Льь
Оценка 4.9

Льь

Оценка 4.9
docx
02.09.2021
Льь
8кл.урокаш.docx

1-ра урок.

Урокан тема:НОХЧИЙН МОТТ ХАЛКЪИЙНМЕТТАНЕХ ЦХЬАЪ БУ.

Урокан 1алашонаш:8-чу классехь 1амо леринчу программах лаьцна боцца хаам  балар;  нохчийн мотт уггар сийлахь йоккха хазнахилар,стеган дахарехь цо 1аламат йоккха меттиг д1алоцуш хиларх  болу кхетам т1еч1аг1бар; ненан мотт хааро дуьненах болу кхетам кхиош хилар, цунах лаьцна долу хаарш шордар.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан кечам бар.Маршалла хаттар. Дешархой керлачу дешаран шарца декъалбар. 8-чу классехь нохчийн мотт 1амо  билгалдаьккхина 2 сахьт хилар д1ахаийтар.

II.Дешархой балхана юкъабалор.

1. Учебник йовзийтар. Хьехархочун дош.

8-чу классехь 1амош йолу материал ерриг а цхьалхечу предложенин синтаксисах лаьцна ю. Синтаксисехь 1амайо: предложени а, цуьнан тайпанаш а, меженаш а, дешнийн цхьаьнакхетарехь церан уьйр а.

2. Хьехархочун дош.

 «Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац.»

Муха кхета шу оцу дешнех?/Х1ораммо шена хетарг олу/

 Нохчийн мотт дагестано-нахски тобанехь болуш иберийско-кавказски доьзалехь мотт бу.Нахскиметтанийн тобанехь кхо мотт бу: нохчийн, г1алг1айн, бацойн. Бацой Гуьржехахь Ахметовски к1оштахь бехаш бу. Нохчийн маттаца ду вайн къоман дахаран иэс, г1иллакх-оьздангалла. Нохчийн мотт безаш, лоруш, цуьнан сий деш болчарна хаа, меттан сий дайича, къоман сий дов.Къоман сий дайича, мехкан сий дов.Цул т1аьхьа х1ун 1ер-вахар ду?  Мотт-халкъан  хазна ю.  Цул ницкъ болуш дуьненчохь х1умма а дац. Цо т1ом бойту, машар бо. Дог хьосту, делхадо. Юьхь1аьржа х1оттаво я  юьхьк1айча. Синхьийзаме дог синтеме даладо.   Ч1ог1а ладаме лелийна нохчаша маттаца йолу юкъаметтиг, уьйр. Ша буьйцучо говза,исбаьхьа а буьйцуш. Иза дика го, дика къаьста вайн къоман барта кхоллараллехь. Дахарехь хьан нислушдерг, раздолушдерг маттаца доьзна ду. И бийца ца хааро талхадо дукхах долу х1ума. Дош ала хааре терра бен, хир бац дешан аьтто.  Матто шалхенаш ца лов.  Чулацам болуш, хьекъалца к1орге йолуш динчу къамело шен оьзда некъ бо. Дала цуьнан аьтто а бо. Шен ненан мотт цахуург гена ву шен халкъана а, цуьнца хуьлуш долчу хиламашна а. Ненан мотт хааро дуьненах болу кхетам кхио а, цунах лаьцна долу хаарш шордан а таро хуьлуьйту. Тахана ненан и ховха мотт хьакъдолчу т1ег1анна т1е баккхар коьрта декхар ду  х1оранна.

3. Учебникца болх бар. Барта кхочушдо 2-г1а шардар/ешар, йийцаре йиллар/

4. Дешнийн болх.  Дозалла до, хастам бо, жовх1арийн х1онс, байлахь висар, шовкъ хилар, кхерчан да, маьттаза вахар, деган мерз.

-барта  дешнийн маь1на а достуш, х1иттайо предложенеш.

III. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Т1едиллар:маттах лаьцна аьлларг  д1аяздар, дийцаре диллар.

З.Джамалханов.«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт к1орггера дика хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисъян а, х1уманах бакъонца кхета а, литературни меттан норманаш дика йовза а, меттан 1илманан законех кхоччуш кхеташ хила а веза. Къамелан оьздангалла мотт нийсий, хазий, оьздий бийца хаарх йозу.»

П.К.Услар. «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепаракхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу.»

Л.Н.Толстой.«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь»

IV. Жам1 дар. Матто х1ун до?Стенна оьшу и?

Ц1ахь бан болх балар.1. Дагахь 1амадо 2-г1а шардар. 2. Кхочушдо З-г1а шардар.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

2-г1а урок.

Урокан тема:5-7-чуклассашкахь 1амийнарг карладаккхар.

Урокан 1алашонаш: 5-7-чу классашкахь делла долу хаарш меттах1иттор; оцу хаарийн хазна

                                         шоръяр,  й элпан маь1наш  а,  цуьнан нийсаздаран бакъонаш а карлаяхар;

                                         1амийначух пайдаэца 1амор.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан кечам бар.  Маршалла хаттар. Дешархой урокана кийчахилар таллар.

II.Дешархой балхана юкъабалор:

                  Хьехорх па…да бу…,

                  Хьо хууш ца хилча.

                  Хьо би…ца хуур ду…,

                  Хьо безаш ца хилча. /Б. Саидов./

Т1едиллар:т1адамийн метта  й  элп  яздеш, карлайоху  бакъонаш.

III.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дагахь 1амийна долу 2-г1а шардар схьадуьйцу. 2.З-чу шардарна таллам бо.

-Маттах х1ун до? Стенан бух бу ненан мотт?

-Нохчийн маттах ненан мотт х1унда олу?

-Ненан маттаца долу гергарло муха хила деза?

IV.1амийнарг карладаккхар.

1. Дешнийн болх.Вешин йо1,  йиша йоьлу, бакъо схьайийцира, ялта чудерзина, стоьла  т1ейиллира, ехха   

1ийра, юьхь юьлу,  шортта яьхна, ц1ен коч, рег1анбасе, бан беза болх, ц1ачу елира.

Т1едиллар.1. Дешнийн нийсаяздар бакъонца ч1аг1до.

2. Дешнийн цхьаьнакхетаршца  предложенеш х1иттайо.

3. Таблица 1амайо.

Й элп яздоо, оь, и, ий мукъачу аьзнашна хьалха

хезаш хилахь.

а, аь, у, уь, э бохучу мукъачу аьзнашна хьалха  хезаш  хилахь а, йца яздо, церан меттана   я, яь, ю, юь, е яздо.

 

Йол, йовлакх, йоьхь, йоькаш, йиш, йист, йийсар,

йийбар.

Ца яздо:  йалта, йаьлла,  йург1а,  йуьртахо, йэз.

Яздо: ялта,яьлла, юрг1а, юьртахь, ез (медь).

V. Учебникца болх бар.

1.Бакъонаш еша а йоьшуш, йийцаре йо.

2.Кхочушдо 5-г1а шардар. /Дешархой тобанашка а тухуш,   болх бойту. /

1тоба-схьаязйо 3 предложени, царна синтаксически таллам бо, дешан чаккхенга  н маца яздо дуьйцу;

2тоба-схьаязйо 3 предложени,  билгалдоху къамелан дакъош, дешхьалхенан а, дешт1аьхьенан а нийсаязъяран бакъонах лаьцна дуьйцу; 

3тоба-схьаязйо 2 предложени, морфологически таллам бо деган, дийнахь, Берд -бохучу дешнаш-на,й элпан нийсаяздаран бакъонах лаьцна дийца.

VI. Уьн т1ехь болх байтар.

Юург-дег1ан кхача, наб-синан кхача. Юьртана а дерг –ловзар. Яхь ерг цкъа ле, яхь йоцург-шозза.

Т1едиллар: нийсаяздар бакъонца ч1аг1до, кицанийн к1орггера маь1на а довзуьйтуш, хаарш шордо 

VII.Жам1 дар.

Дешархойн хаарийн таллам бар. /Цхьана дешархочо хаттар х1оттадо, ткъа шолг1ачо жоп ло. И жоп нийса ду я дац олуш, кхоалг1ачо мах хадабо./

 -Муьлхачу мукъачу аьзнашна хьалха яздо й?

-Муьлхачу мукъачу аьзнашна хьалха, хезаш хилахь,  ца яздо й?Церан метта муьлха элпаш яздо?

-Дешт1аьхьенаш а, дешхьалхенаш а нийсаязъяр муха ду?

-Дешан чаккхенга н яздаран х1ун маь1на ду?

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1.Кхочушдо 4 шардар./дешнаш юкъа а лоцуш, ялае  5-6 предложени, царна синтаксически таллам бе;   вог1у, юьртахь,  во1 бохучу дешнашна  морфологически талламаш  бе /

2.Схьалаха дошам т1ехь орфографи боху дош нохчийн маттахь х1ун бохург ду?

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

3-г1а урок.

Урокан тема:Орфографи.

Урокан 1алашонаш: орфографина  юкъадог1учу  дакъойх пайдаэца 1амор; хаарш шордан б1е-

г1ийла  хьелаш кхоллар: г1алатех ларвар, кхоллараллин ойла к1аргъяр.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.  Маршалла хаттар. 

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Дош  нийса ала хааре терра бен, хир бац дешан аьтто. Чулацам болуш, хьекъалца к1орге йолуш динчу къамело шен оьзда некъ бо. Дала цуьнан аьтто а бо.Стеган хьекъале хьаьжжина хир ю меттан говзалла. Дош нийсаалар-кхетам хилар  ду.И кхетам хилийта  х1ун дан деза?

III.Ц1ахь бина болх таллар.

1. «Орфографи»  нохчийн маттахь х1ун бохург ду?/жоп: иза грекийн дош ду, нохчийн маттахь иза нийсаяздар ду.

2. Д1адоьшу4-г1а шардар, дуьйцу, муьлхачу мукъачу аьзнашна хьалха яздо й элп, ткъа муьлхачу мукъачу аьзнашна хьалха ца яздо йэлп;  д1айоьшу х1иттина йолу предложенеш , меженаш билгал а йохуш, уьна т1ехь 3 дешархочуьнга вог1у, юьртахь,  во1 бохучу дешнашна  морфологически талламаш  бойту./

IV.Керла тема йовзийтар./Слайдаш/

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


1.Таблица йийцаре яр./таблицех пайда а оьцуш, масалш далош, орфографин  дакъойх лаьцна дуьйцу/

2.Уьна  т1ехь болх бар.

Г1ийла хьоькхучу мохо меллаша дегадора г1а-патарш.Тулг1ешца мохь бетташ, доьдура  Орга.Селитин шуьйра диллина б1аьргаш цеце т1едог1аделира цунна.Набаро даздина Нурсединб1аьрга-нег1арш меллаша ваьштадахара. Диттана т1е велира1ела.

-нийсаяздар бакъонца ч1аг1до.

V. 1. Кхочушдо 8 шардар.   /Дешархой   тобанашка  а тухуш,   болх бойту. /        

1тоба-схьаязйо  дийцаран   предложенеш, царна синтаксически таллам бо. 

2тоба-схьаязйо хаттаран    предложенеш,  билгалдоху къамелан дакъош.

3тоба-схьаязйо айдаран  предложенеш, царна синтаксически таллам бо. 

4тоба-схьаязйо т1едожоран   предложенеш,билгалдоху къамелан дакъош.

2. Барта кхочушдо  9 шардар./2абзац/

 

3. Т1едиллар: т1адамийн метта    предложенеш ялайо. Предложенийн тайпанаш билгал а дохуш, синтаксически таллам  бо.

-------------------    .                   ……………………    ?

------------------     !                   ……………………  .  я   !

VI. Жам1 дар.

Орфографи хааро  мотт хазбо, хьалдолуш бо, нийса бийца  хьелаш кхуллу. /дийцаре диллар/

-нохчийн   орфографин маса дакъа ду? Х1ораммо х1ун 1амадо?Масалш?

-аларан 1алашоне хьаьжжина предложенеш   муха хуьлу? Масалш?

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1.1-ра§,  9-г1а шардар; 2.8-чу аг1о т1ера   хаттаршна барта  жоьпаш кечдар.  

Рефлекси: шаьш бинчу белхана мах хадор.

 

4-г1а урок.

Урокан тема:Дешнийн цхьаьнакхетарш а, церан тайпанаш а.

Урокан 1алашонаш: дешнийн цхьаьнакхетарех лаьцна долу хаарш  юхаметтах1иттор; предложе- 

                                        нешкахь дешнийн цхьаьнакхетарш схьакъасто  а, церан тайпанаш билгалдан

а 1амор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.  Маршалла хаттар. 

II. Дешархой балхана юкъабалор: Х1етал-метал хаийла шуна:меттан законийн 1илма и ду, йозанехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш  цо1амайо,  дешнийн цхьаьнакхетаршца а, предложенешца а цуьнан бала бу, къамелан дакъошна а цо терго йо, шина декъах лаьтташ и ду? /жоп: грамматика./

ц1ерд.      масд.    ханд.      билг.     ц1ерд.

Х1ума   хааро   айадо   стеган   сий.

Х1умахаароайадостегансий. ЦП, дийцаран, яьржина.

-Х1ун ши дакъа ду и шиъ? /жоп: морфологи, синтаксис/

III.Ц1ахь бина болх таллар.

1.9-г1а шардар.2. 8-чу аг1о т1ерачу   хаттаршна жоьпаш далар.

IV.Керла тема йовзийтар.

1. Дешнийн болх. Логах тоххал, логах хьарчира, маттана шераоьзда мотт, куьйгаш а ластийна,  ведар а ластийна, дог дилли, дог лозу, б1аьргаш а къарзийна,  1аьржа б1аьргаш,   п1енда кагбина,  п1енда сатталц, чу са диллина.

Т1едахкарш:

-билгалдаьхна  долу    дешнийн цхьаьнакхетарш  юкъа а далош, предложенеш х1иттайо;

-предложенешна синтаксически таллам бо;

 -схьаяздо дешнийн цхьаьнакхетарш. /Дешнийн цхьаьнакхетарш  билгалдохуьйту коьртачу даша т1ера дозуш долчуьнга хаттар х1оттадайтарца. Парг1атчу а, ч1аг1деллачу адешнийн цхьаьнакхе-таршна  юккъехьйолчу башхона т1е тидам бохуьйту./

-Подлежащиной, сказуеминой дешнийн цхьаьнакхетар  кхуллий? Х1унда?

2.   2-г1а §еша а ешна,  йийцаре яр.

 

 

 

 


3.Кхочушдо 11-г1а шардар..

V.Шайга болх  байтар .

 

 Биъ ког г1ортийна … .Цьа йист яккха… . Шина даггахь … . Шалха хабар … .Цкъа кхаллал… .

Т1едиллар:   1. предложенеш т1еюзу. 2.Билгалдоху дешнийн цхьаьнакхетарш.

VI.Кхоллараллин болх.Суьртех пайда а оьцуш,  сочинени-миниатюр язйо.

 

 

 Г1оьнна:   аьхкенан тов, дог1анан марха(грозовая туча),йочане денош, 1аьржа бода, дуькъа дохк, 1уьйренан  тхи, дато йис,   дог1а къевсира(хлынул дождь),  олхазарийн дахар,  йистйоцу стигал, декхна де, тийна 1алам, г1арг1улин жут (стая журавлей).

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Т1едиллар. Дешнех дешнийн парг1ат а, ч1аг1делла а  цхьаьнакхетарш кхолла.

 корта       бетта             когтоьхчакуйбила            хи          лаккъал

                       жимаберийн                                      месала                      шийла

VII. Жам1 дар.

- Предложенино кхочушхилла ойла гойту, ткъа дешнийн цхьаьнакхетарша?-Дешнийн цхьаьнакхетарш  муха хуьлу? Масалш даладо.Башхаллаш билгалйоху.

VIII. Ц1ахь бан болх балар. 2§,  12 шардар.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

 

5-г1а урок.

Урокан тема:Предложенехь дешнийн уьйр.

Урокан 1алашонаш:Дешнийн уьйраш билгалъян 1амор; дешнийн цхьаьнакхетаршкахькоьрта 

дош  билгалдаккха таро хуьлуьйту аг1онаш къастор.

 

Урок д1аяхьар.

Урокан кечам бар.  Маршалла хаттар.

 

Слайд.

1илма синкхача бу.

1илманан корта-хьекъал,

хьекъалан корта-собар,

собаран корта-ойла. 

Ойла а йина, беш болчу балхо юьхьк1айча х1оттаво.

Дала юьхь1аьржонах лардойла вай!

 

 

 

 

II. Дешархой балхана юкъабалор:

                        Слайд.

…Цу малхах 1амалаш диканиг кхолла,

Адамашна латийна кхерч д1а ма байа,

Марзонца кхиаеш комаьрша ойла,

Г1уллакхца, г1иллакхца мехкан сий айа!  /1.Юсупов./

 

 

 

Тидам т1ебохуьйту: цхьатерра бакъонаш шегахь йолчудешнийн цхьаьнакхетаршна а, цхьа дош коьрта, важа дош дозуш долчарна а./Проблемни хьал х1оттор. Къастам  лаха хаар/

 

III.Ц1ахь бина болх таллар.

1. Дешниийн цхьаьнакхетарш муха хуьлу? Масалш.

2.12-чу  шардарна таллам бо:  17-18-ий предложенеш йийцаре йохку.

 

IV.Керла тема йовзийтар.

Хьехархочун дош.

 

 

Слайд.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


1. 3§еша а ешна,  йийцаре яр.        Слайд.

 

 

 

 

 

 

 

 


2. Кхочушдойту 15шардар./Коьчалан коьрта маь1на хилар гойтуш болх бо/

3.Кхочушдо 16 шардар./Тобанашкаа тухуш, 1алашоне кхачаран хьесапаш а х1иттадеш, болх бойту/

 

V.Шайга болх  байтар.

1.Керла хиънарг т1еэцар. /Ловзар. «Сиха мила волу»/

 

 

 

                         Классни у    хьалххе д1аяздо.

Лераме стаг, деца 1ийра, чехка вахара, стохкалера шо, гуьйренан де, меллаша дуьйцура, юьртара к1ант, ц1еххьана сецира, нене хьаьжира, дилха дог,  собаре адам, совг1атана елира, готта чоь.

Т1едиллар:  Карарчу уьйран кепаш къасто хаар.

 

2. Морфологически таллам  байтар.

/1амийнарг карладаккхар. 3-дешархочуьнга уьн т1ехь болх бойту./

Нене-…,  стохкалера-…,  хьаьжира… .

 

VI. Жам1 дар.

-Предложенехь  дешнийн уьйр муха къастайо?

-Предложенехь шайн цхьаьнакхетарехь дешнаш муха нисло? Масалш.

-Предложенехь дешнийн х1ун уьйраш билгалйолу?Масалш.

-Карара уьйр маса кепара ю? Масалш.

 

VII. Ц1ахь бан болх балар

   3§,  17 шардар.

Рефлекси:х1ора дешархочо а, массара цхьаьна а шаьш бинчу белхан мах хадор.

 

 

 

8 класс. 16.10.17г.

Урокан тема:Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи.

Урокан 1алашонаш:подлежащих, сказуемих лаьцна долу хаарийн жам1 а дина, и хаарш шор-

                                      дар; предложени чохь коьрта меженаш лаха а, церан билгалонаш къасто а

1амор.

Урок д1аяхьар.

 

I.                    Урокан кечам бар.  Маршалла хаттар.

 

II.                  Дешархой балхана юкъабалор:

 

Кица.

Коьрто болх ца бича, когаш къахьоьгу, олу. (Оцу кицанан маь1на досту)

 

Корта стеган муьлха меже ю? /жоп: коьрта меже ю/.

 

Ткъа предложенин  юй коьрта меже? /жоп: шиъ ю: подлежащи, сказуеми/

 

III.Ц1ахь бина болх таллар.

 

 

 

Кхочушдина долу17-г1а шардар дийцаре диллар./билгалйоху уьйраш./

 

 

Хаарш зер.

 

 

Гуйренан де(бартбар), сиха велира(урхалла), вешига дийцира(т1етовжар), сийна стигал(урхалла), генара хьаша(урхалла), 1аьржа буьйса(т1етовжар), тийна лаьттара(бартбар), тийна стаг(урхалла).

- нисдо г1алаташ.

-билгалдаьккхинчу дешнийн цхьаьнакхетарца предложени ялайо.

 

Уьн т1ехь болх бар.

ц1.д.                   

.Гуьйренан деношшийладаьхки.

 

Т1едиллар: коьрта меженаш билгалйохуьйту.

 

-Подлежащиной, сказуеминой дешнийн цхьаьнакхетар  кхуллий? Х1унда?

 

/жоп: предложенин коьрта меженаша-предложенин коьрта маь1на гойту./

 

IV.Керла тема йовзийтар. /Слайдаш/

 

1.Хьехархочун дош.

 

Подлежащи хилар

                                                Масалш.

Ц1ердош

Зурманах декара шовда. /ц1.д.-грамматически подлежащи/

Нанна шен бер хьоме хета. ./Л.д.- логически подлежащи/

Б1аьстенан малхо йовхо к1еззиг ло./Др.д.- логически подлежащи/

Дегаболх дика балора. /М.д.- логически подлежащи/

Ненанч1ог1а сагатлора шен цхьаъ бен воцчу к1антана.

/Дл.д.-логически подлежащи/

Кхечу къамелан дакъойх

хила а тарло, ц1ердешан маь1нехь уьш хилахь

1. Ц1ерметдашах

Цо сиха жоп лора.

2. Лаамече билгалдашах

 

Жимачо некъ битира.

3. Лаамечу причастех

Веънарг къамел дийца х1оьттира.

4. Масдарх

Вахар-оьзда, валар-ийманехь.

5. Хандешан билгалзачу

   кепах

Х1усамехь даа-мала шорта дара.

6. Айдардашах

Генара схьадеара «х1ей».

7. лаамечу масаллин а, ро-г1аллин а терахьдешнех

Шиъ гучувелира, кхозлаг1ниг лечкъира.

 Цхьана мехаллица, цхьа

маь1на долуш, цхьаьнакхеттачу дешнех х1оттаман подлеж.  хуьлу

 

                                   Шозза диъ, барх1 ду.

2. 4-5§§еша а ешна,  йийцаре яр.

3. Кхочушдо19-г1а шардар./1алашо: керла хиънарг т1е муха оьцу хьажар/

 

Т1едиллар:еша а йоьшуш, х1ора предложенина  таллам бо

V.Шайга болх  байтар .

1. Кхочушдо20-г1а шардар./Тобанашца болх бар./

2. Барта кхочушдо 23 шардар

VII. Жам1 дар.

Тесташ.

 -Предложенин коьрта меже маса ю?

1. кхоъ 3. цхьаъ

2. шиъ    4.цхьаъ.

 

 - Подлежащи  маса кепара хуьлу?

1. шина  кепара      3.  деа кепара

2. кхаа кепара        4.  цхьаьна кепара

 

  -Подлежащи стенах олу?

1. предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах …    олу.

2. предложенехь подлежащих лаьцна дуьйцуш а, цуьнан дар я хилар гойтуш а йолчу коьртачу меженах… олу.

3. ц1ерниг дожарехь а лаьтташ, дар я хилар шена т1едоьрзучу предложенин меженах…олу

 

 -Сказуеми стенах олу?

1. предложенехь подлежащих лаьцна дуьйцуш а, цуьнан дар я хилар гойтуш а йолчу коьртачу меженах… олу.

 

2. ц1ерниг дожарехь а лаьтташ, дар я хилар шена т1едоьрзучу предложенин меженах…олу.

3. предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах …    олу.

 

 -Подлежащи муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу?

1. куцдашах, лаамазчу билгалдашах, лаамазчу причастих,  деерпичастих.

2.ц1ердашах,лаамечу билгалдашах, лаамечу причастих,  ц1ерметдашах, масдарх, лаамечу масаллин а, рог1аллин а терахьдешнех.

 

VIII. Ц1ахь бан болх балар

1.4,5§§,   2. 22, 24 шардарш.

 

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

 

7-г1а урок.  8 класс 23.10.17шо.

                               

Урокан тема:Хандешан цхьалхе сказуеми.

 

Урокан 1алашонаш:сказуемих а, цуьнан билгалонех а лаьцна долу хаарш шордар; хандешан

                                     цхьалхе сказуемихкхетам балар; предложени чохь цхьалхе сказуеми къас-

то 1амор;дешнийн  нийсаяздаран болх кхетамца, к1орггера караберзор.

Урок д1аяхьар.

 

Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

 

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Къонахчун мах хадо                            Дин, г1иллакх, яхь ларъян

Тайпанан, къоман дош ….(оьшу),Доьналла, собар …(оьшу),

Ненан мотт бицбинчоДег1 даккха, стамвала

Шен ненан лараш … (хьоьшу).Тоьуш ду доьттина доьша ./Хь.Талхадов./

Т1едахкарш:

 

-Нийсаяздар бакъонца ч1аг1до.

-Муьлха меже т1е ца тоьу?

 

III.Ц1ахь бина болх таллар.

 

22 шардар. /рогг1ана д1айоьшу предложенеш, далийна подлежащи билгал а деш/

 

-Подлежащи стенах олу?

-Подлежащи маса кепара ю?

-Х1оттаман подлежащи муха хуьлу?

-Муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу подлежащи?

 

2.24 шардар/ ялиийна предложенеш д1а а йоьшуш, коьрта меженаш билгалйоху/

 

- Муьлхачу    саттамехь   долчу хандашах  хилла и сказуеми?

-Кхин х1ун саттамаш бу хандешан? /бехкаман, лааран, т1едожоран/

 

IV.Керла тема йовзийтар. /Предложенеш д1а а язъеш, таллам бойту./

 

1.Де суьйренгахьа лестира./билгала саттам/

Стаг вовза лаахь, цуьнан уьйрашка хьажа. /т1едожоран саттам/

Зараа туьйрадийцахьараберашна./лаарансаттам/

Сихлахь, дерриге а дицдийр ду ахь./т1едожоран саттамаш/

 

Жам1 дар:1. Дукхахьолахь сказуеми хандашах хуьлу.

                   2. Муьлххачу а саттаман хандашах хиллачу сказуемих цхьалхе сказуеми олу.

 

2. Кхочушдо26-г1а шардар./еша а йоьшуш, х1ора предложенина  таллам бо/1алашо: керла хиънарг т1е муха оьцу хьажар/

 

V.Шайга болх  байтар .

Кхочушдо 25шардар./тобанашца болх бо, х1ор тобано шишша предложени т1ехь болх бо/

 

VI. 1амийнарг карладаккхар. 1.Дешнийн болх. /Антонимаш хааро хаарш, ойлаяр а кхин  а кхиадо/

 Ачо(ненависть)-безам,

тешам-шеко,

т1аплаам(плоскогорье)-атаг1и(низина),

чорда(грубый)-к1еда,

ялсамани-жоьжахати,

сирла-1аьржа,

 ирс-дакъазалла(несчастье).

 

Т1едиллар: шайга антонимаш ялайойту.

 

2. Синтаксически таллам бойту.

Ирсбарт болчудоьду. ЦП, дийцаран, яьржина.

 

VII. Жам1 дар.

-Сказуеми стенах олу?

-Дукхахьолахь сказуеми муьлхачу къамелан декъах хуьлу?

-Муьлхачу сказуемих олу хандешан цхьалхе сказуеми?

 

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 6§,  2. 27,28 шардарш.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

 

8-г1а урок. 

Урокан тема:Ц1еран  х1оттаман сказуеми.

Урокан 1алашонаш:    ц1еран х1оттаман сказуемихкхетам балар; хандешан цхьалхе сказуе-

                                        мий, ц1еран х1оттаман  сказуемийкъасто 1амор;дешнийн ц1еналла,

                                        исбаьхьалла лерсине д1акхачо  некъ лахар. 

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Г1иллакхстеган амалехь маьлханнур ду.

-предложени йийцаре юьллу

-коьрта меженаш билгалйоху.

III.Ц1ахь бина болх таллар

1.Кхочушдина долу 27 шардар дийцаре диллар.

2.28шардар /хьалха д1айоьшу билгалчу саттаман хандешнах хилла цхьалхе сказуеми юккъехь йолу предложенеш; шолг1а-бехкаман, кхозлаг1а-лааран/

IV.Керла тема йовзийтар.

1.Схьалохукоьрта меженаш. Билгалдоху къамелан дакъош.

Муса хьехархо ву. /сказуеми:ц1еран дакъац1ердош+г1оьнан хандош/

Арахь хаза дара.     /сказуеми:ц1еран дакъабилгалдош+г1оьнан хандош/

Шозза шиъ диъ ду./сказуеми:ц1еран дакъатерахьдош+г1оьнан хандош/

 

И лор дешна ву. /сказуеми:ц1еран дакъапричасти+г1оьнан хандош/

Пет1амат 1амош ю. /сказуеми:ц1еран дакъадеепричасти+г1оьнан хандош/

Жам1 дар

-Сказуемин  ц1еран декъо  сказуемин коьрта маь1на билгалдо, ткъа хоттамо г1оьналлин маь1на ло. -Ц1еран х1оттаман сказуемехь ц1еран декъаца лелачу г1оьнан хандашах хоттам олу.

-Ц1еран х1оттаман сказуемин дакъа тайп-тайпанчу къамелан дакъойх хуьлу.

2.7§еша а ешна, йийцаре йиллар.

3. Кхочушдо 29-г1а шардар./еша а йоьшуш, х1ора предложенина  таллам бо/1алашо: керла хиънарг т1е муха оьцу хьажар/

V.Шайга болх  байтар .

Кхочушдо  30 шардар./тобанашца болх бо, х1ор тобано шишша предложени т1ехь болх бо/

VI. 1амийнарг карладаккхар. 1.Дешнийн болх. /Синонимаша 1аламат доккха г1о до мотт кхиарехь. Гергара маь1на долу дукха дешнаш хааро дешнийн хазна алсамйоккху./

Амат, сибат, битам, васт-(образ, облик), н1аьна-борг1ал,    доттаг1-накъост, шовда-хьоста,

 баьчча-тхьамда,корта;дин-гила,говр; к1ант-во1; къега-лепа, сиха-чехка, маса;  муц1ар-ц1умар.

2. Билгалдаьхна долу дешнаш юкъа а лоцуш, барта    предложенеш ялайо.

 3. Хаарш зер.

Арахь  йовхаяра.Кхоккха шиъ  исс ду.  Гурахь 1уьйренаш  шийла хуьлу. Сан йиша хьалхарчу классехь доьшуш ю.

-Нисде г1алаташ.

VII. Жам1 дар.

-Сказуеми стенах олу?

-Дукхахьолахь сказуеми муьлхачу къамелан декъах хуьлу?

-Муьлхачу сказуемих олу хандешан цхьалхе сказуеми?

-Муьлхачу сказуемих олу ц1еран х1оттаман сказуеми?

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

7§,  31, 32шардарш.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

             8 класс.  7.11. 17 шо.

Урокан тема:Подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь

                           тире.

Урокан 1алашонаш:  предложенин г1амматически бухкъасто 1амор; сацаран хьаьркаш дахкаранбакъо, къаьсттина подлежащиний, ц1ердашах хиллачу ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь тире  йилларан бакъо к1аргъяр; дешнийн хазалла, аьхналласинхаамашка д1акхачо  некъ лахар.

 

Урок д1аяхьар.

 

Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

 

Дешархой балхана юкъабалор:

 

Дешар-серло, цадешар-бода.

-билгалбоккху грамматически бух.

 

- тире йилларан бахьана дийцаре дуьллу.

 

III.Ц1ахь бина болх таллар

 

 -Кхочушдина долу 31, 32 шардарш дийцаре дахкар.

 

IV.Керла тема йовзийтар.

 

1./Х1ун башхалла ю? Маца юьллу подл., сказ юккъе тире?/

Дешар-серло, цадешар-бода.  //Дешарсерло ю,цадешарбода бу.

Дика дешар-иза вайн коьрта декхар ду.

Жам1 дар:

- хоттам боцуш алахь, тире юьллу, хоттам хилахь, тире ца юьллу;

-подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь иза боху ц1ерметдош хилахь, тире юьллу.

 

2.еша а йоьшуш, йийцаре юьллу.

 

3. Кхочушдо 33 шардар./еша а йоьшуш, х1ора предложенина  таллам бо

/1алашо: керла хиънарг т1е муха оьцу хьажар/

 

V.Шайга болх  байтар .

Кхочушдо  34 шардар./тобанашца болх бо, х1ор тобано шишша предложени т1ехь болх бо/

 

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1.Х1ора дошбацаларчу тхинан т1адам бу.

2.Цунна чохь лепазезагийн г1а-бецан басарш маьлхан з1аьнаршстигланийн сийналла ц1еналла… .

3.Муьлха а дошхазахетароя халахетарокхоьллина б1аьрхин т1адам бу.

4. Цунна чохь еттало синхааман дегалазаман дегайовхонан тулг1енаш…

5.Х1ора дошх1орда бухахь хьалакхиъна жовх1ар ду… .»   / А.Исмаилов./

Т1едахкарш.

1. Бакъонца ч1аг1 а деш,  оьшучохь  сацаран хьаьркаш дахка.

2.1-чу предложенина синтаксически таллам бо.

3. Схьаязйо  ц1еран х1оттаман сказуемеш.

4.Муьлха къамелан дакъош ду билгалдаьхна долу дешнаш?

5.4-чу предложенера схьаязде чолхе дешнаш.

 

VII. Жам1 дар.

-ц1еран х1оттаман сказуеми мухачух олу?

-ц1еран х1оттаман сказуеми ц1еран дакъа стенах хуьлу?

-подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъе тире маца юьллу?

-подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъе тире маца ца юьллу?

 

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1.8§   2. 28  шардар.3.Морологически таллам бе 3-чу предложенина.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

8 класс. 18.11.17шо.     

 

Урокан тема:Хандешан х1оттаман сказуеми.

 

Урокан 1алашонаш: хандешан х1оттаман сказуемихкхетам балар; хандешан цхьалхе сказуе-

мий, хандешан х1оттаман  сказуемийкъасто 1амор.

 

Урок д1аяхьар.

 

Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

 

Дешархой балхана юкъабалор

 

Слайд

Урх ийзош, екош гаьллаш,

Буьйса шен дин сецош ю.

Стиглара чукхийдаш, лаьмнаш

Хьаннашна барт бохуш ду…/Ш.Окуев/

 

- схьалаха сказуемеш?Кхин муьлха сказуемеш хуьлухаа лаьий шуна?

 

III.Ц1ахь бина болх таллар

Кхочушдина долу 28 шардар дийцаре диллар.

IV.Керла тема йовзийтар.

 

1.Синтаксически таллам бо. Билгалдоху къамелан дакъош.

Жимаберделхаозийра.

-предложени йийцаре юьллу. Маса дашах лаьтта сказуеми? И дешнаш муьлха къамелан дакъош ду?

- хандешанх1оттаман сказуеми  коьрта дакъа билгалза кеп(инфинитив)+г1оьналлин дакъа хандош.

2.   9§еша а йоьшуш, йийцаре юьллу.

 

3. Кхочушдо 37-г1а шардар./еша а йоьшуш, х1ора предложенина  таллам бо/1алашо: керла хиънарг т1е муха оьцу хьажар/

 

V.Шайга болх  байтар .

 

Кхочушдо 38 шардар./тобанашца болх бо, х1ор тобано шишша предложени т1ехь болх бо/

 

VI. Кхоллараллин болх. /Хаттарийн  планаца дийцар х1оттор.Ц1е тиллар./

 

1.Суьрта т1ехь гойтургшеран муьлха  мур бу?

Муьлха беснаш деза гуьйренна?

2.1аламехь х1ун хийцамаш хуьлу?

3.Муха 1оьхку лаьттахьг1аш?            

4.Гурахь диттийн самукъадолий? Х1унда?

5.Муьлха олхазарш  доьлху бовхачу махка?/алкханч, зарзар, г1ург1езаш, г1арг1улеш, н1аьвла…

6. Гуьйренца х1ун ойланаш кхоллало?

 

VII. Жам1 дар.

-Сказуемийн тайпанаш? Башхаллаш?

 

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1.9§,  39 шардар. 2.«Гуьйренан аматаш» ц1е йолу сочинени язъяр.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

11-г1а  урок.

Къамел кхиор. Сочинени. «Токхе гуьйре.»

Урокан 1алашонаш: дозуш долу къамел кхиор; дешнийн хазна шоръян хьелаш лахар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

«..Диттийн дерзина и дог1маш

    Сетта коьртах детташ «ов».

    Церан байлахь техка генаш

    Доьлху дерзе хьедаеш дов…» /Ш.Окуев./

III.Хаттарийн  планаца дийцар х1оттор.

Осень

 

1. Суьрта т1ехь гойтург  шеран муьлха  мур бу?Муьлха беснаш деза гуьйренна?

2. 1аламехь х1ун хийцамаш хуьлу?/денош дацло, буьйсанаш яхло, кест-кеста дог1анаш оьху,ол-хазарш бовхачу махка  д1адоьлху/алкханч, зарзар, г1ург1езаш, г1арг1улеш, н1аьвла…/, малхо йовхо ца ло, беца т1ехь йис 1уьлу… .

3. Муха 1оьхку лаьттахь г1аш?     

4. Гурахь диттийн самукъадолий? Х1унда?

5. Гуьйренца х1ун ойланаш кхоллало?

 

 

12-13г1ий  урокаш.

Урокан тема:Предложенин коьртаза меженаш. Кхачам.

Урокан 1алашонаш:  коьртазчу меженех лаьцна долу хаарш к1аргдар; предложени чохь

                                       кхачамаш лаха а,   нийса кхачам  лач кхачамах къасто  а   1амор;

дозуш долу къамел кхиор; дешнийн хазна шоръян хьелаш лахар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

Хаарш и мерза стом бу, стом дитта т1ехь кхуьу, ткъа и дитт кхиадар хьенан  карахь ду?

II. Дешархой балхана юкъабалор:

 

Зарезервировано: Меженаш хуьлу:
 

 


                                          1.                                                                                         2.

 

 

 

 

 

 


Т1едиллар. Вовшашка хаттарш  а  луш, юзу таблица.

/Нийса хаттар деллачунна, нийса жоп деллачунна санна оценка юьллу./

III.Керла тема йовзийтар.  Кхин муха хуьлу предложенин меженаш?/Коьртаза/

1. Синтаксически талламаш бо.

Ц1.д.                                Л.д.

Дашочу малходуьнедохдира.Лаьмнашна т1ебижира  дашо малх.

К.д.                                              Дл.д.        М.д. Х.д.

Децакъамелд1а ца доьдурак1ентан.Нене дика хьаьжирайо1Сохтийширауьш.

Жам1 дар:

предложенин коьртаза меже ю

билгалйолу хаттаршца

-н/кхачамсказуемино кхочушдеш долу дар шена т1едерзадо

ц1ерниг дожарехь лаьтта.

кхечуьнга йолучу предложенешкахь бен хуьлуш бац

 

предложенин коьртаза межею,билгалйолу хаттаршца

-л/кхачамсказуемино кхочушдеш долу дар шена т1едерзадо    

лач  дожаршкахь лаьтта.

2.10,11 §§еша а ешна, йийцаре юьллу.

 

3. Т1едиллар.Легаде нана боху дош. И дош юкъа а лоцуш, х1иттае предложенеш.

Нана боху дош предложенешкахь кхачамаш хила беза.

Нийса дожар/нийса кхачам/

Ц1.  нана  Массарнаезанана.

Лач дожарш/лач кхачам/

Левая фигурная скобка: Ц1. 

Дл.ненан

    Л.   нанна

? ? ? ? ?

    К.ненаца

    Х.ненах

    М. нене

    Дс.ненал

   Таблица йийцаре йиллар.

? Муьлхачу дожарехь ца лела лач кхачам? Х1унда?

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

Цунна цхьанхьара схьахезира 1адхьоькхучу пондаран дуткъа, исбаьхьа аз.Кхана тера хир дац

таханенах. Диъ декъало шинна. Хьайга дуьйцучуьнга ладог1а 1ама хьо. Дийцарх бала хиллера цунна. Жимачух тешаш вацара да. Баланаша къежйинера нана.

-билгалъекоьрта меженаш а, кхачамаш а;

-дийца, муьлхачу къамелан дакъойх кхоллабелла кхачам;

-къастаде, муьлха бу царах нийса кхачам, муьлха бу лач кхачам;

-къовларшкахь дожар гайта.

V.Шайга болх  байтар .

1. Кхочушдо 40 шардар./Тобанашца болх бар./

2. Кхочушдо 45 шардар./Шишша цхьаьнаа тухуш, болх бойту./

VII. Жам1 дар.Тесташ.

-Кхачамаш хуьлу:

1. нийса а,лач а3. берта а, бертаза а

2. коьрта а, коьртаза а4.лааме а, лаамаза а

 

-Нийса кхачам олу:

1. сказуемино кхочушдеш долу дар шена т1едерзийна йолчу лач дожарехь лаьттачумеженах.

2.предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу  меженах.

3. сказуемино кхочушдеш долу дар шена т1едерзийна йолчу ц1ерниг дожарехь лаьттачумеженах.

4.предложенехь подлежащих лаьцна дуьйцуш а, цуьнан дар я хилар гойтуш а йолчу меженах.

-Лач кхачам олу:

1.предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу  меженах.

2. предложенехь подлежащих лаьцна дуьйцуш а, цуьнан дар я хилар гойтуш а йолчу меженах.

3. сказуемино кхочушдеш долу дар шена т1едерзийна йолчу лач дожарехь лаьттачумеженах.

4. сказуемино кхочушдеш долу дар шена т1едерзийна йолчу ц1ерниг дожарехь лаьттачумеженах.

-Х1ун башхалла ю нийса кхачаман а, лач кхачамана юккъехь?

1. нийса  кхачам лач дожаршкахь лела, лач кхачам ц1ерниг дожарехь лела.

2. нийса  кхачамц1ерниг дожарехь лела,лач кхачамлач дожаршкахь лела.

3.нийса  кхачам доланиг дожарехь лела,лач кхачамлач дожаршкахь лела.

4. нийса  кхачам  лач дожаршкахь лела,лач кхачам доланиг дожарехь лела.

-Муьлхачу дожаршкахь ца лела лач  кхачам?

1. доланиг, лург  дожарш              3.меттигниг, дустург дожарш

2. ц1ерниг, дийриг дожарш4.Коьчалниг, хотталург дожарш

-Предложени чохь нийса кхачам хилча, подлежащи муьлхачу дожарехь хуьлу?

1. лург  дожарехь3.меттигниг дожарехь

2.  дийриг дожарехь4.коьчалниг дожарехь

 

 

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

 10,11 §§, 42, 46 шардарш.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

14-г1а урок.          

Урокан тема:Къастам.

Урокан 1алашонаш: къастамах лаьцна долу хаарш шордар; берта а, бертаза а болчу къастамех

                                     кхетам балар; предложени чохь   къастамийн тайпанаш  къасто  1амор;

                                     дозуш долу къамел кхиор.

 

I. Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Дуьне хаздинарг …малх бу. Буьйса хазйинарг … беттаса ду. Стигал хазйинарг …седарчий ду. Ткъа стаг хазвинарг … г1иллакх ду.

-муьлха меженаш т1е ца тоьу?

III.Ц1ахь бина болх таллар

42, 46 шардарш- дийцаре дахкар; предложенешкахьн/кхачамаш, л/кхачамаш билгалбоху;

46 шардар - 9-г1а предложенина синтаксически таллам бо.

+

Бовхачумалхосоцакхоошвоттура.

-х1ун хаа вайна къастамах лаьцна?

-х1ун гойту къстамо?/жоп: х1уманан билгало/

IV.Керла тема йовзийтар.

1. Хьехархочун дош.

2. Х1орданийнбаккъашнат1ехьэсалатулг1енашловзура.

стенан?+

3. х1орданийнбаккъашна т1ехь-/коьртачу ц1ердашо   урхалла до дозуш долчу дашна, иза доланиг дожаре х1оттарца/-бертаза къастам

муха?+

эсалатулг1енаш-/бартбар уьйр/-берта къастам

 

 4.12 §еша а ешна, йийцаре юьллу.

 

V.Шайга болх  байтар .

1. Кхочушдо  51 шардар./  къастаман къамелан дакъошбилгалдоху /

2. Барта кхочушдо  54 шардар./кицанашна маь1на до/

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

Кхочушдо  56 шардар./Тобанашца болх бар./

VII. Жам1 дар.

стенах олу?

Къастамтайпанаш?

                                                    башхаллаш?

муьлхачу къамелан дакъойх   кхоллабелла?

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

12§ 55, 56 (II)шардарш.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

15-г1а урок.          

Урокан тема:Юххедиллар.

Урокан 1алашонаш: къастамах  лаьцна болу кхетам шорбар;предложени чохь юххедиллар

                                    къасто  а,  хьаьркаш  х1итто  а 1амор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

Дан дезачунна  дикка ойла  яхь, хьекъал кхуьу. Хьекъалца динарг г1алат хир дац.  Дала   и хьекъал кхио, кхетам лойла вайна!

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Со вина   …-г1алахь.  Бераллин шераш д1аихира    …-юьртахь.  Аса  хазахеташ  доьшу «…» ц1е йолу журнал (газета). Самукъадолу «…» ц1е йолу книга йоьшуш.

- х1ораммо   шех лаьцна боцца хаам кечбо

- билгалдаьхначу    дешнийн   яздар  дийцаре дуьллу.

III.Ц1ахь бина болх таллар

1.55шардар /х1иттина предложенеш йоьшу, билгалбоху къастамаш/

2. 56 (II)  шардар /  1амийнарг карла а доккхуш,  х1ора кицанан  маь1на досту.

Дешнийн болх. Хьоме нана, исбаьхьа гуьйре, тешаме доттаг1, боккха т1улг, шийла 1а, жима ц1а, ц1ен зезаг, цхьадолу олхазарш.

-берта къастамех бертаза къастамаш кхолла /массарех кхоллалой хьожу/.

Масала: хьоме нана-ненан хьомениг.

IV.Керла тема йовзийтар.Хьархочун дош.

 

Юххедилларехь дефис юьллу.

Юххедилларехь дефис  ца юьллу.

1. Юххедилларехь ший а юкъара ц1е елахь:

Масала: зуда-хьехархо, йо1-дешархо.

2. Юххедилларехь хьалхарниг долахь ц1е хи-лахь,х1унда аьлча д1ааларца а, маь1ница иза цунах д1аэлуш хиларна.

Масала:  Гуьмси-г1ала, Орга-хи.

Юххедилларехь  хьалхарниг юкъара ц1е а, шолг1аниг долахь ц1е  а хилахь.

Масала:  г1ала Гуьмси, хи Орга.

-таблица йийцаре йиллар.

Жам1 дар:

-юххедиллар къастаман ша-тайпа форма ю;

-ц1ардашах кхолладелла;

-адамийн говзалла, тайпа, гергарло, къам  гойту;

-кхетамза долчу дешнийн долахь йолу ц1е гойту;

-ша билгалдечу дашна хьалха а, т1ехьа а лаьтта;

-юхедиллар газетийн, журналийн, произведенийн ц1ераш елахь, уьш даккхийчу элпашца яздо,

 кавычкаш юккъе оьцу;

-юххедиллар долаххьий, юкъарий х1уманийн ц1ерах лаьтташ делахь, долахь долу дош юххедиллар лору.

Вашас  хи чуьра баьккхира чабакх-ч1ара а,  яй-ч1ара а.

Сан да   Соьлжа-г1алахь  ваьхна.

Нанас кест-кеста  «Стела1ад» ц1е йолу журнал оьцу.

Вешин к1ант Ахьмад  доьшуш ву.

V.Шайга болх  байтар .

1.Кхочушдо 60 шардар./оьшуш йолу хьаьркаш  а йохкуш, ц1ердешнаца даладе юххедилларш/

2. Барта кхочушдо 61 шардар/юххедилларш билгал а дохуш, церан нийсаязъяр бакъонца ч1аг1де/

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

59 шардар/ дийцар х1оттаде, юххедилларш юкъа а далош/

VII. Жам1 дар.

 

- стенах олу юххедиллар?

-х1ун тайпа хуьлу юххедилларш?

-юххедилларшкахь дефис маца юьллу?

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

13§, шардар 61.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

16-г1а урок.           Талламан болх

Урокан 1алашо:  предложенин коьртаза меженах  лаьцна долу хаарийн таллам бар. 

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.  Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Ойланца, тидамца, хьекъалца к1орге йолуш, бинчу балхана мах лакхара хадабо.

…Гуьйрено,  басешна т1ера баьццара хут оззийна охьа а даьккхина, царна можа кортали т1етесира. Амма иза а, де-дийне мел дели, сихха макхлуш дог1ура. Дог1анаш дуьйладелира. Денош сихха шеллуш, мохо раз деттара дерз. Дерзаца наггахь хаалора лайн жоржан буьртигаш а, т1ете1ачу 1аьнан геннара геланчаш а. Мох, цкъацкъа кхин а карзах а болий, 1аннашкара барзах схьахьодий, буьйсенца сахиллалц такхорех каетташ, тхевнаш дегош, уг1ура. Кхин а сингаттаме хетара, вуьшта а сакъерадала к1езиг бахьанаш долчу, юьртахь.

  Суьйре таь1но еънера. Д1абузу малх, шен ерриг з1аьнарш цхьамма ц1енна д1аяьшча санна, берзинбаьлла, йоьза ч1ара санна горга, анайистехьа охьаоьхура меллаша. Лалийна даш санна еза, сира лепара д1о генахь 1оман экъа, цунах д1асаоьху хин тачанаш, кхузара д1ахьаьжча, севцина лаьтташ санна а хеташ. Йист йоцу аре ерриге д1атийнера. Куьйгаш гоьлех а тесна, учахь хиъна 1ара Селита, малхбузе хьоьжуш…

  Дагаяла, я къамел дан, юххехь цхьа а вацара./133дош/

 /М.СулаевЛаьмнашна ца дицло»/

Грамматически т1едиллар.Синтаксически талламаш  бо.

1-ра  вариант-1 абцаз

2-г1а вариант-2 абзац

 

 

 

 

 

17-18-г1а урокаш.          

Урокан тема:Латтам. Даран суьртан латтам.

                              Г1алаташна т1ехь болх бар.

Урокан 1алашонаш: латтамах болу кхетам шорбар; латтамийн тайпанаш довзийтар;  даран

                                    суьратн латтамах кхетам балар; латтаман а, къастаман а башхаллаш йов-

                                     зийтар;

Урок д1аяхьар

 

1.Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

 

2.Дешархой балхана юкъабалор:

 

Билг. ?               билг.      ц1ерд.?куцд.ханд.

 

Гуьйренан  хаза   денош    шийла     даьхкира./синтаксич.таллам бе/

 

даьхкира  (муха?) шийла

денош   (муха?)  хаза                башхалла?

 

 

3.Ц1ахь бина болх таллар

1.      шардар 61/юххедилларш  билгал а дохуш, церан нийсаяздар бакъонца ч1аг1до/

 

2.      Дешнийн болх.Кест(кеста, дин(бекъа), нана(борз), юх(юха), буц(аре),кад(1айг), дедда(юкъа), т1ах(аьлла), к1ез(к1езиг), к1ади(х1ума), йо1-ламанхо.

 

Т1едиллар:

-къамелан дакъош а къестош, нийсаяздар бакъонца ч1аг1де

-стенах олу юххедиллар? юххедилларшкахь дефис маца юьллу?

 

 

 

 

IV.Керла тема йовзийтар.

-таблица йийцаре йиллар.

Латтамийн тайпанаш:

Хаттарш:

Масалш:

Латтамаш хуьлу:

даран суьртан

Муха,мича кепара?

Башлаьмнийн баххьаш сирла лепара.

Куцдашах: Хи чехкка дог1ура.

 

бараман

муьлхачу барамехь?

СТИГЛАХЬ НАГГАХЬ ГУШ СЕДАРЧИЙ ДАРА.

Деепричастих: Хин тулг1еш етталуш ека.

меттиган

мича?   мичахь? мичара? мичахьара? стенга? стенгахула?

Юьртахь ж1аьлийн г1овг1анаш евлира.

Ц1ердашах: Со юьрта воьду.

хенан

маца? маца дуьйна? маццалц?

Суьйранна  ненан ойла хийца-елира. 

 

Фразеологически цхьаьнакхетарх:Корта а оллийна вог1ура и.

бахьанин

х1унда? х1ун бахьана долуш?

Йовхонна чохь ца 1алора Идрис.

Масдарх: Г1а-баца т1ехь хилла  тхидакъаделира, мах хиларна.

1алашонан

х1ун 1алашо йолуш? хьенан дуьхьа? стенан дуьхьа?

Доттаг1ий   сакъера бахара.

Хандешан билгалзачу кепах: Таллархо хьуьнах талла воьду.

бехкаман

муха? муьлхачу бехкамца?

1амийнехьара, дика кхетар вара хьо.

Ц1ерметдашах:Кхузара гора и лекха лаьмнаш.

дуьхьалара

 

Биъ ког боллушехь, говр йолу

гал.

 

 

Жам1 дар:

-дар я хилар кхочушхиларан тайп-тайпана хьелаш гойту;

-коьртаза меже ю;

-билгалдеш долу хьелаш хила тарло даран я хиларан  кепаца, хенаца, меттигца, бахьаница,

1алашонца, барамца доьзна;

-маь1нига хьаьжжина хуьлу: даран суьртан, бараман,  меттиган, хенан, бахьанин, 1алашонан, бехкаман, дуьхьалара.

-предложенехьхуьлу: ц1ердашах,(дешт1аьхье йолуш а, йоцуш а), масдарх, куцдашах,  деепричастих, ханд.билгалзачу кепах, ц1ерметдашах.

V.Шайга болх  байтар .

Кхочушдо 66 шардар./билгалбоху даран суьртан латтамаш/

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

1. Гуьйренан т1аьххьара денош йочане даьхкира.   Тамехь схьахьоькхура 1аннашкара мох. Гуьйре сихха макхлуш йог1ура.

-синтаксически таллам бо.

2.  Кхочушдо 68 шардар. /  къамел кхиор/

-х1иттйо предложенеш, царна синтаксически таллам бо.

3. Барта кхочушдо 65 шардар.

- хаттарийн метта латтамаш язбо.

VII. Жам1 дар.

-стенах олу латтам?

-цуьнан тайпанаш?

-предложенехь латтамаш хуьлу..?

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

 14,15§§,    64,  67 шардарш.

 

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

19-г1а урок.          

Урокан тема:Бараман  латтамаш.

Урокан 1алашонаш:  латтамах болу кхетам шорбар;  бараман  латтамах кхетам балар;  даран

                                     суьртан латтам бараман латтамах къасто 1амор; дозуш долу къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Шоззааьлча ... .      (хьерахь а хеза)     /кица дуьззина д1аяздо, маь1на досту/

-синтаксически таллам бо.

III.Ц1ахь бина болх таллар

1.  64 шардар /дийцарера схьаязйина,   шайца т-тайпана латтамаш болу, 10 предл. йоьшу/

2.  67 шардар / д1айоьшуьйту,  даран суьртан латтамаш билгал а бохуш/

3.   4 дешархочуьнга синтаксически талламаш бойту.

1дешархо -Зурманах дека шийла шовда.

2дешархо-Тийна, парг1ат дог1у  ло.

3дешархо-Шабаршца техка къена хьун.

4дешархо-Говрок1едачулаьттахшоззабергтуьйхира.

IV.Керла тема йовзийтар.

1.шоззатуьйхира

-латтамо х1ун гойту?/жоп: сказуемин дар, хилар муьлхачу барамехь,  даржехь кхочушхуьлу./

2. 16§еша а ешна, йийцаре юьллу.

-бараман латтам куцдешнех кхоллабелла хуьлу,хила тарло деепричастих а, дустаран карчамах а.

 Масала: Цхьанхьа а вахалур воцуш, цомгуш вара иза.Лергана хаззал хастийча, б1аьргашна хаъал телха.

3.Т1едиллар. Х1ара куцдешнаш  юкъа а лоцуш, х1иттае предложенеш./Тобанашца болх бар/

Дукха, шорта, алсам, хаъал, цхьажимма, дуккха а, дукхазза, цхьабосса, пхоьазза, 1аламат.

4.Кхочушдо 69 шардар/билгалбаха бараман латтамаш/

-морфологически таллам бо: жимачу, коьрта, карладевлира;

-схьаяздойту  дешхьалхенан г1оьнца кхолладелла дешнаш;

V.Шайга болх  байтар .Синтаксически талламаш бо. Нисде г1алат.

Юьхь-сибат деганкуьзгадуХазаллелдикаллатоьлла.Хазаллодехаца леладошен паччахьалла. Хьекъалк1езигчу г1уллакхаш т1ехь а  гучудолу .Ирсе кхачадуккха  акъахьега дезахьекъалца, хьуьнаршца, собарца.

VI. Кхоллараллин болх./Х1оттадо  жима дийцар. Ц1е туьллу./

Духдуьйлучу шовдано г1овг1анца меллаша еттара шен тулг1еш. Хьун д1атийнера. Хезаш дацара олхазарийн зевне аьзнаш…

-т1еюза предложенеш;

-билгалйохуьйту коьрта меженаш.

VII. Жам1 дар./вовшашка хаттарш долуьйту/

 

 

 

 

 


VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 16§,   70шардар.2. Дийцар чекхдаккха.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

20-г1а урок.          

Урокан тема: Меттиган латтам.

Урокан 1алашонаш:  латтамах болу кхетам шорбар;  меттиган  латтамах кхетам балар;  предло-

                                       жени чохь латтамаш къасто 1амор; дозуш долу къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

1.(даран суьртан латтам) хьоьжура цуьнан 1аьржа ши б1аьрг.  2.(бараман латтам) мохь туьйхира дас.   3.(….?....) г1овг1анаш евлира.

-3-чу предложени чохь муьлха латтам бу?

Хаарш зер. Дешнийн болх.

Гуьйренан денош, дуьххьара дийцира, цкъа а ца гина, массо а веара, цаьргахь хааелира, х1уьттаренна туьйхира, шозза элира, сетташ лаьттара, ца аьлла дош, декъаза дахар, чоь чохь,

суна-м моьттура.

-билгалдаха къамелан дакъош;

-билгалдаьхначу дешн. цхьаьнакхетаршца предложенеш х1иттайо, царна синтаксически таллам бо.

III. Ц1ахь бина болх таллар

1. 70 шардар./ схьаязбина бараман латтамаш д1абоьшу/

2.Сочиненеш йоьшьйту, йийцаре йохку.

IV.Керла тема йовзийтар.1.Хьехархочун дош.

2. 17 §еша а ешна, йийцаре юьллу.

Жам1 дар:

- дар я хилар мичахь кхочушхуьлу гойту;

-хуьлу дешт1аьхьенаш йоцуш а,  йолуш а долчу ц1ердешнех, куцдешнех, терахьдешнех, хандешан латтамийн форманех.

3.Кхочушдо 71 шардар /билгалбоху  меттиган латтамаш, дуьйцу уьш муха кхоллабелла/

4.Кхочушдо 73шардар /тобанашца болх бо/

Предложенеш синтаксически къастае.

1тоба- схьаязбе даран суьртан латтамаш, х1иттае предложенеш.

2тоба- схьаязбе бараман латтамаш, х1иттае предложенеш.

3тоба- схьаязбе меттиган латтамаш, х1иттае предложенеш.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Синтаксически таллам бо.

Нехандинара хотталахьвуссу./кица/

ЦП, дийц., яьржина, цхьанах1отт..

2. Морфологически таллам бонехан бохучу билгалдешан.

3.Дукхаллин терахье доху:  дин (дой),  хатт(хатташ).

VI. Жам1 дар.

-стенах олу латтам?

-латтаман тайпанаш?

-даран суьртан?

-бараман?

-меттиган?

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1.17§,  74 шардар.

2.Т1едиллар. Схьаязбе латтамаш дийца уьш  муьлхачу къамелан дакъойх кхолладелла.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

21-г1а урок.          

Урокан тема:Хенан латтам.

Урокан 1алашонаш: хенан  латтамах кхетам балар;  предложенешкахь   латтамийн тайпанаш 

                                     нийса талла 1амор; хаарийн хазна т1еюзаран хьелаш лахар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

II. Дешархой балхана юкъабалор: хаттаршна жоьпаш

                     муха? …          (?латтам)

Дийцира   мел?   ...          (?латтам)

мичахь?...      (?латтам)

                     маца? …          (?латтам)   

III.Ц1ахь бина болх таллар.

-кхочушдина долу 74 шардар дийцаре диллар. 

-билгалбоху латтамаш.Муьлхачу къамелан дакъойх хилла и латтамаш?

Стенах олу латтам? Цуьнан тайпанаш?

IV.Керла тема йовзийтар.

1./Уьна т1ехь  3-дешархочуьнга предложенешна синтаксически таллам бойту/

1-ра дешархо.  Дашо малх анайисте охьалахбелира.

2-г1а дешархо. Т1етаь11ина ч1аг1белла бог1у 1аьнан суьйренан дорце бода.

Маца?

 

3-г1а дешархо. Ялташхьийкъина хиллерастохка./Х1ун гойту? Жоп: хан)

2.   18§еша а ешна,  йийцаре юьллу.

3. Кхочушдо 75 шардар./билгалбоху хенан латтамаш, барта дуьйцу, уьш муха кхоллабелла./

-схьаязъе деепричастиш;

-сингаттам бохучу дашна синонимаш ялае;

- схьалаха кица, цуьнан маь1на даста./9-г1а предл.-Воьдуш йинарг чот яц,  вог1уш йинарг бен/

V.Шайга болх  байтар.

… дог1анаш оьху.    … шийла хуьлу.  … бешахь шортта стоьмаш латийра. ….дан дезаш дукха г1уллакхаш дара.  …  девлира  тхо болх бина.  …   доладелла ло суьйренга лестира.

-т1адамийн метта хенан латтааш х1иттабо.

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

Кхочушдо 77 шардар. /х1ора предложени  д1а а йоьшуш, билгалбоху латтамаш/

VII. Жам1 дар./шаьш дуьззина хаттарш  а х1иттош, жоьпаш ло/

Хаттарш?                                                                                   муьлхачу меженах боьзна бу?

 

 

 


               Кхоллало?                                                                       Масалш.

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1.18§2. 76, 78  шардарш.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

22-г1а урок.          

Урокан тема: Бахьанин латтам.

Урокан 1алашонаш:  латтамах болу кхетам шорбар;  бахьанин  латтам бовзийтар;  предложени чохь латтамаш ган а,  уьш схьакъасто а 1амор; кхоллараллин ойла к1аргъян б1ег1ийла хьелаш кхоллар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Бахьана    доцуш ийг1инарг, бахьана доцуш товр ву. /Кицанан маь1на досту/

III.Ц1ахь бина болх таллар.

1. 76 шардар /хенан латтамаш билгал а бохуш, дуьйцу уьш муха кхоллабелла/

2. 78 шардар /билгалбаха латтамаш./

IV.Керла тема йовзийтар.

1.Уьн т1ехь болх бар./синтаксически къастае./

1.Кхераелла, мела хьацар туьйхира цунна. 2. Г1ел ч1ог1а яларна, цхьацца бен ког ца баккхалуш,

хала йог1ура Баянт. 3.Цо диначу къамелана дукха реза цахиларна, 1аржвелла лаьттара Абубешар. 4. Абубешара дайарна кхоьруш, шегарчу ахчанах цхьа туьма Баянте д1аделира.5. Дукха холчух1оьттина, цуьнан юьхь оза а йина, яхъеллера. (1-Хь.Х.)

2. Таблицайийцаре юьллу.

Бахьанин латтам хуьлу

Хаттарш

Масалш.

1.куцдашах

х1ун бахьана долуш?

Товш, куьцехь, кхетам болуш жима зуда яра Асет, цундела езара и массарна. 

2.-лласуффикс йолчу ц1ердешнех

х1унда?

Цу г1енан халалла,мела хьацар хилла, набарх велира и Адин Сурхо.

3.лург дожарехь долчу масдарх,

цуьнан карчамах

х1ун бахьана долуш?

Д1адийна ялта хьала ца делира, йокъа хиларна.

4.деепричастих, цуьнан карчамах

х1унда?

Сихвелла,ша ала г1ертарг дицделира цунна.

5.бахьана долуш, бахьанехь бохучу дешнашца

мича бахьаница?

Хьалха юрт хиллачохь 1ам х1оьттина, г1иллакх доцу нах цигахь бахар бахьана долуш.

3. Кхочушдо 79 шардар.

4. Барта кхочушдо 80 шардар.

V.Кхоллараллин болх.Сочинени язъяр.Ц1е тиллар.

 

Г1оьнна: т1ахъаьлла экха,  1аьнан кечамаш, ж1аьлин нускалш(грибы),  б1араш, ножан б1ар (желудь), месала кетар,  1аьнан духар(ц1ока шозза хуьйцу), хара(дупло.)

 

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар.  //тобанашца болх бо/

 Стохка деара, арахь диира, чохь д1авижира, хьуьнах дахара, генара схьахезира,  дитта т1ехь дека,1уьйранна элира,шозза гира,  гурахь вахара, сарахь веара, жима волуш дуьйна;

1тоба- схьаязбо даран суьртан латтамаш.

2тоба- схьаязбо  бараман латтамаш.

3тоба- схьаязбо   меттиган латтамаш.

4тоба- схьаязбо   хенан  латтамаш.

5тоба- схьаязбо   бахьанин  латтамаш.

VII. Жам1 дар.

 -бахьанин латтамо х1ун гойту? Хаттарш? -стенах хуьлу бахьанин латтам? Масалш?

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

19§81 шардар.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

 

 

 

Ц1е тиллар.

 

 


                        Хьуьнан экха              1ер-дахар             амал                       къинхьегамхо

 

Г1оьнна: т1ахъаьлла экха,  1аьнан кечамаш, ж1аьлин нускалш(грибы),  б1араш, ножан б1ар (желудь), месала кетар,  1аьнан духар(ц1ока шозза хуьйцу), хара(дупло.)

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

23-г1а урок.          

Урокан тема: 1алашонан латтам.

Урокан 1алашонаш:  латтаман 1амийна тайпанашкарла а дохуш, 1алашонан латтам бовзийтар;  предложени чохь  латтамаш къасто 1амор; дешнийн хазалла, аьхналла синхаамашка д1акхачо  некъ лахар. 

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Цхьана 1алашонца хьалаг1ерташ воцу стаг цхьанна а сийлаллин дарже кхочур вац.

- и предложени йийцаре йиллар;

- х1оранна х1ун 1алашо ю хьажар;

-урокехь стенах лаьцна дуьйцур ду билгалдаккхар.

III.Ц1ахь бина болх таллар.

1.   81 шардар.

2.Текст т1ехь болх бар.

1.Со-м цун… (на) ваийтина вай. 2. Молха…(нан)  к1уьрана садо1ийла йоцуш, деттачу доша…(на)  б1аьрг белла йиш йоцуш, шаьш лета бевлира, бах, и дадин-юьртах…(ой) . 3. Ийзалуш, т1е ца вог1ура к1ант. 4.Наьрт-аьрстхо…(чун)   возалла гоьмукъ кагъелира.5. Беттаса дукха сирла хилар…(на), цунна юххехь шен 1индаг1 х1оьттира. 6.Ирс-аьтто гина воцуш, декъалхила…(р)  аьттехьа деана воцуш ваьхна волу дела лорура Аьрзо нах…(а). 7.Некъ бацбархьама, воккхачу стага…(на) тамехь долу  къамел дан вуьйлира   со.

-т1адамийн метта маь1ница йог1у чаккхенаш яхка;

-билгалбаха латтамаш;

-къастаде, муха кхоллабелла уьш;

-маь1на дастагоьмукъ(дукх.т.-гоьмукъаш, копьё)бохучу дешан;

-7-г1а предложенина синтаксически таллам бо.

IV.Керла тема йовзийтар.

                                                               Х1ун 1алашо йолуш?

 

1.  Некъ бацбархьама,  /воккхачу стагана тамехь долу/къамелданвуьйлирасо.

2.19§еша а ешна,  йийцаре юьллу.,

Жам1 дар:

-дар , хилар х1ун  1алашо йолуш кхочушхуьлу гойту;

-хандашах-сказуемих боьзна бу;

-хуьлу лург дожаран формехь долчу ц1ердашах, хандешан билгалзачу кепах, масдарх, хандешан латтамийн форманех.

V.Шайга болх  байтар .

 Кхочушдо  82 шардар.

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

Кхочушдо 84 шардар /тобанашца болх бар/

VII. Жам1 дар.

 Барта кхочушдо  85 шардар/ 1алашонан латтамаш билгал а бохуш, муха кхоллабелла дуьйцу./

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1.20§83 шардар.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

24-г1а урок.          

Урокан тема: Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш.

Урокан 1алашонаш:  бехкаман а, дуьхьалара а латтамех кхетам балар; 1амийнарг карла а доккхуш т1еч1аг1дар; хаарех пайдаэца 1амор; къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Де дика дар, урокана кечам муха бина хьожу.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

                                                                           1.

8.

 


                                             5.

4.

      2.

                                                            7.

 


3.

9.

6.

 

 

1.дар я хилар муха, маца, мичахь, х1унда, мича 1алашонца кхочушхуьлу  билгалдечу  предложе-нин коьртазчу меженех х1ун олу?

2.дар, хилар муха кхочушхуьлу гойту?

3. дар, хилар муьлхачу барамехь кхочушхуьлу гойту?

4.дар, хилар мичахь кхочушхуьлу гойту?

5.дар, хилар маца кхочушхуьлу гойту?

6.дар, хилар х1ун 1алашо йолуш  кхочушхуьлу гойту?

7. дар, хилар муьлхача бахьаница кхочушхуьлу гойту?

8. хила таро йоццушехь, кхочушхуьлуш дерг, хила таро йоллушехь ца хуьлуш дерг  гойту?

9. дар хилар мухачу бехкамца кхочушхуьлу гойту?

1.

8.дуьхьалара

5.хенан

4.метт иган

2.дарансуьртан                     нийса жоьпаш.

7. бахьанин

3.бараман

9.бехка  ман

6. 1алашонан

 

III.Ц1ахь бина болх таллар

Кхочушдина долу 83 шардар дийцаре диллар

-х1иттина предложенеш йоьшу, 1алашонан латтамаш билгал а бохуш;

IV.Керла тема йовзийтар.

1. Уьн т1ехь болх бар. /Синтаксически талламаш бо/

1амийнехьара, шиъ доккхур дацара. Зоьртала велахь а, хелха дика волура  жима къонах. Халонаш лахь, аьттонна герга   ваха там бу.Д1аваха веззашехь, юьртахоша дехарна, ца ваьлла сецира со.

2. 21 §еша а ешна,  йийцаре юьллу.

3. Учебникца болх бар.

Кхочушдо 87 шардар

 

V.Шайга болх  байтар .

Кхочушдо 93 шардар./тобанашца болх бо/

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

Кхочушдо 90 шардар.

VII. Жам1 дар. /шаьш дуьззина хаттарш  а х1иттош, жоьпаш ло/

 

                                                                     Даран суьртан?

8-конечная звезда: Латтамаш
?
 


                                  2.бараман?                                                   8. дуьхьалара?

 

                        3.меттиган?                                                                      7. Бехкаман?

 

 

                                        4.хенан?                                                  6. 1алашонан?

                                                                       5. бахьанин?

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1.21§89, 95шардарш. 2.38 аг1о т1ерачу хаттаршна барта жоьпаш кечде.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

25-г1а урок.Талламан болх.  Дош.

Урокан 1алашо:  предложенин коьрта меженах  лаьцна долу хаарийн таллам бар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.  Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:  

           «Дош-м дац дош доцург,

            Г1уллакх-м дац ц1ена доцург!

 Ц1аро-м деши а лаладо.

Деши а дош дац, ц1ена дацахь…

Дош а деши дац, ц1ена  дацахь…»

Ч1ог1а онда ницкъ болуш х1ума ю дош. Цо сацадо мел доккха дов, т1ом.Ши-на мостаг1чух ши доттаг1 а  во. Стаг осала, пайдабоцчу а воккху, хаза, оьзда, г1иллакхе а во. «Хазачу дашо 1уьргара лаьхьа баьккхина», «хазачу дашо лам башийна» эрна ма ца баьхна вайн дайша.

Ч1ог1а ладаме лелийна нохчаша дашца йолу юкъаметтиг, уьйр. Ша олучо говза  а,   исбаьхьа а олуш. Иза дика го вайн къоман иллешкахь, барта кхолла-раллехь.

Дукха ширачу заманахь дуьйна схьабог1уш бу «дешан бозбуанчалла» боху кхетам. Дашца адам хьовзор, тилор, хьерадаккхар, галдаккхар, цецдаккхар, делхадар, делор.  «Дош багах далале, кхузза карчо деза» боху нохчийн кицано.

 Шен са санна, лардан деза багах даьлла дош. Шен дешан да воцчу стеган дош  дебаш хуьлу. Эрна багаеттарг олу цунах.

  Нохчийн кицано ма-баххара:«Дош ала а къонах веза, дала а къонах веза.»/127дош/

/Ладаме-значение, важность, значительность./

Грамматически т1едиллар.Предложенийн грамматически бух  билгалбаккха.

Схьаязде:

1-ра  вариант-ц1еран х1оттаман сказуеми.

2-г1а вариант-хандешан х1оттаман сказуеми.

3-г1а вариант- хандешан цхьалхе сказуеми.

 

26-г1а урок.          

Урокан тема:1амийнарг т1еч1аг1дар.Г1алаташна т1ехь болх бар.

Урокан 1алашонаш:даьхна долу г1алаташ, бакъонаш карла а йохуш, нисдар;

                                    1амийнарг  карла а доккхуш, т1еч1аг1дар.   

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Г1алат даланза цхьа а вац. И далийтарал а доккху ду иза нисдан хаар,  кхин юха шегара  и ца да-лийта хьажар.

III. Уьн т1ехь болх  бар.

 1.Даьхна долу г1алаташ, бакъонаш карла а йохуш, нисдо.

-мукъаза шалха ши элп цхьаьна нисделча, хьалхарчу шалхачу элпан т1етуху хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1аниг дуьззина д1аяздо:ницкъ, доккха, воккху,баьккхина,хьерадаккхар, гал-

даккхар, цецдаккхар.

 

-дожаршца хийцалучу дешнийн доланиг дожаран чаккхенгахь  н яздо: вайн, къоман, дешан,

                                                 нохчийн, стеган, шен.

-Йэлпан ниййсаяздар. 1.мукъа аз озош дахдечохь, озоран хьаьрк хуьлий  лела:

башийна, лелийна, уьйр.

 2. дукхаллин терахьан чаккхе:   нохчий.

- дацаран дакъалгаш ца, махандашца даима къаьстина яздо:ма ца баьхна.

- ч1аг1даран дакъалгма: ма-баххара.

-цхьаннал сов орам болчу хандашах чолхе хандош олу, ткъа масдар,  хандашах суффикс рт1екхетарца хиллачу ц1ердашах олу. (Хандешан билгалзачу кепан чаккхенна т1е р элп тохарца хуьлуш ду масдарш): хьера-даккхар, гал-даккхар, цец-даккхар, делха-дар.

-дош нийса сехьадаккхар:вок-кху (ца мега: вокк-ху я во-ккху),

кхол-ла-рал-лехь (ца мега: кхолл-ара-ллехь),

дуьй-на(ца мега: дуь-йна).

2. Синтаксически таллмаш  бо. /тобанашца болх бо/1алашо:1амийнарг карладаккхар/

Ч1ог1а онда ницкъ болуш х1ума ю дош.

Шен дешан да воцчу стеган дош  дебаш хуьлу.

Шен са санна, лардан деза багах даьлла дош.

3. Морфологически талламаш бо./2-3дешархочуьнга бойту и болх//1алашо: 1амийнарг карладаккхар./Дош, нохчийн, го.

4. Дешнаш легадо./1алашо: дешнийн чаккхенаш нийсаязъян 1ема/

V. Жам1 дар.

-1амийначарех, муьлхачу  теманах ца кхета?/цахуург дийцаре диллар/

VI. Ц1ахь бан болх балар.

Бакъонаш карлаяха.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

8 класс.  2.12. 2017 шо. Къамел кхиор.  Изложени . «Иччархо»

Урокан 1алашонаш:   текст яцъяран  некъех нийса пайдаэца 1амор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Хьехархочун дош. Х1ун хаа вайна Абухьаьжа Идрисовх  лаьцна. /боцца хаам балар/

III. 1.Текст йовзийтар.

    Идрисов Абухьаьжа меллаша текхна чутаь1начу меттиге чувоьссира. Масех минот яьлча, к1еззиг корта хьалаайира цо. Гена йоццуш ю немцойн и  готта, 1аьржа гуш йолу траншейш. Жима волуш иза лечкъаргех левзинчу Нохчийчуьрчу лаьмнашкахь йолчу херонех ма тера го-кх уьш!...

   Кхана немцой кхузара  д1абаха беза. Вижча а, наб кхетар юй ткъа, кхаа дийнахь латтийначу тергаман т1аьхьенаш юха а ца теллича? Иза, иччархо, т1ам т1ехь немцой дукха болчу меттехь хила декхарийлахь ву.Лакхенца  Абухьаьжас  шена жима ор охку. 1аьржачу лаьттан ши чкъор, топ т1ейилла меттиг еш, хьалха охьадуьллу  цо. Куьйгана а, 1алашо лаца а б1ег1ийла ю меттиг.

   Х1окху сохьта кхузара д1аваха оьшуш дац: мостаг1чунна гучу ца баьлла иччархочо беш болу кечам. Собаре ву Идрисов. Деххачу сахьташкахь юург а, дуьнен чохь долу кхин дерриг а х1уманаш   диц а лой, немцошна тебаш 1а иза,  царна билггал кхеттарг, цхьа патарма бен ца бойуш, етта цо топ.

   1уьйранна дашо малх схьакхеттачу хенахь ека юьйлало вайн яккхий тоьпаш. Т1етт1а ч1аг1ло г1овг1анаш. Иччархочунна го, йоккхачу  тоьпан безачу х1оьо ДЗОТ кагъеш. Цу чуьра  араэккха ши фашист. Доьхкарал жима лакха 1алашо лоцу иччархочо. Немцо охьавужу. Шолг1аниг юьстах эккха, ког а тасалой, б1ог1амах корта а кхеташ, охьавужу, иччархочун тоьпо лаьцна иза а.

   Оццу хенахь хьалаг1овтту  вайн  т1емалой. Ма лаьар-кха иччархочунна цаьрца цхьаьна ведда д1аваха! Амма иччархо шен меттехь 1а: кхузахь алссам пайдехь ву иза. Цхьанна т1аьххье важа а лелхаш, траншейшна чулелха гитлеровцаш. Уьш билггал дуьхьал т1елатар дан цхьана меттехь 1аь1аш бу.

  Иччархо волчу лакхенера дика къаьста фашисташ. Ца сецош, топ йийла а йолало. Немцой боьхна-баьржина лела, кхерабаларна 1ада а бина. Амма мича ваьлла к1елхьара вер ву хьо иччархочун х1оьах?...   /257 дош/

 

2. Дешнийн болх:иччархо, Идрисов Абухьаьжа, Нохчийчуьрчу, патарма, ДЗОТ, 1алашо лоцу, фашисташ, траншейш,  гитлеровцаш, т оьпан х1оъ(х1оьо, х1оьах).

3. Чулацам схьабуьйцу.

4.  Изложени язъяран методически хьехамаш:

/Пайдаэца: методически г1о-1амат. «Ас д1алур ю ПКЭ!»/

 

 

 

 

                                                                       текстан коьрта тема а, идея а;

билгалъяккхахи                             ламийн, ойлаяран хьалха-т1аьхьалла; 

                                                                текстан х1ора декъана микротемаш;

 

х1ора декъана текст яцъяран кепаш: хийцар, юкъардаккхар, 

                                                                                                                     вовшахтохар.

Тидаме эца:  текстан яцъяр ларамаза нисделлачу я шена хетачу кепара  хила ца деза;

произведенин  текстан исбаьхьаллин шатайпаналла а, коьрта маь1на а ца талхош, бан беза текст яцъяран болх, иштта ларлуш хила веза бакъдерг талхорах.

 4.Изложени д1аязъяр.

IV. Ц1ахь  бан  болх балар. Карлаяха  22-28 §§.

 

 

28-г1а урок.          

Урокан тема:  Цхьалхечу предложенийн кепаш. Цхьанах1оттаман а, шина-

х1оттаман а предложенеш.

Урокан 1алашонаш: цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а предложенех кхетам балар; церан

                                    башхаллаш йовзийтар; цхьанах1оттаман предложенехь коьрта меже лаха

                                    1амор: къамел кхиор.  

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

1.Шийла1а.                                 Карае  башхалла ю.

2. Т1екхечи  шийла  1а.    

-/жоьпаш хила мега: хьалхара предложени шина дашах лаьтта, шолг1аниг кхаа дашах/

- ткъа  коьрта а, коьртаза а меженашка хьаьжча, х1ун башхалла ю?

III.Керла тема йовзийтар.

1. Хьехархочун дош: подлежащи, сказуеми предложенин коьрта меженаш ю, ткъа хила йиш юй   предложени  коьрта цхьа меже бен йоцуш?    Коьрта цхьа меже бен ца хилча, и предложени маь1-на долуш хуьлий?

2.Уьна т1ехь синтаксически къастайо предложенеш.

Шийла   1а.Т1екхечишийла.

 Жам1:

-  подлежащий, сказуемий-шиъ коьрта меже йолчу предложених шинах1оттаман предложен иолу.

--шена чохь подлежащих, сказуемих  коьрта меже  цхьаъ бен йоцчу  предложених цхьанах1оттаман предложени  олу.

3. Кхочушдо 96 шардар./шишша цхьаьна а тухуш болх бойту./

4. Барта кхочушдо 97шардар.

Т1едиллар: схьалаха, хьалха цхьанах1оттаман предложенеш, шолг1а-шинах1оттаман.

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар. /тобанашца болх бо/

Арахь  х1инца а сирла ю.2. Сингаттаме ду есачу аренца. 3. Меллаша техкаш йоьлху к1айн мархаш. 4. Сира, беса стигал. 5. И дерриг а б1аьргашна хьалха маьлхан з1аьнаршлахь ловзу, хелхадуьйлу. 6. Суьйре. 7. Ворх1алг1а сахьт. 8. Тов лаьтта. 9.Меттамотт болучохь сингаттаме тийналла. 10. Йовхоно хьере вина массо а стаг

-схьаязъе:.

1-ра тоба-цхьанах1оттаман предложенеш.

2-г1а тоба-шинах1оттаман предложенеш.

3-г1а тоба- яржаза йолу предложенеш

V . Кхоллараллин болх. Сочинени-миниатюр. /Т1едиллар. Чекхъяккха сочинени. Ц1е тилла./

Зима

  1а. Хьуьнхахь тийна ду. Хезаш дац олхазарийн зевне аьзнаш. 1аьнан  хьун хьежа ца к1ордош, исбаьхьа хаза ю… .

 

Г1оьнна:г1айба санна ло, букуръяхана  базалгаш, ц1ена  х1аваъ, акхаройн лараш, акхаройн дахар,   к1айн кортали, к1айн кхокхий, лайн чимаш, дазделла гаьннаш, месала тарсал /бел-ка/, хара /дупло/, хьунан б1араш, ижу лоьху, кура лаьтта, эсала хьоьжу… .

VI. Жам1 дар.

 -аларан 1алашоне хьаьжжина предложенеш хуьлу…

-коьрта а, коьртаза а меженашка хьаьжжина предложенеш хуьлу…

-шена чохь йолчу коьртачу меженашка хьаьжжина  предложенеш хуьлу…

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 22§,   99 шардар. 2. Сочинени чекхъяккха.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

29-г1а урок.          

Урокан тема: Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш.

Урокан 1алашонаш: юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш йовзийтар;  юьхьана,бил-

гала-юьхьан а предложенеш  лаха а, цу предложенешкахь коьрта меженаш бил-

галъяха  а 1амор; хандешан т1едожоран саттамах долу хаарш  карладахар.

 

Урок д1аяхьар.

 

I.                    Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

 

II.                  Дешархой балхана юкъабалор.

 

III.                Ц1ахь бина болх таллар

 

 

1. 99 шардар  т1ера предложенеш д1айоьшу,  коьрта а, коьртаза а меженаш билгал а йохуш. Барта билгалдоху къамелан дакъош.

 

IV.Керла тема йовзийтар.

1.-Собардехьа, сих ма лохьа. 2.Бакъдерг дийцахьа тхуна. 3. Дуьне а, 1алам а къонделла хетара цунна.4.Тховса цкъа сада1а, дог парг1атдаккхахьа. 5.Жимачу йо1ана хоийла дацара Нохчийчуьра шайга баьхкинчу хьешаша деана инзаре г1уллакх. 6.Дерриг а дуьнене д1акхайкхаейша Джанхотг1еран къонахалла, адамалла.  7. Хьала ма г1евтти дуьйлийша, чай молуш 1ен.

 

Т1едахкарш.

-  къонделла бохучу дашна ялае антонима.

 

билгалйоху коьрта меженаш.

 

-  3, 6 предложенешна синтаксически таллам бо.

 

-муха кхолладелла  1, 2, 4, 6, 7 предложенешкахь  долу сказуемеш?

 

Муьлхачу саттамехь лела и сказуемеш?

 

 Муьлха меже билгалйо цара?/жоп: подлежащи/

 

- Муха?  /жоп: формица я маь1ница/

 

Собарде+ахь, дийца+ахь, парг1атдаккха+ахь, д1акхайкхае-аш, дуьйла+шу.

 

2.   23§ еша а ешна, йийцаре юьллу.

Жам1:

-шена чохь подлежащи (юьхь) а, сказуеми а долчу предложених  юьхьан предложени олу;

 

-сказуемино формица я маь1ница подлежащи билгалдечух билгала-юьхьан  предложени олу.

 

3.Кхочушдо  101 шардар.

 

-кицанийн маь1на даста;

 

-къастае юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш;

 

-схьалаха яржаза   предложенеш ;

 

-схьалаха, синонимаш ялийна йолу предложени.

 

V . 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

Кхочушдо  102 шардар. /шишша цхьаьна  а тухуш, болх бойту, муха кхетта а хьожуш, жам1 дар//

 

 

VI. Жам1 дар. /Слайдаш/

 

Т1едиллар: д1анисъе таблица;

 

 

          Слайд.

 

 

 

 

 

таблицах пайда а оьцуш,    хаттарш х1иттадойту,   шайга жоьпаш долуьйтуш, таблица юзу.

 

Надпись: Предложени
    хуьлу

Надпись: 2? Надпись:    1?
 

 

 

 

 


VII. Ц1ахь бан болх балар.

 

1. 23§,  100 шардар.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

 

 

30-г1а урок. 

Урокан тема:  Билгалза-юьхьан  предложенеш.

Урокан 1алашонаш: билгалзачу-юьхьан  предложенех кхетам балар; цу предложенешкахь 

                                коьрта меже лаха а, къамелехь царах пайдаэца а 1амор; нийсаздаран син

                                иралла (орфографическая зоркость) а,  барта, йозанан къамел а  кхиор.                                                                            

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор.

III. Ц1ахь бина болх таллар

1. Кхочушдина долушардар дийцаре диллар.  

2.Дешнийн болх. Ц1еххьана, кхоккха, дитт, балл, суьйре, шелъелла, шекьяьлла, юьхь, догц1ена,бес-бесара, таь1на-ц1ен, ялта.

Т1едахкарш: нийсаяздар бакъонца ч1аг1де; ялта бохучу дашца предложенеш  ялайо.

IV.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.

«Ялта алсам кхуьучохь, дахар ирсе хуьлу»-цхьа кица ду нохчийн. «Ялта доцу хьер санна ду, доьзал боцу ков-керт»-иштта кица ду   вай.

Т1едахкарш: х1ун маь1на ду оцу кицанийн? /жоьпаш: ло/

Маца чудерзадо ялта? /жоп: аьхка/

Синтаксически таллам бо.

Аьхка   чудерзадо  ялташ.

Тидам т1ебохуьйту: коьрта меже сказуеми бен цахилар; предложенехь г1уллакх  кхочушдийриг  маь1ница   хаа йиш  хилар;  -Аьхка  ялташ чудерзадо белхалоша.- 

коьртаниг дар кхочушдийриг а воцуш, дуьйцуш долу дар ду; подлежащи оьшуш яц.

2.   §еша а ешна, йийцаре юьллу.

3. Барта кхочушдо 103 шардар.

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

1. Кхочушдо 104 шардар. /Тобанашца болх бар/

Т1едиллар. Схьаязъе  предложенеш:

1-ра тоба- юьхьан.

2-г1а тоба-билгала-юьхьан.

3-г1а тоба-билгалза-юьхьан.

2.  кхаа дешархочуьнга морфологически талламаш бойту:

юкъараллин (собранеш)-билгалдош;  (хелхаран) бал-ц1ердош;чехка(ца вахало)-куцдош.

 3. Т1едиллар: дукхаллин терахье даха х1ара дешнаш: балл,  шад.

V. Кхоллараллин болх. Мини-сочинени.

Т1едиллар: корах ара  а хьажий,  дийца,  х1ун го хьуна цигахь. Ц1е тилла? Пайдаэца предложенийн кепах.

Г1оьнна:  шеран муьлха хан ю? 1аламехь х1ун хийцамаш бу? Дийнан муьлха дакъа ду? Де муха деана: йочане я декхна?...

VI. Жам1 дар. Барта чекхъяха предложенеш.

-предложенийн кепаш:…, …, … .

-цхьанах1оттаман предложенеш:       . Масалш.

-шинах1оттаман предложенеш:      . Масалш.

-х1ун башхаллаш ю  царна юккъехь? :….  .

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 24§,  105 шардар.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

31-г1а урок.          

Урокан тема: Юкъара-юьхьан предложенеш.

Урокан 1алашонаш: юкъарчу-юьхьан предложенех кхетам балар; юкъара-юьхьа предложе-  

                                     неш лаха а, билгалъяха а 1амор; юкъарчу-юьхьан   предложенешкахь

                                     нийса кхачам  подлежащих къасто хаар тидаме эцар; билгалза- юьхьан

                                     а, юкъара-юьхьан а предложенешна юккъе доза тухуш долу  хьелаш ла-

                                     хар; къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор.

III. Ц1ахь бина болх таллар

1. Кхочушдина долу 105 шардар д1а а доьшуш, билгалйоху билгалза-юьхьан предложенеш / и т1еч1аг1дар  бакъонца ч1аг1до/

2. Синтаксически таллам бойту 1-чу предложенина.  

Аьхкакхаш  т1ехьасаршдо.

ЦП  дийцаран, яьржина, цхьанах1отт., билгалза-юьхьан/

-подлежащи дац, билгалзачу-юьхьан предложенехь юьхь яц коьртаниг-дар ду.

IV.Керла тема йовзийтар.

1.Хьехархочун дош. Аьхка кхаш т1ехь  асар ца дича х1ун хуьлу? /жоп: 1а меца дог1у./

2.Уьн т1ехь болх бар. /Д1аяздо кицанаш, маь1наш досту./

Аьхкенан дийно 1аьнан бутт кхаьбна. Аьхка 1иллинарг 1ай идда. Аьхка мало йинчо, 1ай бала хьаьгна. Аьхкенан цьа де, 1аьнан  к1иранал ду. Аьхка 1индаг1ехь дика ду, 1ай малхехь дика ду. Аьхка дог1ананах иддарг, 1ай лайх идда. Аьхка хье кхихкинчун, 1ай яй кхихкина. Аьхка салаз   кечъе, 1ай  ворда     кечъе.

Т1едахкарш:

    1. Синтаксически таллам бойту.  

Аьхкасалазкечъе,   1айвордакечъе. -Аьхкакхаш  т1ехьасаршдо.

ЦП, дийцаран, яьржина, цхьанах1отт.,  ?

-х1ун башхалла ю?/тайп-тайпана жоьпаш ло/

Тидам т1е бохуьйту:билгалзачу-юьхьан предложенехь юьхь яц коьртаниг-дар ду, ткъа юкъарчу-юьхьан предложенехь дар кхочушдийриг милла а велахь, башха а дац. Уьш дукхахьолахь кицанаш хуьлу.

Жам1 дар:

-шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених   юкъара-юьхьан предложен иолу. Уьш кицанах хуьлу.

3.   §еша а ешна, йийцаре юьллу.

4. Кхочушдо 106 шардар, схьаязйо юкъара-юьхьан предложенеш./ керла хиънарг  муха т1еэцна хьажар/

V . 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

 1.Схьаяздо 107 шардар, предложенийн кепаш билгал а йохуш. /барта,  т1еч1агдар бакъонца ч1аг1до. Тидаме оьцу: юьззина йоцу юкъара-юьхьан предложени вовшашка дечу къамелехь (диалогехь) а хила тарло/

2.Т1едиллар. Нийса доцу алар схьалаха. /нийса ца хилар, бакъонца ч1аг1де/

-билгала-юьхьан предложенешкахь подлежащи дац, амма сказуемино иза маь1ница я формица билгалйо;

-билгалза-юьхьан предложенешкахь дар кхочушдийриг билгал ца во, амма иза кхочушдийриг хаа йиш ю;

-коьртачу декъана юкъара-юьхьан предложенеш кицанах хуьлу;

-юьхьан предложенешкахь цхьа сказуеми бен ца хуьлу.

VI. Жам1 дар.

  -муьлхачу предложених олу юкъара-юьхьан предложени?

 -коьртачу декъана стенах хуьлу юкъара-юьхьан предложени?Кхин мичахь хила тарло уьш?

 -билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан  а предложенешна муха къасто еза?

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 25§,    108шардар.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 - Х1ун 1алашо х1оттийнера вай?

-1алашоне кхечирий вай?

- Муьлхачу барамца?

-Хала х1ун дара?

32-г1а урок.          

Урокан тема: Юьхьза предложенеш.

Урокан 1алашонаш:  юьхьзачу предложенех кхетам балар: юьхьза  предложенеш лаха а, бил-

галъяха а 1амор;  цара 1аламан а, стеган а хьал билгалдеш хилар  тидаме           

эцар; къамел  а  кхиор.           

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор.

III. Ц1ахь бина болх таллар:

1. -болх биний хьажар; муха кхетта  а хьожуш, цунах терра т1едиллар далар.

/хаарийн актуализаци яр/

Т1едиллар. Таблици чуьра масалш хила ма-деззара д1анисдо /т1еч1аг1дар  бакъонца ч1аг1до/

 

1.Юьхьан предложени

1.Гурахь даьхни ц1ахь кхобу.

2.Билгала-юьхьан предложени

2.Т1аьхьа висинчун дакъа, цициго диъна.

3.Билгалза-юьхьан предложени

3.Багара схьадаьлларг нахах  хьуллур дац.

4.Юкъара-юьхьан предложени

4.Хьо, буткъа сан мерза, дагна базбелла, алахьа, х1ун дайна, стенах шекбаьлла.

5.?

 5. Арахь йовха ю.    1аржъяла  юьйлира.

2. Синтаксически таллам бо.

Арахьйовха ю.   /ц1еран х1оттаман сказуеми/    

1аржъяла  юьйлира.  /хандешан х1оттаман сказуеми/

-муьлхачу меженах олу подлежащи?

/жоп: сказуемис кхочушдеш долу дар  я хилар нийсса шена т1едог1уш долчу коьртачу меженах

            олу подлежащи./

- подлежащи дуй  кху предложенешкахь? Оьшуш дуй и?/жоьпаш: дац,  я оьшуш  дац/

IV.Керла тема йовзийтар.

1. 26 §еша а ешна, йийцаре юьллу.

Жам1 дар:

-подлежащи дац , я оьшуш дац/ дар кхочушдийриг билгалвеш вац/;

-дерзоран, я г1оьнан хандош, я ц1еран, я хандешан х1оттаман сказуеми шена юкъадог1уш хуьлу.

-яржаза а, яьжина а хуьлу.

2. Кхочушдо 109 шардар. Т1едиллар. Схьаязйо  юьхьан предложенеш. /уьш юьхьан хилар ба-къонца ч1аг1до/Царна синтаксически таллам бо.

3. Барта кхочушдо 110 шардар.Т1едиллар. Юьхьан предложенех  юьхьза предложенеш  е.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Т1едиллар. Юьхьза йоцу предложенеш гайта. Т1еч1аг1дар бакъонца ч1аг1де.

 Урх хецаелла говр сацалур яц. Сагатло, сахьийза, т1етовжа меттиг яц. Сарахь дуьйна наб кхетац, уьйт1ахь 1аьржа ю. Стелахьаьштиго диттах ц1е тесира. Са ца да1ало, гатто ю кийрахь. Сарахь шелъяла йолаелира. Дуьне макхделла д1ах1оьттира. Ша бешаш  лаьттара.

VI. Кхоллараллин болх. Сочинени –миниатюр.  Т1едиллар. Ц1е тилла.

 

Г1оьнна:  1адоккхуш долу олхазарш: хьоза, кхокха, къиг, хенак1ур, ч1ег1аг, хьарг1а,  лайн хьоза 

(снегирь),  гуй (кормушка), ижу, алкханчан бен(скворечник),  г1айг1а бар (заботиться),

                   г1ура(мерзлота), декхар (долг)…

VII. Жам1 дар.

 -муьлхачу предложенех олу юьхьза предложени?

-юьхьза предложенехь дар кхочушдийриг билгалвеш вуй?

-муха хила тарло уьш? Масалш.

-х1ун юкъадог1у юьхьан предложенина? Масалш.

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 26§,    111шардар. 2. Сочинени чекхъяккха.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

33-г1а урок.          

Урокан тема:  Ц1еран предложенеш.

Урокан 1алашонаш:  ц1еран предложенеш йовзийтар;    ц1еран предложенеш лаха а,бил-

галъяха а 1амор;  царех исбаьхьаллин литратурехь пайда оьцуш  хилар

                                     тидаме  эцар; къамел  а  кхиор.           

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Т1едиллар. Схьалаха предложенийн кепаш.

          1.                         2.                           3.                     4.                         5.                         6.

 

III. Ц1ахь бина болх таллар.

1. Кхочушдина долу 111шардар дийцаре дуьллу.

2. Карлайохупредложенийн кепаш.

IV.Керла тема йовзийтар.

1.Текст т1ехь болх бар.

1) Гуьйре шийла еара.  Генах  хаьдда г1а   дитта к1ел охьадужуш хаалора.  Делкъе яра. Къеггина кхетта малх бара. Тхуна хьалха яра ирзонан майда. Когаш к1елахь можачу бецан куз бара. Гонаха гуш дара тайп-тайпана дитташ. 

2) Гуьйре. Можа г1аш. Делкъе. Ирзонан майда. Бецан можа куз. Тайп-тайпана дитташ.                  

Т1едахкарш.

-синтаксически таллам бе. 

-юста ши текст, муьлхарниг ю билггала сурт ма-дарра гойтуш?

-х1ун бахьана ду цуьнан?

-и санна йолчу предложенех хьан пайдаоьцу?

 Жам1 дар:

-2-чу абзацехь коьрта меже цхьа подлежащи бен дац;

-шена чохь коьрта меже цхьа подлежащи бен доцчу предлжених ц1еран предложени олу

-предложенеш шакъаьстинчу эшарехь олу;

-предложенешкахь х1уманан ц1е яккхар бен, кхинд1а цунах лаьцна х1умма а дийца а ца дуьйцу;

-подлежащин х1оттамехь коьртаза меженаш а хила тарло, цуьнца бартбаран я урхаллин уьйрахь йолу.

 2. Кхочушдо 114 шардар.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 Гуьйре.    Дарц. Екхна хаза суьйре. Эвлайист. Маьрк1ажхан. Шийла 1уьйре. 

Т1едиллар.

-ц1еран предложенех  юьхьан, билгала-юьхьан, билгалза юьхьан, юьхьза предложенеш х1иттае.

Кеп. Гуьйре. Д1аяха йочане гуьйре. Гурахь тхоьга дуьйлийша. Гуьйранна б1араш  лахьадо. Гурахь шийла хуьлу.

VI. Жам1 дар.

  -муьлхачу предложенех олу ц1еран предложени?

- х1ун дуьйцу ц1еран предложенешкахь?

-ц1еран предложенешкахь подлежащин х1оттамехь кхин х1ун меженаш хила тарло? Масалш.

VII. Ц1ахь бан болх балар.

  27§,   113 шардар./Т1едиллар. Синтаксически таллам бе/

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

34-г1а урок.          

Урокан тема: Юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш.

Урокан 1алашонаш: юьззина а, юьззина йоцчу а предложенех кхетам балар; предложени юьз-

зина цахилар  маь1ница  а доцуш, цуьнан х1оттамца доьзна хилар 1амор;дукхахьолахь      юьззина йоцу предложенеш диалогехь хаттаршна дуьхьал жоп луш йолу предложенеш хилар гайтар; нийсаздаран син  иралла а, къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор.

III. Ц1ахь бина болх таллар

1.  Кхочушдина 114 шардар /уьна т1ехь д1а а язйойтуш, синтаксически таллам бо, предложенийн кепаш билгалйоху, т1еч1аг1дар бакъонца ч1аг1до/

2. Дешнийн болх. Т1едиллар. Кху дешнашна синонимаш карае:

  Ага, 1ин, арц, куьзга, акъваьлла, аг1аз, алссам, аре, арз, арданг, сакхт, нах, анайист, ала,  аса, бежана, таро, лакхе.

Г1оьннагаьнгали, анаюх (горизонт), айп(дефект), майда, гуьла (волчья стая), локкхар (полоска),  етт, баха, цецваьлла, гезг, дукха, ангали, хьал, ч1аж, гу, леткъам(жалоба) адамаш, лам.

-акъваьлла бохучу  дашца  хаттаран предложени ялае.

IV.Керла тема йовзийтар.

 К1анта акъваьлла хаьттира:  (х1ун?)

-Хьо тахана стенга ваханера?---------------------юьззина предложени.

-Юьрта.--------------юьззина йоцу предложени   (Дуьззина жоп: со тахана юьрта ваханера.)

Жам1:

-   «Юьрта»  юьззина йоцу предложени ю, ялоза йитина меженаш ю: со- подлежащи,тахана- хенан латтам,  ваханера-сказуеми;

- и меженаш юкъара ца йохуш,  юьззина д1ааьлча,   цунах юьззина предложени хуьлу;

-и тайпа предложенеш диалогехь хуьлу;

-шакъаьстина аьлча, юьзина йоцу предложени  маь1на долуш ца хуьлу.

2.   §еша а ешна, йийцаре юьллу.

3. Кхочушдо 115 шардар./юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш билгал а йохуш/

4. Барта кхочушдо 116 шардар /кхааммо  йоьшу/

Хьалхарчо: палати чу велира Адам. Б1аьрга биллина йо1 гина, хазахийтира цунна.

Шолг1ачо: Муха ю хьо? Вон лозий?

Хьалхарчо: жоп ца луш, хаьттира йо1а:

Кхоалг1ачо(йо1а): Со кхуза муха кхаьчна? Х1ун ду суна хилларг?

   И кхинд1а…

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.  Т1едиллар. Диалоган кепехь д1аязъе текст.

Тхан школехь литературни кружок ю. Х1ун 1амайо аша оцу кружокехь? Литературни кружокехь оха х1инца 1амайо М.Мамакаевн произведенеш. Ахьа ешний цуьнан «Зеламха» ц1е йолу ро-ман? Х1ан-х1а аса ца  ешна «Зеламха» ц1е йолу роман. Карарчу хенахь х1ун ешна ахь? Карарчу хенахь со  Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» ц1е йолу роман йоьшуш ву.

VI. Жам1 дар.

 -муьлхачу предложенех олу юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш?

-предложени юьззина цахилар стенах доьзна ду?

-юьззина йоцу предложенеш мичахь хуьлу?

-диалогехь юьззина йоцурш, хаттаршкахь я хаттаршна дуьхьал жоп луш йолу предложенеш хуьлу?

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 28§,   117, 118 шардарш.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

35-г1а урок.          

Урокан тема: Цхьалхечу  предложенийн кепаш. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

Урокан 1алашонаш:цхьалхечу  предложенийн кепех лаьцна долу хаарш, карла а   дохуш,

т1еч1аг1дар;  хаарш к1аргдар, шордар;  къамел кхиор.

 

Урок д1аяхьар.

 

I.                    Урокан кечам бар.  Маршалла хаттар.

 

Хаза дош хьекъалан хазна ю.

 Дош ала хааре терра хуьлу дешан аьтто.

Дош дац хьуна, хьан г1иллакхца хьан г1уллакх дог1уш дацахь.

 

II.Дешархой балхана юкъабалор:

Тахана  урок д1аяхьа вайна оьшуш ерг  г1ашлахь лечкъина? Х1ун ю техьа и? 

/жоп: предложени. /

 

- стенах олу вай предложени.

 

/жоп: кхочушхилла ойла а гойтуш, цхьаьнакхеттачу дешнех я ша къаьстинчу дашах / 

 

Масала:

Б1аьсте.Б1аьстенан 1алам нускалх делакъежара.

 

III. 1амийнарг карладаккхар.

- муха хуьлу предложенеш: аларца, х1оттамца, чулацамца…?

 

Тесташ.

1.Аларан 1алашоне хьаьжжина предлженеш хуьлу:

а.) яьржина, яржаза.

 

аь.) цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, кхаах1оттаман.

б.) юьззина, юьззина йоцу.

в.) дийцаран, хаттаран, айдаран, т1дожоран.

 

2. Шена чохь йолчу коьртачу меженашка хьаьжжина  предложенеш хуьлу:

а.) юьззина, юьззина йоцу.

 

аь.)цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, кхаах1оттаман.

 

б.)яьржина, яржаза.

 

в.) дийцаран, хаттаран, айдаран, т1дожоран.

 

3.      Дешнаш ца эшош я дешнаш эшош йолчу  предложенеш  олу:

4.         

а.)цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, кхаах1оттаман.

 

аь.) юьззина, юьззина йоцу.

 

б.) дийцаран, хаттаран, айдаран, т1дожоран.

 

в.)яьржина, яржаза.

 

4.Коьрта а, коьртаза а меженашка хьаьжжина предложенеш хуьлу:

 

а.)цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, кхаах1оттаман.

 

аь.) юьззина, юьззина йоцу.

 

б.) дийцаран, хаттаран, айдаран, т1дожоран.

 

в.)яьржина, яржаза.

 

2.-Х1ун т1е ца тоьу предложенина?/   жоьпаш: кепаш/

 - муьлха кепаш 1амийна вай?/  Слайдаш/

 

23.4.5.6.

-

 

3.Уьн т1ехь болх бар. Т1едиллар. Синтаксически таллам бо .

Акхарошна дика кхача бу  хьуьнан  кхор./ЦП.,  дийцаран, яьржина, шинах1отт., юьззина, юьхьан.

 

1уьйре.     /ЦП.,   дийцаран, яржаза, цхьанах1оттаман, юьззина, ц1еран.  /    

         

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.  -д1аязъе йиъ-йиъ  предложени    /тобанашца  болх бар./

 

1.Тахана туьканахь стоьмаш боьхкира . 2.Нехан динара хотталахь вуссу. 3.Шийла 1уьйре. 5.Арахь шелъелла.   6.Кхана тхоьга волахь. 7.1аьнан т1аьххьара денош довха даьхкира . 8.Ах  буьйса.  9.Шийла мехаш хьоькху.   10.Дукха лийча г1алат долу.   11.Бакъдерг алахь. 12.Дукха 1ехначу цициго дахка ца лоцу.  13.Исбаьхьа б1аьсте. 14.Дешар дика 1амаделахь. 15.Гурахь ялта чудерзадо.16.Лекхачу басахь  жима юрт гора. 17.  Аьхка сада1а боьлху.18.Соьга дийцахь. 19.Къа ца хьегча, хи чуьра ч1ара ца лацало. 20.Х1инца шелъяла йоьлла. 21.Гобаьккхина хьун гора.  22.Барзана бага п1елг ма болла.   23.Ц1евзина 1уьйре.     24.К1айн 1а .    25.Дашо малх хьоьжура .

 

1-ра  тоба-юьхьан                                   4-г1а тоба- юкъара-юьхьан

2-г1а тоба-билгала-юьхьан                 5-г1а тоба-юьхьза

3-г1а тоба- билгалза-юьхьан              6-г1а тоба-ц1еран

 

V.Кхоллараллин болх.

 

 Сочинени-миниатюр.«Зевне аьзнаш»/мукъам хеза:  олхазарийн аьзнаш дека./

Гергара хьесап.  /Б1аьсте. 1уьйранна самавоккху олхазарийн эшарша.  Церан зевне   аьзнаша  адамийн  самукъадоккху. 

 

Т1едиллар. Т1еюза сочинени, предложенийн кепах пайда а оьцуш.

 

V. Жам1 дар.

 

 Кепаш  бохучу дашна   синквейн ялайо.

Кепаш

Цхьанах1оттаман, шинах1оттаман

1амайо, къастайо, толлу

Предложени нийса къасто хаар.

Маь1на!

 

VII. Ц1ахь бан болх балар.  Сочинени чекхъяккха.

 

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

         -Аш  тахана урокехь дика болх бин. Кхоран юьхк эцна  д1а цхьа  а ца воьду.Описание: C:\Users\111\Desktop\images-4.jpeg

- Кепаш къасточу хенахь,   г1алаташ  хьаьнгара девлира? Х1унда?

 

Описание: C:\Users\111\Desktop\1266884004_3ad188ec2bae-ryerryiryos.jpg     /жоп:-г1алаташ дуьйлура, бакъонаш  ледара хуу дела./

 -Урокехь массо а х1уманах кхеттарг мила ву? Кхинд1а,  хуучух тоам а бина, 1ийр дуй шу?Описание: C:\Users\111\Desktop\images-1.jpeg/жоп: со массо а х1уманах кхетта, делахь а  хуучух тоам а бина 1ийр вац./

36-г1а урок.          

Урокан тема:  Талламан болх. «Хьуьнхахь 1а.»

Урокан 1алашонаш:  цхьанах1оттаман  предложенех  лаьцна долу хааршна таллам  бар а,

                                       карадерзор а; хаарех пайдаэца 1амор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

III. Текст йоьшу.

1уьйре. Дохк.Х1умма а гур дуй-техьа, олий хетало. Амма дохк  новкъа дац. Дохк  хилча, шело к1еда хуьлу. Лай т1ехь дерг гуш хуьлу куьзган чохь санна. Юьртана гена валале хьо кхочу хьаьмцийн, элхьамчийн коьллаш юккъе. Кхузахь декаш хеза олхазарш. Говрахь вог1у стаг гича, уьш къаьхкина   коьллаш к1ел а, т1е а охьаховшу. Шоршалш ю церан ц1е. Тидам бича, коьллаш к1елахь гуш  дара хьаьмцийн а, элхьамчийн а легнаш. Олхазарша той динера кхузахь.

   К1айчу лай т1ехь гуш яра, т1адамаш диттича санна, когийн лар. Иза схьаяьлла гуш ю цхьана ширъеллачу кхуран гоьрга к1елхьара. Эх1! Х1ара-м хьаха ю дингадан    лар. Гена валале гуш дара лу а, цо баьккхина к1аг  а. Кхузахь луно буьйса яьккхинера. Лай к1елхьара латта довха хуьлу, цундела до цо иза…

  1ай хьун еша хуучунна ч1ог1а самукъане жайна ду. /125дош/

 

Дошам:   хьамц-хьаьмцаш (мушмула),  элхьамч-элхьамчаш (боярышник), кол-коьллаш (куст),

                     шоршал (дрозд), дингад (ласка), к1аг –бен.

Грамматически т1едахкарш.

 

1. К1ел сиз хьакха  грамматически лардашна.

2. Билгалъяха цхьанах1оттаман предложенийн кепаш.

3. Синтаксически таллам бе:

          1-ра  вариант -2-чу предложенина.

          2-г1а вариант-8-чу предложенина.

VII. Ц1ахь бан болх балар. Бакъонаш карлаяха.

 

37-38г1а урокаш.

Урокан тема: Предложенин цхьанатайпанара меженаш.    /ПЦМ/

Предложенин цхьанатайпанарчу  меженашкахь хуттургаш.

Урокан 1алашонаш: предложенин цхьанатайпанарчу меженах кхетам балар; цхьанатайпана- 

 ра меженаш цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а хуттур- 

гаш йолуш а, йоцуш а  хилар гайтар; цхьанатайпанарчу меженашца ле-

ла хуттургийн тайпанаш довзийтар; барта а, йозанан а  къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Стеган    дика а,   вон аамалшцуьнан   нахаца  йолчуюкъаметтигах,  дечу г1уллакхах,  шуьнехь, некъехь, хабарх, болархевзар ю.

Тедахкарш.

- маь1на досту;

- билгалдаха къамелан дакъош;

-синтаксически таллам бе

III.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.

-предложенин цхьанатайпанарчу меженах лаьцна х1ун хаа вайна?

/жоьпаш: -цхьана хаттарна жоп а луш, предложенехь  цхьана дашах йозуш а йолуш хуьлу/

-предложенехь маса хила тарло уьш? /жоп: шиъ я масех/

- муьлха меженаш хуьлу цхьанатайпанара?/жоьпаш: подл., сказ., кчачамаш, къастам, латтамаш/

-муха  къастайо цхьанатайпанара меженаш? /жоп: запятойшца/

-предложенехь  йолу цхьанатайпанара меженаш  вовшахтосуш коьртачу декъана х1ун лела?

  /жоп: хуттургаш/

229-30§§ еша а ешна, йийцаре йохку.

Хьехархо: керла   кхин х1ун девзавайнапредложенин цхьанатайпанарчу меженах лаьцна?

 жоьпаш: - дукхахьолахь  ПЦМ  цхьанатайпанарчу  къамелан дакъойх хуьлу;

-тайп-тайпанчу къамелан дакъойх лаьтташ а хила тарло;

-ПЦМ шатайпанарчу интонацица олу;

-ПЦМ яьржина а, яржаза а хуьлу.

- ПЦМ-ца  лела  кхаа тайпана хуттургаш: дозаран-а, къасторан-я, дуьхьалара- амма, ткъа, бакъду, делахь а, х1етте а, цундела./

3. Кхочушдо  120 шардар/ керла хиънарг  т1е муха эцна хьажар/

Т1едахкарш:

-синтаксически таллам бе;къастае  ПЦМ, дийца муьлха къамелан дакъа ду  уьш, яьржина ю я яц.

4. Кхочушдо 124 шардар. /оьшушш долу хьаьркаш х1иттош, билгалъяха ПЦМ, дийца уьш мухачу хуттургашца вовшахкхетта./

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Барта кхочушдо 127   шардар. 

V. Жам1 дар.

 -муьлхачу меженех олу  ЦМ?

-вовшех муха хоттало уьш?

-муьлха хуттургаш хуьлу ЦМ?

-маца юьллу запятой ЦМ ?

VI . Ц1ахь бан болх балар.

1.  29-30 §§,    2. 122, 123 шардарш.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

39-г1а урок.          

Урокан тема:  Цхьанатайпанара  а, цхьанатайпанара  боцу а къастамаш.

Урокан 1алашонаш: цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш къасто а, нийса 

                                      сацаран хьаьркаш х1итто а 1амор.           

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Описание: C:\Users\111\Desktop\images-9.jpegОписание: C:\Users\111\Desktop\images-6.jpeg

1. Х1етал-метал хаийла шуна:     олу цунах   чен  хох (медвежий лук),  акха сарамсекх.  

/хьонка дарбане хиларх лаьцна боцца хаам ло./ 

              (Запятой оьшу я ца оьшу?Х1унда?)

2. Б1аьстенан (?))   дуьххьарлера  витаминолухьонках.

 - синтаксически таллам бо;

III. Ц1ахь бина болх таллар.

1. 122, 123 шардарш.

2. 29-30 §§ хотту.

IV.Керла тема йовзийтар.                         

Уьна т1ехь болх бар.

мухачу?

 Билгалъяха

+    цхьанатайпанара  къастамаш      Ц1ечу, баьццарчу, к1айчусерлонца   лепара туьканийн корашкахь  йозанаш.

- х1ума цхьана аг1ор  билгалйо;

- къастамашна   юккъе хуттург х1отто йиш ю, запятой йилларца къастабо;                     

-къастамаш  цхьатерра боьзна бу дозуш долучу дашах.

 

 

 


цхьанатайпанара  боцу къастамаш

                                                                                      стенан?                                                  

                                                                                                           муха?

+

Боданечу корийн ангалех детталора дог1анан ?  даккхийт1адамаш.башхаллаш

Жам1:

 -х1ума тайп-тайпана билгалйо;

- къастамашна   юккъе хуттург х1отто ца мега;                      

-кхоллало мухаллин а, юкъаметтигаллин  а билгалдешнийн цхьаьнакхетарех.

3. Кхочушдо128 шардар.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Цунна гена йоцуш яра луьста баьццара хьун. 2. Хьуьна юккъехь йолучу майданна гонаха лаьттара дуькъа лекха нежнаш. 3.Кора юххехь лаьтташ бара шуьйра бо……а дечиган маьнга. 4.Аса канашкахь схьаи…цира ламанан ц1ена ши…ла шовда. 5.Чохь х1оьттина йолу ти…налла а йохош, ц1е……ана х1орш болучу чуелира къона безамехь цхьа зуда. 6.Т1екхечира еха сингаттаме 1аьржа буь…са. 7. 1уь…ранна малх ц1ечу баьццарчу можачу г1ашна юккъехула схьабетталора.

Т1едиллар.

-схьаязъе, оьшучохь  элпаш а, сацаран хьаьркаш а   х1иттош;

-4-г1а предложенина синтаксически таллм бе;

- карае синонимаш.

VI . Жам1 дар.

Блок-схема: процесс: къастамашцхьанатайпанара? Масалш.

 


цхьанатайпанара боцу? Масалш.

 

башхалла?

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 31§, 130 шардар.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

40-г1а урок.          

Урокан тема:  Цхьанатайпанарчу    меженашца юкъара  дешнаш.

Урокан 1алашонаш: :цхьанатайпанарчу    меженашца долчу юкъарчу  дешнех лаьцна 

             долу хаарш юхаметтах1иттор; и хаарш к1аргдар, шордар; къамел кхиор.

                                                                                                                                                          

Урок д1аяхьар.

I.                    Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

 

II. Дешархой балхана юкъабалор:

 

                                                                                              5.                3                   1.                       4.        2

  Дийна  доцчу   1аламехь 1аьнан хиламаш:        йоялар, ша хьахарло  диллар,   йис,      дарц.

 

 Т1едиллар.   Суьртийн рог1аллица, д1анисбе 1аьнан хиламаш.

1. 2.                    3.                  4.                5.

Описание: C:\Users\111\Desktop\images-15.jpegОписание: C:\Users\111\Desktop\2016-10-16-23-31-11--1800380331.jpegОписание: C:\Users\111\Desktop\images-11.jpegОписание: C:\Users\111\Desktop\images-16.jpegОписание: C:\Users\111\Desktop\images-12.jpeg

 

/Дошам: йоялар(оттепель), ша хьахар (гололедица), лодиллар (снегопад), йис( изморозь), дарц(метель/

 

Ц1ахь бина болх таллар

 

1.      Дешнийн болх. Т1едиллар. Кху дешнашна ялае антонимаш.

 

Абаде, аьрга, бакъдерг, екъа, бертахь, букара,   варста,   готта, г1енах, дуьра,   еса,   къа, луьра,   маьттаза, миска, 

Г1оьнна:   оьзда,   хьолада, маьрша,   азалла, хилла,   харцдерг,   нийса,      т1еда, теза, бертаза, самах, мела, юьзна, шуьйра, азвала.

 

2.      130 шардар / цхьанатайпанара боцу къастамаш билгал а бохуш, д1айоьшу. Бахьана дуьйцу, уьш цхьанатайпанара цахиларан/

 

IV.Керла тема йовзийтар. 1. Хьехархочун дош./керлачу теманах лаьцна 1амийнарг карладоккху/

 

3.      Уьна т1ехь болх бар. Т1едиллар.Синтаксически таллам бо.

 

Тамашийна стаг вара иза(:) некъашгездархо, 1илманча, яздархо.

 

Баппа(-)малхах тера долу, хьоме б1аьстенан дуьххьарлера зезаг.

Кхузахь мел дерг(:)г1амарийн аренаш, лоха ц1енош(-)х1умма а дог хьоьстуш дацара.

 

Жам1:

- юкъара дошцхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ делахь, царна хьалха ши т1адам буьллу;

- юкъара дош  цхьанатайпанарчу меженашна т1ехьа лаьтташ делахь, царна хьалха тире буьллу;

 

- юкъара дошцхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ, амма предложени чекхъялаза елахь,

 

цхьанатайпанарчу меженашна хьалха  ши т1адам буьллу, ткъа царна т1ехьа-тире.

 

2.Кхочушдо 134 шардар

 

4.      Барта кхочушдо 138 шардар. /стихотворенин маь1на даста/

5.       

IV.               1амийнарг т1еч1аг1дар.   Кхоллараллин болх.

V.                  

Кхочушдо136 шардар. /Схьаязъе, яздаза дитина элпаш а, сацаран хьаьркаш а х1иттош, бакъонца ч1аг1де;  ц1ераш  а тохкуш, т1еюза тексташ/

 

 1вариант-хьалхара абзац;    

 

 2вариант-шолг1а абзац; 

 

3вариант-140 шардар.

 

VI. Жам1 дар.

 53 аг1о терачу хаттаршна жоьпаш далар.

 

VI.               Ц1ахь бан болх балар.

 

1. 32§,   139 шардар.

 

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

8класс. 26.02.18шо.      

Урокан тема:  Т1едерзар.

Урокан 1алашонаш:  т1едерзарх долу хаарш шордар; предложенешкахь т1едерзар подле-

 жащих къасто 1амор;  т1едерзар предложенин меженашца грамматически дозаделла цахилар а, предложенин меже хуьлий ца лелар а

тидаме эцар.

 

Урок д1аяхьар.

 

Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

Марша дог1ийла шу, сан хьоме бераш!

Дешархой балхана юкъабалор:

 

Слайд.

Сан нана! Х1ай нана!

Ма  елха г1ийла, бераллехь ахьа баьхна аганан илли,

пондаран мерз хилла дийки сан кийрахь.

                                                                                         /Ш.Рашидов./

 

Ц1ахь бина болх таллар

 

      Кхочушдина  долу 139 шардар  дийцаре диллар а, 32§ хаттар а.

 

IV.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.

Коьртачу а, коьртазчу а меженел совнаха, предложенехь хила тарло цхьа а меже ца хуьлуш долу дешнаш а. Уьш х1ун дешнаш ду хьосий вай?

Слайд.

Сийлахь Нана! Хастам хьуна!

 Берийн дуьхьа яьхна хьо.

Яхь йолучу хьан к1ентийн сийлахь кхайкхам хьан дуьхьа бекаш бу, вина мохк ,нана.

Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна, хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха вуй.

Безам бу сан хьоьга, хьоме Даймохк.

 

Жам1:

-къамел хьаьнга я стенна т1едерзийна деш ду гойтуш долучу дашах(я масех дашах) т1едерзар олу;

Слайд.

-запятойца я айдаран хьаьркаца къастадо;

-даьржина, даржаза хуьлу;

-дукхахьолахь кхоллало ц1ердашах (лаамечу билг., прич., ц1ерм.. терахьд..);

- предложенин  юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь.

 

2.   Кхочушдо 141шардар.

3. Кхочушдо 142 шардар.

 

V . 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

 

 

Слайд.

 /Тобанашца болх бар/

1)Шера аре шера аре сан даго чухуьйди хьо

Г1ойтахь вина вина вацахьара кхузахь вуьсур вара со.

 

2.)Маршалла ду хьоьга г1ад сийна Терк

Тулг1енийн нахарца бердаш охуш

Хьо дог1у и пепнаш бухара дохуш. /М.Сулаев/

3.)Х1ай сан дог ахь соьга х1ун боху?

Сан ницкъ бац хьо сацо, амал дац.

 

4.) Вижна верг г1атталаш, семаниг кечлолаш,

Яьссаниг юзалаш, аьрханиг иръелаш,

Х1инца шух кхианарг т1ам 1аьржа леча ду. /Нохч. фольклор/

Слайд.

Т1едахкарш.

1-ра тоба:схьалаха т1едерзарш;

2-г1а тоба: дийца, муьлхачу къамелан дакъой кхолладелла уьш;

3-г1а тоба: сацаран хьаьркаш х1иттае.

 

VI. Жам1 дар.

 Т1едерзар? Муха хуьлу? Сацаран хьаьркаш? Меже хуьлий лелий? Муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало?

Слайд.

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1.      33§,  143, 144 шардарш.

 

Слайд.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

42-г1а урок.          

Урокан тема:  Юкъадало дешнаш а, предложенеш а.

Урокан 1алашонаш:  юкъадало дешнех а, предложенех а кхетам балар; предложенешкахь

                                    уьш  лаха 1амор; предложенин меженашца грамматически дозаделла а

                                    доцуш, предложенин меже хуьлуш  а доцуш, хаамна мах хадон далош

                                    долу дешнаш уьш хилар тидаме эцар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор: Хьехархочун дош.

Баккхийчара ма-аллара, деша а, 1ама а лууш верг,  х1ума хууш хир ву.

-предложени йийцаре юьллу.

III. Ц1ахь бина болх таллар.

1.  143 шардар./т1едерзарш билгал а дохуш, оьшуш долу хьаьркаш а х1иттош, д1айоьшуьйту предложенеш;    бакъонашца ч1аг1до дуьйцург./

2.   144 шардар./х1иттина йолу предложенеш йоьшуьйту/

IV.Керла тема йовзийтар.

1.                 1. 

Кхана дог1а дог1ур ду.-Схьахетарехь,  кханадог1адог1ур ду.

Дала кхо к1ант веллера цунна. -Цуьнан ирсана, Дала кхо к1ант веллера цунна.

 

2.

Воккха стаг Боч1а шен дехачу дахарехь дуьххьара цомгуш хиллера.-

Воккха стаг Боч1а шен дехачу дахарехь(кхузткъе иттех сов шо дара цуьнан) дуьххьара цомгуш хиллера.

Боч1ина тахана гина стаг Варш- юьртахь т1ебаьхкинчу нахах вара.

Боч1ина тахана гина стаг (Барзанакъ яра цуьнан ц1е) Варш- юьртахь т1ебаьхкинчу нахах вара.

Со д1авахале т1аьххьара а воккхачу  стагаца-цунах массара а моз-Хьасан олура-мазлаг1а йолучу

вахара со.

Т1едиллар.

-синтаксически талламаш  бо;

Жам1 дар.

1. юкъадало дешнаш:

-грамматически дац предложенин меженашца;

-предложени меже хуьлуш дац;

 -хаамна мах хадон далош долу дешнаш; 

-йозане запятойшца билгалдо;  

-и ца аьлча а,  предложенин маь1на хийца ца ло  

2юкъаяло предложенеш:  

-юкъадалочу дешнаша кхочушдийриг до;

Горизонтальный свиток: Дагахь латтодеза:
юкъадало дешнаш   предложенин  цхьана а меженах дозуш а ца хуьла, шаьш меже хуьлий а ца   лела.

-запятойшца билгалйо, амма цара кхин а совнаха кхетам, хаарш луш делахь, уьш йозанца къовларшца, ткъа наггахь тирешца билгалйоху.                                                                                                                                                                                                

 

 

 

 

 

 

 

2. Кхочушдо146 шардар.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 Барта кхочушдо147 шардар

VI. Жам1 дар. Т1едиллар. Муьлхачу аларца резахила мегар дац. Х1унда?

1.) Юкъадало дешнаш а цхьаьнакхетарш а предложенин вукху меженашца дозаделла хуьлу.

2.) Юкъаяло предложенеш запятойшца бен билгал ца йо.

3.) Юкъаялочу предложенешца къамел деш волчо ладуг1ушволчуьнца йолу шен юкъаметтиг гойту.

4.) Юкъадало дешнаш предложенехь къастамаш хуьлий лела.

5.) Дуьйцучо шен хаамна мах хадо далош хуьлу юкъадало дешнаш.

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 34§,  147 шардар.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

43-г1а урок.          

Урокан тема:  Х1аъ, х1ан-х1а дешнаш-предложенеш.

Айдардешнаш-предложенеш.

Урокан 1алашонаш: предложенин маь1нехь лелачу х1аъ, х1ан-х1а дешнаш-предложенех а,

                                  тайп-тайпана хаамаш а, дог-ойла а билгалъяран г1уллакх  кхочушдеш дол-

чу айдардешнех  а кхетам балар; йозанехь сацаран хьаьркашца уьш къасто

1амор; айдардешнех предложенин меже цахилар тидаме эцар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

«…Х1ан-х1а, со кхин хьуна декар дац, аса сайн г1айг1а хьуна кхин ялхор яц…»

-муьлхачу произведени юккъера ду и дешнаш?/жоп: С.Бадуев  «Олдам.»/

II. Ц1ахь бина болх таллар

1. Шардар кхочуш хьан дина, хьан ца дина, х1ун халонашлайна хьажар;

2. Дешнийн болх.  1алелай, х1а-х1ай, эс, варийлахь, эх1, же, маржа-я1, къакъарашт, ой, жолам-я1-кх,  оффай.

- уьш х1ун дешнаш ду?

-х1иттайо  предложенеш.

IV.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.

Х1ан-х1а, соьга алитал ахь. Х1ан-х1а! Суна цац а лиира цуьнга х1умма а ала.

Х1аъ, цу дийнахь хилира цуьнан кхетамехь уггаре а къиза т1ом.

Маржа,  ц1ен аьхке! Хьо еза-м хала дацара, тов, чан, чуьркаш, мозий а дацахьара.

Х1ай хьо,  сан  Даймохк, мел хьоме хета!

1алелай, ма дукха адамаш дара цигахь!

-синтаксически таллам бо;

Жам1:

-х1аъ, х1ан-х1а дешнаш-предложенеш  предложени юьххьехь хилахь, д1ааларе а маь1не а хьажжина, запятойца я айдаран хьаьркаца къастайо;

-айдардешнаша гайтинчу ойланца хуьлуш болу тайп-тайпана хаамаш а, дог-ойла а билгалъяран г1уллакх до;

-айдардешнаш шакъаьсттинчу эшарехь олу;

-йозанехь  сацаран хьаьркашца къаста а до уьш;

-айдардешнех предложенин меженаш ца хуьлу.

2.   35§еша а ешна, йийцаре юьллу.

3. Кхочушдо 149шардар.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 Барта кхочушдо 150шардар

VI. Жам1 дар.

 -Дешнаш-предложенеш стенах олу? Уьш йозанехь стенца къестайо?

-Предложенехь айдардешнаша х1ун г1уллакх до?

-Предложенехь айдардешнаш стенца къестадо?

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 35§,   153, 154 шардарш.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

44-45г1а урокаш.

Урокан тема:Предложенин шакъаьстина меженаш.

Шакъаьстина латтамаш.

Урокан 1алашонаш: шакъаьстинчу меженех кхетам балар; предложенехь уьш интонацица,

маь1ница, соцунг1ица предложенин дешнех д1акъастош хилар тидаме

эцар; шакъаьстина меженаш запятойшца, наггахь тире йилларца билгал-

йохуш хилар 1амор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

Мох/,массо а аг1ор схьахьоькхуш болу,/т1етт1а ч1аг1луш бара.

Массо а аг1ор схьахьоькхуш болу  мох  т1етт1а ч1аг1луш бара.

-х1ун башхалла ю оцу шина предложенина юккъехь?

III. Ц1ахь бина болх таллар

1.  Кхочушдинчу153, 154 шардаршна таллам бо, 1амийнарг карла а доккхуш.

2.Дешнийн болх. г1ийла лаьттара, ц1а доьттира, сийна алу, ден керт, ненан йовхонца, тептар ийцира, жоп делла, хийра хетара, б1аьстенан малхо,ломара хьаша, сихха д1авахара, ц1ен коч.

Т1едиллар:  дешнийн цхьаьнакхетаршкахь билгалъяха уьйраш; 

IV.Керла тема йовзийтар./Слайдаш/

 

 


Предложенеш.

шаьш хила дезачу метте д1ах1иттаде

1. Иза къайлаелира.

1. хин бердана шовзткъе итт метр лакхахь

2. Х1ор 1уьйранна Ибрах1им шен ден ваша волчу чувоьдура.

2. чуьра ара а ваьлла, говран т1е а хиъна

3. Хьуьн юьстах ша лаьтташ хиллера аьрзун бен т1ехь долу лекха дитт.

3. цу тайпана чехка юьртах а иккхина

4. Ахьмад хаьхкина д1авахара.

4. балха вахале хьалха

5.Тарсал оха дукха ца 1аш д1ахийцира.

5. дистина деанчу хиэ д1адаьхьна долу

6. Т1ай сиха меттах1оттийра.

6. хьуьнхахь тхаьш лаьцна йолу

                                                                                       

 

 

латта-

  маш

 

 

къаста- 

маш

 

Т1едиллар: предложенешна синтаксически таллам бо.

Жам1:

шакъаьстина меженаш

- интонацица, маь1ница, соцунг1ица предложенин дешнех д1акъаьста;

-соцунг1а еш, еша еза;

-тайп-тайпана хила тарло: къастамаш, латтамаш…

-причастин карчамах хуьлу шакъаьстина къастам;

-деепричастех а, деепричастин карчамах хуьлу шакъаьстина латтамаш, цара сказуемина кхин а совнаха хаам т1етуху

-йозанехь запятойшца, наггахь тире йилларца билгалйоху.

2.   36,37§§еша а ешна, йийцаре йохку.

-причастин карчамна т1ехьа лаьтташ хилахь, шакъаьстина меже хуьлий ца лела;

-деепричасти сказуемина уллохьа лаьтташ, маь1ница цунна герга елахь, запятойш ца х1иттайо,

 деепричасти сказуемин дакъа делахь а ца юьллу запятой.

Урамнекъахула схьаловзушйог1ура йо1.

Бахархоша аренашкара ялта дара чудерзош.

3. Кхочушдо  

1-ра вариант  155шардар/билгалбоху шакъаьстина къастамаш/

2-г1а вариант158 шардар/билгалбоху шакъаьстина латтамаш/

4. Барта кхочушдо 159 шардар.

V . 1амийнарг т1еч1аг1дар. 

Т1едиллар. Грамматически кхачамбацарш нисде.

Машинисто шен дахарехь дуьххьара йолаялийтира электровоз, дукха хан йоццуш курсаш чекхъяьхна йолу. Жа1уьна тхан ц1е гира, лаьмнашкахь буьйса йоккхуш йолу. Аьрзу ломан бохь т1е охьалахъелира, геннара схьаеана йолу. К1ант нанна улло охьалахвелира, г1алара ц1а веана волу.

VI. Жам1 дар.

Т1едиллар: Нийсадоцу алар билгалде.

1. Шакъаьстина меженаш-сацаран хьаьркашца а, интонацица а билгалъеш йолу меженаш  ю

2. Шакъаьстина коьраза меженаш бен ца хуьлу.

3. Шакъаьстина меженаш, соцунг1а    еш, еша еза.

4. Латтамаш шакъаьстина хуьлу, нагахь санна цара хиламан хан а, меттиг а билгалъеш елахь

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 36, 37§§,    2. 156, 160 шардарш.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

46-г1а урок.          

Урокан тема:  Шакъаьстина юххедиллар.

Урокан 1алашонаш: шакъаьстинчу меженех  долу хаарш карладахар;  шакъаьстинчу юххе-

                                          дилларх кхетам балар; предложенешкахь юххедиллар къасто  а, сацаран

хьаьркаш х1итто а 1амор; нийсаздаран син  иралла а, къамел а кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор: /Слайдаш/

Аманды Асуханов,художник,  дика вевза вайн махкахь а, дозанал арахьаа.

/Цо дехкина суьрташ/

 

III. Ц1ахь бина болх таллар

1.  Кхочушдина долу 156, 160 шардарш  дийцаре дахкар.

2.Дешнийн болх. Сурт (суьрташ), суртдаккхар (фотографировать, съёмка), суртдиллар (рисование),

суртдуьллург (живописец), суртдоккхург (фотограф), суртх1оттор ( воображение).

IV.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.

«Бож-1ела», Хамидовн лийрйоцу комеди,тахана а х1иттош ю Нурадиловн ц1арахчу театрехь.

«Стела1ад»,берийн журнал,ч1ог1а самукъадолуш доьшу и кегийчара а, баккхийчара а.

Т1едиллар. Предложенешна синтаксически талламаш бо.

2. 38§еша а ешна, йийцаре юьллу.

3. Кхочушдо 161 шардар./шакъаьстина юххедилларш билгал а дохуш, сацаран хьаьркаш х1ит-торан бакъонаш юьйцу/

4. Барта кхочушдо 162 шардар. /къамел кхиор/

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Т1едиллар: шакъаьстина юххедилларш шаьш хила дезачу метте д1ах1иттаде.

 

Предложенеш

Шакъаьстина юххедилларш

1. Сан денана суна юург яла г1ерташ йоллура.

1.Нохчийчу

2. Ахьмад  воккха говзанча, оьзда стаг вара.

2.илланча

3. Виначу махка ваха сатийсам даим а хилла сан.

3.лаьмнашкахь уггар йовха хан.

4.Сан доттаг1 воьлучура саца ца лора.

4.тийна-таь1на йоккха стаг

5.  Июль беттан т1аьххьара денош дара лаьтташ.

5.тхан юьртахо.

Т1едиллар:  оьшу сацаран хьаьркаш  а х1иттош, предложенешна синтаксически таллам бо;

VI. Жам1 дар.Юххедиллар  бохучу дашна   синквейн ялайо.

Юххедиллар

Даьржина, даржаза.

Яздо, доьшу, толлу.

Предложенехь шакъаьстина меже ю

 Хьал.

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 38§,   2.165, 166 шардарш.3. -Дурс-бохучу дешан маь1на даста.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

 

 

47-г1а урок.          

Урокан тема:  Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш.

Урокан 1алашонаш:  хенан а,  меттиган а латтамийн дурсах кхетам балар; цара  маца, мичахь

кхочушхуьлу дар я хилар  к1орггера хаийта таро луш хилар тидаме эцар;

                                     предложенешкахь  запятойшца уьш нийса билгалдаха а, царах пайдаэца а

 1амор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

III. Ц1ахь бина болх таллар

1.  Кхочушдина  165, 166 шардаршна таллам бар а, дуьйцург бакъонца ч1аг1 а деш.

2.-Дурс-бохучу дешан маь1на даста.

/жоп: дурс-дешан маь1на   дуьззина нийса билгалдечу дашах олу; оьрс. м. сполна, полностью, точно…бохург ду/

IV.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.

Стомара, /билгалдаккха терахь/, урокехь  вай 1амийна шакъаьстина юххедиллар.

Къовсам школехь,  /меттиг  билгалъяккха/, д1абаьхьира.

Т1едиллар. Предложени юьззина схьа а язъеш, синтаксически талламаш бо.

-предложенеш йийцаре йохку.

Жам1: шел хьалхарчу латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдечу латтамахлаттаман дурс олу.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


2. Барта кхочушдо 171 шардар.

V . 1амийнарг т1еч1аг1дар. /Тобанашца болх бар/

1. Хьуьна юьстаха хин бердана шовзткъе итт метр лакхахь ша лаьтташ хиллера аьрзун бен т1ехь болу лекха дитт. 2.1уьйранна сатасале хьалха г1ала охьахьаьдира 1усама. 3. Иза дара 1941-чу шарахь аьхка цхьана жимачу юьртахь. 4. Дог1анан 1ам лаьттинчохь т1уьначу меттехь некъ ж1араболучохь хьуьна  чу яхначу ченан керла лараш яра. 5. Малхбузехьарчу орцахь ирачу берда буьххьехь лаьтта б1ов ах чухаьрцина гира цунна. 6. 1ай декабрехь ц1еххьана йоккхачу Нохчий-чохь гучуволу Шемал. 7.Дуккха а хан елира Аьстамар аьчкан некъана уллохь, дитташ бухахьхиъна 1аш. 8. Цу берда т1ехь хьуьна юккъерчу парг1атчу майданашкахь хьийкъинчу бацалахь махо бес-бесара кортош а лестош хаза зезагаш лепара.

Т1едахкарш:

-хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш запятойшца  билгалбаха;

- 5-г1а предложенина  синтаксически таллам бе.

- некъ ж1араболучохь-бохучу дешан маь1на даста;

- 8-чу предложенехь къамелан дакъош билгалдаха;

-дешан х1оттам билгалбаккха: малхбузехьарчу.

VI. Жам1 дар.  Латтам  бохучу дашна   синквейн ялайо.

Латтам

Хенан, меттиган.

1амабо,билгалбоккху, пайдаоьцу.

Предложенешкахь шакъаьстина йолу меже.

Дурс.

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 39§,2. С.Яшуркаевн «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх.» ц1е йолчу дийцар т1ера схьаязъе латтамйин дурсаш шеца долу предложенеш.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

48-49г1а урокаш.

Урокан тема:  Ма-дарра а, лач а къамел.

Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш.

Урокан 1алашонаш:  ма-дарра а, лач а къамелах лаьцна долу хаарш карладахар; ма-дарра

                                      къамелехь йолучу  чолхечу  пунктуацин коьрта декхарш довзийтар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

III. Ц1ахь бина болх таллар

Д1айоьшуьйту  латтамйин дурсаш шеца долу предложенеш, барта дуьйцу, муьлха дурсаш ду: хенан я меттиган, нийсахилар бакъонца ч1аг1 а деш.

IV.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.Х1ун хаа вайна ма-дарра а, лач а къамелах лаьцна?/жоп: хийца ца хуьйцуш, ма-дарра далочу нехан къамелах ма-дарра къамел олу. Ткъа хийцинчу формехь далочу нехан къамелах лач къ./

Чолхе пунктуаци ю ма-дарра къамелехь. Цуьнан коьрта декхар-авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а тайп-тайпана билгалдаккхар ду.Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш х1иттор дузу цу шина д1анисдалар(хьалха-т1аьхьа) муха кхочушхилла хьаьжжина.

Масала.

            А Д                                       М.КЪ.

Дега хаьттира аса: «Кхузахь  лаьтташ хилла б1ов мича яхана?»

«Ма яхийталахь! Ма яхийталахь!»-мохь хьаькхира таллархочо.

«Нисбелла дин бу,-элира дас,- и тайпа говр сайн хилийта х1уъа мах бала реза ву-кх со».

 «Цо ца дича кхин хьан дийр дара ишттаниг, -элира Халида.-Цул харцахьа лелаш бер вайн юьртахь дан а дац».

Массарна а хезаш,- «Кхузара ву-кх»,-аьлла, шен юртйолчухьа д1аведира к1ант.

2. Жам1 дар. /ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш х1итторах лаьцна дуьйцу/

3.Барта кхочушдо 179 шардар.

4. Кхочушдо  178 шардар.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар./Тобанашца болх бар/

Т1едиллар. Х1окху схемашна йог1у предложенеш х1иттае.

 

1.А Д: «М.КЪ»

2. А Д: «М.КЪ!»                           

3. А Д: «М.КЪ?»

 

«М.КЪ»,-А Д.                

«М.КЪ!»,-А Д                           

«М.КЪ?»,-А Д.

 

«М.КЪ,-А Д,-М.КЪ»

«М.КЪ,-А Д.-М.КЪ»

«М.КЪ!-А Д.-М.КЪ!»

А Д: «М.КЪ»,-АД.        

А Д: «М.КЪ!»-АД.                 

А Д: «М.КЪ?»-АД.                            

 

VI. Жам1 дар.

-муьлхачу къамелах олу ма-дарра къамел?

- муьлхачу къамелах олу лач къамел?

-х1ун ши кеп ю нехан къамелан?

-ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш х1итторах лаций дийца?

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1.40,41§§,   180 шардар.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

50-г1а урок.          

Урокан тема:  Ма-дарракъамел лач къамеле дерзор.

Урокан 1алашонаш: ма-дарра къамел лач къамеле дерзоран некъ бовзийтар;муьлхха ама-

дарра къамел лач къамеле дерзадалар а,  и дерзош ц1ерметдешнийн

                                      яххьаш хийцалуш хилар а тидаме эцар.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

III. Ц1ахь бина болх таллар

180 шардар /схеманашна х1иттина предложенеш   йоьшуьйту, церан нийсахилар бакъонца ч1аг1 а деш./

IV.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.

 

Ма-дарра къамел

 Лач къамел

1.Закрис, 1усманна юххе а хилла, элира: «Со кхана хьоьца  вог1ур ву».

1. Закрис, 1усманна юххе хилла, элира, ша кхана цуьнца г1ур ву аьлла.

2. Ахьмада соьга элира: «Со сарахь хьоьца син-къераме вог1ур ву».

2. Ахьмада соьга элира, ша сарахь соьца син-къераме вог1ур ву аьлла.

3. Къосума соьга элира: «Хьосуна хьалха латта декхарийлахь вац».

3.Къосума соьга элирасо  шена хьалха латта декхарийлахь вац аьлла.

2.   §еша а ешна, йийцаре юьллу.

3.Кхочушдо 181 шардар.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Барта кхочушдо 183 шардар.

VI. Жам1 дар.

Нехан къамел маса кепара хуьлу?

Ма-дарра къамел стенах олу?

Лач къамел мухачух олу?

Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш муха хIиттадо?

Ма-дарра къамел лач къамеле дерзорехь цIерметдешнийн яххьаш муха хийцало?

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1.  42§,   182 шардар.  2. –Цитата- бохучу  дешан маь1на даста.

 Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

51-г1а урок.          

Урокан тема:  Цитаташ а, церан нийсаязъяр а.

Урокан 1алашонаш: цитатах лаьцна долу хаарш шордар; дуьйцург, яздийриг ч1аг1дархьама,

                                     шен ойла къеггина дикий, хазий билгалъяккхархьамацитата ялош  хилар а,

и  ма-дарра къамелан кеп хилар а тидаме эцар; цитатах пайдаэца 1амор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

«Х1ор  къоман мотт1алашбар а, кхиор а-пачхьалкхан а, 1едалан а декхар ду…»    

III. Ц1ахь бина болх таллар

1.    182 шардар./ма-дарра къамел лач къамеле а дерзош, д1айоьшу предложенеш;сацаран хьаьркаш х1иттор, бакъонца ч1аг1 а деш./

2.Цитата- бохучу  дешан маь1на даста./жоп:  -цитата- латини маттара схьаэцна дош ду. «Кхайкхар», «ц1еяккхар» бохург ду  иза вайн маттахь/

IV.Керла тема йовзийтар. 1.Хьехархочун дош.

/Слайдаш

 

 

 

«Шен нен мотт халкъо, сий ойуш, 1алашбахь, цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц»/М.М./

«Воккхаве со хьуна хуучу кхечу къаьмнийн меттанех. Хьайниг бицбеш, 1амо беза уьш хьуна ца моьттинехь» /А.С./

«Бекалахь, ненан мотт, х1инца, дуьнене машаре кхойкхуш, лаьтта т1ехь къинхьегам, нийсо, вошалла, ирс, машар кхайкхош.» /А.А./

«Йистйоцу х1орд санна, бу хьуна шорта, ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт…»/Ш.А./

«Дош доцург дош дац,

Дашал доккха х1ума дац…»/М.К./
«Ненан мотт цахаар-шен кхерч цаларар ду, кхерчан да цахилар –маьттаза вахар ду». /Б.С./

«Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу…» /Л.Т./

2.§еша а ешна, йийцаре юьллу.

3.Кхочушдо 184 шардар

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушдо 185 шардар

VI. Жам1 дар.

-Цитата стенах олу?

-Цитата нохчтийн матте даьккхича, х1ун бохург ду?

-Цитаташкахь сацаран хьаьркаш муха х1иттайо?

VII. Ц1ахь бан болх балар.

1. 43§,    2.Т1едиллар: яздархоша а, 1илманчаша а  нохчийн маттах лаьцна аьлларг схьа а лахий,

д1аязде.

 

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.

 

52-г1а урок.           1амийнарг т1еч1аг1дар.

                                           Тесташ.

1-ра тест.

 Дешнийн нийсаяздаран бакъонех  олу:

1.) грамматика

2.) морфологи

3.) орфографи

 2-г1а тест.

 Карара уьйр хуьлу:

1.) шина кепара

2.) кхаа кепара

3.) еа кепара

 3-г1а тест.

Кху дешнийн цхьаьнакхетарехь бартбар уьйр ю:

1.) аьхкенан де

2.) хаза аьхке

3.) хаза лаьттара

4-г1а тест.

 Кху дешнийн цхьаьнакхетарехь урхалла уьйр ю:

1.) аьхкенан де

2.) хаза аьхке

3.) хаза лаьттара

5-г1а тест.

 Кху дешнийн цхьаьнакхетарехь т1етовжар уьйр ю:

1.) аьхкенан де

2.) хаза аьхке

3.) хаза лаьттара

6-г1а тест.

Нохчийн маттахь коьрта меже:

1.) кхоъ ю

2.) шиъ ю

3.) цхьаъ ю

7-г1а тест.

 Кху предложенехь подлежащи дац:

1.) Арахь хаза лаьттара.

2.) Арахь ло дог1у.

3.)  Арахь стоьмаш боьхкира.

8-г1а тест.

 Кху предложенехь сказуеми  дац:

1.) К1айн 1а.

2.) Схьакхечи шийла 1а.

3.)  Г1а доьжнера.

9-г1а тест.

 Кху предложенехь  ц1еран х1оттаман сказуеми дац:

1.) Шийла мехаш хьоькхура.

2.)  Арахь шийла яра.

3.) Шозза диъ барх1 ду.

10-г1а тест.

 Кху предложенехь  хандешан  х1оттаман сказуеми ду:

1.) Арахь ч1ог1а стигал къекъара.

2.) К1антана  г1ан гора.

3.)  Сан вешина книга еша лаьа.

11-г1а тест.

Караде г1алат:

1.) Саь1йд  Бадуев-яздархо ву.

2.) Хазалла-сарралц, дикалла-валлалц.

3.)  Къахьегар-сийлалла, болх цабар-сонталла.

12-г1а тест.

Кху предложенехь хаза боху дош къастам бу:

1.) Хаза йистхилира  къона зуда.

2.)  Хаза къамел дира цо.

3.)Хазаниг т1ееара.

13-г1а тест.

Муьлхачу коьртазчу межено гойту дар, хилар:

1.) къастамо

2.)  кхачамо

3.)  латтамо

14-г1а тест.

Кху предложенехь нийса кхачам бу:

1.) Цуьнан б1аьргаш хих буьзира.

2.) Бовхачу малхо   чоь серлаяьккхира.

3.) Сийначу стиглахула к1айн мархаш йоьлхура.

15-г1а тест.

Х1ара предложени билгалза-юьхьан ю:

1.) Б1аьстенан мохо эсала техкадора къона синтарш.

2.) Туьканахь стоьмаш а, хасстоьмаш а боьхкира.

3.) Тахана тхоьга дуьйлийша.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                              

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                              

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


 

Урокан тема: НОХЧИЙН МОТТ ХАЛКЪИЙНМЕТТАНЕХ

Урокан тема: НОХЧИЙН МОТТ ХАЛКЪИЙНМЕТТАНЕХ

Урокан тема: 5-7-чу классашкахь 1амийнарг карладаккхар

Урокан тема: 5-7-чу классашкахь 1амийнарг карладаккхар

VIII . Ц1ахь бан болх балар. 1

VIII . Ц1ахь бан болх балар. 1

Т1едиллар: т1адамийн метта предложенеш ялайо

Т1едиллар: т1адамийн метта предложенеш ялайо

Биъ ког г1ортийна … .Цьа йист яккха…

Биъ ког г1ортийна … .Цьа йист яккха…

II . Дешархой балхана юкъабалор:

II . Дешархой балхана юкъабалор:

Керла хиънарг т1еэцар. / Ловзар

Керла хиънарг т1еэцар. / Ловзар

Хаарш зер. Гуйренан де (бартбар), сиха велира(урхалла), вешига дийцира(т1етовжар), сийна стигал(урхалла), генара хьаша(урхалла), 1аьржа буьйса(т1етовжар), тийна лаьттара(бартбар), тийна стаг(урхалла)

Хаарш зер. Гуйренан де (бартбар), сиха велира(урхалла), вешига дийцира(т1етовжар), сийна стигал(урхалла), генара хьаша(урхалла), 1аьржа буьйса(т1етовжар), тийна лаьттара(бартбар), тийна стаг(урхалла)

VII . Жам1 дар. Тесташ. -Предложенин коьрта меже маса ю? 1

VII . Жам1 дар. Тесташ. -Предложенин коьрта меже маса ю? 1

Т1едахкарш: -Нийсаяздар бакъонца ч1аг1до

Т1едахкарш: -Нийсаяздар бакъонца ч1аг1до

Сказуеми стенах олу? -Дукхахьолахь сказуеми муьлхачу къамелан декъах хуьлу? -Муьлхачу сказуемих олу хандешан цхьалхе сказуеми?

Сказуеми стенах олу? -Дукхахьолахь сказуеми муьлхачу къамелан декъах хуьлу? -Муьлхачу сказуемих олу хандешан цхьалхе сказуеми?

Нисде г1алаташ . VII . Жам1 дар

Нисде г1алаташ . VII . Жам1 дар

VI . 1амийнарг т1еч1аг1дар. 1

VI . 1амийнарг т1еч1аг1дар. 1

IV .Керла тема йовзийтар. 1

IV .Керла тема йовзийтар. 1

Т1едиллар. Вовшашка хаттарш а луш, юзу таблица

Т1едиллар. Вовшашка хаттарш а луш, юзу таблица

Нийса кхачам олу: 1. сказуемино кхочушдеш долу дар шена т1едерзийна йолчу лач дожарехь лаьттачумеженах

Нийса кхачам олу: 1. сказуемино кхочушдеш долу дар шена т1едерзийна йолчу лач дожарехь лаьттачумеженах

V .Шайга болх байтар . 1

V .Шайга болх байтар . 1

Юххедилларехь ший а юкъара ц1е елахь:

Юххедилларехь ший а юкъара ц1е елахь:

Йист йоцу аре ерриге д1атийнера

Йист йоцу аре ерриге д1атийнера

IV .Керла тема йовзийтар. -таблица йийцаре йиллар

IV .Керла тема йовзийтар. -таблица йийцаре йиллар

VIII . Ц1ахь бан болх балар. 14,15§§, 64, 67 шардарш

VIII . Ц1ахь бан болх балар. 14,15§§, 64, 67 шардарш

VIII . Ц1ахь бан болх балар. 1

VIII . Ц1ахь бан болх балар. 1

VII . Ц1ахь бан болх балар. 1

VII . Ц1ахь бан болх балар. 1

Урокан тема: Бахьанин латтам.

Урокан тема: Бахьанин латтам.

Ц1е тиллар.

Ц1е тиллар.

Урокан тема: 1алашонан латтам

Урокан тема: 1алашонан латтам

Х1ун 1алашо йолуш? 1. Некъ бацбархьама , / воккхачу стагана тамехь долу/ къамел данвуьйлира со

Х1ун 1алашо йолуш? 1. Некъ бацбархьама , / воккхачу стагана тамехь долу/ къамел данвуьйлира со

III .Ц1ахь бина болх таллар

III .Ц1ахь бина болх таллар

Ч1ог1а онда ницкъ болуш х1ума ю дош

Ч1ог1а онда ницкъ болуш х1ума ю дош

Синтаксически таллмаш бо. / тобанашца болх бо / 1алашо:1амийнарг карладаккхар/

Синтаксически таллмаш бо. / тобанашца болх бо / 1алашо:1амийнарг карладаккхар/

Иччархо волчу лакхенера дика къаьста фашисташ

Иччархо волчу лакхенера дика къаьста фашисташ

Кхочушдо 96 шардар./шишша цхьаьна а тухуш болх бойту

Кхочушдо 96 шардар./шишша цхьаьна а тухуш болх бойту

I. Ц1ахь бина болх таллар 1

I. Ц1ахь бина болх таллар 1

VI . Жам1 дар. /Слайдаш/ Т1едиллар: д1анисъе таблица;

VI . Жам1 дар. /Слайдаш/ Т1едиллар: д1анисъе таблица;

Маца чудерзадо ялта? /жоп: аьхка/

Маца чудерзадо ялта? /жоп: аьхка/

I . Урокан кечам бар. Маршалла хаттар

I . Урокан кечам бар. Маршалла хаттар

Урокан тема: Юьхьза предложенеш

Урокан тема: Юьхьза предложенеш

Г1оьнна: 1адоккхуш долу олхазарш: хьоза, кхокха, къиг, хенак1ур, ч1ег1аг, хьарг1а, лайн хьоза (снегирь), гуй (кормушка), ижу, алкханчан бен(скворечник), г1айг1а бар (заботиться), г1ура(мерзлота), декхар (долг)…

Г1оьнна: 1адоккхуш долу олхазарш: хьоза, кхокха, къиг, хенак1ур, ч1ег1аг, хьарг1а, лайн хьоза (снегирь), гуй (кормушка), ижу, алкханчан бен(скворечник), г1айг1а бар (заботиться), г1ура(мерзлота), декхар (долг)…

Кхочушдо 114 шардар. V . 1амийнарг т1еч1аг1дар

Кхочушдо 114 шардар. V . 1амийнарг т1еч1аг1дар

Шолг1ачо : Муха ю хьо? Вон лозий?

Шолг1ачо : Муха ю хьо? Вон лозий?

Масала: Б1аьсте. Б1аьстенан 1алам нускалх делакъежара

Масала: Б1аьсте. Б1аьстенан 1алам нускалх делакъежара

Х1ун т1е ца тоьу предложенина? / жоьпаш: кепаш/ - муьлха кепаш 1амийна вай?/

Х1ун т1е ца тоьу предложенина? / жоьпаш: кепаш/ - муьлха кепаш 1амийна вай?/

Кепаш Цхьанах1оттаман, шинах1оттаман 1амайо, къастайо, толлу

Кепаш Цхьанах1оттаман, шинах1оттаман 1амайо, къастайо, толлу

Дошам: хьамц-хьаьмцаш (мушмула), элхьамч-элхьамчаш (боярышник), кол-коьллаш (куст), шоршал (дрозд), дингад (ласка), к1аг –бен

Дошам: хьамц-хьаьмцаш (мушмула), элхьамч-элхьамчаш (боярышник), кол-коьллаш (куст), шоршал (дрозд), дингад (ласка), к1аг –бен

Кхочушдо 124 шардар. /оьшушш долу хьаьркаш х1иттош, билгалъяха

Кхочушдо 124 шардар. /оьшушш долу хьаьркаш х1иттош, билгалъяха

Боданечу корийн ангалех детталора дог1анан ? даккхий т1адамаш

Боданечу корийн ангалех детталора дог1анан ? даккхий т1адамаш

Дошам: йоялар (оттепель ), ша хьахар (гололедица), лодиллар (снегопад), йис ( изморозь), дарц (метель /

Дошам: йоялар (оттепель ), ша хьахар (гололедица), лодиллар (снегопад), йис ( изморозь), дарц (метель /

I. Ц1ахь бан болх балар

I. Ц1ахь бан болх балар

Слайд. Сийлахь Нана! Хастам хьуна!

Слайд. Сийлахь Нана! Хастам хьуна!
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
02.09.2021
Посмотрите также: