Нохчийн мотт.
2»в» класс.
Тема»Дешт1аьхьенаш».
Т1еч1аг1дар.
УРОКАН 1АЛАШО :ДЕШТ1АЬХЬЕНАШ ДОШ ХИЛАР,
КЪАМЕЛЕХЬ ЦУЬНАН МАЬ1НЕХ КХЕТОР.
ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНЕХ КЪАЬСТИНА ЯЗЪЕШ ХИЛАР. ХААМАШ Т1ЕЧ1АГ1БАР.
УРОКАН Г1ИРС: КОМПЬЮТЕР, ИНТЕРАКТИВ-
НИ ДОСКА,КАРТОЧКАШ.
УРОКАН НЕКЪ.
1.Д1АХ1ОТТАРАН МИНОТ.
МАРШАЛЛА ХАТТАР.
2.ХЬАЛХА 1АМИЙНАРГ КАРЛАДАККХАР.
1.Шайн тетрадаш т1ехь д1аязде таханлера терахь.Слайд 1
-Бераш докха элп маца яздо,муьлха дешнашкахь яздо вай?
- Вай доккха
элп предложении йолош,ц1ершкахь адамийн,
дийнатийн,г1аланаш, ярташ,хиш,урамаш. СЛАЙД 2.
Мохьмад,Лайлаъ,К1орни,Хасавюрт,Бальюрт,Терк,Орга.
2.Х1ун? боху
хаттар стенна ло вай.Мила?боху хаттар хьанна
ло вай?
Х1инца вай ловзар ду. СЛАЙД 3.
Мила?
Хаттарна дош хилча куьг тоха,Х1ун? Хаттар хилча
ког тоха. МАЧА,МОЗА,ЙО1,ЗЕЗАГ,ДЕЦИ,ДАЙМОХК,ДАДА.
-Вай шоьца дешт1аьхьенаш боху тема 1амо йолийнера.
Тахана вай цунах болу хаамаш к1аргбийра бу.
3 Т1ЕЧ1АГ1ДАР. СЛАЙД 4.
ДЕШНАШ –чу,чуьра,т1е,т1ехь,т1ера,т1ехула,к1ел,к1елахь,
чохь,уллохь,чухула,юххехь-дешт1аьхьенаш ю.
ДЕШТ1АЬХЬЕНАШ-иза ша дош ду.дешт1аьхьенаш кхечу
дешнех къастийна язйо.
Нохчийн маттахь дешт1аьхьенаш дашан т1аьхьа йзйо.Масала
Стоьла т1ехь,г1ант к1елахь,хина юххехь.
Оьрсийн маттахь дешт1аьхьенаш дашан хьалха язйо.
Масала:на столе,под стулом, около речки.СЛАЙД 5.
СЛАЙД 6. Суьрташ гайтар.
4 ТЕТРАДАШ Т1ЕХЬ Д1АЯЗДАЙТАР
ЛАМПА СТОЬЛА Т1ЕХУЛА КХОЗУ.
КНИЖКАНАШ СТОЬЛА Т1ЕХЬ 1ОХКУ.
КНИЖКАНАШ СТОЬЛАН Г1УТАКХА ЧОХЬ Ю.
ЦИЦИГ СТОЬЛА К1ЕЛАХЬ ДУ.
5 ШАРДАР 312.
Дешархошка шайга барта яйтар.
6 ГРУППАНАШЦА БОЛХ БАЙТАР.
Дешт1аьхьенашца предложенеш х1иттор.
1 –г1а группа: ЧУ,Т1ЕХЬ.
2-г1а группа: ЧУЬРА,К1ЕЛАХЬ.
3-г1А группа: ЧОХЬ,ЮХХЕХЬ.
4-г1а группа: Т1Е,ЧУХУЛА.
3. УРОКАН ЖАМ1 ДАР.
-Тахана
урокехь х1ун 1амий вай,стенах пайда ийци вай?
И ерриге бакъонаш шуна хаа езаш ю.
-Шуна
таханлера урок хаза хийтирий?
-Урокехь дика дакъа лаьцначарна аса дика оценкаш
йоьхкурю.
4. Ц1АХЬ БАН БОЛХ БАЛАР.
ШАРДАР 315, АГ1О 104.
- ЦУ Т1ЕХЬ ВАЙН УРОК ЧЕКХЪЕЛИ,БАРКАЛЛА.
ШУН 1ОДИКА ЙОЙЛА.МАРША 1АЙЛА.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.