Нохчийн меттан урок: "Дешхьалхений нийсайазйар"
Оценка 4.8

Нохчийн меттан урок: "Дешхьалхений нийсайазйар"

Оценка 4.8
doc
28.01.2024
Нохчийн меттан урок: "Дешхьалхений нийсайазйар"
Конспект урока на тему _Дешхьалхенийн нийсаязъяр_( 3 класс)..doc

21.12.2023

Тема: «Дешхьалхенийн нийсаязър. Карладаккхар».

1алашо: дешхьалхенех, церан нийсаязъярах лаьцна болу хаамаш карлабахар.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

        1.Ц1ера болх таллар.

·        Упражнени № 173, аг1о 182.

(Дешархоша шайн тексташ йоьшу. Таллам бо массара цхьана).

        2. Орфографически болх бар.

-Д1адеша дешнаш.

         Сих…елла,шел…елла, хьаг…елла, раз…яьлла, т1ех…яьлла, шок…еттарг, з1ок…еттар,  маж…елла, метах…яьлла.

-Муьлха орфограмма ю оцу дешнашкахь? Маца язйо къасторан хаьаркаш?

 III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.

Д1аелла учебникан 185-г1а аг1о. Д1адеша вайна талла х1оттийна хаттар.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду   вай тахана?

IV. Дешхьалхенах лаьцна болу хаамаш карлабахар.

      1. Тобанашкахь болх бар.

·        Упражнени № 380, аг1о 185.

(Дешархоша хаттаршна жоьпаш кечдо).

·        Упражнени № 381, аг1о 185.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза?

-Х1ун хаьа шуна оцу ораматах лаьцна?

-Схьаязъе упражнени. Т1едиллар кхочушде.

V. Сада1аран миноташ.

VI. Дешхьалхенех лаьцна болу хаамаш кхин д1а а карлабахар.

1.     Текстах лаьцна болу хаамаш шорбар.

·        Упражнени № 383, аг1о 186.

-Д1аеша текст? Стенах лаьцна ю иза?

-Х1ун ю хьех? (Акха бож).

-Х1ун боху текстехь цунах лаьцна?

-Х1ун ц1е  туьллур яра аша цунна?

-Схьаязъе текст. Т1едиллар кхочушде.

-Муьлха дош ду маь1ница талла дезаш дерг? (Хьех).

-Дошамах пайда а оьцуш талла иза.

Хьех ю,хьехаш ю.

Хьех-иза акха бож ю.

Ц1окъберг ю, ц1окъбергаш ю.

Ц1окъберг-????????????????????????????????

-Муьлха дешнаш ду х1оттамца талла дезаш? (Т1улг,схьабог1у).

 (Дешархоша шаьш толлу дешнаш х1оттамца).

2.     Тобанашкахь болх бар.

·        Упражнени № 385, аг1о 187.

VII. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

VIII.Урокан жам1.

-Стенах олу дешхьалхе? Маца язйо дешхьалхе орамца къаьстина?

IX. Ц1ахь бан болх балар.

      1. Упражнени № 386, аг1о 187-188.


Тема : «Дешхьалхенийн нийсаязър

Тема : «Дешхьалхенийн нийсаязър

Упражнени № 385, аг1о 187. VII

Упражнени № 385, аг1о 187. VII
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
28.01.2024