13-г1а урок.
Тема: Изложени «Бух1анан к1орни».
1алашо: шаьш ешна текстан чулацам хийца а ца беш цкъа хьалха барта , юха йозанца схьабала 1амор; екстана ц1е тилла 1амор.
Юкъара дешаран ардам (УУД):
1.Предметни: берашна 1емар ду шаьш ешна текст барта а , йозанца а чулацам а ца талхош схьабала;берийн кхуьур ду йозанан а, барта а къамел.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайна т1едиллиначу декхарх кхета, иза шаьш кхочушдан дезар хаам хир бу; шайн белхан план хир ю.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, ешначу текстах лаьцна; берашна хуур ду шайн дешнашца чулацам схьабийца , маь1на а ца талхош.
· Х1ума довзаран: берашна 1емар ду текстаца болх бан , план х1оттор;х1ора декъана чулацам каро , и шайн дешнашца схьабала .
3. Личностни: берийн алсамбер бу х1ума довза лаам: берийн лаам хир бу 1алам довза , цуьнан доладан;1аламехь долу хазаниг ган , цунах лаьцна шайн кхетам кхио.
Урок д1аяхьар.
I.Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.
II. Дешархойн балха т1е ойла ерзор.
-Х1етал-метал хаьийла шуна.
Даккхий б1аьргаш къерзош,
Буса талла йоьду.
Дуу дехкий, вайна зулам дохьурш
Дийнахь 1уьллу йижна
Шен хари чохь.
-Х1ун ю иза? (Бух1а).
-Х1ун хаьа шуна бух1анах лаьцна?
III. Текст ешар. Цуьнан коьрта ойла билгалъяккхар.
-Д1аелла учебникан 58-г1а аг1о.
-Д1аеша текст.
-Стенга вахара к1ант ? Муха дуьйцу цо шех лаьцна? (Со хьуьнах вахара).
-Мичахь дара хьуьнхочун ц1а? (Хьунна гена доцуш хьуьнхочун ц1а дара)
-Х1ун карийра берашна? Муха боху цара бух1анан бен карорах лаьцна?(Тхуна дитта т1ехь бух1анан бен карийра).
-Х1ун яра бена чохь? (Бена чохь бух1анан к1орни яра).
-Цунна х1ун хиллера? (Цуьнан т1ам бойнера).
-Х1ун дира бераша бух1анан к1орнина? (Оха бух1анан к1орни ц1аялийра).
-Х1ун дира бухано ? (Бух1а дитта т1е еара)
-Х1ун дора бух1анша суьйранна? (Суьранна бух1ано , цуьнан к1орнино г1овг1а йора).
-Х1унда йора бух1анаша г1ара? (Цара вовшашна сагатдора).
-Маца хийцира оха бераша бух1анан к1орни д1а? (Бух1анан к1орни тоелира. Оха иза д1ахийцира).
-Стенца д1аяхара бух1анан к1орни? (Бух1анан к1орни шен ненаца д1аяхара)
-Муха бераш ду уьш?(Уьш дика адамаш ду)
- Х1унда?(Цара бух1анан бохам хилча цунна г1о дина, царна 1алам дукхадеза).
-Маса абзац ю дийцаран? Муха йолийна х1ора ?(Ц1ечу мог1анчура).
IV.Текстехь г1орторан дешнаш карор.
-Д1аеша хьалхара абзац. Муьлхачу дешнаша гойту дар?(Вахара ,карийра).
-Д1аеша шолг1а абзац. Муьлхачу дешнаша гойту дар?(Яра,бойнера, схьаэара, т1е еара).
-Д1аеша кхоалг1а абзац. Муьлхачу дешнаша гойту дар? (Г1овг1а йора).
-Д1аеша йоьалг1а абзац. Муьлхачу дешнаша гойту дар?(Тоелира,д1ахийцира, д1аяхара).
-Г1орторийн дешнех пайда а оьцуш схьабийца чулацам.
V.Планаца болх бар .Планан х1ора декъана гергара жоп нисдар.
-Д1аеша план.
-Х1ун боху хьуьнхо волу вахарх ? Х1ун коьртаниг аьлла хьалхарчу абзацехь ?(Со аьхка хьуьнхо волчу вахара. Суна дитта т1ехь бух1анан бен карийра).
-Мичахь карийра бух1анан к1орни? (Бена чохь яра бух1анан к1орни).
-Х1унда ялийра цара и ц1а? (Бух1анан к1орни т1ам бойна яра. Оха иза ц1а ялийра).
-Х1унда йора шина бух1ано г1овг1а? (Бух1ано , цуьнан к1орнино г1овг1а йора. Цара вовшашна сагатдора)
-Х1унда хийцира к1орни д1а? (К1орни тоделира. Оха и д1ахийцира. К1орни шен ненаца д1аяхара)
VI.Изложени язъян кечам бар.
-Маса абзац хир ю вайн изложенин? (Йиъ).
-Муха йоло еза х1ора абзац? (Ц1ечу мог1анчура).
-Х1ун яздир ду аша хьалхарчу абзацехь? Схьадийца.
-Х1ун яздир ду аша шолг1ачу абзацехь? Схьадийца.
-Х1ун яздир ду аша кхоалг1ачу абзацехь? Схьадийца.
-Х1ун яздир ду аша йоьалг1ачу абзацехь? Схьадийца.
VII.Дешнаш т1ехь болх бар.
-Муха яздир ду аша карийра ,дийнахь, схьаийциара дешнаш?
-Муха яздан деза д1аяха дош?
VIII.Сада1аран миноташ.
IX. Изложени язъяр.
(Хьехархочо г1о дан мега предложении т1еюзуш, нийса дешнаш къасто).
X. Жам1 дар.
-Х1ун дара хала? Х1ун нисдели шун дика?
XI. Ц1ахь бан болх балар
1. Упражнени № 60, 29-чу аг1онна т1ера.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.