Методическая разработка открытого урока по чеченскому языку в 3 классе по теме "Орамехь шала мукъазнаш яздар"

  • docx
  • 13.12.2023
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок по чеченскому языку для 3 класса «Орамехь шала мукъазнаш яздар».docx

Нохчийн мотт 3 класс

Тема: «Орамехь шала мукъазнаш йаздар»

1алашо: орамах лаьцна болу хаамаш шорбар. Дешан орамехь шала мукъаза элпаш йаздаран бакъонаш йовзийтар, царех пайдаэца 1амор.

1алашо:  дешархошна хуур ду дешнашкахь орам билгалбаккха, гергара дешнаш лаха. Дешархошна 1емар ду дешан орамехь оьшучохь шала мукъаза элпаш йаздан.

Урок д1айахьар.

1.Урокан кечам бар.

2.Ц1ера болх  таллар.

3. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

4.Керла тема хьехар.

·        Бакъо таллар.

- Дешнашкахь шала мукъаза элпийн тидам бар.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Муьлхачу дешнашкахь ду шала мукъаза элпаш? Д1аязде  и дешнаш.

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дешна к1еззиг? Юккъера?

Предложенешкахь шала мукъаза элпаш долу дешнаш каро хаар, уьш дешнашкахь билгалдахар.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлхачу дашехь ду шала мукъаза аьзнаш? Буха сиз хьакха.

-Маттаца дашехь орам муьлханиг бу?(Мотт- маттаца- мотт орам бу).

-Билгалбаккха орам).

(Иштта толлу еригге предложенеш)

4. Сада1аран миноташ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

Шала мукъаза аьхнаш йаздан хаар таллам бар

Хьаннаш, беттаса, лаьттахь, йаьсса, жимма, к1орггера,  баннаш, санна.

-Йуха йазде и дешнаш мог1анера сехьадаха ма деззара доькъуш.

Текстехь ораммехь шала мукъаза аьзнаш долу дешнаш лаха хаар таллар.

   Ш.№ 162

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Д1аеша т1екст. Муха йу иза? (Беламе).

-Муьлхачу дешнашкахь ду шала мукъаза элпаш?(Воллуш, жима, санна, аьллера, йоьллира).

-Воллуш дешан орам муьлханиг бу? (Воллуш-воллу-орам вол бу).

-Д1айазде дош, орам билгалбе.

(Иштта толлуш д1айаздо дешнаш).

Гулбинчу хаамашца болх бан хаар таллар.

Ш. № 163

(Бераша шаьш кхочушдо шардар).

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша  тахана?

7. Жам1 дар.

-Х1ун йу орам?

-Муха сехьадаха деза шала мукъаза элпаш долу дешнаш.

8. Ц1ахь бан болх балар.

Ш. № 164, аг1о 82.


 

Посмотрите также