Конспект урока по чеченскому языку для 1 класса.

  • docx
  • 29.03.2024
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала 8 . урок з1акардаьхни. дош. дешдакъа..docx

8-г1а урок

Урокн  ц1е: «З1акардаьхни. Дош . Дешдакъа»

1алашо: берашна  тайп-тайпана з1акардаьйни довзийтар . Цара бохьучу пайданах хаамаш балар. Берийн дешнех , дедакъойх болу хаамаш  шорбар.

 

Кхочушдан лерина жам1аш

1.Предметни: брашна девзар ю тайп-тайпана  з1акардаьхни .Берашна  1емар ду  з1акардаьни вовшех къасто , уьш довза. Бераша  шорбийр бу дешнех ,дешдакъойх болу хаамаш, 1емар ду дешдакъош схемица билгалдаха.

2.Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан  план х1отто, тайп- тайпана беснаш  долу  фишканаш  йохккуш учебника  аг1он т1ехь шаьш  хьалха-таьхьа 1амор долчунан  план х1отто.  Цу планан  рог1алла ларъеш  учебникаца  болх бан. Берашна хуур ду шайн кхиамийн мах  хадо, кхачамбацарш  довза  царех ларбала.

·        Познавательни: берашна  хуур ду з1акардаьхнаша х1ун пайда бохьу , уьш муха 1алашдан деза. Берашна 1емар ду  дешнийн схеманашца болх а беш , цу схемехь дешдакъош билгалдаха. Берашан хуур ду  цу  дийнатех з1акардаьхни х1унда аьлла.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан  хаттаршна  жоьпаш дала. Берашна  1емар ду  вовшашка  хаттарш дала  , царна  жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1еар ду  тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу  кхачамбацарш, кхиамаш а.

 

3.Личностни:  берийн лаам кхоллалур бу  з1акардаьхни 1алашдан , церан доладан. 1аламе  безам кхоллалур бу вайн.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де  дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар «Х1ун ю совнаха?»

(Хьехархочо уьн т1е  д1аухку  суьрташ: г1аз, бад, котам, москал, к1орни,н1аьна, жираф)

-Хьовсал кху суьрташка .Х1ун ю кхарна  юкъахь совнаха? (Жираф)

-Х1унда ю жираф совнаха? (Берийн жоьпаш)

-Жираф дийнат ду шуна, ткъа ваза  йисина х1уманаш  уьш  з1акардаьхниду .

-Стенах лаьцан дуьйцур ду     вай тахана?(Берийн жоьпаш)

-Вай   тахана  дуьйцур ду з1акардаьхнех лаьцна.

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла  учебникан  13-г1а  . Х1ун ю цу т1ехь гуш ерг? Х1ун 1амор ду   вай   хьалхара?

-Х1орш х1ун ю? (З1акардаьхни)

-Х1ун 1емар ду    вайна  хьалхара?

·        Суна 1емар ду з1акардаьхнийн ц1ераш  яха.

-Х1ун дийр ду   вай схеманашна?

·        Суна 1емар ду дешнийн схеманашца болх бар.

-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)

-Х1ун дийр ду вай  суртана?

·        Суна 1емар ду  суьртах  лаьцна дийцар х1отто.

-Вайна  тахана 1емар ду з1акардаьхни довза, хуур ду цара х1ун пайда бан. Вайна  1емар ду  дешнийн схеманашца белхаш бан, суьртах лаьцна дийцар х1отто.

4. З1акардаьхни довзийтар.

-Х1ун  1амор ду вай   хьалхара?

-З1акардаьхнин ц1ераш яха.

-Х1ара х1ун ю? (Г1аз ю)

-Х1ара х1ун ю?(Москал ю)

-Х1ара х1ун ю?(Н1аьна ю)

-Х1ара х1ун ю?(Котам ю)

-Х1ара х1ун ю?(Бад ю)

-Х1ара х1ун ю? (К1орни ю)

-Царех массарех  х1ун олу ? (Царех з1акардаьхни олу)

-Кхин муьлха з1акардаьхни девза шуна?

-Х1унда олу царех  з1акардаьхни? Х1ун ю церан массеран? (Берийн жоьпаш)

-Церан  массеран  з1акарш ю Ю цундела олу царех з1акардаьхни.

·        Ловзар «Муьлхачун   х1ун к1орни ю?»

(Хьехархочо д1аухку з1акардаьхнийн ,  церан  к1орнийн суьрташ. Берашна каро деза х1ораннан  к1орни)

-Х1ара х1ун ю? (Котам)

-Муьлханиг ду котаман к1орни? (Берашна карадо)

-Х1ара х1ун ю? (Москал)

-Муьлханиг ду котаман к1орни? (Берашна карадо)

-Х1ара х1ун ю? (Г1аз)

-Муьлханиг ду котаман к1орни? (Берашна карадо)

-Х1ун 1еми шуна? Х1ораммо шех  лаьцна  ала?

·        Суна 1еми з1акардаьхнин  ц1ераш яха.

·        Суна  1еми  церан к1орниш къасто.

-Х1ун  1амор ду  вай  шозлаг1а?

·        Суна  1емар ду  дешнийн схеманашца болх  бан.

-Карае учебника т1ехь  г1аз. Муха  Г1АЗ  дешан схема? (Нисса  д1а  цхьа  сиз)

-Хьовсал маса дешдакъа ду Г1АЗ дешан? (Цхьаъ)

-Карае  учебникан  13-чу аг1он т1ехь москалан сурт. Маса  декъах лаьтта МОСКАЛ дешан  схема? (Шина декъах)

-Маса дешдакъа хила тарло МОСКАЛ дешан? (МОС-КАЛ –шиъ дешдакъа ду)

-Муха  билгалдаьккхина  дешан схеми т1ехь ши дешдакъа? (Нисс д1а йолу дешан схема  юкъа сиз хьакхарца  екъна)

·        Схемина  дош караде.

Хьехархочо  дешнийн схеманаш  д1аухку уьн т1е , вукха  аг1ор  з1акардаьхнийн  суьрташ  ухку.  Берашна карайо  х1ора дешана  схема)

Суьрташ : бад, н1аьна , котам.

Схеманаш:                                         ,                                                     

-Х1ара х1ун  ю? (Котам)

-Маса дешдакъа ду КОТАМ дешан? (КО-ТАМ- шиъ дешдакъа ду)

-Муьлха схема мегар ю  КОТАМ дашана?

-Х1ун  1еми шуна?

·        Суна 1еми дешан схеманаш х1итто.

·        Суна 1еми   схемина дош каро

5. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало  йоцуш хьала.

Мел хан яьлла,хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а  кхиссало,

Цхьана меттехь  воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх  шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг  дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза   вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)

6. Дозуш долу къамел  кхиор.

-Х1ун дара  вайн планаца кхузлаха 1амо билгалдаьккхинарг? (Суьртах лаьцна  дийцар х1оттор)

-Х1ун дийр ду   вай х1инца? Х1ораммо шех лаьцна ала деза.

·        Суна 1емар ду суьртах лаьцна къамел дан.

-Мила ю суьрта  т1ехь гуш ерг? (Аза ю)

-Азин х1ун ю? (Азин з1акардаьхни ду)

-Муьлха з1акардаьхни ду  Азин? (Азин  ю : котамаш, г1езан, бедаш)

-Азас  уьш муха 1алашйо? (Азас уьш дика 1алашйо)

-Азас царна х1ун тосу? (Азас царна х1оъ тосу)

-Шун ц1ахь дуй з1акардаьхни? Аша муха 1алашдо з1акардаьхни?

-Схьадийца  суьртах лаьцна дийцар.

-Х1ун  1еми шуна х1инца?

·        Суна 1еми  суьртах лаьцна дийцар х1отто.

·        Кхоллараллин болх

(Хьехархочо ло тайп-тайпана  олхазарш т1ехь долу  кехаташ. Бераша  царна  юкъара  з1акардаьхни билгалдоху  къолам хьокхуш уьш  басе далорца)

-Х1ун  1еми шуна х1инца? (Кхечу х1уманашна  юкъара  з1акардаьхни схьакъасто 1емина тхуна)

-Иза  вайн планан  юкъахь дарий? (Дацара)

7.Жам1 дар.

-Муьлха з1акардаьхни девзи шуна?

-Цара  х1ун пайда ло  вайна ?

 8.Рефлекси.

-Муха план яра вайн х1оттийнарг?

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

-Х1ун диси  ца далуш?

·        Суна 1еми…

·        Суна хии…

·        Сан ницкъ кхечи…