Конспект урока по чеченскому языку Тема: ««Дош. Дешдакъа. Дош сехьадаккхар» 3 класс
Оценка 4.9

Конспект урока по чеченскому языку Тема: ««Дош. Дешдакъа. Дош сехьадаккхар» 3 класс

Оценка 4.9
doc
11.05.2024
Конспект урока по чеченскому языку Тема: ««Дош. Дешдакъа. Дош сехьадаккхар» 3 класс
10. УРОК. ДОШ. ДЕШДАКЪА. ДОШ СЕХЬАДАККХАР.doc

10-г1а урок.

Тема: «Дош. Дешдакъа. Дош сехьадаккхар».

1алашо:  дашах,дешдакъойх лаьцна болу хаамаш шорбар; дешнаш цхьана мог1анера кхечу мог1ане дахаран бакъонаш йовзийтар, шайн йозанехь царех нийса пайдаэца 1амор.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: хуур ду дашехь мукъа аьзнаш  долччул дешдакъош хилар; 1емар ду дешнаш мог1анера нийса сехьадаха.

Метапредметни:

·        Регулятивни: хуур ду хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашона билгалъяха, уьш кхочушъян некъаш каро; хуур ду шайн белхан нийса мах хадо.

·        Коммуникативни: хуур ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доца жоьпаш дала; 1емар ду вовшашца ден къамел нохчийн метан мехаллаш тидаме а оьцуш дан.

·         Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан; билгалонна еллачу хьаьркех пайдаэцарца, х1ума довзар хир ду; алсамдер ду х1ума довзар, ойлаяр, къамел кхиор.

Личностни: нохчийн матте безам кхиор.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

        1.Ц1ера болх таллар.

·        Упражнени № 42, аг1о 22.

-Д1адеша дешнаш. Муьлханиг яздина аша хьалхара? Шолг1а? Кхоалг1а? Х1унда?

-Муьлхачу аьзнех олу мукъа аьзнаш? Муьлхачу аьзнаша кхуллу дешдакъа?

      2. Д1ешдакъойх дешнаш кхоллар.

         шар ма, мохк Дай, наш лаьм, сам хор, дар ху, ха сел на, ха та на, на кха,  кхам кхай, сам х1у, хаш мар, шам те, манн ий, ло бел ха, ла мел ша.

-Д1адеша дешдакъош. Дешнаш кхуллуш , д1аязде  уьш. Мукъачу элпашна буха сизаш хьакха.

III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.

-Д1адеша уьн т1е яздина дешнаш.

ШОД . АКЪАДШЕД. ШОД АККХАДАХЬЕС.

-Стенан  тидам би аша? (Уьш харцхьа дерзина ду).

-Муьлха дешнаш ду  уьш? (Дош.Дешдакъа. Дош сехьадаккхар).

-Стенах лаьцна дуьйцур ду  вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Муьлха хаттаршна жоьпаш лаха деза  вай тахана. Д1адеша 23-г1а аг1он т1ера хаттарш. (Дашехь масса дешдакъа ду муха хуур ду?. Дешнаш нийса сехьадаха муьлха бакъонаш хаа еза?).

-Тидам бе учебника т1ехь ялийначу материалан. Муьлха хьаркаш ю цу т1ехь елла? Х1ун т1едуьллу вайна цара?

IV. Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар.

       1. Дешнашкахь дешдакъойн мукъа аьзнаш долччул хиларан тидам бар.

·        Упражнени № 44, 22,23-г1а аг1онаш.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени?

-Д1адеша хьалхара дош. (Доттаг1).

-Маса мукъа аз ду доттаг1 дашехь? (Шиъ ду [о] ,[а]).

-Маса дешдакъа ду доттаг1 дашехь? (Шиъ).

(Иштта толу дисина дешнаш).

-Стенах доьзна ду дашехь дешдакъойн хилар? (Мукъачу аьзнех).

-Муха хуур ду дашехь масса дешдакъа ду? (Дашехь мукъа аьзнаш долччул дешдакъош хуьлу).

-Д1аязде дешнаш. Т1едиллар кхочушде.

       2. Бакъо таллар.

-Д1аеша 23-г1ачу аг1онна т1ера бакъо.

-Муха сехьадоккху дош цхьана мог1анера вукху мог1ане?Д1адеша жоп.

-Муьлха дешнаш ца мега сехьадаха?Д1адеша жоп.

-Муха сехьадаха деза дешнаш Амина, Эсила?

-Муха сехьадоху элпаш ь,ъ,й юкъахь долу дешнаш? Д1адеша жоп.

-Шалха а ,шала а элпаш юкъахь долу дешнаш сехьа муха доху? Д1адеша жоп.

       3. Тобанашкахь болх бар.

·        Упражнении № 45, аг1о 23.

(Бераша шаьш кхочушйо упражнени).

V. Сада1аран миноташ.

 

 

VI. Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.

1.     Харжаман диктант.

-Д1адеша дешнаш.

    Мохк , малъелла, хьагъелла, йиъна, баххьаш, яккъаш, даккъаш, итта, кхосса, яххьаш, баьллаш, хьаннаш, воккха леккха, хох, дохк, букъ, мукъ.

1-чу тобано схьаяздо сехьадаха ца мега дешнаш.

2-чу тобано схьаяздо элпаш ь,ъ,й элпаш юкъахь долу дешнаш.

2-чу тобано схьаяздо шала ,шалха элпаш долу дешнаш

-Мукъачу элпашна буха сизаш хьакха.

       2. Текстах болу хаамаш таллар.

·        Упражнени № 46, аг1о 24.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю и текст? (Терках).

-Х1ун боху  цу т1ехь Терках лаьцна?  (Терк вайн махкахь коьрта хи ду. Цунах лаьцна дуккха иллеш,эшарш даьхна халкъо).

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Терк).

-Д1аязъе упражнени. Т1едиллар кхочушде.

VII. Рефлекси.

-Хьан лур дара вайн хаттаршна жоьпаш?

-Х1ун дара шун дика нисделлар?

-Х1ун душ у ца кхеташ дисинарг?

VIII.Урокан жам1.

-Муха сехьадаха деза дешнаш цхьана мог1анера кхечу мог1ане?

-Муьлха бакъонаш евза шуна дешнаш сехьадахаран?

IX. Ц1ахь бан болх балар.

1.     Упражнени № 47, аг1о 24.

2.     Бакъо, 23-чу аг1онна т1ера.

 


Тема : «Дош. Дешдакъа. Дош сехьадаккхар»

Тема : «Дош. Дешдакъа. Дош сехьадаккхар»

Д1адеша дешдакъош. Дешнаш кхуллуш , д1аязде уьш

Д1адеша дешдакъош. Дешнаш кхуллуш , д1аязде уьш

Бераша шаьш кхочушйо упражнени)

Бераша шаьш кхочушйо упражнени)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
11.05.2024