Конспект урока по чеченскому языку.

  • docx
  • 29.03.2024
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала 9. урок Ц1ера дийнаташ. Дош . дешдакъа..docx

9-г1а урок

Урокн  ц1е: «Ц1ера дийнаташ. Дош . Дешдакъа»

1алашо: берашна  тайп-тайпана ц1ера дийнаташ довзийтар . Цара бохьучу пайданах хаамаш балар. Берийн дешнех , дедакъойх болу хаамаш  шорбар.

 

Кхочушдан лерина жам1аш

1.Предметни: брашна девзар ю тайп-тайпана  ц1еран дийнаташ.Берашна  1емар ду  ц1еран дийнаташ вовшех къасто , уьш довза. Бераша  шорбийр бу дешнех ,дешдакъойх болу хаамаш, 1емар ду дешдакъош схемица билгалдаха.

2.Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан  план х1отто, тайп- тайпана беснаш  долу  фишканаш  йохккуш учебника  аг1он т1ехь шаьш  хьалха-таьхьа 1амор долчунан  план х1отто.  Цу планан  рог1алла ларъеш  учебникаца  болх бан. Берашна хуур ду шайн кхиамийн мах  хадо, кхачамбацарш  довза  царех ларбала.

·        Познавательни: берашна  хуур ду ц1ера дийнаташа х1ун пайда бохьу , уьш муха 1алашдан деза. Берашна 1емар ду  дешнийн схеманашца болх а беш , цу схемехь дешдакъош билгалдаха. Берашан хуур ду  цу  дийнатех   ц1ера дийнаташ х1унда аьлла. Берийн алсам дер ду тидаме хилар.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан  хаттаршна  жоьпаш дала. Берашна  1емар ду  вовшашка  хаттарш дала  , царна  жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу  кхачамбацарш, кхиамаш а.

 

3.Личностни:  берийн лаам кхоллалур бу  ц1ера дийнаташ 1алашдан , церан доладан. 1аламе  безам кхоллалур бу вайн.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де  дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар «Х1ун ю совнаха?»

(Хьехархочо уьн т1е  д1аухку  суьрташ: говр, етт, газа, уьстаг1,гомаш,  дитт)

-Хьовсал кху суьрташка .Х1ун ю кхарна  юкъахь совнаха? (Дитт)

-Х1унда ду дитт  совнаха? (Берийн жоьпаш)

-Дитт совнаха ду , х1унда  аьлча  важа  йисинчу х1уманех олу ц1ера дийнаташ. Алал массара  ц1ера дийнаташ.

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана  урокехь? ( Вай дуьйцур ду ц1ера дийнатех лаьцна)

2.1алашо  йовзийтар.

-Д1аелла  учебникан  14-г1а  . Х1ун ю цу т1ехь гуш ерг? Х1ун 1амор ду   вай   хьалхара?

-Х1орш х1ун ю? (Ц1ера дийнаташ)

-Х1ун 1емар ду    вайна  хьалхара?

·        Суна 1емар ду ц1ера дийнатийн ц1ераш  яха.

-Х1ун дийр ду   вай схеманашна?

·        Суна 1емар ду дешнийн схеманашца болх бар.

-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)

-Х1ун дийр ду вай  суртана?

·        Суна 1емар ду  суьртах  лаьцна дийцар х1отто.

-Вайна  тахана 1емар ду ц1ера дийнаташ довза  довза, хуур ду цара х1ун пайда бо. Вайна  1емар ду  дешнийн схеманашца белхаш бан, суьртах лаьцна дийцар х1отто.

4. Ц1ера дийнаташ довзийтар.

-Х1ун  1амор ду вай   хьалхара?

-Ц1ера  дийнатийн  ц1ераш яха.

-Х1ара х1ун ю? (Етт бу)

-Х1ара х1ун ю?(Говр  ю)

-Х1ара х1ун ю?(Газа  ю)

-Х1ара х1ун ю?(Уьстаг1 бу)

-Х1ара х1ун ю?(Гомаш  ю)

-Х1ара х1ун ю? (Ишак  ю)

-Царех массарех  х1ун олу ? (Царех ц1ера дийнаташ олу)

-Кхин муьлха ц1ера дийнаташ девза шуна?

-Х1унда олу царех  ц1ера дийнаташ ?Стенгахь кхобу уьш? (Берийн жоьпаш)

-Уьш вай  ц1ахь кхобуш ю , вай  царна  яах1ума латтайо, чохь 1ан меттиг тобо, цундела олу царех ц1ера дийнаташ.

-Вай  х1унда  кхобу уьш ц1ахь? (берийн жоьпаш)

-Цара вайна  боккха  пайда бохьу:  атто –шура ло,  уьстаг1о вайна  т1арг1а ло, т1арг1анах йовха  бедарш йо,  газано-пух ло, пухах  йовха бойнаш, пазаташ йо, гомашо –шура ло, говро –еза х1ума  т1ейохьу.

-Х1ун 1еми  шуна?

·        Суна 1еми ц1ера дийнатиян ц1ераш яха.

·        Суна хии  ц1ера дийнаташа х1ун пайда ло.

-Х1ун 1амор ду    вай  х1инца?

·        Суна 1емар ду дешнийн схеманашца болх бан.

·        Дешнийн схеманашца болх бар.

-Кара де  учебникан 14-чу  аг1он  т1ехь аьттан сурт. Хьан  юьллур  яра уьн т1ехь цуьнан  схема? (Бераша  бьллу)

-Маса дешдакъа ду  етт дешан ? (Етт-шиъ дешдакъа ду)

-Муха  хила  еза  цуьнан  схема? (Нийса д1а  сиз хила деза)

(Иштта  толу важа дешнаш)

-Х1ун 1еми шуна?

·        Суна 1еми  схеманашца  болх бан.

5. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало  йоцуш хьала.

Мел хан яьлла,хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а  кхиссало,

Цхьана меттехь  воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх  шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг  дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза   вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)

6. Дозуш долу къамел  кхиор.

-Х1ун дара  вайн планаца кхузлаха 1амо билгалдаьккхинарг? (Суьртах лаьцна  дийцар х1оттор)

-Х1ун дийр ду   вай х1инца? Х1ораммо шех лаьцна ала деза.

·        Суна 1емар ду суьртах лаьцна къамел дан.

-Мила ву  суьрта т1ехь вверг? Ц1е тилла цунна.(Юсуп ву)

-Юсупг1еран х1ун ю? (Ц1еран дийнаташ ду)

-Муьлха даьхни  ду  церан? (Церан ду : етт,  говр,   уьстаг1ий, гезарий)

-Юсупа х1ун до? (Юсупа  даьхни 1алашдо)

-Цо царна х1ун ло? (Цо царна  йол тосу, хи   л о)

-Муха к1ант  ву Юсуп?

-Аша дой  ишттаниг?

-Вай  х1ун 1амийра  х1инца? (Суьртах лаьцна дийцар х1отто 1амийра)

-Хьан  дуьйцур дара  аша  дийцар схьа? (Бераша  схьадуьйцу дийцар)

·        Кхоллараллин болх.

(Хьехархочо  дийнаташ . цара луш болу  пайда  т1ехь болуш  суьрташ ло, бераша  уьш  сизашца  вовшехтосу: етт сизца  т1ехутту  шурина)

·        Ловзар  «Хьенан  х1ун ю?»

Аса  шуна д1агойту   дийнатийн суьрташ  , аша суна  гайта   церан  к1орнийн  суьрташ.

Хьехархочо д1агойту ЕТТ, олу : « Аьттан   …..(эса ду)»

7.Жам1 дар.

-Муьлха дийнаташ  девзи шуна?

Х1ун пайда ло вайна  цара?

-Царар х1ун пайда ло  вайна ?

 8.Рефлекси.

-Муха план яра вайн х1оттийнарг?

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

-Х1ун диси  ца далуш?

·        Суна 1еми…

·        Суна хии…

·        Сан ницкъ кхечи…