Конспект урока по чеченскому языку. Тема: «Деха а,доца а мукъа аьзнаш».
Оценка 4.7

Конспект урока по чеченскому языку. Тема: «Деха а,доца а мукъа аьзнаш».

Оценка 4.7
doc
31.10.2024
Конспект урока по чеченскому языку. Тема: «Деха а,доца а мукъа аьзнаш».
user_file_6642c286b8de7.doc

11-г1а урок.

Тема: «Деха а,доца а мукъа аьзнаш».

1алашо:  деха а ,доца а мукъа аьзнех нийса кхетам балар;уьш дешнашкахь каро, къасто хаар кхиор.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: берашна  девзар ду  деха а , доца а мукъа  аьзнаш;хуур ду  аьзнаш [а] , [о] ,[у]  (ю,е)  аьзнаш  дехий  , доций хуьлий. Церан  деха  я доца хилар  маь1ница  къаьсташ хилар; берашна  хуур ду  аьзнаш [и], [уь] (юь)  аьзнаш деха хезаш хилча    т1ехьа  элп  й  яздеш хилар.

Метапредметни:

·        Регулятивни: дешархошна хуур ду урокан коьрта 1алашонаш билгалъяха. 1емар ду уьш кхочушъян нийса некъаш каро; 1емар ду шайн белхан нийса мах хадо.

·        Коммуникативни: дешархошна 1емар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; хуур ду шайна оьшург нийса хата, дуьйцучуьнга ладог1а.

·         Х1ума довзаран:  1емар ду учебникаца болх бан ,оьшу материал лаха, цуьнах пайдаэца; 1емар ду х1уманан тидамбан.

Личностни:  1емар ду нохчийн меттан башхаллаш йовза, дика деша лаам хир бу.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

        1.Ц1ера болх таллар.

·        Упражнени № 47, аг1о 24.

        2. Т1адамийн метана оьшу элпаш дохкуш д1аязде.

         …иг, …хк, …орсам, аг…, …ахка , …рам, ци…иг, бух1… , со…  ,  б…х1а, му…, л…м,  м…нга, за…а,  …алха, …кола.

-Д1адеша дешнаш. Д1аязде уьш оьшу элпаш дохкуш.

-Шаьш  т1адамийн метана  яздинчу элпашна буху сизаш хьакха. Царех керла дешнаш кхолла.

-Д1адеша шаьш кхоьллина дешнаш. (Деха, доца , мукъа аьзнаш).

 -Х1ун хаьа шуна дехий доций мукъа аьзнех?

        2. Тобанашкахь болх бар.

-1-ра тоба д1аязде мукъа аьзнаш билгалден элпаш.

-2-г1а тоба д1аязде мукъа элпаш.

-Х1ун ю аз? Х1ун ю элп?

III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш

билгалдахар.

1.     Ловзар .

 

(Хьехархочо уьн т1е д1аязйо предложенеш. Берашка  суьрташ ло т1ехь дог1а, дог1а, г1аш  долу суьрташ. Т1едуьллу х1ора предложенина оьшу сурт гайтар).

 Стиглара охьадог1у ….

Яхас ц1енна ….. туху.

Дитташ т1ера мажделла … г1аш охьаэга.

К1ант …. ишколе воьду.

-Д1аязъе предложенеш, оьшу элпаш дохкуш.

-Д1адеша шаьш юкъадехкина дешнаш : дог1а-дог1а, г1аш-г1аш.

-Х1ун башхалла ю дог1а-дог1а  дешнийн аларехь? (Аьзнаш [о],[а] деха а доца а ду).

-Х1ун эр дара аша церан маь1нех лаьцна? ( Аьнаш деха  я доца хиларо дешан маь1на хуьйцу).

-Д1аеша вайн урокан ц1е. (Деха а,доца а мукъа аьзнаш).

-Стенах лаьцна дуьйцур ду  вай тахана?

IV. Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар.

     1.Дехий,доций мукъа аьзнийн тидам бар.

·        Упражнени № 48, аг1о 24.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени?

-Д1адеша дешнаш дешан хьалхачу декъера мукъа аз деха а доьшуш.

-Мила  ву дада? (Дада дедех олу).

-Муха кхета шу дага бохучу дашах? (Дечиг  дага , х1ума ягаран маь1на ду цуьнан).

(Иштта толлу  дисинчу дешнийн маь1наш).

-Д1адеша и дешнаш хьалхарчу дешдекъера мукъа аз доца а доьшуш. Стенан тидам би аша? (Дешнийн маь1на хийцадели).

-Муха кхета шу дада бохучу дашах? (Дада –цхьогал я цицг дадаран маь1на ду цуьнан).

-Х1ун ю дага? (Диг т1етухуш йолу дечиг ю).

-Кхин х1ун эр дара аша церан хийцадаларх лаьцна?

-Д1аязде шайн маь1не хьаьжжина и дешнаш таблици чу. Доца мукъа аьзнаш  ц1ечу т1адамашца,деха аьзнаш баьццарчу адамашца билгалдаха.

Х1ума я адам.

Х1уманан дар

Х1уманийн билгало

дада

дада

 

дага

дага

 

 

ваха

 

 

ваха

 

мекха

 

мекха

дакъа

 

 

дакъа

 

 

худар

худар

 

-Ала шайна хетарг. (Аьзнаш деха я доца хиларо дешан маь1на хийина ца 1а , къамелан дакъа а хуьйцу).

     2. Бакъо таллар.

-Д1аеша 24-чу аг1он т1ера бакъо.

-Муха къаьстар ду аьзнаш [а] , [о] ,[у] ,[и] (ю,е)  деха я доца хилар?

-Муха билгалдоккху [и], [уь] (юь)  аьзнийн деха хезаш хилар?

      3. Деха а,доца а мукъа аьзнийн тидам бар.

·        Упражнени № 49, аг1о 25.

(Бераша шаьш кхочушйо упражнени).

·        Упражнени № 51, аг1о 25.

-Д1аеша байт. Муьлхачу дешнашкахь ду  ду  деха я доца мукъа  аьзнаш? (Г1ашна , сийна)

-Г1ашна  дашехь [а] деха ду  я  доца ду? Х1ун ю цигахь юьйцург ? (Диттан г1аш)

-Аз [а]   доца  а  олуш д1адеша  и дош. Х1ун тидам хили шун? (Маь1на хийцадели. Г1аш  стаг волало)

-Муха  билгалдаьккхина  аз [и] деха хилар?  (Т1ехьа  элп й  дилларца)

-Аз [и]  доца а олуш д1адеша . Х1ун тидам хили шун? (Маь1на хийцало )

V. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)

VI. Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.

1.     Аьзнаш [и], [уь] (юь) деха я доца хиларан тидам бар.

·        Упражнени №  52, аг1о 25.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени?

-Д1аязъе предложенеш.

-Муьлхачу дешнашкахь яздина аша т1адамийн меттана элп й ?

-Учебника т1ехь болчу дагалецамах пайда а оьцуш , дийца.

      2. Логически ойлаяр кхиор.

·        Упражнени № 53, аг1о 25.

-Д1аеша байт. Муьлхачу дашехь ду г1алат? (Д1атуьйра).

-Дийца цуьнан нийсаяздаран бакъо. ( Аз  [уь] деха ду, цунна т1ехьа элп й ца диллина).

VII. Рефлекси.

-Дийца шайн кхиамех лаций.

VIII.Урокан жам1.

-Муха къаьста аьзнийн  [а] , [о] ,[у]  (ю,е) деха я доца хилар?

 -Муха билгалдоккху [и], [уь] (юь)?

IX. Ц1ахь бан болх балар.

1.     Упражнени № 51, аг1о 25.

2.     Бакъо, 25-чу аг1онна т1ера.

 


Тема : «Деха а,доца а мукъа аьзнаш»

Тема : «Деха а,доца а мукъа аьзнаш»

Стиглара охьадог1у …. Яхас ц1енна …

Стиглара охьадог1у …. Яхас ц1енна …

Деха а,доца а мукъа аьзнийн тидам бар

Деха а,доца а мукъа аьзнийн тидам бар

Дийца шайн кхиамех лаций. VIII

Дийца шайн кхиамех лаций. VIII
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
31.10.2024