44-г1а урок
Урокн ц1е: «Мукъаза къора аз (П) , элп Пп »
1алашо: мукъаза къора аз (П) довзийтар , мукъаза элп Пп довзийтар. Элп П юкъадог1у дешдакъош, дешнаш деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза къора аз (П) , элп Пп . 1емар ду нийса а , шера а элп Пп юкъадог1у дешдакъош , дешнаш деша.
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.
· Познавательни: берашна 1емар ду мукъазачу аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманаш т1ехь ган , билгалдаха. Берашна 1емар ду т1айп- тайпанчу дешнашкахь элп Пп каро (Юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).Берашна хуур ду мукъаза элпаш шина тайпанара хилар (зевне, къора). Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр. Керла дешнаш а девзар ду (поп, баппа)
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн ч1аг1лур бу доттаг1алла лело лаам. 1аламе безам ч1аг1лур бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар : «Х1етал-металш».
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Вайн хийистера баьццара бохча? (Пхьид)
Даьт1а балда, даккхий лергаш.
Синтеме яц, еш ю тер го...
Цунна санна дезац дахар.
Х1унна ю иза? (Пхьагал)
Лаамца цо ченаш уьйзу чу,
Цомгаш ца хуьлу я хьоршам ца туху? (Пылесос)
Хи чохь йинехь а, амма цу чохь к1езиг 1а? (Пхьид)
Б1аьргаш буг1анан санна,
Ша буйннал бен яц? (Пхьид)
Аьхка - сира, 1ай - к1айн? (Пхьал)
И х1ун экха ду: 1айюу, аьхка йижина гуьллу? (Пеш)
Йоккха бага елахь а,
Амма багахь цергаш яц,
Дахар муха ъ делахь а,
Деш цо цхьа а зулам дац? (Пхьид)
К1айн хьоза сийначу стигал хьаладаха? (Пеш ,к1ур)
-Муьлха дешнаш карий шуна? (Пеш, пхьагал, пхьид, пылесос)
-Х1ун ду церан юкъара ? (Дешнийн юьххьехь аз (П) хеза)
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)
-Вайна девзар ду аз а , элп а Пп
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла абатан 67-г1а аг1о. Абатан аг1онна т1ехь ялийначу материалан тидам бе. Х1ун 1амор ю хьалхара ойла а еш план х1отта е.
· Суна девзар ду керла элп…
· Суна хуур ду дешдакъош деша..
· Суна хуур ду дийцар х1отто
· Суна 1емар ду предложенеш еша.
-Вайна тахана девзар ду аз (П) , элп Пп. Шуна 1емар ду дешнаш , дешдакъош , текст а еша.
4. Мукъаза къора аз (П) , элп Пп довзийтар.
· Мукъаза къора аз (П) дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь довзийтар.
-Х1ара х1ун ю? (Полла)
-Алал ППОЛЛА. Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз (П) хеза)
-Ала ППП, Аз (П) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда ? (Иза ца лакхало)
-Лог т1е куьг адиллий ала ПП . Аз (П) зевне ду я къора ду? (Къора)
-Тидам бе схеми т1ехь х1ун бос бу (П) аз билгалдечу еък1овн? (Сийна)
-Маса дешдакъа ду ПОЛЛА дешан? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара? (ПОЛ)
-Шолг1а? (ЛА).
-Х1ара х1ун ю?(Берийн жоьпаш)
-Х1ара зезагийн цхьа тайпа ду .БАППА олу зезаг ду.
-БАППА дашехь мича меттехь хеза аз (П)? (Дешан юккъехь)
-Маса дешдакъа ду БАППА дешан? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара? (БАП)
-Шолг1аниг? (ПА)
-Х1ара х1ун ю? (Топ)
-ТОП дешан мича меттехь хеза аз (П)? (Чаккхенгахь)
· Элп Пп довзийтар.
Х1ара зорбанан доккха элп П ду. Х1ара зорбанан жима элп п ду. Стенах тера ду элп Пп ?
-И ши элп цхьатера ду я тайп- тайпана ду?
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи керла элп а, аз а Пп.
· Суна хии аз (П) мукъаза къора аз хилар.
· П элпах лаьцна байт 1амор.
Полла боьду т1ема баьлла,
Падам цунна т1аьхьаяьлла:
— Полла, полла! Хьуна хезий?
Парг1ат вайша цхьаьна ловзий
-Ала муьлха аз ду дуьйцуш дерг?
-Гайта масара элп Пп шайгара карточкашна юккъехь. (Бераша гойту)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи мукъаза къора аз (П) , элпаш Пп.
5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.
· Пп элпаца дешдакъош х1иттош , уьш дешар.
-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)
-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп П , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.
-ППП.
-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А. (П) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
-ПППААА.
-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.
-ППП.
-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. (П) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
-ПППООО.
-Юха аса дуьллу элп У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша.
-ПППУУУ,
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ПППИИИ.
· К элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
ППАА ППУУ
ППОО ППИИ
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
6. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
· Абат т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю ПОП? (Берийн жоьпаш)
-ПОП иза диттан тайпа ду.
-Маса дешдакъа ду ПОП дешан ? (Цхаъ )
-Д1адша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ПОППАР дешан? (Шиъ )
-Муьлханиг ду хьалхара? (ПОП)
-Шолг1аниг? (ПАР)
-Д1адша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ПАЗАТ дешан? (Шиъ )
-Муьлханиг ду хьалхара? (ПА)
-Шолг1аниг? (ЗАТ)
-Д1адша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ДАХКА дешан? (Шиъ )
-Муьлханиг ду хьалхара? (ДАХ)
-Шолг1аниг? (КА)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
(Иштта толлу дисина дешнаш)
6. Сада1аран миноташ.
Поезд
Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.
- Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало
(бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш
лела).
Вайн поезд д1абоьду,
Чкъургаш керчайо.
Поезд чохь д1адоьлхуш
Кегий бераш го.
Генна шаьш д1адоьлхуш
Дегнаш ийало.
- Сацийта! Соцунг1а ю!
Мила ву ловза лууш?
Сихха арадовла (бераш поезд чуьра ара а довлий, хьуьнан ц1азамашлехьо х1уьтту).Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий, поезд болаболуьйту.
7. Дийцар х1оттор.
-Муьлш бу суьрта т1ехь? (Падам, Адам)
-Муьлш бу Адам , Падам вовшийн? (Адам , Падам доттаг1ий ду)
-Цара х1ун до цхьаний? (Уьш цхьаний ловзу)
-Х1ун ю Падаман? (Падаман Пису ду)
-Пису муха ловзу? (Пису хаза ловзу)
-Шун хьенан ду цициг? Муха кхаба деза цициг? (Берийн жоьпаш)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Аса дийцар х1отти.
8. Дийцар дешар , цунна ц1е тиллар.
· Массара цхьана д1адоьшу дийцар.
· Дагахь х1ораммо ша-ша доьшу дийцар.
· Кхетош д1адоьшу дийцар.
-Д1аеша хьалхара предложени . Стенга бахара бераш? (Бераш ловза дахара)
-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун яхара цаьрца ловза? (Пису а дахара ловза)
-Д1аеша кхоалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Со ведира)
-Д1аеша йоьалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Пису а дедира)
-Д1аеша йоьалг1а предложени . Муха доду Пису? (Пису доду масса)
-МАСА боху дош кхечу дашца муха эр дара? (Чехка)
-Д1аеша т1аьххьара предложении. Муха левзира Пису? (Пису хаза левзира)
-Х1ун яра аша ешнарш? (Предложенеш)
-Стенах лаьцна яра уьш? (Писух , ловзарх)
-Текст ала мегар дуй царех ? (Ду)
-Х1унда? (Уьш маь1ница йозаелла ю)
-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Берийн жоьпаш)
Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дийцар деша.
9. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна тахана? (Аз (П) )
-Аз (П) мукъа ду я мукъаза ду ? (Мукъаза ду)
-Зевне ду я къора ду? (Къора)
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (П) ? (Пп элпаца)
10. Рефлекси.
Х1ун кхиамаш бехи аша?
45-г1а урок
Урокн ц1е: «Мукъаза къора аз (П) , элп Пп »
1алашо: мукъаза къора аз (П) кхин д1а а довзийтар , мукъаза элп Пп довзийтар. Элп Пп юкъадог1у дешдакъош, дешнаш деша 1амор. Дийцар деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду мукъаза къора аз (П) , элп Пп . 1емар ду нийса а , шера а элп Пп юкъадог1у дешдакъош , дешнаш деша. Дийцаран чулацамах кхета а 1емар ду .
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.
· Познавательни: Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду шеен билгалонашка хьаьжжина дуккха х1уманашна юкъара совнахниг йовза и схьакъасто.
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн ч1аг1лур бу доттаг1алла лело лаам. 1аламе безам ч1аг1лур бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Ловзар : «Дог1у дош ала»
Ахь д1ахадий доккха дитт,
Екачуьра сеци .... (Пхьид)
Арахь хьекхарх шийла мох,
Самукъане дучохь.
Со 1ай ца 1а мало еш, -
ЦТанйой, латайо ас ... . (Пеш)
Оьшуш вац со девнан сара:
Белхаш бан со ваьлла ара.
Латта кечдеш ву со б1аьста:
Хир ю яа хорбаз, .... (Паста)
Соьга ахь ма баха «су»,
Дац со ж1аьла,ду... . (Пису)
Доккхуш хьуьнах доккха «доп»,
Херхо божий боккха .... (Поп)
Школан кертахь ловзуш лела
Мовсар, Марет, 1ела.
Чекхъели те хьалхара смена
Я йолаели .... (Перемена)
-Муьлха дешнаш карий шуна? (Поп , перемена, Пису, паста,пеш)
-Х1ун 1амор ду вай тахана?
-Вайна девзар ду аз а , элп а Пп
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла абатан 68-г1а аг1о. Абатан аг1онна т1ехь ялийначу материалан тидам бе. Х1ун 1амор ю хьалхара ойла а еш план х1отта е.
· Суна девзар ду керла элп…
· Суна хуур ду дешдакъош деша..
· Суна хуур ду дийцар х1отто
· Суна 1емар ду предложенеш еша.
-Вайна тахана кхин ду д1а а болх бийр бу аз (П) довзарехь , элп Пп довзарехь . Шуна 1емар ду дешнаш, текст а еша.
4. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ПОНДАР дешан? ( Шиъ ду)
Муьлхаиг ду хьалхара дешдакъа? (ПОН)
-Шолг1аниг? (ДАР)
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ПАСТА дешан? (Шиъ)
-Муьлхаиг ду хьалхара дешдакъа? (ПАС)
-Шолг1аниг? (ТА)
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ПАЛС дешан? (Цхьаъ ду)
-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1унда яздина уьш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ерш ю. Цундела уьш даккхийчу ц1ерашца яздина).
· Абат т1ера къастош ешар.
-Д1адеша цхьанадешдекъах лаьтта дешнаш.
-Д1адеша адамийн ц1ераш билгалъен дешнаш.
-Д1адеша шина дешдекъах лаьтта дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми дешнаш деша.
· Дуккха а х1уманашна юкъара совнаха х1ума къастор.
-Тидам бе 68-г1а аг1он т1ехь ялийначу еък1ов чуьра элпийн. Х1ун ду церан юкъара? (Уьш мукъа элпаш ду)
-Муьлха элп ду совнаха? (Элп Ее)
-Х1унда? (Иза мукъа аз дац, х1унда аьлча иза шина озах лаьтта : мукъа а , мукъаза а)
-Муьлханиг ду совнаха? (Уьстаг1)
-Х1унда ? (Дисинчу суьрташтера х1уманаш Пп элпана ю)
5. Сада1аран миноташ.
Поезд
Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.
- Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало
(бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш
лела).
Вайн поезд д1абоьду,
Чкъургаш керчайо.
Поезд чохь д1адоьлхуш
Кегий бераш го.
Генна шаьш д1адоьлхуш
Дегнаш ийало.
- Сацийта! Соцунг1а ю!
Мила ву ловза лууш?
Сихха арадовла (бераш поезд чуьра ара а довлий, хьуьнан ц1азамашлехьо х1уьтту).Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий, поезд болаболуьйту.
6. Дийцар х1оттор.
-Муьлш бу суьрта т1ехь? (Бераш ду)
-Х1ун до бераша? (Бераш ловзу)
-Стенах ловзу уьш? (Уьш ловзу Писуххий , дахкеххий )
-Х1ун до дахкано? (Дахко боду)
-Х1ун до Писуно? (Пису т1ехьадолу)
-Шуна хаьий иштта ловза? (Берийн жоьпаш)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Аса дийцар х1отти.
7. «Писуй , дахкий» дийцар дешар.
· Массара цхьана д1адоьшу дийцар.
· Дагахь х1ораммо ша-ша доьшу дийцар.
· З1енаца ешар.
-Стенах лаьцна ду дийцар? (Ловзарх)
-Д1аеша хьалхара предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Дахка, дахка бада)
-Д1аеша шолг1а предложени. Стенна хаало дахка? (Писуна дахка хаало)
- Д1аеша шолг1а предложени . Х1ун до дехко? (Дахка боду)
-Д1аеша шолг1а предложении . Муха доду Пису? (Пису адоду масса)
Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми текст еша.
8. Жам1 дар .
Чакхъяккха сан ойла:
Аз (П) ца лакхало , цундел иза ду…(мукъаза)
Аз (П) олуш логан пхенаш цат охало, цундела из аду …(къора)
Аз (П) йозанехь билгалдо элпаца …(Пп)
10. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
-Хьан би гуттар дика болх?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.