Конспект внеклассного мероприятия на тему "Чеченский фольклор"
Оценка 4.8

Конспект внеклассного мероприятия на тему "Чеченский фольклор"

Оценка 4.8
docx
11.03.2024
Конспект внеклассного мероприятия на тему "Чеченский фольклор"
чеченский фольклор.docx

 


                       

НОХЧИЙН

ФОЛЬКЛОР

 

 

 

 

 

 

                                                                                                                           

 

 

2020 шо

 

 

 

 

 


Чулацам:

I.   Туьйранаш

1.Тамашийна олхазар…………………….......3

2.Кхо ваша а, саьрмик а……………………...5

3.Зуй-Пхьагаллий…………………………….7

4.Барзо 1ахарца мохк къовсар………….........9

II.  Шира дийцарш

1.К1айн шипон……………………………....11

2.Ден весет..………………………………12

3.Ненан б1аьрхиш…………………………..13

III.   Х1етал-металш……………………………16

IV.  Кицанаш…………………………………...17

V.   Чехкааларш………………………………..18

Тамашийна олхазар

Вехаш-1аш хилла цхьа воккха стаг. Ша санна къена ц1ийнанана а хилла цуьнан. Тайна, бертахь дехаш хилла и шиъ. Воккхачу стага денна гихь хьуьнхара а дечиг а кхоьхьуш, ткъа йоккхачу стага лулахошна и д1а а духкуш, цунах шайна юург латтош хилла цара.

Цкъа цхьана дийнахь, белш т1е биллина дечиган мор а бохьуш, хьуьнхара ц1а вог1уш, новкъахь 1уьллуш карийра воккхачу стагана, ког а бойна, олхазаран жима ц1ен к1орни. Цуьнах къа а хетта, схьаэцна чета а йиллина ц1а еана цо и.

 Доккхачу шина стага г1айг1абар бахьана долуш, к1орни кестта тоелла, кхуьъ-кхуьуш хьалакхиъна, хаза олхазар хилла цунах, жимчу дег1ахь а долуш. Цкъа цхьана дийнахь, г1айг1ане а волуш, чувеанчу воккхачу стага шен х1усамнене аьлла:- Дера, зуда, дег1ера ницкъ д1а а ма баьлла, могуш а ма вац со. Ломан асехь йолчу хьуьнхахь ду ах ц1ей, ах можий а долу 1ежаш. Царех цхьа-ши 1аж белхьара, уыи биъча, талур вара со, дег1е ницкъ а бог1ур бара. Амма, и 1ежаш хилийта, вайн ницкъ кхочур бац.

-Х1аъ, кхочур бац вайн ницкъ, - доккха са даьккхина йоккхачу стага. Цара дуьйцург хезаш, гена доццуш, уьйт1ахь буьртигаш лехьош лелаш хилла жима ц1ен олхазар.

Шолг1ачу дийнахь х1оаш схьаэца яханчу йоккхачу стагана бена чохь 1уьллуш ши 1аж гина. Цецъяьлла йоккхастаг цу Муллакхах. Ши 1аж бохьуш чу а еана, уьш х1етахь дуьйна хьалхачул а ч1ог1а дезаделира доккхачу шина стагана ц1ен олхазар.

 Хез-хезаш д1ахезна и Муллакх хьалха юххерчу а, т1аккха генарчу а ярташкарчу нахана. Схьаэха бевлла нах, ц1ен олхазар дохка шайна бохуш, дехарш деш. Амма доккхачу шина стага духкуш ца хилла шайна дукхадезаделла олхазар. "Паьххьара а д1ахезна и махкана т1евиллина волчу цхьана воккхачу элана. Цо воккхастаг волчу шен оьзданаш бахийтина, нуьцкъашха схьа а даккхий, олхазар схьа а да, нагахь воккхачу стага дуьхьало еш меттиг хилахь, когах буржалш а тохий, валлалц чохь валлор майрачуьнга д1агайтина.

-Ва, воккхастаг, вайн ц1ечуолхазаро х1оийн меттана, ахь бийцинчехтера а болуш, ши 1аж ма бина. Х1ан, х1орш ду хьуна уьш, хьажал хьайна кхаьрга, - аьлла, майрачуьнга д1абелла цо ши 1аж.

Цецваьлла воккхастаг. 1ежаш буйна а доьхкина, г1адвахана велавелла иза.

- Вайн олхазар, адамашна санна, х1ума хууш хиллачух тера ду Муллакх. Тамашийна дика олхазар ду иза.

Воккхачу стага 1ежаш диъна. Оцу сохьта дег1е ницкъ беана, массо а лазарех товелла д1ах1оьттина и.

йоьллина, олхазар а эцна, чувахана иза. Олхазар д1а а делла, элан оьзданаш д1а а бахийтина, кхо мае т1орказ чу а йиллина, т1ехула дог1а тоьхна воккхачу стага.

Шен оьзданаша деана олхазар къаьеттинчу ц1а чу д1ахецна зло. Денна ваха а воьдуш, ша хьожуш хилла иза ц1ечу олхазаро тамашийна 1ежаш дина-цадина, амма денна биена чохь, шишша xloa бен, кхин х1ума хуьлуш ца хилла. Къанвелла, букар вирзина, г1ожан накъосталлица бен вола а ца луш волчу элана лууш хилла и тамашийна 1ежаш а диъна, юха волуш, набахти чу а волла аьлла. Шега оьзданаша и къамел дича, ца х1оьттина воккхастаг дуьхьало ян. Mlorla г1айг1ане а воьжна, олхазар схьадан дагахь божли чу вахана и. Меллаша воккхачу стагана ша т1е а деана, адамийн маттахь дистхилла олхазар. Оцу Муллакхо вуно ч1ог1а цецваьккхина, воха а воьхна лаьттачу воккхачу стаге цо аьлла:

- Пайг1а ма елахь, сан хьоме да. Дукха зама ялале, могуш-маьрша а долуш, со юха ц1а кхочур ду хьуна. Сан т1омах яккхий кхо мае, дог1а а тохий, хьайн т1орказ чу д1айилла, адаме куьг ма тохийта царах.

И дешнаш олхазарера шена хезча, ч1ог1а г1ад а вахана, т1омах яьккхина кхо мае кисана а къонвала а, массо а лазарех товала а, т1аккха адамашкахь 1азап латто а. Кхин олхазаро 1ежаш дийриг а ца хилла,урехьаькхнаиденадийна, кхехка а дина, диъна зло. Цунна моьттуш хилла, цу олхазаран жижиг диъча, ша къон а лур ву, лазарех туо а лур ву. Амма олхазар диъна кхо-диъ де далале, веста а вистина, зла велла. Кхануо, хан-зама яьлча, цомгаш хилла воккхачу стеган х1усамнана. Дагадеъна кхарна ц1ен олхазар. Цунах а, элах а хилларг хезна а, хууш а хилла царна. Х1етте а, олхазаран безамана цуьнан месашка мукъане а хьожур ша аьлла, т1орказ чуьра схьа а эцна, кхо мас буйна йоьллина воккхачу стага. Цу хенахь ц1аьххьана кхуьнан буйнара цхьа мас ц1енкъа охьайоьжна. Оцу минотехь, и мае йолччохь, деллачуьра юха ден  а делла, д1ах1оьттина кхарна дукхадезаш хилла долу, кхеран ц1ен олхазар. Сов ч1ог1а хазахетта, б1аьргех хиш девлла доккхачу шина стагана. Аьлла цаьрга олхазаро адамийн маттахь:

- Са ма гатде аш, сан хьоменаш, ас кхана дийр ду дарбане 1ежаш; уьш диъча, йоккхастаг, лазарех то а елла, хьалаг1оттур ю. Шолг1ачу дийнахь, олхазаро бина ши 1аж а биъна, лазарх тоелла, къонъелла, дег1е ницкъ беана, меттара хьалаг1аьттина йоккхастаг. Х1етахь дуьйна чlorla самукъане даха доладелла доккха ши стаг. Иштта тамашийна а, дика а хилла церан олхазар.

Кхо ваша а, саьрмик а

Дас к1антана вониг хьоьхур дац. Цхьана ден кхо к1ант хилла. Дас, ша валале, весет дина хилла к1енташка:

— Х1окху вайн махка т1ера д1абоьдуш кхо некъ бу шуна. Царах ширчу новкъа ма г1олаш, — аьлла.

Мацца а цкъа, хан яьлча, шайн да веллачул т1аьхьа, араваьлла д1авоьдуш, цу ширчу некъа т1е кхаьчна к1ентех уггар воккханиг.

— Вахана хьожур ма ву со, х1окху некъа т1ехь х1ун ду, — аьлла, д1авоьдуш хилла xlapa, новкъа а х1оьттина. Дуьхьалбаьллачу саьрмико хаьттина к1анте:

— Ахьа х1ун до, к1ант, хьо стенга воьду? — аьлла.

— Со-м цхьанхьа а ца воьду. Тхан дас, ша валале, весет динера, х1окху новкъа ма г1олаш, аьлла. Иза х1унда аьлла хилла-те цо, бохуш, хьажа веънера со-м, — аьлла к1анта.

— Хьайн дас бохучух а ца тешаш, веъна хьо?! Аса гойтур ду хьуна кхузахь дерг-м: илли олуш, хьо сол ца толахь, аса бер бу хьан болх. Хаьий хьуна илли ала? — аьлла, хаьттина саьрмико.

К1анта, ца хаьа шена илли ала аьлча, кхаьллина саьрмико и к1ант. Т1аккха цуьнан шолг1а волу ваша вахана оцу ширчу новкъа, цигахь х1ун ду хьожур ма ву ша, аьлла.

Цуьнга а: «Илли ала хаьий хьуна?» - аьлла, хьаьттина саьрмико.

Ца хаьа шена аьлча, кхаьллина цо иза а. Шен вежарий ц1а бахка хьебелча, кхоалг1аниг, уггар жиманиг вахана царна т1аьхьа. Воьдуш, xlapa а саьрмик болчу кхаьчна, вукхаьрга санна, х1окху к1анте а д1ахьедина:

— Илли аьлла я туьйра дийцина, хьо шел ца толахь, ша бер бу хьан болх, — аьлла.

— Дика ду. Ша туьйра дуьйцур ду хьуна, — аьлла к1анта. — Бакъду, дуьйцуш лаьтташ, вовшашна юкъаг1ертар дац вай, дуьйцург чекхваллалц, дийца вуьтур ву вай. Нагахь юкъаг1ортахь, иза эшна ву вайх. Ткъа со толахь, сан ши ваша схьалур ву ахьа, — аьлла к1анта.

Цу т1ехь барт а хилла, к1ант дийца волавелла:

— Стохка 1ай х1ордана бинчу ша т1ехь говрийн рема яжош вара со. Кхано бецах юьзначу говрийн хи мала дезаш хилла, диг деттарх дагарца и исс аьрша

стомма ша боха а ца белла, дагарх ц1е йиллира аса, ша башо. Ц1е а летта, сан диг, шах 1уьрг а доккхуш, хи чу дахара, дага т1ехь а юьсуш.

Д1асахьажарх, хи схьаэца х1умма а ца хилла, катоьхна сайн коьртан туьта схьа а яьккхина, хи малийра аса говрашна. Суьйранна, шелъяла йоьлча, сихха сайн рема а лаьллина, стигала хьала, мархаш т1е буьйса яккха вахара со.

Кхано хьаьжча, сан коьртан туьта ян а яц-кх коьрта т1ехь.

«Ой, xlapa х1ун ду?» — аьлла, ведда юха а вахана, д1ахьажча, сан коьртан туьтана чохь, шена бен а бина, чухиина 1аш лекъ дара. Д1а катоьхна и лекъ схьа а лаьцна, сайн коьртан туьта т1е а тиллина, т1ехиира со лекъана. Вадийна валийна, охьавиллира со лекъо, сайн ремина юххе, мархаш т1е. Тоьхна и лекъ ден а дийна, ц1е а латийна, ворх1 б1е ов1 а дина, со лекъан жижиг эвнаш т1ехь доттуш воллуш, вайн цхьа оврах, даьтта схьаэха доладелира. Цу даьттанан хьожа кхетта, беана хьо бара бухахь гуш, даьтта бага нисда г1ерташ, хьалакхиссалуш.

— Мичахь бара?! Мичахь бара со?! — аьлла, саьрмик хьалаиккхира, тохара шаьш бина барт а бицбелла.

— Вахь-вахь-вахь! — аьлла, велар а оьккхуьйтуш, — хьо ийши, хьо ийши! Ахьа вайша хьалххе бина барт бохий! Схьало сан вежарий! — элира к1анта.

Маттана говза а хилла, шен дас бохург ца дина, шен ши ваша а валош, ц1а веъна жимах волу ваша. Шен вежаршка бехк а баьккхина цо: «Иштта хуьлу шуна, дас бохург ца дича!» — аьлла. Цул т1аьхьа кхин ца бахана уьш оцу ширчу новкъа.

 


 

Зуй-Пхьагаллий

Шена дуьхьалкхеттачу цхьана зуьйне забар йина пхьагало:

- Массо а х1уманна т1ехь а сов исбаьхьа хаза ма яра хьо, дукхаяхарг, когаш гомий-ч1омий бацахьара.

Цунах ца там баьллачу зуьно жоп делира:

- Ела стенна йоьлу хьо? Сан когаш гомий –ч1омий белахь а, хьан нийсачарел уьш чехка буйла, ца хаьа хьуна? Со, ц1а а яхана, кху сохьта юхайог1у хьуна, т1аккха хьожур вайша, хьенан когаш чехка бу!

Зуьно ц1а а яхана, шен зудчуьнга элира

- Пхьагалца хьалхаяларх къевсина аса, г1о дан деза ахьа суна.

Стечо жоп делира

- Дера хета суна хьо телхина аьлла. Пхьагалца къовсалур дара хоьга? Цуьнан когаш, шаьш нийса хиларе терра, чехка бу, ткъа хьайнаш, шаьш гомий-ч1омий болу дела, маса хир бац.

Т1аккха зуьно элира:

 -Когаш пхьагалан маса белахь а, хьекал-м сайниг ира хир ду.Аса аьлларг ахьа дичахьана, вуно атта эшор ю вайша пхьагал.

И ший а пхьагал йолчу аьхначу кха т1е кхечира. Зуьно шен зудчуьнга элира:

- Х1окху аьхначу уьрдан цхьана йисте хьо д1алачкъа, вукху йистера сой, пхьагаллий схьайодур ю. Пхьагална со шеца йоду а моттийтина, со юхайоьрзур ю. И пхьагал хьо йолчу йисте кхоччушехь, дуьхьал а ялий, хьо цуьнга йистхила: «Со-м тоххарехь схьа а кхаьчна, хоьга хьоьжуш 1аш ю, хьо-м а ма ца ло» - алий.

Стен зу, шега х1усамдас ма-аллара, цхьана хорша чу д1алечкъира, цул т1аьхьа зуй, пхьагалий вукху юьххьера схьанехьа едира.

Пхьагал чехка ма-елли, зу, саца а сецна, юха а йирзина, уьрдан шух д1алечкъира.

Едда уьрдан вукху юьххье кхечира пхьагал. Д1ахьаьжча, бухахь 1аш зу гира цунна.

Пхьагал шена т1екхоччушехь, стечу зуьно пхьагалх цаяшаран кеп а х1оттош элира:

- Со-м, тоххарехь схьа а кхаьчна, хьоьга хьоьжуш 1аш ма ю, хьо-м яда а ма ц ало.

Зуьнах цуьнан зуда къаста ца еллачу пхьагало ойла йира: «Ма тамашена х1ума ду х1ара! Муха ели и сол хьалха?»

- Х1ан-х1а, - элира зуьно, - яло, кхин цкъа а йодур ю вайша.

Резахилира зу.

Т1аккха а, хьалха санна, едда вукху йисте кхечира пхьагал. Цецъелира иза, юха а бухахь зу карийча.

- Э-э, дукхаяхарг. Хьо а кхечи схьа, - элира зуьно. – Со-м, тоххарехь схьа а кхаьчна, хьоьга  хьоьжуш 1аш ю!

 

 

- Ма тамашена болх бу х1ара, - ойла йора пхьагало. – Мел чехка ядарх, хьалха ца ялаели-кх со зуьнал.

                                                                                        

https://mishka-knizhka.ru/wp-content/uploads/2020/04/pro-jozhika-i-krolika-mechty-sbyvajutsja25.jpg

 


Барзо 1ахарца мохк къовсар.

Цхьана пана махкахь, шира к1отар лаьттиначу меттехь, жа дажош лелачу жа1уьнан, ца хууш, кулла уллехь бехкинчу жийн 1ахар бисина хилла. Ша хьагбелча шовдана т1е боьдий хи а молуш, буьйса йоьлча, шовдана уллорчу цхьана куллах булий, охьа а буьжуш, хаза кхиъна 1ахар. Цу кепара жах а хаьдда дисина цхьа ж1аьла а хилла 1ахарна генадоцуш 1аш.

Иштта 1ахар хан-зама йоккхуш 1аш, лелаш, цхьа борз т1екхаьчна цунна. Мацалла дар а елла лелачу барзо, 1ахар баа дог хилла, дов хьедина цуьнга:

- х1ара хьо бежаш, ахь буц юуш болу мохк сан дех бисина, сан мохк бу, д1абала беза хьо кху сан махка т1ера, - аьлла.

1ахаро барзана жоп делла:

- Х1ан-х1а, борз, бакъ ца лоь хьо. Хьан бац х1ара, сан ден хилла бу х1ара. Кху махка т1ехь бан а бина, кхиа а кхиъна со.

- Делахь дика ду, - аьлла барзо, х1ара мохк хьайн хилар ч1аг1деш кхана теш ахь валаве, х1ара сайн хилар ч1аг1деш ас а валор ву. Тоьшалла бакъдолчун хир бу вайшинна х1ар мохк.

1ахар цунна реза а хилла, д1асакъаьстина х1ара.

Хьаьдда баханчу 1ахаро луларчу жен ж1аьле шен балла ма-барра д1а а бийцина, шена г1оьнна даг1ахьара хьо аьлла, дехар дина. Ж1аьла, реза а хилла, 1ахар бежаш лелачу метте деана. Цигахь 1ахарца къайлах барт а бина, шовданна уллорчу куллах доьлла д1алечкъина ж1аьла. Шек а боцуш, хьалха санна бежаш лелаш хилла 1ахар. Т1аьхьа цхьогал а х1оттийна, еана схьакхаьчна борз.

- Валийн ахь теш? – аьлла, хаьттина барзо 1ахаре.

- Хьан тешо, х1ара мохк хьан бу аьлла, тоьшалла дича а, кхачам хир бу суна. Т1аккха ас д1алур бу х1ара хьуна, - аьлла 1ахаро.

- Делахь дика ду, стенах лаьцна дуй бууш дан деза тоьшалла? – аьлла, хаьттина барзо.

- Х1окху куллах ког а тухуш, тоьшалла дан деза, - аьлла 1ахаро.

- Иза-м хала дац, - аьлла, тоьшалла дан т1едахана цхьогал.

- Х1окху куллора… - аьлла, ког а айбина, тоьшалла дан доьллачу цхьогалан кулла к1елхьахула, ц1еран к1егий санна, б1аьргаш къерзош, схьахьоьжуш 1уьллучу ж1аьлех б1аьрг кхетта.

Пархъаьлла юха а иккхина:

- Мехкан дас хьалха дан деза тоьшалла, - аьлла кхераделлачу цхьогало.

Резахилира кулла т1еяханчу барзо:

- Х1окху куллора… - аьлла ког хьалаойбушшехь, кулла юкъахь доллучу ж1аьло, т1екхетта ворта а лаьцна, ластийна лаьттахь тоьхна, букъ бош, хьакхийна, йийна д1аяьккхина борз. Дедда, гена а даьлла, юха а дирзина, мохь тоьхна аьлла цхьогало:

- Х1ара долалушшехь хаара суна, тоьшалла мехкан дех г1ур дуйла. Б1аьргаш а, ц1ога а гуш харц тоьшалла дара иза.

К1айн шипон

Ас дийций шуна, цхьана нохчийн нанас динарг.

Иза суна хезна со жима йолуш сайн бабигара.

Паччахьан заманахь хилла боху иза. Нненан цхьаъ бен воцуш цхьа к1ант хилла. Ямартчу наха харц мотт бина виэн кхиэл кхайкхина хилла цу к1антана. Дукха лаьлла нана и харц кхиэл юхаяккхийта г1ерташ. Амма и зама, ша  харц зама хиларе терра, ца карийна нанна бакъдерг. Т1аьххьар, паччахье дехар а дина, шен к1анте йистхила бакъо яьккхина нанас. И кхоьруш хилла, ша цхьаъ бен воцуш иза экам кхиорна, ша ирхъуллучу хенахь цо ша воьхна гайтарна.

- Сан к1ант! – лиэ яьлла нана.

- Со паччахьна т1е кхаьчна, цо суна ша кхана жоп лур ду аьлла. Нагахь вон кхаъ бохьуш со яг1ахь, сан коьртахь 1аьржа шипон хир ю хьуна. Со дика кхаъ бохьуш яг1ахь, сан коьртахь к1айн шипон хир ю.

Т1екхаьчна к1ант ирхъуллу де. Дукха адам гулделла боху майдана. Схьавалийна к1ант а. Гулделлачу адамашна юккъехь шен нана ца гича воьхна боху иза.

Т1аккха г1ант т1е ваьккхина, танг1алкх к1ела х1оттийна. Геннахь к1айн шипон махо ловзош йог1учу шен ненах б1аьрг кхетча, метта веана к1ант.

Гулбеллачарна герга еана боху нана.  К1антана логах муш тесна.

- Со кхеро г1ерта-кх уьш, дагатесна к1антана. К1ентан юьхь т1ехь вохар ца гуш, цунах б1аьргбуьзна, баккхийбеш хилла юьртахой, ткъа к1антана геннара к1айн шипон гуш хилла.

Т1аьххьара шен когаш к1елхьара г1ант д1а а даьккхина, лаг лазош, муш чу бижча а тешаш ца хилла к1ант. Геннара гучу шен ненан коьртара к1айн шипоно тешам луш хилла цунна.

К1айн шипон дуьне хилла хьаьвзина. К1айчу г1ург1езийн хелхарехь хьаьвзина к1айн шипон. Иза воьлуш хилла:

- Нана, к1айн шипон, к1айчу г1ург1езийн хелхар!

Иза хуьлуш долчух кхета а кхетале, малхана урс хьаькхча санна, ц1ийло дерриг дуьне.

- Эх1, хьо маьлхан к1айн дуьне! Ма даа ца оьшура хьо, йохьан т1ах-аьлла аьккхал дог доцчу стага.

Маржа нохчочун яхь я1-кх!                                         

Оцу яхьах эккхайоллуш хилла-кх и нана.


 

Ден весет

Цхьана стеган ворх1 к1ант хилла. Мацца а, шех лен цамгар кхетча, дас, кхайкхина и ворх1ий к1ант т1е а валийна, цаьрга аьлла:

- Ворх1е а ваха г1ой, цхьацца сара а бохьуш, чувола. Аса со валале цхьа весет дийр ду шуьга!

Цхьацца сара а бохьуш ворхх1е а, чу а веана, дена хьалха д1ах1оьттина. Дас аьлла:

- и ворхх1е а сара вовшах а тохий, т1ийриг а хьарчаяй, цхьаъ бе.

Цо ма-аллара, и ворх1е а сара цхьаъ болуш санна д1ах1оттийна к1енташа. Дас воккхахволчу к1антее аьлла:

- Схьаэцал, к1ант уьш кагдан хьажал.

Цу серех хилла девзиг, гоьл т1е а те1ош, кагдан г1ертарх, ца кагделла серий.

Т1аккха аьлла дас:

- И х1ора сара къаста а бай, ша-ша а баккхий, хьовсал шайга уьш кеглойла.

Цо ма-баххара хьовса а хьаьвсина, массара а и серий кегдина.

Дас т1аккха шен к1енташка аьлла:

- Хьовсал, сан к1ентий. И аша цхьаьна, бертахь, вовшийн г1о деш хилахь, шух адам кхаьрдар дац, амма шу вовшахдовлахь, наха шу а лорур дац. Барт цхьаъ болуш хилалаш. Барт ч1ог1а маь1на долуш бу шуна.


 


Ненан б1аьрхиш

Цхьалхха цхьа к1ант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш, 1алашвора цара шайн к1ант.

К1ант кхиъна ваьлча, ломахь г1арабаьлла дика динний, нуьйран г1ирссий, т1емалочун барзаккъий кечдира дас-нанассий шайн к1антана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, ц1ера ара-м ца волуьйтура цара иза.

Цхьана дийнахь юьртара к1ентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу к1антана а лиира цаьрца ваха.

Дений, нанний т1евеъна, цо элира:

- Со а вахийтийша юьртарчу к1енташца дуьнене б1аьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала. 1уьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, дог1ано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, супа лаьара 1уйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, г1елашна сагатделла сира сай г1ерг1аш ладог1а, 1аннаш, даккъаш декош, мацалла уг1учу барзе ладог1а… Вахийтийша со к1енташца дуьнене б1аьрг тоха.

- Х1ан-х1а, к1ант ма г1олахь. Пурба дац хьуна! – элира къеначу дас.

- Со къинт1ера ца ели хьуна, к1ант, хьо водахь! – элира нанас.

Юртара к1ентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу к1ант висира кхерчан а, ц1ийнан а гонах хьийза.

Ц1еххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостаг1 ву т1ег1ерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо.

Юьртара к1ентий, къонахий кечбелира мостаг1ашна дуьхьалбовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира г1аг1 дег1е а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, к1ентан да а вахара мостаг1ашна дуьхьал, шен к1антана а ца хоуьйтуш, лата везачохь – лата а, вала везачохь – вала а.

Шел хьалха д1акхаьчна, мостаг1ашца т1аме х1иттина т1емалой карийра цунна. Къаьсттина ч1ог1а т1ом беш вара цхьа цавевза т1емало. Юьхь т1еоьзна з1енийн цхар, т1едуьйхина болатан барзакъ. Мостаг1ийн декъех саьлнаш х1иттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.

- Мила ву и ч1ог1а т1ом беш волу т1емало? – аьлла, хаьттира воккхачу стага дас.

- Иза хьан к1ант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика к1ант кхиийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! – элира т1емалоша.

Амма хала дара и к1ант дукха вехар ву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостаг1аша. Массо а цхьаъ санна цхьаьний т1елетира уьш оцу турпал к1антана. Вуьйжира к1ант. Велира турпал. Т1аккха т1етаь1ира ламанхой мостаг1ашна. Х1аллакбира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу т1еман арахь мостаг1ийн…

Г1оьмакхех, таррех барма а дина, т1е верта а тесна, ларвеш цу т1е а виллина, ваьхьира т1емалоша к1ант – турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кет1а…

Болатан г1аг1 малхехь къегаш, кхачбеллачу баттах тера йолчу юьхьа т1ера сирла нур г1уьттуш.

- Х1ей вежарий! Собарделаш! – элира к1ентан дас. Севцира нах. Вистхилира к1ентан да:

- Къонахий! Сан ницкъ кхочур бан, к1ентан нене х1ара ирча кхаъ д1ахаийта… Со кхоьру х1окху кхоо нана а ерна… Вац шуна юккъехь маттана, д1атийра къонахийн, т1емалойн тоба. Г1еххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламанан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.

- Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца к1ант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! – элира воккхачу стага. Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира к1ант вина нана. Цунна гира вист-хуьлуш стаг воцуш, г1айг1ано кортош охьаохкийна лаьттачу т1емалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу т1емалочун дакъа…

Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах… Ц1еххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан г1ерг1ар хазийра, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар хазийра. Цуо дуьйцура к1ант-т1емало мел майра, доьнал долуш кхиънера. Т1аьххьара а, т1еман герзаш вовшахдетталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостаг1ий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, т1еман марсаллехь майрачу к1антана т1ера барзакъ болатан г1овг1анца декаш санна… Цо дуьйцура к1ант-турпал мостаг1ех мел майра летта, цо уьш муха х1аллакбина. Т1аьххьара цхьа сирла ц1ена аьзнаш г1евттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан з1аьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех цкъа а церан лийриг цахиларх…

Боьлхура пондар, тийжара пондар.

Ладоьг1ура к1ант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана… Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостаг1ех. Дуккха а х1аллакбинера цуо уьш. Веллера ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. Г1айг1ане йирзина цуьнан йиш…

Боьлхура пондар. Тийжара пондар…

Довха б1аьрхиш хьевдира ненан б1аьргех…

Къора узарш деш бекачу пондарна т1етевжира к1ентан нана.

Боьлхура пондар, йоьлхура нана…

Мацца цкъа нана т1ера д1аайелча, цецах санна 1уьргаш девллера пондаран уьн т1е. Ненан довхачу б1аьрхиша дагийнера иза. Кхин а ч1ог1а г1арабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула д1аоьхура цуьнан аз. Цуо х1инца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу г1айг1анах, къахьонах, балех.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

Дег1 нисдеш, айаелира к1ант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:

- Со къинт1ера ели хьуна, сан к1ант!

- Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

- Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу лаьмнаша, 1аннаша, хиша, шовданаша… Боьлхура пондар, тийжара пондар…

- Аса декъалво хьо, сан к1ант! – мохь туьйхира нанас.

- Оха декъалво хьо, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

- Оха декъалво хьо, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу лаьмнаша, 1аннаша, хиша, шовданаша.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

Оьгура ненан б1аьргех довха б1аьрхиш… сийлахь латта а дашош!..


 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                                                                                                                       I.  Х1етал-металш

·        Ког - ц1а чохь, корта – арахь. (Хьостам)

·        Хина - т1ай, некъана – накъост. (Говр)

·        Даим стигала хьалахьоьжург. (Туьнкалг)

·        Хин йистера къорза бохча. (Пхьид)

·        Стигалахь куй а бисна вог1уш верг. (Б1ара)

·        Вайн ц1ечу г1ожа т1ехь 1ан к1айн котамаш. (Цергаш)

·        Дуьненан архаш. (Некъаш)

·        Къеначу стеган говр. (1аса)

·        Хуьл-хуьлуш, хингал, хилла даьлча ч1епалг. (Бутт)

·        Б1ов олу, борз а яц, латта охку, хьакха а яц. (Бумбари)

·        Лаца т1ам а бац, х1отто бух а бац. (Х1оа)

·        Даим юуш, цкъа а ца юзуш. (Хьер)

·        Цхьа корта, исс лерг, пхи даь1ахк. (Хьамц)

·        Гуттар а лесташ доьду, амма цкъа а д1ацакъочу. (Ага)

·        Некъал дехьа-сехьа веха ши ваша. (Б1аьргаш)

·        Говрал лекха, ж1аьлел лоха. (Нуьйр)

·        К1айчу шаршу т1ехь 1аьржа х1уш. (Кехат-йоза)


 

 

 

 

 


                                                                                                                                                II.   Кицанаш

·        Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий лардийр ду.

·        Б1аьргана гинарг тешаме ду лергана хезначулла.

·        Да-нана ца леринарг наха а ца лерина.

·        Стеган дагара матто схьадуьйцу.

·        Дешар - серло, цадешар - бода.

·        1илманан корта – хьекъал, хьекъалан корта – собар.

·        Ваша воцу ваша – т1ам бойна леча.

·        Ира мотт – совг1ат, беха мотт – та1зар.

·        Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина.

·        Сихалла – сонталла, собар – кхетам.

·        Х1ума хаар – нахе ладог1ар.

·        Дин некъаца бевза, к1ант аренца вевза.

·        Говран дикалла боларх хиъна, стеган дикалла собарх хиъна.

·        Шен ц1а – ц1ен ц1а.

·        Аьхка – мало, 1ай – хало.

·        Аьхкенан дийно – 1аьнан бутт кхобу.

·        Тахана дан дезарг кханенга ма татта.

·        Г1иллакхца бен къонах хилла вац.

·        Яхь йолчу дагахь хьаг1 хир яц.

·        Ша винчу лаьтте кхочуш латта хир дац.

·        Вина мохк мазал мерза меза бу.

·        Хьекъал доцу корта - дег1ан мостаг1.

·        Хьарам даьхни бале ца довлуш дисина дац.

·        Хийрачу махках Даймохк махках ца хила.

·        Вижна а 1уьллуш болх ца бо.

·        Аьхка 1иллинарг 1ай идда.

·        Массо а х1ума к1ордадо, болх боцург.

·        Массо х1уманал мерзаниг-хьанал къинхьнгам.


 

 

 

 

 

 

 


                                                                                                                                     III.   Чехкааларш

Литта, титта тилор-тай,

Тата дийриг татол-дай.

Татин туьтех тилла т1ай,                                           

Тавдин туьйра х1илла дай.

 

Шога шаршу, шера ша,

Жоьран жоьлахь жуг1ар жа,

Жанна жоьлах шийла яц.

Шоврийн шаьлгахь шолхаш яц.

 

Къоьгам, къуьда, къоршкъали.

Къаима тховса къола ди.

Къакъас къайлаха къедади.

Къийго къамкъарг къекъайи.

 

Чоьлпа-чорпи чохь,

чопа-чоьлпи чохь.

 

Со шершанчухула ча чу ца шерша,

Ча шершанчухула со чу ца шерша.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


 

 

\


 

НОХЧИЙН ФОЛЬКЛОР 2020 шо

НОХЧИЙН ФОЛЬКЛОР 2020 шо

Чулацам: I. Туьйранаш 1

Чулацам: I. Туьйранаш 1

Тамашийна олхазар Вехаш-1аш хилла цхьа воккха стаг

Тамашийна олхазар Вехаш-1аш хилла цхьа воккха стаг

Шен оьзданаша деана олхазар къаьеттинчу ц1а чу д1ахецна зло

Шен оьзданаша деана олхазар къаьеттинчу ц1а чу д1ахецна зло

Кхо ваша а, саьрмик а Дас к1антана вониг хьоьхур дац

Кхо ваша а, саьрмик а Дас к1антана вониг хьоьхур дац

Ц1е а летта, сан диг, шах 1уьрг а доккхуш, хи чу дахара, дага т1ехь а юьсуш

Ц1е а летта, сан диг, шах 1уьрг а доккхуш, хи чу дахара, дага т1ехь а юьсуш

Зуй-Пхьагаллий Шена дуьхьалкхеттачу цхьана зуьйне забар йина пхьагало: -

Зуй-Пхьагаллий Шена дуьхьалкхеттачу цхьана зуьйне забар йина пхьагало: -

Ма тамашена болх бу х1ара, - ойла йора пхьагало

Ма тамашена болх бу х1ара, - ойла йора пхьагало

Барзо 1ахарца мохк къовсар.

Барзо 1ахарца мохк къовсар.

Резахилира кулла т1еяханчу барзо: -

Резахилира кулла т1еяханчу барзо: -

К1айн шипон Ас дийций шуна, цхьана нохчийн нанас динарг

К1айн шипон Ас дийций шуна, цхьана нохчийн нанас динарг

Ден весет Цхьана стеган ворх1 к1ант хилла

Ден весет Цхьана стеган ворх1 к1ант хилла

Ненан б1аьрхиш Цхьалхха цхьа к1ант вара къеначу ден, ненан

Ненан б1аьрхиш Цхьалхха цхьа к1ант вара къеначу ден, ненан

Амма хала дара и к1ант дукха вехар ву ала…

Амма хала дара и к1ант дукха вехар ву ала…

Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех цкъа а церан лийриг цахиларх…

Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех цкъа а церан лийриг цахиларх…

I. Х1етал-металш ·

I. Х1етал-металш ·

I. Кицанаш · Шен ненан сий лардечо

I. Кицанаш · Шен ненан сий лардечо

I. Чехкааларш Литта, титта тилор-тай,

I. Чехкааларш Литта, титта тилор-тай,

\

\
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
11.03.2024