хеттарг т1еч1аг1дан хаар.Шен кхиамех лаьцна дийца хаар.Ша схьаязйинарг предложении хилар т1еч1агдар, шена предложенех хаьарг дийцарца.Кицанан маь1нах кхетор, шена хетарг схьаала  хаар.

3.Личностни: ненан метан хазалла гар и 1амо лаам , цунах дозалла кхиор. Воккхачунна г1о дан лаам хилар, леерам хилар

Урок д1аяхьар.

 

 

1.Дешаре шовкъ коллар.

Бешахь.

Хьехархочо  охьадохку суьрташ , царна т1ехь  стоьмаш хасстоьмаш бу хь элп дерш, доцурш.Бераша  «схьбаха»беза  элп хь дерш.Уьш  чутуьйсу  тускаршна.

Бабий , дадий  дехаш  1аш ду. Цаьршиннан бераш дац г1о дан.Цара бешахь д1абийна стоьмаш, хасстоьмаш..Уьш  чуберзо г1ора дац  церан.Церан бераш хилча  цара г1о дийр дара.Амма  церан  г1о дан стаг ца хиларна  лаьтта  и шиъ.

-Бераш, аша дийр дарий  царн г1о?Куьйгаш айба.

-Хьовса .Х1окху  тускаршчу бекъа беза  уьш.

1.г1абакх, самарсекх,кхоьш,

2.Кхор.

-Х1ун ду цу дешнийн юкъара?(Элп Кх)

2.1алашо йовзар.

-Х1ун 1емар ду вайна тахана?

·        Дешнаш яздан.

·        Т1адамийн метана элпаш дахка

·        Предложени язъян.

 

·        Кица нан маь1нех кхета.

3.Керла тема хьехар.

·        Предложенеш язъяр

-Х1ун ду вайн плана т1ехь хьалха дан билгалдаьккхина?(Дешнаш яздар)

Х1ун  лахьийра вайн бешахь?(Кхораш,Кхош,г1абакхаш)

-Д1аязде

Кхор , кхоьш, кхораш.

-Кхор масса х1ума билгалйо цу дашо?(Цхьаъ)

-Кхоьш?(Дуккха)

-Кхораш?(Дуккха)

-Шина тобане декъа и дешнаш.Муьлхачу билгалонашца дийкъ аха уьш?(Цхьаъ-кхор, дуккха-кхораш, кхоьш)

-Кхин муьлхачу билгалонашца  боькъур бара уьш?

-Кхораш-стом, кхоьш –хастом.

-Х1ун хии вайна?

-Элп Кх дешнашкахь яздан.Дешнаш тобанашка декъа.

-Х1ун  дара вай кечам ца бинарг?(Дешнаш тобанашка декъар)

-Х1ун ду вайн плана т1ехь шолг1а?(Т1адамийн метана элпаш дахкар)

·        Дайна элп карор.

Мо…а, …анна, …а….а,…о…а, …анна,…аба.

-Муьлха элп дайна   хьалхарчу дашехь?.

(Хьехархочо суьрташ гайта мега, нагахь берашна хало хилахь)

-Х1ун 1еми вайна?(Т1адамийн метана  элпш дахка)

-Кхин д1а х1ун дийр ду   вай?

·        Предложени д1аязъяр.

-Д1адеша кица.

Муш –беха, хабар –доца.

-Муш- беха, муш боца хилча муха хир ду ,масала бежан д1адоьхкуш?(Лаг 1овдар ду)

-Муха хила беза муш?(Беха)

-Хабар –деха дийцича муха хир ду?(нахана к1ордор ду)

-Хабар  муха дийца деза?( Доца)

-Х1ун хьоьху кицанао?(Дан дезачун хьекъал ло)

-д1аязде кица.

Х1ун хии вайна?(кицанах кхета)

-вайн плана юкъахь дарий иза?

4.Сада1аран миноташ.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

·        Предложенеш д1аязъяр.

Хьамзатана  хьоза хааделира.Цунна алкханчан аз а девзира.Цо цунна бен бир.

-Д1аеша текст.Маса предложении ю текстан?(Кхоъ)

-Муьлханиг ю хьалхара?( Хьамзатана  хьоза хааделира)

-Шолг1а?( Цунна алкханчан аз а девзира)

-Доьалг1а?( Цо цунна бен бир.)

-Д1аязъе цхьаъ предложении.

-Ч1аг1де шаьш язйинарг предложении хилар.

-Предложени йолийна доккхачу…

Предложенин чаккхенгахь…..

-Х1ун хии вайна?(Предложенеш схьаязъян)

·        Ребусаш.

Коъ-элп ъ  д1адаккха, дилла р.

Кхакха-д1адаккха  а, дилла о

-Х1ун див ай?

-Ребусаш йи?

6.Рефлекси.

-Х1н ди   вай урокехь?