1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш таллар, керланиг довзийтар;
1. Маршалла хаттар. Хьоме дешархой! Беркате хуьлийла шун де!
Догдаийтаран мур.
Х1етал – металш:
1. Т1ехь х1ума а йоцуш, кога мачаш йоьхна
1ийриг?
2. Мел дукха лехарх вайна карор йоцург?
3. Х1ун т1улгаш дац х1орда чохь?
Ц1ера болх таллар.
1амийнарг карладаккхар.
1амийнарг карладаккхар а, керла коьчал йовзийтар.
Цхьана бешахь кхуьуш поп бара. Xlopa шарахь хазлуш, лакхаболура иза. Лакха мел болу, куралла совйолура цуьнан. Ца бешаш, гонаха хьоьжуш, цхьана дийнахь мохь туьйхира цо: «Д1айаккха суна йуххера и г1ийла б1аьлланг!» И колл хадийна д1айаьккхира бешахочо. Шолг1ачу дийнахь кхин дечиг д1айаккхийтира цо.
Цхьана дийнахь буьрса мох белира, дог1а доладелира. Курабаьлла поп шен ницкъ мел бу дуьхьаллаьттара махаиа. Амма и ларбан цунна гонаха цхьа а дитт дацара. Махана дуьхьал ца латталуш, иза, каг а белла, лаьтта буьйжира.
(Халкъан барта кхолларалла.)
Д1айеша. Ц1е тилла текстана. Маса абзац йу текстехь,
билгалде.
Синквейн.
Синквейн.
Куралла.
Декъаза, ледара.
Эрчавоккху, лахавоккху, вожаво.
Йоьду - говрахь, йог1у - г1аш.
Сонталла.
1алашо йовзийтар.
Цхьаъ – шиъ - нана п1елг,
Кхоъ – диъ - хьажо п1елг,
Пхиъ – йалх - йуккъерниг,
Ворх1 - барх1 - маза п1елг,
Исс – итт - ц1азаниг,
Ву хьо х1инца т1аьххьарниг.
Бераш, вай тахана 1амо долор ду керла къамелан дакъа
«Терахьдош». Ц1ердешан а, билгалдешан а санна,
терахьдешан а йу шен билгалонаш. Уьш вай цхьаьна
билгалйохур йу.
Керла тема хьехар.
Шардар № 186.
- Д1айеша хьалхара предложени. 1ийсан маса шо ду? (Итт)
- Итт бохучу дашо х1ун гойту? (Маса шо ду гойту)
- Хаттар х1оттадел итт бохучу дашана. Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?
- Итт боху дош терахьдош ду. Цо х1уманан масалла гойту.
- Оцу предложенехь муьлханиг йу х1ума?
- Д1айеша шолг1а предложени. Йоьалг1ачу бохучу дашо х1ун гойту?
(Х1уманан рог1алла гойту)
- Хаттар ло йоьалг1ачу бохучу дашана. Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?
- Йоьалг1ачу - иза терахьдош ду. Цо х1уманан рог1алла гойту.
- Хьан эр дара, стенах олу терахьдош?
Сада1аран миноташ.
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш йара:
Йуьхь – куьг цара дуьлура,
Дег1ах гата хьоькхура.
Когаш бетташ, т1араш детташ,
Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Йуха хьала а нислуш,
Багахь «къакъи» дора.
Цундела йу уьш могуш
Шу а хила лууш.
Бакъо йешар.
Х1уманан масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу. Масала : маса?- 1 (цхьаъ), 5 (пхиъ), 9 (исс),
10 (итт), 6 (йалх)…
масалг1а? – хьалхара (цхьолг1а), пхоьалг1а, уьссалг1а, уьтталг1а, йолхалг1а…
Йозанан болх бар. (Тобанашкахь)
Терахьдешнийн нийсайаздар.
1-ра тоба: 365, 12, 31, 29, 7, 60. (Кхо б1е кхузткъе пхиъ, шийтта, ткъе цхьайтта, ткъе исс, ворх1, кхузткъа)
2-г1а тоба: 366, 30, 28, 4, 24, 60. (Кхо б1е кхузткъе йалх, ткъе итт, ткъе барх1, диъ, ткъе диъ, кхузткъа)
Уьн т1ехь йозанан болх.
Терахьдешнийн нийсайаздар.
Шардар № 187, аг1о 98.
Шардар № 188.
- Муьлхачу терахьдешнийн чаккхенга йаздо ъ?
- Х1унда йаздина итт, исс терахьдешнийн чаккхенга шала
мукъазнаш?
1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Х1ара терахьдешнаш шина б1ог1амалге
д1айазде. (Масаллин, рог1аллин)
Шиъ, диъ, йалх, барх1, итт.
2. Схьайазде рог1аллин терахьдешнаш:
Ворх1алг1а, кхоъ, ткъа, дейтта, уьссалг1а,
эзар, пхуьйтталг1а, б1е.
Нийса дуй талла:
Шиъ Шолг1а
диъ доьалг1а
йалх йолхалг1а
барх1 борх1алг1а
итт уьтталг1а
2. Ворх1алг1а, уьссалг1а, пхуьйтталг1а.
Жам1 дар.
Х1уманан маалла я рог1алла гойтучу къамелан
декъах терахьдош олу. Терахьдашо жоп ло маса?
масалг1а? бохучу хаттаршна. Терахьдешнаш хуьлу
масаллин а, рог1аллин а.
Со кхийти…
Суна хии…
Со ца кхийти…
Рефлекси йар:
Т1адамийн метана терахьдешнаш дахка.
Тахана … март ду. Тхо … классан дешархой ду.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.