80-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъаза къора аз (Х1), элп Х1х1».
1алашо: мукъаза къора аз (Х1) , элп Х1х1 довзийтар. Элп Х1х1 дешан юьххьехь, юккъехь , чаккхенгахь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза къора аз (Х1) , элп Х1х1. Берашна 1емар ду нийса а , шера а эл Х1х1 юкъадог1у дешнаш деша.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебникан аг1онаш т1ехь балийначу г1ирсах пайда а оьцуш, шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъосташа дуьйцучунга ладог1а, кхета.
· Познавательни: берашна девзар ду шалха элпаш , 1емар ду элп Х1х1 юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Дешнашкахь деха а , доца а мукъа аьзнаш довза а 1емар ду. Дешнийн алсамдер ду керла дешнаш довзар.
3. Личностни: берийн лаам хир бу ненан мотт бовза . Школехь дика деша , кхиамаш баха 1емар ду. Берийн кхетам хир бу дийцинчух райдениг шайн амалех кхио , вочунах ларбала.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар: «Х1етал-металш».
Х1етал-метал хаьийла шуна:
Чу дотта бертиг а, лаца т1ам а боцург? (Xloa)
Цхьана черми чохь шина басахь хи? (Xloa)
Гобаьккхина хи ду, амма мала йиш яц? (Х1орд)
Хахкало - салаз яц, д1авуьгу - говр яц? (Х1ордкема)
Некъаца а ца доьду, шед а ца туху,шена т1аьхьа лар а ца юьту? (Х1ордкема)
Юза меттиг боцуш юьзнарг? (Xloa)
Чохь ду ши бос болу хи,
Х1ун шелиг ду хаал и:
Иоцуш бертиг, лаца т1ам,
Бух а боцуш ирахь 1ан? (Xloa)
(Ш. Хасаров)
Стенцца кхехкийча а бехцалург? (Xloa)
-Х1ун ю уьш? (Х1оа,х1орд, х1ордкема).
-Х1ун ду церан цхьатера? (Юххьехь хеза аз (Х1)).
-Кхин муьлхачу дешнашкахь ду аз (Х1)?
-Х1ун 1амор ду вай тахана?
3 . 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла абатан 107 -г1а аг1о. Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План х1отта е шайн белхан.
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Ас дийр ду….
-Вайна тахана девзар ду аз а , элп а Х1х1 . Шуна евзар ю Х1х1 элпан башхаллаш . Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь , юккъехь, чаккъенгахь деша.
4. Мукъаха къора аз (Х1) , мукъаза шалха элп Х1х1 довзийтар.
· Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь аз (Х1) довза 1амор.
-Х1ара х1ун ю? (Х1уттут ю)
-Ала Х1Х1УТТУТ . Муьлха аз хеза Х1УТТУТ дешан юьххьехь? (Аз (Х1) хеза)
-Ала Х1Х1 . Аз (Х1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (Х1) ца лакхало).
-Аз (Х1) зевне ду я къора ду? ( Аз (Х1) къора ду).
-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз (Х1 ) билгалдечу еък1овн? (Сийна).
-Маса дешдакъа ду Х1УТТУТ дешан? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (Х1УТ).
-Шолг1аниг? (ТУТ).
-Х1ара х1ун ю? (Бух1а).
-Маса дешдакъа ду БУХ1А дешан? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (БУ).
-Шолг1аниг? (Х1А).
-Мича меттехь хеза аз (Х1) БУХ1А дашехь? (Дешан юккъехь)
-Х1ара х1ун ю? (Х1оа).
-Маса дешдакъа ду Х1ОА дешан? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (Х1о).
-Шолг1аниг? (А).
-Мича меттехь хеза аз (Х1) Х1ОА дашехь? (Дешан юххьехь).
Элп Х1х1 довзийтар.
-Х1ара зорбанан доккха элп Х1 ду , х1ара зорбанан жима элп х1 ду. И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду?
-Тидам бе элпийн. Маса хьаьрках пайдаэцна элп Х1х1 яздеш? (Шина)
-Муьлханаш ю уьш? (Х ,1)
-Элп Х1х1 шалха элп ду , х1унда аьлча и яздеш пайдаоьцу шина хьаьрках.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи мукъаза къора аз (Х1). Мукъаза шалха элп Х1х1.
· Х1х1 элпах лаьцна байт 1амор.
Х1ийжан х1оаш кхорзуш йоллу
Х1арон лаьтта бетташ; б1аьрг.
Х1ун аз ду-те — сихха ала "
Х1оаш аьлч ахьалха-дерг?
-Х1ун аз ду дуьйцург? (Х1).
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Х1) йозанехь? (Х1 элпаца).
5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.
· Х1х1 элпаца дешдакъош кхоллар.
-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп Х1х1 , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.
-Х1Х1Х1.
-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А. (Х1) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
-Х1Х1АА.
-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.
-Х1Х1.
-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. (Х1) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
-Х1Х1ОО.
-Юха аса дуьллу элп У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша.
-Х1Х1УУ,
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-Х1Х1ИИ.
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-Х1Х1ЕЕ
· Х1х1 элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
Х1Х1АА Х1Х1УУ
Х1Х1ЕЕ
Х1Х1ОО Х1Х1ИИ
(1аматан аг1он т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
6. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю Х1ОЪ? (Герза чу буьллуш хуьлу х1оъ).
Х1ун ю Х1ОРД? (Хи ду ).
-Маса дешдакъа ду Х1ОРД дешан? (Цхьаъ).
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду Х1УМА дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Х1У)
-Шолг1аниг? (МА) .
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш . Х1ун ю Х1УРГОН ? (Говрана т1аьхьа тосуш йолу ворда ю).
-Х1УСАМ дош кхечу дашца муха эр дара? (Ц1ийно, г1ишло).
-Маса дешдакъа ду ХОРБАЗ дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ХОР).
-Шолг1аниг? (БАЗ) .
· Абатан 107-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
· Дехий доций мукъа аьзнийн тидам бар.
-Д1адеша дош. (Х1етахь).
-Х1ЕТАХЬ дашехь аз (Э) деха ду я доца ду? ( Доца ).
7. Оьшу жоп каро 1амор.
· Стен х1ун до?
-Х1ара х1у ю? (Борз).
-Барзо х1ун до ? Лаха жоп . (Борз уг1у).
-Х1ара х1ун ю ? (Етт).
-Атто х1ун ду? ( Етт 1оьху).
-Х1ара х1ун ю? (Говр).
-Говро х1ун до ? (Говр терса).
-Х1ара х1у ю? (Сай г1ерг1а).
8. Сада1аран миноташ.
Х1уттут
Хьехархочо цхьа дешархо г1анта охьахааво: иза х1уттут хирю.
Хьуьнах екаш х1уттут ю.
Х1уттут, х1уттут, жима х1уттут.
Бераш дагардан ма xlyттy: -
Х1уттут, xlyттyт, - боху цо.
Ялх шо цо дагар ма до.
Юха т1ема йолий, йоьду,
Кхечу диттана т1ейоьду.
Х1уттут, х1уттут - хаза корта,
Гаьн т1е хиъна иза 1а,
Корта хьийзош д1а а, схьа,
Массо aгlop хьажа г1ерта.
Т1емаш тухий, ц1еххьана
Къайлайолу и ханна.
(Бераш х1уттутана гонах хьийза. Х1уттуто шен хаза корта гойту, д1ай-схьай хьийзабо, цхьана г1анта т1ера вукху г1анта хуу,х1уттут бохуш, бераш дагардо)
9. Дийцар дешар.
· Массара цхьана ешар.
· Шайн дагахь ешар.
· З1енаца ешар.
-Д1аеша хьалхара предложени. Х1ун хуьлу х1ордан хиш чохь? (Дуккха а ч1ерий хуьлу х1ордан хиш чохь)
-Д1аеша шолг1а предложени. Уьш хьан лоьцу? (Уьш ч1ерийлецархоша лоьцу).
-Д1аеша кхоалг1а предложени. Х1ун йо ч1ерех? (Царех тайп-тайпана даарш до)
-Х1ун ю аша ешнарш? (Предложенеш).
-Текст ала мегар дуй царех? (Ду).
-Х1унда? ( Предложенеш еригге маь1ница йозаелла ю).
-Х1ун ц1е туьллар яра аша дийцарна? (Ч1ерий).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Кхоллараллин болх
-Массара а язде элп Х1х1, дилла цунна дог1у сурт.
10. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна? (Аз (Х1) )
-Аз (Х1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза)
-Зевне ду я къора ду? (Къора)
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Х1) ? (Х1х1 элпаца)
-Элп Х1х1 цхьалха ду я шалха ду? (Шалха ду)
11. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.