Урокан план
1. Класс_____6_______терахь_________13.11.2023
2. Урокан тема: Билгалдешнийн кхолладалар
3. Урокан тайпа: довзийтаран урок.
4. Урокан 1алашо: хаа деза, муха кхоллало билгалдешнаш; маса некъ бу кхолладаларан; муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш.
5. Кхочушдан лору жам1аш:
Личностни: цхьаьна тайп-тайпана г1уллакхаш кхочушдан кийча хилар, вовшех кхета, вовшашна г1о дан г1ертар.
Предметни (метапредметни йукъахь ду): бакъо т1ехь белла хаам схьакъасто, талла,легаран хаам бала, цуьнан жам1 дан 1амар. Масех адамна хетачун жам1 дан, куьйгалла дан, т1едиллар кхочушдан, муьт1ахь хила кийча хилар гучудаккха.
6. Коьрта дешнаш: Билгалдош, суффиксаш, кхолладалар
7. Базови кхетамаш: Билгалдош х1ун йу хаар, тайпанаш йовзар
8. Урокехь дан лерина г1уллакхдаран некъаш:1аматца болх, интерактивни у т1ехь болх, тобанашца болх.
Блочно- модульни урокан суртх1оттор
1-ра этап/ 1-ра блок. Темина т1е вар, керла хаарш т1еэцаран хьелаш кхоллар .
1)Мотиваци
Сан хьоме дешархо, хьо оьзда хилалахь,
Оьздачун сий дайна дац хьуна цкъа а.
Воккханиг ларалахь, сий делахь жимачун,
Дикачу г1уллакхна хилалахь т1ера.
Байта йукъара хъоме дешархо, дикачу г1уллакхна, воккханиг, оьзданиг, жиманиг билгалдешнаш барта легаде; легарш билгалдаха. Дешархо, оьзданиг - дешнийн х1оттам билгалбе.
2)Актуализаци
1. Билгалдешнийн даржашех лаьцна дуьйцу. Ц1ера болх таллар
2. Дийца т1ехдаларан дарж кхоллалуш лела дешнаш.
3. Лааме, лаамаза билгалдешнаш муха кхоллало
4. Билгалдешнийн тайпанаш карладахар.
3)Целепологани (дешархойн 1алашонаш билгалайахар: хьуна хуур ду, хьуна 1емар ду)
Суна хуур ду билгалдешний кхолладалар.
Суна 1емар ду уьш хийца.
2-г1а этап/ 2-г1а блок. Керла хаарш довзийтар.
1. Керла материал карайерзорехь кхочушден г1уллакхаш.
Билгалдешнийн кхолладалар суффиксийн г1оьнца хуьлу.
1. Цхьадолу ц1ердешнаш доланиг дожарехь билгалдешнийн маь1- нехь лела. Уьш кхоллало -ан, -нан, -анан, -ран суффиксийн г1оьнца, масала: ломан басе, 1аьнан зама, не1аран т1ам, дог1анан т1адамаш, ла- манан шовда.
2. Щердешнех -ар, -ер суффиксийн г1оьнца а кхоллало билгалдешнаш, масала: йистера кор, махкара кхаъ, 1умарера кехат.
Дацаран маь1на долу билгалдешнаш -за, -аз суффиксийн г1оьнца кхоллало. Уьш дацаран маь1на долуш хуьлу, масала: чаьмза, бертаза,
кхетамза.
2. Хьалхарчу т1еч1аг1даран таллам.
Кхочушдо шардар ….
3-г1а этап/ 3-г1а блок. 1амийначу материалах пайдаэцар.
1.Керлачу хьелашкахь хаарех пайдаэцар, (кхиахь)
(тобанашца болх х1ора рядан 4 дош) Талла вовшийн болх.
1-ра ряд ….. бай, буьйса, малх, къам
2-г1а ряд …..1аж, йо1,гуьйре, лаьмнаш
3-г1а ряд ……шовда, эшарш, к1ант, мох
4-г1а этап/ 4-г1а блок. 1еминарг, карадирзинарг таллар.
Муха кхоллало билгалдешнаш?
Цхьатерра йуй церан суффиксаш.
Маса некъ бу билгалдешнийн кхолладаларан.
5-г1а этап/ 5-г1а блок. Жам1дар. Ц1ера болх.
1.Рефлекси.
Суна 1емира
Суна хала дара
Суна хаьара
Аса пайда ийцира
2.Ц1ера болх. §11, шардар № 64.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.