Цхьа а шеко йоцуш, массо а къам Дала кхоьллина ду. Царах х1ораннан шен-шен истори а хуьлу. Амма и истори йинарш, къоман хилларг д1а ца долуьйтуш латтийнарш, иза кху дийне кхачийнарш, цхьаьннан а шеко йоцуш, массо хенахьа х1ора заманан тешаме г1аролаш хилла лаьттина болу турпалхой бу. И
Нохчийн.лит.раб.прог.5 класс.docx
Гуьмсан урхаллин к1оштан «Комсомольски юьртан дехийлан юккъера
юкъарадешаран ишкол» урхаллин юкъарадешаран хьукмат
Йийцаре йина Теллина ЧIаг1йо
методически ишколан дешаран ишколан директор
цхьаьнакхетараллин декъан доладархо
кхеташонехь.
Протокол №1 «28.08.12»
Нохчийн литературин белхан программа
5г1а класс
Х1оттийнарг:
нохчийн меттан, литературин хьехархо,
хьехаран корматаллин хьалхара т1ег1а.
Документан бух
Кхеторан кехат 5г1а классан литературина лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а, коьрта
юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо прдметан чулацам схьа а боьллу,
бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, литература 1аморан 1алашонца цхьаьна а
дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.
Документан д1ах1оттам
Литературин белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:
– кхеторан кехат;
– дешарантематикин план;
– дешархойн хаарийн т1ег1а;
– дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.
Дешаран предметан юкъара характеристика
Лаккхара ийман а долуш, эстетикин мах хадо а хууш, г1иллакхоьздангаллех массо а аг1ор адам
кхиорехь доккха маь1на ду исбаьхьаллин литература. Дешаран хьукматехь литература хьехар
кхочушдо искусствон дахарца з1е тасарца, кеп а, чулацам а вовшех буозарца, историна, ламасташца,
керла юкъадалорашна т1е а тийжаш,историнкультурин хаамех пайдаоьцуш, литературин теорин а,
историн а коьрта кхетамаш 1амош, исбаьхьаллин произведенеш талла а,церан мах хадо а хаарш луш,
литературин меттан исбаьхьаллин г1ирсаш караберзош а.
Дешаран хьукматехь литература хьехаран 1алашодешан искусство, классически а, кхечу
халкъийн а литературийн хьал довзийтар; литературан социокультурин цхьана декъах санна
кхетамбалар.Литература 1аморан бухисбаьхьаллин говзарш ешар а, 1амор; историнкультурин а
хиламийн а, дешан говзанчийн биографеш а йовзийтар.
Литературин говзарийн эстетикин мах хадо, царех кхета дешархой 1амор.
Дукха хенахь дуьйна исбаьхьаллин аг1ор дерриге халкъо классически аг1ор къобалйина, мехкан
а, дуьненан а литературин хазна хилла д1ах1иттина исбаьхьаллин говзарш 1аморехь бен кхочушъялур
яц литературин 1алашонаш. Цу т1е а доьг1на, школехь литература 1аморан 1алашо ю лаккхара
исбаьхьаллин кхачамболу, дахаран бакъдерг гойту, юкъара синмехаллаш йовзуьйтуш, адамашкахь
лекхара синъоьздангаллин синхаамаш кхуллуш йолу дуьненахь тоьлла йолу дешан культурин
исбаьхьаллин говзарш дешархошна йовзийтар.
9чу классехь нохчийн литература к1иранах 2 сохьтехь хьеха лерина ю программа.
Белхан программин чулацам
61 сахьт
Нохчийн халкъан барта кхолларалла
Нохчийн халкъан барта кхолларалла (1 сахьт).
Туьйранаш. Тамашийна олхазар (1 сахьт).
Кхо ваша (1 сахьт).
Барзо 1ахарца мохк къовсар (1 сахьт).
Кхо ваша а, саьрмак а. (1 сахьт). Доьшуш хилла к1ант (1 сахьт).
Кицанаш (1 сахьт).
Х1еталметалш (1 сахьт).
Нохчийн литература
Саидов Билал « Майра к1ант Сулима» (3сахьт).
Мусаев М .»Ц1ен маьхьси» (1сахьт).
Гацаев С. «Чкъоьрдиг»(1 сахьт).
Исмаилов А. «Бирдолаг», «Бух1анан дийцар», «Лоьман пачхьалкх», «Берзалойобаргаш»,
«Сацам», «Кура сай», «Толам»(2 сахьт).
Диологах а, манологах а лаьцна (1 сахьт).
Барта кхоллараллиний , литературиний юккъера уьйр(1 сахьт).
Бадуев С. «Зайнди». Чулацам бовзийтар. Зайндин васт (2 сахьт)
Литературан турпалхочух а, сюжетах а кхетам(1 сахьт).
Саракаев Хь. «Баьркан чкъуьйриг» (1 сахьт).
Ахматова Р. «Лийрбоцурш) (1 сахьт).
Дустарх лаьцна (1сахьт).
Мамакаев М. «Баппа» (1сахьт).
Пейзажах лаьцна (1 сахьт).
Сулаев М. (1сахьт).
Стихотворни къамелах а, строфах а лаьцна (1 сахьт).
Махмаев Ж. «Буьйсанна г1улчаш». Чулацам бовзийтар. Дийцар т1ехь 1алам гайтар (2сахьт).
Сулейманов А. «Борз ю уг1уш» (1 сахьт).
Хатуев 1.Хь. «Аьрзунан илли» (1 сахьт).
Эпитет (1 сахьт).
Кагерманов Д. «Доттаг1алла) ( 1 сахьт).
Арсанукаев Ш. « Баьпкан юьхк» ( 1сахьт).
Рашидов Ш. «Т1амна дуьхьал довла вай» (1сахьт).
Ахмадов 1. «Къонахалла» (2сахьт).
Амаев В.Хь. «Малх чубаре хьоьжура» (2сахьт).
Эдилов Х. «Ненан безам» (1сахьт).
Мамакаев М. «Садаьржаш» (1 сахьт).
Гадаев М. «Доттаг1ашка» (1сахьт).
Хасаев Хь. «Ц1окъ» (2сахьт).
Бексултанов М. «Цакхетта хестор» ( 2 сахьт).
5г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг
Литература 1амийначу дешархочунна хаа деза:
– нохчийн барта кхоллараллин коьрта тайпанаш, 1амийначу барта говзарийн чулацам а,
исбаьхьаллин башхаллаш а;
– барта кхоллараллиний, исбаьхьаллин литературиний юкъара къастамаш;
– нохчийн литература кхоллаяларан коьрта хьелаш;
– къоман барта кхоллараллин бухт1ехь, 1аьрбийн, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературех
пайда а оьцуш, нохчийн исбаьхьаллин литература кхиар; – Бадуев Саь1идан дахар а, кхоллараллин некъан коьрта муьраш, кхиболчу яздархойн дахарх
лаьцна коьртаниг;
– 1амийнчу исбаьхьаллин говзар т1ехь гайтинчу заманан коьрта билгалонаш, сюжетан,
д1ах1оттаман, вастийн башхаллаш;
– 1амийнчу исбаьхьаллин говзарийн коьртачу турпалхойн амалш а, юкъара маь1на а, жанрийн
къастамаш, нохчийн иллин, стихан башхаллаш;
– литературо дахар исбаьхьаллин суьртехь, васташца гайтар, литературин дахарца йолу з1е,
халкъан дахарехь исбаьхьаллин литературин маь1на.
Дешархошна 1емина хила деза:
– говзар т1ера исбаьхьаллин суьрташ шайн ойланехь юха схьах1итто;
– барта кхоллараллин а, йозанан литературин а говзар шен жанран, идейноисбаьхьаллин
башхаллашка хьаьжжина къасто;
– халкъан иллийн а, литературин говзарийн а проблемаш билгалъяха;
– иллин турпалхочун амалш билгалъяха, тайптайпанчу иллеш т1ерачу турпалхойн амалш вовшех
юстуш къасто;
– исбаьхьаллин говзар литературин муьлхачу тайпанан ю (эпически, лирически, драматически)
билгалдаккха;
– иллин чулацаман, сюжетан, д1ах1оттаман, суртх1отторан г1ирсийн, меттан башхаллаш къасто;
– исбаьхьаллин говзар маь1на билгалдаларехь турпалхочун меттиг а, автора цуьнан хадош болу
мах а билгалбаккха;
– исбаьхаллин говзарх а, цуьнан турпалхойх а шайна хетарг бух боллуш ч1аг1дан;
– 1амат т1ехь ялийначу литературоведчески дошамах пайдаэца;
– исбаьхьаллин говзар а, литературин юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян а тексташ тийса а
ца луш, шерра хозуьйтуш д1аеша;
– исбаьхьаллин говзар къастош еша;
– шаьш кхочушбечу бартан, йозанан белхан план х1отто;
– литературин хрестомати т1ерачу статьян план, конспектх 1отто;
– изложенеш язъян;
– барта а, йозанан а тайптайпанан сочиненеш кхолла (шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна а,
живопись суьртехь пайдаоьцуш а, литературин материал т1ехь язъеш ерш а), царна юкъахь классехь
1амийначу говзар т1ера турпалхочун амалш къастош а, шина турпалхочун амалш вовшах юстуш а
йолу сочиненеш;
– литературин хьокъехь йолчу статьян план а, тезисаш a х1отто.
Дешаранметодикин кхачаман ларам
Дешархошна:
Литература
Эдилов С.Э. «Нохчийн литература» 5чу классана хрестомати. 2 дакъа. Грозный « Книжное
Издательство» 2007шо.
Хьехархочунна: 1. Арсанукаев А. М., Эдилов С. Э., Арсанукаев А.Б. А. «Юккерчу школашна нохчийн
литературин программаш» 511чуй классаша. Грозный Издательство ООО фирма «Глобус» 2002
шо.
2. Джамалханов З. Д., Хамидова З. Х. «Юккъерчу школийн лакхарчу классашкахь ненан мотт а,
литература а хьехар» Грозный НохчГ1алг1айн книжни издательство 1972 шо.
3. Арсанукаев 1. М.. «Юккъерчу школехь лирически а, лироэпически а произведенеш 1амор»
Грозный НохчГ1алг1айн книжни издательство 1984 шо.
4. Чентиева М. Д. «Нохчийн литературин урокашкахь дешархойн къамел кхиор а, классал арахьа
цаьрца болх бар а» 58 классашкахь. Грозный «Книга»
1992 шо.
Ктп 5
Ктп 5
Ктп 5
Ктп 5
Ктп 5
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.