Дешаран урок
Урокан ц1е: аз а , элп а Ж ж(Ж)
1алашонаш.
1.Предметни:Аз а , элп а Ж довзийтар, аз (Ж) мукъаза хилар хаийтар, элп Ж юкъадог1у дешнаш , дешдакъош деша 1амор,предложенеш еша 1амор.Байтийн тексташ еша 1амор.
2. Метапредметни:
· Регулитивни:шеен белхан план х1отто хаар, цу планан г1оьнца дешаран навыкаш караяккхар, хьалха-т1ехьа бан безачу белхах кхетар.
· Познавательни:схеманашца болх бан хаар,х1етал-металш дийца хаар, церах кхета хаар
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттарна дуьззина жоп дала хаар кхин д1а а кхиор, ойлаяр, тидамбар 1амор.
3.Личностни:Ненан маттае безам кхоллар, 1аламе безам бахийтар.
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
Стенах тера ду элп?
Юккъех доьхка дихкина,
К1енан ц1евнаш лаьттара.
Ж - элпах уьш тардина
Белхалой ма лаьттара.
Фонетически зарядка
Бумбарис «къамел» муха до? («Ж-ж-ж» - деш)
2.1алашо йовзийтар.
Дог1у дош ала
Хьуна хаа дац-кха хала,
Х1усам ларъеш, лета __(Ж1аьла)
1емаш ву со тилла тхов,
Хьостамна т1е етташ....(Ж1ов)
Ас хьуьнхара беа хьонка;
И бан ваха ю сан конка..
Эрна ца дай хьуьнха вахар,
-Яй чохь кхехкаш ма бу ....(Жарг1а)
Екашерг яц аьчкан бирг1а,
Тата деш ерг ю сан....(Жирг1а)
-Х1ун 1амор ду вай урокехь ? План х1оттае.
Суна девзар ду..
Суна хуур ду..
Суна 1емар ду..
Аса дийр ду…
3.Керла тема хьехар.
А)аз а, элп а Ж довзийтар.
-Х1ара х1ун ю?(Ж1ов)
-Ж1ов дашехь хьалха муьлха аз ду?(Ж)
-(Ж) мукъа ду , я мукъаза ду? Х1унда?
-Х1ун бос хир бу цуьнан схемехь?
-маса дакъа ду ж1ов дашехь?
-Х1ара х1ун ю?(маьждиг)
-Мича меттехь хеза аз (Ж)?(Юккъехь)
-Х1ара зорбанан доккха элп Ж ду, х1ара зорбанан жима элп ду. Стенах тер аду Ж?
-Алал элп ж хьалхахь долуш дешнаш, т1ехьа долуш, юккъехь долуш.
· Стенах тера ду элп?
Юккъех доьхка дихкина,
К1енан ц1евнаш лаьттара.
Ж - элпах уьш тардина
Белхалой ма лаьттара.
· Фонетически зарядка
Бумбарис «къамел» муха до? («Ж-ж-ж» - деш)
Б)Схеманаш басе ялор.
-Х1ара х1ун ю?(Ж1аьла)
-Маса аз ду ж1аьла дашехь?(Ж,1,АЬ,Л,А)
-Муьлханиг ду хьалхара?(Ж)
-(Ж) мукъа ду, я мукъаза ду?(Мукъаза)
-Х1ун бос хила беза цуьнан?(Сийна)
-Шолг1а?(1)
-(1) мукъа ду , я мукъаза ду? ?(Мукъаза)
-Х1ун бос хила беза цуьнан?(Сийна)
-(Кхолалг1а?(АЬ)
-(Аь) мукъа ду , я мукъаза ду?(Мукъа)
-Х1ун бос хила беза цуьнан?(Ц1ен)
-(Л) мукъа ду , я мукъаза ду? ?(Мукъаза)
-Х1ун бос хила беза цуьнан?(Сийна)
-(А) мукъа ду , я мукъаза ду?(Мукъа)
-Х1ун бос хила беза цуьнан?(Ц1ен)
(иштта толлу 1аж дош)
В)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо элп Ж д1агойту цунна улло мукъа элпаш х1иттош д1адоьшуьйту.
ЖЖЖААА
ЖЖЖООО
ЖЖЖУУУ
ЖЖЖИИИ
ЖЖЖЕЕЕЕ
Хьехархочо муъачу элпашна улло элп Ж х1оттош д1адоьшуьйту
АААЖЖЖ
ОООЖЖЖ
УУУЖЖЖ
ИИИЖЖЖ
ЕЕЕЖЖЖ
-Книги т1ера д1адеша дешдакъош.
Г)Дешнаш дешар.
5.Сада1аран миноташ.
Накхармозий
Аз Ж т1еч1аг1деш пайдаэца мегар ду х1окху ловзарх.Хьехархочо хотту: «Бераш, зезагашна а, варени т1ехула а хьийза накхармозий гиний шуна? Цара царна т1ера дургал схьагулдо, юха цунах моз доккху. Акхаройх уггаре а дукха моз дезарг муьлхарниг ду? Нийса боху. Ча ю. Накхармозий чохь долчу яьшки т1е йоьду иза, амма вукхара т1е ца юьту «ж - ж» деш (бераша т1аьхьара олу). Ча яьшки чуьра моз даккха г1ерта, амма вукхара ца ло шаыы къа а хьоьгуш даьккхина моз.Дагардарца берашна юкъара ча хоржу:
Цхьаъ - шиъ - кхоъ, ча хир ю хьо!
Ча юьстах а йолий д1ах1утту.
Накхармозий ненан дешнаш (хьехархочун):
- Накхармозий т1емадевлла
Даха моз лахьо.
Чано кхуза схьаеъна халла
Дерриг моз д1ахьо.
Накхармозийн дешнаш (берийн):
- XIapa моз ду тхан кхача.
Яхийта ахь ц1ехьа, ча!
Ж-ж-ж-ж-ж!
Куьйгаш лестош, багахь «ж-ж-ж» деш бераш класса чухула
уьду. Юха шайн ц1а чу доьлху (чоьнан соне). Ча цига йоьду,
цара «т1емаш» лестош ча эккхайо, цунах д1ауьду Ча уьш схьалаца
г1ерта.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А) Предложенеш ешар.(аго 105)
-Мила ву кертахь болх беш?(да)
-Мила ву цунна г1о деш?(Хьамид)
-Х1ун до Хьамида?(Хьостамий туху)
-Х1ун до бас?(Уй хедадо)
-Муха к1ант хетта шуна Хьамид?Аш дой дена , нанна г1о?
Б)Предложенеш ешар.(аг1о 106)
-Стенга воьду Хьамид?
-Цо цигахь х1ун до?
-Цигахь цунна еса деша 1амадо?
-Шу г1ой маьждиге?
В)Дийцар х1оттор.
(Сурт аг1о 106)
Г)Тобанашкахь болх.
1.Х1етал –металш (аг1о 105)
2.Т1едуза дош ( аг1о 106)
7.Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.