Дешаран урок
Урокан ц1е: Аз а,элп а Сс(с )
1алашонаш:
1.Предметни:Аз а, элп а Сс довзийтар,аз (с) мукъаза хилар берашна д1акхачор, элп с юкъадог1 дешдакъош х1иттор ,уьш дешар кхиор,схеманашкахь мукъа а, мукъаза а аьзнаш ган хаар кхиор, дешдекъан доза гайтар.
2.Метапредметни:
· Регулитивни:: шеен белхан плпн х1оттор , цуьнан рог1аллица дешаран навыкаш хилар.Шен белхан кхиамаш бовзар,царех пайдаэцар.Кхачамбацарш гар, церан бахьнаш довзар.
· Познавательни: схеманашкахь мукъа а, мукъаза а аьзнаш ган хаар кхиор, дешдекъан доза гайтар.
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, суьртан г1оьнца жима дийцар х1отто 1амаор , иза схьадийцар 1амор.Кхамела юкъара предложении къастор киор, предложении яржо, яцъян 1амаор.Хьехархочо т1едиллинарг кхочушдан лаам кхиор, шеен наъосташка ладог1а, уьш хаза 1амор.
3.Личностни:Дешаре безам кхиор,ненан мате безам дозалла кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Х1етал-еталш
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Буька е чуьра кегий жаг1а?(седарчий)
Вайн беданара цаца буьззина г1улгаш? седарчий)
Лахьо а цатерг, ласто а цатерг? (седарчий)
Б1ог1ам а ца х1оттошдина parly?(стигал)
Т1ехь - ц1е, к1ел - хи?(стогар)
Сайна лиъча - кхосса а ло,
Сайна лиъча -къовза а во?(сагал)
Ехачу аьхка лаьттира, 1а т1едаре хьийжира.
Хан шен схьа ма-кхеччи,
Гу т1ера чухийци?(салаз)
Шиъ лаьтта, шиъ лела,
Шиъ царна юкъахь хан ларъеш ву?
Тата а ца деш, rlapa а ца еш корах чуйоггург?
Детица кхелина сийна аре?(стигла бутт ,латта, де , седарчий)
Когаш бац - лела, бага яц, амма
маца д1авижа а, хьалаг1атта а веза дуьйцу? (Сахьт)
-Хьан эр дара х1ун 1емар ду вайна тахана?
3.1алашо йовзийтар
-Х1ун ю книги т1ехь?(элп,схеманаш,дешдакъош, дешнаш,предложенеш,сурташ)
-Х1ун дийр ду вай хьалха?(Элп С улло терахь цхьаъ дилла)
-Шолг1а х1ун 1емар ду вайна? Кхоалг1а?
-Хьан эр дара х1ун дийр ду вайна тахана?
3.Керла тема хьехар.
А) мотт шарбар.
Чехкааларш
Сирчу аьттан сира ши шинара, 1уьйрре даьккхина
Дуькъа шар.
Сийначу стигала мархаш теси,
Бовхачу кийрахь сан дог деши.
Хьан киснахь ши сирник,
Сан киснахь ши шай.
Б) Аз а элп а Сс(С) довзийтар.
-Х1ун ю суьрта т1ехь ерг?(сахьт)
-Муьллха аз хеза хьалхахь?(С)
-Аз (С) мукъа ду, я мукъаза ду?
-Х1ара доккха элп С ду, х1ара жима элп с ду.
-Сахьт дешан масса дакъа ду?
-Схеми т1ехь х1ун бос бу (С) элпан?
-Х1ара х1ун ю? (тас)
-Мича меттехь хеза аз (С)?
-Х1ара х1ун ю?(тарсал)
-Мича меттехь хеза аз (С)?
· Элп Сс таллар.
Элп С
Стенах тера ду элп?
Дехко хьуьлла соне хиъна,
Чкъурган эхигхьалайиъна.
Ишта-вуьшта хьовса шу -
Чкъургах диснарг С элп ду.
Фонетически зарядка
Ахкарга чуьра мох ара муха болу? («С-с-с»)
Мила ву тидаме?
1. Цхьатера аз караде дешнашкахь: суй, сурсат, кхес, месаш,
Палс , марс, нус, буьйса, седа, момсар, пису, сег1аз.
2. Суьрташт1ехь йолчу х1уманийн ц1ерш яха.
Муьлхачу оза т1ера д1адуьйлалуш ду уьш?
Сахьт | Саьрамсскх Саб Седа Секха1ад |
В)Схемина бос балор.
Х1ара х1ун ю?
-Палс дашехь масса элп ду?(диъ)
-Аз?(диъ)
-Муьлханаш ду уьш?(П,А,Л,С)
-(П)-мукъа ду , я мукъаза ду?
-Цуьнан х1ун бос хила беза схеми т1ехь?
-(А)-мукъа ду , я мукъаза ду?
-Цуьнан х1ун бос хила беза схеми т1ехь?
-(Л)-мукъа ду , я мукъаза ду?
-Цуьнан х1ун бос хила беза схеми т1ехь?
-(С)-мукъа ду , я мукъаза ду?
-Цуьнан х1ун бос хила беза схеми т1ехь?
В)Дешдакъош дешар.
-Д1адеша дешдакъош.
-С-на т1е тоха А.Х1ун хуьлу?(С А)
С-на т1етоха О?Х1ун хуьлу?СО
-С-на т1е тоха И.Х1ун хуьлу?(СИ)
С-на т1етоха У?Х1ун хуьлу?(СУ)
Муъа элпаш д1ах1иттадой, хьехархосо х1оранна улло элп с дуьллуш доьшуьйту.
АААСС
ОООСС
УУУСС
ИИИСС
Таблици т1ехь болх бар.
-Д1адеша дешдакъош
4.Сада1аран миноташ
Саца, машен!
Х1окху ловзаро ритм ларъян 1амадо бераш.
Массара а цхьаьний:
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Саца,машен, саца, машен,
Саца,машен, саца!
Х1ораммо а ритмехь, цхьанаэшшарехь кераюккъе
байн буй бетта, багахь и байташ а йоьшуш.
Юха массара а шайн-шайн дагахь йоь шу уьш. Оьшшучу хенахь, массара а цхьаьний «Саца» ала деза.
5.Кеола тема кхин д1а хьехар.
1.Предложенеш ешар.
-Маса дашах лаьтта хьалхара предложни?Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1а?Кхоалг1а?
-Шолг1ачу предложенехь мила вуьйцу? Хьанна т1еюзалур яра предложении?
-ислама илли олу.
-Хьан т1еюзар яра кхоалг1а предложени?
-Лалас лом олу.
2.Дийцар х1оттор.
-Х1ара хун меттиг ю?(Соьлжа –Г!ала)
-Муха ю Соьлжа –Г1ала? (хаза)
-Х1ун ю урамашкахула лелаш?(машинаш)
-Мила ву суьрта т1ехь?(Ахьмад, Хьасан)
-И шиъ х1ун де шву?(Новкъа д1авоьдуш)
-Хьо хиллий г1алахь?
-Хьуна х1ун гира?
-Схьадийца дийцар.
Соьлжа Г1ала хаза ю.Цуьнан урамаш даккхий ду.Урамашкахула машинаш лела.Дуккха а адамаш деха г1алахь.
Со а ваханера цига .Суна гира маьждиг.
Маса предложен ю дийцарехь.
3)Дукха хьан олу?
-Аз (С) юкъадог1у дешнаш ала.
6.Рефлекси
-Муьлха элп девзи шуна?
-Х1ун хаьа шуна элп с лаьцна?
-Чакяккха сан ойла
Суна девзира….
Суна 1емира….
Со кхийтира….
Со ца кхийтира…
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.