Йоза
Урокан ц1е: Нийса сизаш.
1алашонаш.
1.Предметни: дехий . доций нийса сизаш хьекха 1амор.
2.Метапредметни:
· Регулитивни:ша бен болх ган , цуьнан рог1аллах кхета 1амор.
· Познавательни: къамел йозанах, зорбанан хилар хаар.Даймохк, дешархо, хьехархо, паччахь дешнаш довзар.
· Коммуникативни: хьехархочун хаттаршана жоьпаш далар.
3.Личностни: дешаре безам кхоллар.Даймахке безам кхоллар.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун , бераш!
-Диканца дукха ехийла!
-Аса даггара декъал до шу кху дезчу денца.Цун дахарехь д1аболабелла угаре хаза МУР.Шу школе деша даьхкин..Х1ара шун дахарехь дуьххьарлера урок ю. Лаьа тахана сана шу кхин д1а а хаза, самукъане а , деша лаьаш хуьлийла.
2.Дешаре шовкъ коллар.
-Хаьийла шуна х1ара х1ун ю.
И ду цхьа ша- тайпана ц1а
Цу чохь доькъуш ду хьекъал?(школа)
-Вай чохь долчу чоьнах х1ун олу?(Класс)
-Моссо кху чуьра йо1рех, к1енитарех муха олу?(Дешархой)
-Муьлхачу юьртахь школе даьхкина шу?
-Вай дехачу республикех х1ун олу?
-Мила ву вайн паччахь?Х1ун хаьа шуна цунах?
-Муьлхачу пачхьалкхехь деха вай?
-Х1ун олу ша вехачу махках?(Даймохк)
Хьехархочо д1айоьшу байт Даймохк.
-Вайна хуур ду дуккха х1умнаш вайн даймахках лаьцна,школах лаьцна, дахарах лаьцна.Х1ун олу вай х1инца деш долчух?(урокаш)
2. Йозанан , багахь къамел.
-Вайн дахар аьзнех, хьаьркех дуьззина. дуьззина ду.Шайна цхьа х1ума хазделча аша х1ун олу?
-Цхьа х1ума халахетча?
-Шаьш лазийча?Цецдевлча?
-Иза багахь до къамел ду.И къамел вай багица до.
-Иза вайн ган таро юй?(Чц)
-Вуьшта вайн ду йозанан къамел.Иза вайна го книги т1ехь, газеташ т1ехь.
· .Пропись, тетрад довзийтар.
-Х1ара тетрад ду. Кху т1ехь вай яздийр ду.Кхунан мог1анаш бу.Белхан, мокъаниш.Белхан мог1анаш х1орш бу, мокъанаш х1орш бу.Белхан мог1анаш чу вай яздийр ду сизаш ,элпаш.
-Х1ара пропись ю. Кху т1ехь вай йозанан белхаш бийр бу.Д1аелла пропись.Х1ун ю х1орш?(ручка, къолам…)
-Уьш вайна язъян 1емаш оьшу г1ирс бу.
1.Х1орш х1ун ю?(Элпаш)
-Шайна девза элпашна гонаха х1оз билла.
Х1етал- металш (Дешархочун г1ирсах лаьцна.
3. Сада1аран миноташ.
4.Керла тема кхин д1а а хьехар.
· Муха хиъна 1ан веза урокехь.
-Хьовса суьрта т1е?Муха хиъна 1а к1ант?Йо1?
-Муха 1а шу?
· Хьаьркийн аьзнийн дуьне.
-Муха доьлху бер?
-Муха ека Х1уттут?
-Муха з1ок етта хена к1уьро?
-И шаьш аьлла аьзнаш цкъа а гиний шуна?
-И аьзнаш гар хьамара царна дагалаьцна элпаш.Элпаш вайн ган йиш ю.-Х1ара х1ун ю?(Алфавит)
-Стенна оьшу элпаш:?(Шена хетарг д1аяздан)
-Х1ора элпан шен-шен меженаш.Элпаш яздан 1амале. Вай 1амор ду элпийн меженаш язъян.
· Дехий доций сизаш яздар.
(хьехархочо доски т1ехь д1агойту)
5.Рефлекси.
Сакхъяккха сан ойла.
-Вайна гуш дерг….
Вайна хезаш дерг…
-Х1ун дара шуна хазделларг?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.