92-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъа къора аз (ы), элп ы».
1алашо: мукъа аз (ы) довзийтар, элп ы довзийтар. Элп ы дешанашкахь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:мукъа аз (ы) девзар ду берашна, элп ы девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп ы юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.
2. Метапредметни:
· Регулитивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Комуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.
· Познавательни: берашна 1емар ду элп ы юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Берашна хуур ду элпыоьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца хилар.Хуур ду элп ы дешан юххьехь яздеш ца хилар. Алсамдер ду дешнаш довзар.
3. Личностни: берийн лам хир бу шайн Даймеках лаьцна хаамаш кхио. 1емар ду Даймахках дозалла дан. 1емар ду пайдениг шайн амалехь кхио, зуламениг д1ататта.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла !
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Уьн т1е д1аяздо.
Грозный, вышка, лыжаш.
-Д1адеша и дешнаш. Х1ун ду церан юкъара? (Моссо а дашехь ду аз (ы)).
-Х1ун башхаллаш ю оцу дешнийн? (берийн жоьпаш).
-Уьш оьрсийн меттера т1еэцна дешнаш ду. Элп Ы оьрсин матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела.
3 . Урокан 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 123-г1а аг1о. Тидамбе вайна 1амо т1едиллинчу г1уллакхан. План х1отта а шайн белхан.
· Суна 1емар ду….
· Суна хуур ду…
· Ас дийр ду….
-Вай тахана 1амор ду элп ы юкъадог1у дешнаш деша. Вайна 1емар ду предложенеш еша. Дийцар х1оттор ду вай.
4. Мукъа аз (ы) , мукъаза элп щ довзийтар.
· Суьрташца болх бар. Дешанашкахь аз (ы) довза 1амор.
-Х1ара х1ун ю? (Вышка ю ).
-Ала ВЫЫЫШКА . Муьлха аз хеза (В) озана т1ехьа? (Аз (Ы) хеза)
-Ала ЫЫ . Аз (ы) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду).
-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (ы) лакхало).
-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз ( ы) билгалдечу еък1овн? (Ц1ен).
-Маса дешдакъа ду ВЫШКА дешан? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (ВЫШ).
-Шолг1аниг? (КА).
-Х1ара х1ун ю ?(Лыжанаш)
-Маса дешдакъа ду ЛЫЖАНАШ дешан? (Кхоъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара? (ЛЫ).
-Шолг1аниг? (ЖА).
-Кхоалг1аниг? (НАШ).
· Элп ы довзийтар.
-Х1ара зорбанан жима элп ы ду. Зорбанан доккха элп ы дан дац, х1унда аьлча элп ы т1ера д1адолалуш дош дан дац.И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду?
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи мукъа аз (ы). Мукъа элп ы..
· Ы элпах лаьцна байт 1амор.
«Ы» элпан г1иллакх а довзийтий ас:
Дешнашна хьалха и мА леха аш.
Вайн нохчийн къамелехь лелаш ца хиларх,
Берашна хаадеза и мукъа аз.
-Муьлха г1иллакх ду Ы элпан? (Дашна хьалхахь ца яздо).
-Муьлхачу дешнашкахь хуьлу аз (Ы)? (Оьрсийн маттера т1еэцначу дешнашкахь лела).
5. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш.Х1ун ю ИСТАНГ? (Нохчийн куз бу).
-Маса дешдакъа ду ГРОЗНЫЙ дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ГРОЗ).
-Шолг1а?(НЫЙ).
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса деш дакъа ду ЛИЛА дешан ? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ЛИ).
-Шолг1а? (ЛА).
- Абатан 123-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
· Абатан 123-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш
· Элп ы оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца хилар хаийтар.
-Муьлхачу дешнашкахь ду элп ы? (Вышка, щетка, лыжаш).
-Хьан хаьа шуна: нохчийн метан дешнаш дуй уьш? (Берийн жоьпаш).
-Уьш оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш ду. Элп ы оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца яздо.
6. Сада1аран миноташ.
Зезаг долу-уш самадели,
Тохадели, меттахдели.
Мохо патарш лестадо,
Г1ийла зезаг техкадо.
Малх схьакхийти, айбели,
Бода лоллуш, серло ели.
Полла г1оттуш, т1емабели,
Т1емаш лестош, лакхабели.
(Байташт1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голашт1е хевшина 1а,кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, меттахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)
7. Барта къамел кхиор.
· Предложенеш х1оттор.
-Х1ун ю суьрта т1ехь? (Вышканаш).
-Стенна оьшу вышканаш? (Льаттан бухара маьхкдаьтта схьаоза).
-Стенна оьшу маьхкадаьтта? (Маьхкадаьттанах доккху бензин, керасин).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дийцар х1отто.
8. Дийцар дешар .Цунна ц1е тиллар.
· Массара цхьана ешар.
· Шайн дагахь ешар.
· З1енаца ешар.
-Х1ун ю вайн махкахь? (Вайн махкахь ю дуккха а вышканаш).
-Х1ун ю царна чохь? (Царна чохь дуккха а г1ирсаш бу).
-Х1ун схьаузу цара лаьтта бухара? (Цара схьаузу лаьтта бухара маьхкдаьтта).
-Иза стена оьшу? (Иза махкана оьшу).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Чехкаалар.(Шерра 1ама а дойтий , нийса ала къовсуьйту берашка).
· Кхоллараллин болх
-Массара а язде элп ы , дилла цунна дог1у сурт.
9. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна? (Аз (ы) ).
-Аз (ы) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (ы) ? (ы элпаца).
10. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.