Дешаран урок
Урокан ц1е: элп Ъ
1алашонаш:
1.Предметни:Элп Ъ довзийтар, элп Ъ цхьа аз билгал ца дар хаийтар, элп Ъ юкъадог1у дешнаш деша 1амор.
2.Метапредиетни:
· Регулитивни:шеен белхан план х1оттр, цу плпнан рог1аллица д1авахар.Шен ницкъ кхаьчнарг ган , цуьнах пайдаэца хаар.
· Познавательни:ъ элпан шиъ 1алашо йовзар, ъ элпан дашехь меттиг бтлгалбаккхар.Цхьана дашах масийтта кхолларца ойлаяр тидамбар кхиор.
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, суьртан г1оьнца жима дийцар х1отто 1амаор , иза схьадийцар 1амор.
3.Личностни:.Дешаре безам кхиор, шеен могушаллина пайдениг довза хууш дешархой кхиор.Ойлаяр, цхана даша юкъахь масех каро 1амор.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Мукъачарех мукъазнаш ца оьйтуш:
Аьзнаш …. Хьаьрко вовшех къастадо.
-Муьлха хьаьрк ю иза?
3.1алашо йовзийтар.
-Х1ара х1ун ю?(терахьахьаш)
-Х1ун дийр ду вай царна?(девзар ду)
-Х1орш х1ун ю?(Дешнаш)
-Х1ун дийр ду вай царна?(Деша 1амор ду)
-Х1ара х1ун ю?(Дийцар)
-Х1ун дийр ду цунна?(Дийцар доьшур ду)
4.Керла тема хьехар.
· Аз а ,элп а ъ довзийтар.
-Х1ара муьлха терахь ду?(Шиъ)
-Маса дешдакъа ду цу терахьехь?(Цхьаъ)
-Х1унда?(Цхьаъ мукъа аз ду)
-Маса аз ду шиъ терахьан?(къоъ)
-Муьлхананш ду уьш?(Ш,И,Ъ)
-Маса элп ду?(Кхоъ)
-Муьлханаш ду уьш?(Ш,И,Ъ)
-Муьлха аз ду дуьххьара хезаш?(Ъ)
-Аз (Ъ) мукъа ду я мукъаза ду?Х1унда?
-Х1ун бос бу цуьнан схеми т1ехь?
-Хьовсал .х1ара зорбанан элп ъ ду.
(Иштта толлу важа терахьаш)
-Мича меттехь ду элп Ъ?(Чаккхенгахь)
-Х1унда дац ъ доккханиг?(Дош дац элп ъ хьалхахь долуш)
-Х1ун 1еми шуна?(элп ъ девзи)
-Кхин д1а х1ун 1амор ду вай тахана?(дешнаш доьшур ду)
· Дешнаш дешар.
Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш.Маса дешдакъа ду церан?(Цхьаъ)
-Х1унда?(Цхьацца бен мукъа элп дац.)
-Мичахь ду элп ъ?(Чаккхенгахь)
-Цо муьлха аз билгалдо?(Ъ)
-Х1ун хии шуна ъ элпах?(цо аз билгалдо)
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.Маса дешдекъах лаьтта уьш?Х1унда?
-Муьлха аз билгалдо дашна юккъехь ъ элпо?
-Стенна оьшу ь хьаьрк пальто дашехь?
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.Маса дешдакъа ду церан?
-Мича меттехь ду элп ъ?Цо муьлха аз билгал до?
-Х1ун 1еми шуна?(дешнаш деша, ъ аз (ъ) билгалдо)
· «Асмаъ» дийцар дешар.
-Стенга яхара Асмаъ, 1айнаъ?
-Хьан дийшира тахана дика?
-Хьан доху сих-сиха пхеннаш?
-Цо х1ун элира?
-Нанна муха хийтира?
-Аша дохий пхеннаш?
-Хьан дийр ду аша тахана нанна хазахетар?
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
· Элп ъ къасторан хьаьркан хилам.
-Д1адеша дешнаш.Муьлхачу элпашна т1ехьа яздина элп ъ?(Л,З)
-Уьш муьлха элпаш ду?
-Муьлхачу элпашна хьалхахь яздина элп ъ?(е)
-Муьлха аз билгалдо цигахь ъ элпо?(Дан дац)
-ъ элпо мукъазачу элпашна т1ехьа , мукъачаьрна хьалха ниделча къасторан хьаьрк хуьлий лела.
-Дагаяийта байт?Муьлха аьзнаш ца оьйту цо?(Мукъанаш мукъазна ца оьйтуш къастадо цо)
-Муьлха маь1нехь лела ъ?(Къасторан хьаьркан )
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.Муьлха элп ду мукъа , мукъазачаьрна юккъехь яздина?(ь)
-ъ йоцуш элп ь х1унда яздина цига?(…)
-К элпана т1ехьа къасторан хьаьрк оьшуш хилча элп ь яздо.Х1унда аьлча к т1ехьа ъ яздича цунах элп къ хуьлу)
-Х1ун 1еми шуна?(Элп ъ къасторан хьаьран маь1нехь лела, к т1ехьа ь яздо)
· Дийцар х1оттор.
-Муьлш бу суьрта т1ехь?1усман,1аша)
-Муьлха шеран зама ю гуриг?(1а)
-Х1ун эга стиглара охьа?
-Х1ун ю 1ашехь?(салаз)
-1аша х1ун деш ю?
-Х1ун деш ву 1усман?
-Муха ю лайн баба?
-Шу ловзий арахь?Х1унда?(хаза хуьлу)
-Кхин х1унда ловзу шу?(….)
-Шуна хаьий арахь ловзвр могушаллина пайде ду.Сих-сиха ара а волуш левзича арахь ц1ена х1аваъ ду и чууьйзу,сих-сихс арахь левзича хьан дег1 шелоне дулу т1аккха цо т1е ца юьту цамгарш, уьш хьоьхь ида юлу.
· «1а» дийцар дешар.
-Стенах лаьцна ду дийцар?
-Муьлхачу дешнашкахь ю къасторан хьаьркаш?
-Муьлхачу дешнашкахь ю к1еда хьаьрк?
· Тобанашкахь болх.
1 тоба- хазалла дашах масийтта дош де.
2 тоба- терахьаш д1аязде. Аг1о 76.
7.Рефлекси.
-Х1ун 1еми шуна?
Суна девзи…
Суна 1еми….
Суна хии …
Аса ди….
Дешаран урок
Урокан ц1е: элп Ъ
1алашонаш:
1.Элп Ъ довзийтар, элп Ъ цхьа аз билгал ца дар хаийтар, элп Ъ юкъадог1у дешнаш деша 1амор.
2.Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, суьртан г1оьнца жима дийцар х1отто 1амаор , иза схьадийцар 1амор.
3.Дешаре безам кхиор, шеен могушаллина пайдениг довза хууш дешархой кхиор.Ойлаяр, цхана даша юкъахь масех каро 1амор.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.