Технологически карта.
1.Класс: 5 «Б», «В», «Г».
2. Предмет : Нохчийн литература
3. Урокан ц1е: Сулейманов Ахьмад Сулейманович. «Борз ю уг1уш».
4.Урокан г1ирс: Учебник, тетрадь, ручка, слайдаш.
5.Урокан тайпа: Довзийтаран.
6.Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) 1алашонаш
Кхеторан: Сулейманов Ахьмадан кхоллараллин а, дахаран а некъ бовзийтар. Стихотворенехь «Борз ю уг1уш» гайтинчу 1аламан суьртан маь1на. Онда наж а, марг1алан синтарш а гайтаран башхаллаш. Дахаран лардан а, тодан дезаш хилар а ч1аг1дар.
Меттан говзалла а, эпитеташ а, дустарш а.
Кхиоран: Дешархойн хаарш к1аргдар , шордар.
Кхетош—кхиоран: Нохчийн литературе болу безам кхиор.
Урокан некъ.
1.Хьехархочун дош. Маршалла хаттар. Белхан меттигаш кийча хилар таллар.
2.Дешархоша хьехархочуьнга дуьхьал маршалла хотту. Белхан меттигашна кечам бо.
3.Урокан коьрта аг1о д1ахьо.
1.Ц1ахь бина болх толлу. Махмаев Ж. М. «Буьйсанна г1улчаш». (боцца чулацам схьабуьйцуьту).
2.Хаттарш а, т1едахкарш а.
1.Стенга ваха кечлуш вара Солса?
2.Мохк бовза воьдучу к1анте х1ун хьехамаш бира нанас?
3.Вашас белла кад шен т1оьрмиг чохь цакарийначу Солсас х1ун дира?
4.Бехбоцуш Солсас хьийзош волу Биболат бакъхилар муха гучуделира?
5.Бирлант х1уманан хьесап дан хууш хилар стен гойту?
6.Бусалба динца а, я нохчийн г1иллакхца а ца йог1у ледарло Солсера яларан х1ун бахьана ду?
7. Къола диначул т1аьхьа Солсин коьрте хьийзаш х1ун ойланаш яра?
8.Шегара даьлла г1алат нисдеш, дуьхьал1итталучу халонех хьалха муха велира Солса?
Керла коьчал йовзийтар. (яздархочух боцца хаам бо).
Слайд.
Сулейманов Ахьмадан Сулейманович.
Даймахкера безам гайта,
Доттаг1ий , аш таро луо!
Цуьнан дуьхьа муха веха,
Муха ле ас гойтур ду!
Бакъволчу поэтан дог ц1ена хилла ца 1аш, комаьрша а, доккха а хилла деза, дерриг халкъан дог-ойланаш, сатийсамаш шена чухудуш. Т1аккха хуьлу цунах халкъан поэт. Ишттачарах вара Сулейманов Ахьмад.
Иза вина Хьалха-Мартанан районерчу Олхазар-к1отарахь. Юьртан ишколан директор, хьехархо, мохкталлархо, историк, этнограф, поэт-иштта бес—бесара ю Сулейманов Ахьмадан кхоллараллин аг1онаш. Яздан волавелла дукха жима волуш дуьйна. Яздархойн атта боцчу новкъа иза ваьккхинарг Бадуев Саь1ид ву.
Атта ца хилла Ахьмадан кхоллараллин некъ, т1аьхьо бен ца нисделла цуьнан поэзи дешархойн шуьйрачу мог1аршна йовзар. Цуьнан дуьххьарлера книга «Безаммий, шаьлтий» араяьлла 1967—чу шарахь. Х1етахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан ц1е.
«Цхьа—ши дош» книга кхолларна Нохч—Г1алг1айн Пачхьалкхан сог1атан лауреат хилира Сулейманов Ахьмад.
Машарехьа, адамаллин оьздангаллехьа йиллина кхойкхуш, Даймахкехьа болу безам дешархойн дегнаш чохь г1иттош ю поэтан стихаш.Йоккха адамалла, догц1ена, яхь йолу къонах ву цуьнан поэзин коьрта турпалхо. Жимчохь дуьйна а вайн мохк толлуш, г1аш лелла Сулейманов Ахьмад. Вайна махкахь иза хилаза , цо таллаза йитина, бахархошца церан яртийн исторех лаьцна къамелаш данза йисна меттиг яц. Иза эрна ца дайна: цо вайнехан исторехь дуьххьара арахецна «Нохч-Г1алг1айн топоними». Сулейманов Ахьмад вевза дика гочдархо санна а. Пушкин ..А, Лермонтов М.., Джалил Мусан, дуккха а кхечу къаьмнийн поэтийн а стихаш нохчийн матте яьхна цо. Дуккха а иллеш кхоьллина илланчаша цуьнан дешнаш т1ехь.
Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а вайн къоман хазна ю.
3.Стихотворенех кхетам бар. «Борз ю уг1уш»
1)Хьехархочо нийсачу маь1ница йоьшу стихотворени. (стихотворени Мамакаев Мохьмадна лерина яздархочо).
2) 2-3 дешархочуьнга стихотворени йоьшуьйту.
3) Стихотворенин маь1на досту.( хаттаршна т1ехь болх).
Хаттарш а, т1едахкарш а.
1)Карзахдаьллачу 1аламан сурт муха х1оттийна поэто? И сурт гойтуш долу мог1анаш схьа а лахий, д1адеша.
2) Дуста , муха гайтина стихотворенехь турпал наж а, къона синтарш а.( турпал наж дерачу дорцах ца кхерар гойту).
3) Стенах гучуболу цуьнан ницкъ?
4) Дийца, х1унда оьзна ножо стелахаьштиг шена т1е.
5)Дахаран хьелаш муха ду боху поэто? Муха деба иза? Х1ун ду и тодарна оьшург?
6)Шун дахарехь нисъеллий хало лан езаш меттиг?
7)Ножан хьоле шаьш нисделча, аша х1ун дийр дара?
8) Карзахдаьллачу 1аламан сурт х1оттош поэто ялийна эпитеташ схьа а лахий,, тетрадаш т1е д1аязде.
9)Цкъа хьалха алийша стенах олу эпитеташ? (х1уманан мухалла билгалйоккхуш я цуьнан цхьа аг1о исбаьхьаллин, поэтически кепехь гойтуш йолу дош).
10) Муха кхета шу х1окху мог1анех: «Гонхьарчарна маршо яккха хьуьнар долчо хало лов?».
11)Хьанна лерина яздархочо «Борз ю уг1уш» стихотворени. (Мамакаев Мохьмадна)
12)Х1ун ду аьлла хетта шуна кху стихотворенехь кхоьллинарг? (кху стихотворенехь кхоьллинарг Мамакаев Мохьмадан васт ду. 1едална къарцалуш дуьхьал валар ду дуьйцург а, гойтуш дерг а).
4) Дешнаш т1ехь болх. Слайд.
Наж—дуб
Ткъес- молния, зарница
Мархаш-облако
Верта-бурка
Букъ—спина
Стиелахаьштиг—молния
Атйокх-кукушка
Кхес—грива
Урокан жам1 дар.
5) Слайд . (карзахдаьллачу 1аламан сурт)
6).Ц1ахь бан болх.
1.Стихотворени дагахь 1амо.
2.Стихотворенин чулацамах суьрташ дахка.
3.Сулейманов Ахьмад Сулеймановичан дахар а, кхолларалла а. Доклад кечъе.
7) Рефлекси.
Суна урокехь зеделларг!
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.