54-г1а урок
Урокан ц1е: «Элп Ъ».
1алашо: элп Ъ довзийтар.. Элп Ъ дешан чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:элп Ъ девзар ду берашна. Нийса а , кхеташ а элп Ъ юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.Берашна девзар ду цо лелош долу ши г1уллакх (Мукъаза аз билгалдо, къасторан хьаьрк хуьлий лела)
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.
· Познавательни: Ъ элп дешан юьххьехь ца яздар , цундела доккха элп Ъ алфавитехь ца хилар хуур ду. Хуур ду Ъ элпо мукъаза аз билгалдеш хилар, къасторан хьаьркан маь1нехь лелаш хилар.
3. Личностни:берийн лаам хир бу дика деша. Берийн дозалла хир ду шайн ненан метах.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Байт : « Ч1ог1а , к1еда хьаьркаш».
К1еда хьаьрг , мерза хьаьрк
Оьрсин дашехь карош ю.
Цуьнан йиша ч1ог1а хьаьрк,
Нохчийн матах кхеташ .
-Муьлханиг ю к1еда хьаьрк. Гайтал шайгарчу карточкашна юкъара схьа а эций. Хьанна хуур дара шуна цуьнан йиша муьлханиг ю? (Хьехархочо д1аделлачу карточкаш юккъехь хила еза ч1ог1а хьаьрк. Бераша иза д1агойту).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду керла элп).
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 79-г1а аг1о. Абатан аг1он т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш х1отта е шаьш бийр болчу белхан план.
Суна девзар ду …
Суна 1емар лу…
Аса х1оттор ду…
-Вайна тахана девзар ду керла элп а Ъ . Шуна 1емар ду элп Ъ юкъадог1у дешнаш , предложенеш а еша. Вай дийцар а х1оттор ду суьртах лаьцна.
4. Элп Ъ довзийтар.
-Х1ара х1ун ю? (Шиъ ду)
-Муьлха аз хеза ШИЪ дешан чаккхенгахь? (Ъ)
- Аз (Ъ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза)
-Аз (Ъ) зевне ду я къора ду? (Зевне)
-Маса дешдакъа ду ШИЪ дашехь? (Цхьаъ).
-Х1ара х1ун ю? (Пхиъ).
-Мича меттехь хеза аз (Ъ)? (Чаккхенгахь).
-Маса дешдакъа ду ПХИЪ дешан? (Цхьаъ).
-Х1ара х1ун ю? (Кхоъ)
-Мича меттехь хеза аз (Ъ).
-Х1ун бос бу цуьнан схеми т1ехь? (Сийна).
· Элп Ъ довзийтар.
-Х 1ара зорбанан жима элп Ъ ду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи элп (Ъ).
· Ъ элпах лаьцна байт 1амор.
5. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера ешар
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ду церан юкъара? (Шинна дешан чаккхенгахь ду элп Ъ).
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. ДИЪНА дашехь мича меттехь ду аз (Ъ) ? (Юккъехь).
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду 1АЙНАЪ дешан? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара? (1АЙ).
-Шолг1аниг? (НАЪ).
-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ЗАЛПАЪ дешан? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара? (ЗАЛ).
-Шолг1аниг? (ПАЪ).
(Иштта толлу важа дешнаш)
-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда? (1айнаъ, Асмаъ, Залпаъ , уьш адамийн ц1ераш ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца яздо)
· Учебникан 79-г1ачу аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи вай?
· Суна 1еми дешнаш деша.
6. Дийцар х1оттор.
-Мила ю суьрта т1ехь? (Залпаъ).
-Х1ун ю цуьнан карахь? (Цуьнан карахь портфель ю).
-Стенгара ц1а еъна иза? (Иза школера ц1а еъна).
-Цо муха кхиамаш баьхна цо? (Цо пхиъ даьккхина).
-Муха хии шуна? (Иза самукъане ю).
-Нанна муха хетар ду? (Нанна хазахетар ду).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дийцар х1отто.
7. Сада1аран миноташ.
8. «Залпаъ» дийцар дешар.
-Х1ун ю дийцаран ц1е? (Залпаъ)
-Д1аеша хьалхара предложени. Мила вахара школе деша? (Залпаъ а , Салмана а школе деша дахара)
-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун элира Залпаа шен нене? (Залпаа шеен нене элира, ша пхиъ даьккхина)
-Д1аеша кхоалг1а предложени. Муха хийтира нанна? (Нанна хазахийтира).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Кхоллараллин болх.
-Массара язде элп Ъ, цунна дог1у суьрташ дахка.
9. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи шуна? (элп Ъ)
-Х1ун г1уллакх леладо Ь элпо? (Цо билгалдо мукъаза аз )
10. Р1ефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
55-г1а урок.
Урокан ц1е: «Элп Ъ».
1алашо: элп Ъ довзийтар.. Элп Ъ дешан чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:элп Ъ девзар ду берашна. Нийса а , кхеташ а элп Ъ юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.Берашна девзар ду цо лелош долу ши г1уллакх (Мукъаза аз билгалдо, къасторан хьаьрк хуьлий лела)
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.
· Познавательни: Ъ элп дешан юьххьехь ца яздар , цундела доккха элп Ъ алфавитехь ца хилар хуур ду. Хуур ду Ъ элпо мукъаза аз билгалдеш хилар, къасторан хьаьркан маь1нехь лелаш хилар.
3. Личностни:берийн лаам хир бу дика деша. Берийн дозалла хир ду шайн ненан метах.
Урок д1аяхьар.
2. Маршалла хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар : «Караде дош».
(Хьехархочо уьн т1е юьллу еък1ов , цу чу яздо дешнаш: диъ, шиъ, пхиъ. Бераша уьн т1е а бог1уш лоху и дешнаш).
Ш |
И |
Ъ |
П |
А |
Ъ |
Ъ |
Х |
А |
Д |
Д |
И |
КХ |
О |
Ъ |
Ъ |
-Х1ун ду цу дешнийн юкъара? (Элп ъ ду цаьргахь).
-Х1ун хаьа шуна Ъ элпах лаьцна? (Ъ элпо мукъаза аз (Ъ) билгалдо).
-Х1ун 1амор дув ай тахана? (Вайна тахана а 1амор ду элп Ъ).
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 80-г1а аг1о. Абатан аг1он т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш х1отта е шаьш бийр болчу белхан план.
Суна девзар ду …
Суна 1емар лу…
Аса х1оттор ду…
-Вайна тахана девзар ду керла элп а Ъ . Шуна 1емар ду элп Ъ юкъадог1у дешнаш , предложенеш а еша. Вай дийцар а х1оттор ду суьртах лаьцна.
4.Дешнаш дешар. Элп Ъ къасторан хьаьркан маь1на довзийтар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ШЕЛЪЕЛЛА дешан? (Кхоъ).
-Муьлханиг ду хьалхара? (ШЕЛЪ)
-Шолг1аниг? (ЕЛ).
-Кхоалг1аниг? (ЛА).
-Маса элп ду ШЕЛЪЕЛЛА дешан? (Ворх1 ду).
Муьлханаш ду уьш? (Ш,Е,Л,Е,Л,А)
-Маса аз ду? (Ворх1).
-Муьлханаш ду уьш? (Ш), (Э), (Л), (Й), (Э), (Л), (А).
-Муьлха аз билгалдо Ъ элпо? (Берийн жоьпаш).
-ШЕЛЪЕЛЛА дашехь Ъ элпо цхьа а аз билгал ца до. Иза къасторан хьаьркан маь1нехь лела.
-Муьлхачу элпана хьалха нисделла элп Ъ? (Е элпана)
-Муьлхачу элпашна т1ехьа нисделла элп Ъ? (Мукъазачу)
-Маса лела элп Ъ къасторан хьаьркан маь1нехь? Берийн жльпаш).
-Элп Ъ къасторан хьаьркан маь1нехь лела мукъаза элпашна т1ехьа , мукъачаьрна хьалха нисделча).
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муьлха элп яздина къасторан хьаьркан маь1нехь З1ОКЬЕТТАРГ? (Элп Ь).
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ПХИЪ дешан? (Цхьаъ ду)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна хии элп Ъ къасторан хьаьркан маь1нехь лелар.
5. Дийцар х1оттор.
-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Тедеана 1а).
-Х1ун ю арахь йиллинарг? (Арахь ло диллина)
-Х1ун до бераша? (Бераш арахь ловзу).
-Х1ун до Ислама , Мархас? (Мархас а, Ислама а конькеш хоьхку).
-Х1ун до 1умара? (1умара салаз хохку).
-Х1ун йо Маремас, Маликас ? (Маремас , Маликас Лайн-бабанаш йо).
-Муха хуьлу 1ай? (1ай хаза хуьлу).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дийцар х1отто.
6. Сада1аран миноташ
8. «1ай» дийцар дешар.
-Д1аеша хьалхара предложени. Х1ун хилла? (Шелъелла).
-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун еана ? (Ло деана).
-Д1аеша кхоалг1а предложени. Х1ун до бераша? (Бераш ловзу)
-Д1аеша йоьалг1а предложени . Х1ун йо бераша ? (Бераша йо Лайн- бабанаш).
-Д1аеша пхоьалг1а предложени . Муха бу Лайн бабин маара? (Лайн бабин мара беха бу).
-Д1аеша йолхалг1а предложени .Х1ун боху цу т1ехь? (Ас салаз хохку).
-Д1аеша ворх1алг1а предложени .Х1ун дира 1усмана? (1усмана конькеш хихкира).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Дийцар дешар . Цунна ц1е тиллар.
(Берашна т1е дуьллу и декхар)
10. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи шуна? (элп Ъ)
-Х1ун г1уллакх леладо Ъ элпо? (Ъ элпо билгалдо мукъаза аз , къасторан хьаьркан маь1нехь а лела).
11. Р1ефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.