Методическая разработка открытого урока по теме: «Гулдаран терахьдешнаш»
Оценка 4.8

Методическая разработка открытого урока по теме: «Гулдаран терахьдешнаш»

Оценка 4.8
docx
24.02.2023
Методическая разработка открытого урока по теме: «Гулдаран терахьдешнаш»
Конспект урока на тему _Гулдаран терахьдешнаш_ (6 класс).docx

Методическая разработка открытого урока по теме: «Гулдаран терахьдешнаш»

Урокан 1алашо: гулдаран терахьдешнех лаьцна кхетам балар; гулдаларан терахьдешнийн маь1на,кхолладаларан башхаллаш йовзийтар; лааме а,лаамаза а гулдаран терахьдешнаш довзийтар.

Кхочушдан лерина жам1аш: гулдаран терахьдешнийн маь1на, билгалонаш йовзар; гулдаран терахьдешнаш кхечу терахьдешнех къасто,х1оттамца талла хаар;гулдаран терахьдешнаш лега, церан дожар билгалдаккха хаар; гулдаран терахьдешнийн башхаллаш йийца хаар; х1ума талла ,довза шовкъ хилар.

                         Урок д1аяхьар.

I.Орг.момент.

II.Хаарийн актуализаци.

    Ц1ера болх таллар.

       Шардар №35, аг1о 21-22(белхан тетрадь).

    Урокан тема 1алашонаш билгалъяхар.

-Аса шуьга хаттарш лур ду. Аша цаьрна жоьпаш ло,терахьдешнех нийса  пайда а оьцуш.

-Маса 1аж схьаийцира    Юсупа  я 2(ала, уьш дерриге диъна) ?(Ший а 1аж схьаийцира Юсупа).

-Маса дешархо вахара шун кружокера экскурсе 15(ала,беригге бахана)  ?(Тхан кружокера пхийтте а дешархо вахара лаьмнашка экскурсе).

-Шун классера маса дешархочо д1аелира экзамен 10 (ала,массара д1аелла)?(Тхан классера итте а дешархочо д1аелира экзамен).

-Д1аязде жоьпаш, терахьдешнашна буха сизаш хьакха.

-Муьлха терахьдешнаш язди аша?

-Х1ун башхалла ю церан?(Цара массо а х1ума юкъалоца жоьпехь).

-Ишттачу терахьдешнех гулдаран терахьдешнаш олу. Стенах лаьцна дуьйцур  ду  вай тахана урокехь?(Гулдаран терахьдешнех лаьцна).

-Муьлханиг хир ю урокан коьрта 1алашо?(Гулдаран терахьдешнаш, церан маь1на ,башхаллаш йовзар).

III.Керла тема хьехар.

      Гулдаран терахьдешнийн тидам бар.

-Схьаязде шайн жоьпаш юкъара гулдаран терахьдешнаш цхьана  б1ог1амалге, вукху б1ог1амалге д1аязде масаллин терахьдешнаш.

шиъ-ши+й+  а 

пхийтта-пхийтт+е+⎕ а

итт-итт+е+⎕ а

-Муьлхачу терахьдешнех кхолладелла гулдаран терахьдешнаш. Х1оттамца талла гулдаран терахьдешнаш.

-Муха кхоллало гулдаран терахьдешнаш?(Масаллин терахьдешнашна т1е суффиксаш –й-, -е- кхетарца).

-Схьаязъе шайн жоьпашна юкъара х1окху кепана дешнийн цхьанакхетарш терахьд.+ ц1ерд.

Ший а 1аж, итте а дешархо, пхийтте а дешархо.

-Лааме ду я лаамаза ду уьш? Хунда?(Лаамаза ду,ц1ердашца цхьаьна долу дела).

-Д1аязде лаамечу кепехь.(Ший а, итте а, пхийтте а).

-Д1аеша 57-г1а аг1он т1ера бакъо. Муьлхачу терахьдешнех олу гулдаран терахьдешнаш?

-Муха кхоллало гулдаран терахьдешнаш?

-Гулдаран терахьдешнаш хуьлий лааме, лаамза?

-Кхин х1ун башхаллаш ю гулдаран терахьдешнийн?(Гулдаран терахьдешнашца цхьаьна хуутург хуьлу).

      Шардар № 90, аг1о 58.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?(Гулдаран терахьдешнаш билгалдохуш, гулдаран терахьдешнаш юкъахь долуш кхоъ предложени х1оттош, цхьа предложени синтаксически толлуш).

      Тхан лулара Хедин (къаст.) яхе а йо1(подл.) яра хьуьжрехь(лат.) доьшуш(сказ.).(Дийцаран,айдар доцуш,цхьалхе, яьржина).

IV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

     Тобанашкахь болх бар.

       Шардар № 92, аг1о 58.

-Д1адеша терахьдешнаш.Муьлханаш ду рог1аллин терахьдешнаш?(Шовзткъе барх1алг1аниг, кхузткъе шолг1аниг, ткъе цхьайтталг1а, ткъе кхойтталг1а, доьзткъе  пхоьалг1аниг).

-Муьлханаш ду царех лааме? (Шовзткъе барх1алг1аниг, кхузткъе шолг1аниг,доьзткъе  пхоьалг1аниг).

-Муьлханаш ду лаамаза?(Ткъе цхьайтталг1а, ткъе кхойтталг1а).

-Муьлха терахьдешнаш ду х1орш: ткъе ялх-ялх, ткъе ворх1-ворх1?(Декъаран).

-Д1аязде шардар, т1едиллар кхочушде.

     Кхоллараллин болх.

         Шардар № 93, аг1о 59.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?(Терахьдешнаш дешнашца д1аяздо,царех рог1аллин, гулдаран терахьдешнаш кхуллуш).

           Пхийтта-пхийтталг1а-пхийтте а; вуьрх1итта-вуьрх1итталг1а, вуьрх1итте а; берх1итта-берх1итталг1а-берх1итте а и.кх. д1а.

       Шардар № 94, аг1о 59.

(Дешархоша шаьш кхочушдо шардар).

    Гулдаран терахьдешнийн легадалар.

-Д1адеша терахьдешнаш: ший а ког, ший а.

-Х1ун башхалла ю оцу ц1ердешнийн?(Цхьаъ лаамаза, важа-лааме ду).

-Дожаршца хийца уьш.

Ц1. ший а ког, ший а

Дл. шина а коганан, шиннан а

Л.шина когана,шинне а

Др. шина а  кого,шиммо(-нно)

К. шина а коганаца,шиннеца а

Х. шина а когана,шиннех а

М. шина а коге,шинге а

Дс. Шина  когал,шиннел а

-Муха хийцало лааме гулдаран терахьдешнаш?(Лач дожаршкахь –на т1екхета).

-Муха хийцало лааме гулдаран терахьдешнаш?(Х1ора дожарехь шен-шен чаккхе а йолуш).

-Д1аязъе предложенеш, терахьдешнийн дожарш билгалдаха.

      Шина а когана(л.д.) лоппагаш девллера, мостаг1ехь когаш1уьйра веддачу,Даудан. Шиннех а(х.д.) хьарчо киса лоьхура цо.

-Муха къастор ду лаамаза гулдаран терахьдешнийн дожар?(Шеца уьйр йолчу ц1ердешан дожар а къастийна, цунна т1е а тевжаш. Масала лоппагаш девллера стенна? шинне а когана-лург дожар).

-Муха къастор до лаамечу гулдаран терахьдешнан дожар?(Шеца уьйр йолчу дашна т1ера хаттар луш. Масала, хьарчо масаннах? шиннех а-хотталург дожарехь).

V.Урокан жам1 дар.Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна терахьдешнех лаьцна?

VI.Ц1ахь бан болх балар.

    1.§18, аг1о 57.

    2.Шардар № 91, аг1о 58.


 

Методическая разработка открытого урока по теме: «Гулдаран терахьдешнаш»

Методическая разработка открытого урока по теме: «Гулдаран терахьдешнаш»

Муьлханиг хир ю урокан коьрта 1алашо?(Гулдаран терахьдешнаш, церан маь1на ,башхаллаш йовзар)

Муьлханиг хир ю урокан коьрта 1алашо?(Гулдаран терахьдешнаш, церан маь1на ,башхаллаш йовзар)

Тхан лулара Хедин (къаст.) яхе а йо1 (подл

Тхан лулара Хедин (къаст.) яхе а йо1 (подл

Л.шина когана,шинне а Др. шина а кого,шиммо(-нно)

Л.шина когана,шинне а Др. шина а кого,шиммо(-нно)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
24.02.2023