Нохчийн литература Сулейманов Ахьмад Сулейманович. «Борз ю уг1уш».
Оценка 4.6

Нохчийн литература Сулейманов Ахьмад Сулейманович. «Борз ю уг1уш».

Оценка 4.6
Интерактивная доска +1
docx
администрации
5 кл
25.04.2018
Нохчийн  литература  Сулейманов  Ахьмад   Сулейманович.   «Борз  ю  уг1уш».
сулейманов.docx

«Лен воцчу сийлалле кховдаеш ц1е…»

Печать

Email

 

Умхаев Хьамзат

 

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран 1 майхь Хьалха-Марта районан Олхазар-к1отарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмадас серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара ц1а дирзинчул т1аьхьа цуо чекхйоккху Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул т1аьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-Мартант1ера а, Олхазар-к1отара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч-Г1алг1айн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо.

Стихаш язъян Ахьмад ишколехь доьшуш волавелира. Дуьххьарлера цуьнан байташ Сийлахь-боккха даймехкан т1ом балале зорбане йовлу. Уьш шена ешча, Ахмадов Мусас дийцарехь, Бадуев Саь1ида цуьнга: «Хьо вахьахь, ма хилал поэт!» аьлла хиллера. Нохчийн классически литературан бухбиллархочун лаам буьззина кхочушбира Ахьмада.

Сулейманов Ахьмад Дала вуно доккха пох1ма делла стаг вара. Поэт а, хьехархо а хилла ца 1аш, историк, этнограф, барта кхоллараллин а, меттан а говзанча, гочдархо, суртдиллархо, пондарча, илланча вара иза. Амма уггаре хьалха поэт вара. Поэзи – цуьнан дахар дара.

Хьаьнцца – воккхачуьнца а, жимачуьнца а бийца мотт карабора Ахьмадна. Мел дукха цуо дийцарх к1орда ца дора цуьнга ладег1а. Цкъа делахь, Ахьмадна 1аламат дукха вайн исторех, нохчийн хьалха хиллачу дахарх хаза х1умнаш хаьара, шолг1а делахь – иза, ша санна верг кхин хир воцуш, говза дийцархо а вара. Цуьнца цхьаьна нисвелларг , 1ада а вой, ладоьг1начохь вуьсура. Къаьсттина самукъадолура цуьнан берашца. Цуо 1амош долу бераш шайн нийсархойх къаьсташ хуьлура хазачу г1иллакхца, ц1ена буьйцучу нохчийн маттаца, к1орггера шайн Даймохк безарца.

Дуьций, дуьйций, ц1аьххьана саца а лой, «Дукха-м ца лоь со?» – олий хоттуш 1едал дара Ахьмадан. Ладуг1уш берш-м дуьне а, эхарт а дицлой, г1амаро хи санна, цуьнан х1ора дош худа кечбелла 1аш хуьлура.

1990-чу шарахь, нохчийн поэзи кхиорехь цуо хьегна къа билгалдоккхуш, «Нохч-Г1алг1айн АССР-н халкъан поэт» ц1е тиллира Сулейманов Ахьмадна. Ц1арна а доцуш, ван а вара иза вуьззина халкъан поэт, шен Даймехкан патриот а.

Масех стихийн а, поэмийн а гулар араевла цуьнан: «Безаммий,шаьлтий», «Дог дохден ц1е», «Ламанийн хьостанаш», «Даймехкан некъаш», «Цхьа-ши дош…». Оьрсийн маттахь а араяьлла «Симфония гор». Амма, цхьацца бахьнашна, х1инца а зорбане бовланза белхаш а бисна Ахьмадан. Бакъахь хир дара, уьш вовшах а тоьхна, царна зорба тоьхча.

Х1ора Ахьмадан произведени, халкъан а хуьлий, яьржара Нохчийчохь. Эрна дац цуьнан стихотворениш т1ехь вуно дукха эшарш яхар а, уьш х1оранна дагахь хууш хилар а.

Сулейманов Ахьмадан кхоллараллехь коьртаниг – Даймехкан, шен Даймахкана тешаме волчу Къонахчун тема ю. Иза деклараци яц. Авторан Даймахке болу безам – к1ентан шен дега, нене болу бакъ безам бу. Иза парг1ат бу ша кхайкхош мохь беттарх, тайп-тайпанчу моттарг1анех а, кепех а.

Шен «Берд» ц1е йолчу стихотворенехь цуо Даймехкан сурт х1оттадо х1ордан йистера т1улган бердаца. Х1ордан тулг1енаш Даймахкана т1ех1уьттучу халонашца юсту цуо:

 

Яйра суна тулг1еш етташ х1ордо:

Карзахбуьйлуш бердах летайо.

Цкъа а бац и цуьнца къийса к1ордош,

Х1етте а, берд даим лаьтташ го.

 

Амма, «бердах а кхетий, тулг1еш, ницкъ а бухий, йоьлху генна х1ордан ара д1а…». Иштта, ша мокхаз санна ч1ог1а бу вайн Нана-Даймохк, иза эшор бац мел нуьцкъе мостаг1чо а, хьошур бац мел яккхийчу халонаша а.

Сулейманов Ахьмада шен кхоллараллехь кхечу нохчийн поэтел сов пайдаоьцу нохчийн барта кхоллараллех а, вайн халкъан поэтически кхоллараллин г1ирсах а. Цундела хир ду цуьнан стихаш т1ехь эшарш алссам яхар. Хьанна ца евза Сулеймановн «Дог дохден ц1е» стихотворени т1ехь нохчийн илланчийн баьччас Дагаев Валида даьккхина илли? Цу жимачу произведени т1ехь поэтан аьтто хилла нохчийн доьзалехь хьаша-да т1еэцаран къеггина сурт х1отто. Нохчийн доьзал кхузахь – иза Даймехкан символ ю. Доьзалан масал т1ехь Сулеймановс схьайоьллу шен стихотворенин коьрта 1алашо – нохчийн хьаша-да т1еэцаран оьзда г1иллакх а, нохчийн комаьршалла а, догдикалла а гайтар.

Муьлххачу къоман а ду хьаша-да т1еэцар деза лоруш. Амма кавказхойн, массарна хууш ма хиллара, хьешал деза х1ума дац. Къаьсттина нохчийн, г1алг1айн. Шеко йоццуш, еккъа цхьа и стихотворени бен ца язйинехь а, нохчийн литературехь шен ц1е а йолуш ваха вуьсур вара Ахьмад. Цу йоцучу стихотворениновуно мехала хаамаш бо 1илманчашна нохчийн 1ер-дахарах а, этнографех а.

Ма-дарра, цхьа а хаздар доцуш, дуьцу автора хьаша-да т1еэцарх. Амма и ма-дарра дийцар цхьа а хаздар оьшуш дац. Ма-дарра хиларца хаза ду иза:

 

«Х1ей нах! – олий, ас мохь туху,

Серлаболу корехь чиркх. –

Вевзаш вацарх ломахь наха

Даим оьцу хьаша чу».

«Беркат шорта хуьлда хьоьца!

Воссал динара, хьаша хьо!» –

Олуш ондда луьйта лоций,

Х1усамдас со воссаво.

 

Кхин д1а, вайна массарна а бераллехь дуьйна хийлаза ладег1на а, хьоме а долу, х1ора нохчийн зудчуьн-ненан аьхна дешнаш хеза:

 

«Дела ва хьо могаш-маьрша!

Ма г1елвелла хир ву хьо!

Кху тхан тишчу х1усмех вашахь,

Даккхахь тхоьца дийна шо».

 

Стихотворени чекхйолуш поэто жам1 до:

 

Божлахь сан дин парг1атбаьлла,

Х1инца парг1ат вер ву со.

Кхача кечбеш марсаяьлла,

Пешахь кхерсташ хир ю ц1е…

 

Цу кхерчарчу ц1арочул а

Хьаша вохвеш, йовхо луш,

Ю вайнехан комаьршалла!

Ду вайнехан оьзда дош!

 

Шеко йоццуш, М.Мамакаевн тоьлла йолу «Даймехкан косташ», «Т1улгаш а дуьйцу», Зама» произведенешца цхьана мог1арехь лаьтта вай хьахийна Сулейманов Ахьмадан стихотворени а.

Поэтически говзалла лакха мел ели а Даймехкан тема схьайоьллуш философски ойланийн к1орге юссу поэте. Сулейманов Ахьмадан лирически турпалхочунна лаьа: «Адмийн дегнаш чуьра мекха д1аяьккхина ц1андар», «лаьттахь, стиглахь машар д1ах1оттор», «дуьненнал ирс шега кхаьчча», цунах шена дакъа ца деш, адмашна иза д1адала!

Шен доттаг1чунна, Дагаев Валидна, лерина язйинчу «Шуьнехь дош» ц1е йолчу стихотворенехь поэта кхоччуш къастабо къонахчун-патриотан мах. Кхузахь Сулеймановс х1оттадо Даймохк безаш, цуьнан дуьхьа шен са д1алур долуш, массо а х1уман т1ехь къонахаллин дог-ойла йолчу турпалхочун васт:

 

«Къонаха мила ву? И меллалц веха?» –

Хаьттира ахь соьга шуьнехь 1аш вай.

«Дерриг а дуьне ду къонахчуьн меха!

Х1ара дуьне-м къонахийн белшаш т1ехь дай!»

 

Къонаха вехийца Даймехкан сийнна,

Даймехкан сий лардеш вала а ле!

Ле иза кхин ваха ца лууш санна,

Ленвоцчу сийлалле кховдаеш ц1е!

 

«Лойша суна» стихотворенехь лирически турпалхочо доттаг1ашка иштта кхайкхам бо:

 

Даймахкера безам гайта,

Доттаг1ий, аш таро ло!

Цуьнан дуьхьа муха веха,

Муха ле ас гойтур ду!..

 

Ша цкъа г1алат ваьллачу х1уманна къера хилар, дохковалар – бакъ волчу къонахчун амалехь ду. Иштта, «Ма дохко ваьлла со» стихотворенехь Ахьмадан турпалхочо боху:

 

Ма дохко ваьлла со, ма дохко ваьлла,

Д1аала деззачохь цкъа дош ца аьлла!

К1еззигчу х1умант1ехь цкъа осал ваьлла!

Цхьалха цкъа малхана дуьхьал ца ваьлла!

Сил езаш йолчуьнга сонта дош аьлла!

Ма дохко ваьлла со, ма дохко ваьлла!

 

Да-нана, Даймохк – х1ун хир ду царел деза-доккха стагна? Цу сийлахьчу кхетамна ямарт хиллачунна кхел кхайкхош ду Сулеймановн х1ара дешнаш:

 

Даймохк вайна цхьаъ бен ма ца белла,

Да-нана а х1ора стеган цхьацца ду.

Даймахкана, дена ямарт хиллехь,

Х1ай декъазниг, хьуна латта хьарам ду.

 

Йоккха меттиг д1алоцу Сулейманов Ахьмадан поэзехь безаман лирико. Хьанна ца евза халкъан эшарш хила поэтан «Календаран т1аьххьара лист», «Батто сагатдо», «Хьо марша 1ойла», «Йицъе ма ала», «Весет» ц1е йолу стихаш. Уьш язъеш Ахьмада боккха пайда оьцу халкъан барта кхоллараллин поэтически сурт х1отторан г1ирсах:

 

Орцан дукъах дато ма1аш

Туьйсуш, батто сагатдо.

Ц1еста к1удал нохчийн йо1а

Шовдан к1ел сецайо.

Хета баттах схьа1ийдалуш,

К1удал юзу шовдано.

Нур-з1аьнаршца безам муьйлу,

Йо1ах хьерчаш цу батто.

 

 

«Календаран т1аьххьара лист» ц1е йолчу стихотворенехь лирически турпалхочо шен оьзда безам иштта балхабо:

 

Бертаза хьо дагчохь

Кхаба дац атта,

Хийрачу хьоь хьежа

Ницкъ а бац сан

Маржа-я1, велар-кх со

Т1улг хилла лаьтташ

Шуьйрачу цу новкъахь

Хьо наггахь ган!

 

Автора шена езначуьнга дина весет лара мегар ду х1ара «Весет» аьлла яздина мог1наш:

 

Вовшийн хила доьг1на доцуш,

Дуьне дисар сох хилахь,

Хьо езнариг дагалоцуш,

Цкъа сан коше ялалахь.

 

Безам буьйцуш байташ язъеш,

Чурт кхала ма г1ерталахь.

«Хьо чекхвели!», - охкуш яздай,

Цхьа акха т1улг бог1алахь.

 

Дуккха а болх бора Ахьмадас гочдарш т1ехь а. Цуо нохчийн матте ехира Пушкинан а, Лермонтовн а, Джалилан а цхьа мог1а кхечу бевзаш болчу поэтийн произведениш. Мотт кхиорехь гочдарша лоцу дакъа а хууш, юкъ-кара и болх ца беш ца 1ара Ахьмад. Хьовсар вай Пушкинан «1аьнан суьйре» байт Ахьмада нохчийн матте яккхар муха нисделла:

 

Букар дарцо стигал кхолош,

Буьрса чимаш хьийзадо,

Наггахь ц1евза барзах тарлуш,

Наггахь берах белхам бо.

 

Наггахь тишчу тхов т1е долий,

Карзахе ча кегадо.

Некъах тилларг санна, дог1ий,

Тхан ц1ийнан кор туху цуо.

 

Гочдарех дерг дуьйцуш ца хьахийча нийса хир дац Шерипов Асланбека оьрсийн матте а даьхна зорба тоьхна хилла кхоъ нохчийн илли Сулеймановс юханехьа ненан матте доккхуш биначу балхах. Уьш ду 1918 шарахь оьрсийн маттахь араяьллачу «Из чеченских песен» гулар т1ера «Обарг Геха», «Юсуп – Мусин к1ант», «Обарг Асир» иллеш. Кхузахь цхьа х1ума билгалдаккха деза – иллийн нохчийн маттахь йолу оригиналаш, Шериповс шен хенахь пайда эцна, яйна хилар. Ахьмада нохчийн матте даьхна и иллеш дешначуьн цхьана минотана а уьш оригинальни иллеш дац аьлла шеко кхоллалур яц. Хат1 а, поэтически г1ирс а, сурт х1оттор а нохчийн иллешкахь дерриш ду церан:

 

Да велла диса хьо, кийрара дилха дог…

Хьайна там ва хилча, йиший бер ва хуьлий,

ма коча качло хьо,

Хьайна там ца хилча, меца борз ва хуьлий,

ма дера дарло хьо!

Сан нанас биллинчу к1едачу ва меттахь,

Хьешана диначу цу дуьхьал оти чохь

Наб кхета ца вуьтуш, мел хала хьийзаво ахь,

кийрара дилха дог…

Диканна хуьлда-кх хьан карзахдалар,

Сан ойла д1аехьна, сан синтем бохийна

обарган дакъа соьга кхийдош

Ма хьийза во ахь со, кийрара дилха дог!

 

(«Юсуп – Мусин к1ант»)

 

«Тохара хьалха кхин адам дара – кхин зама а яра. Х1инца Кавказан диег1ат1иехь ехаш йолу веччаргаш санна а доцуш. Кхин адам дара: цара ца лоьхура я деши, я кхин мехала металлаш а, цара ца йора Кавказан баьццара-сийначу турпал некха т1ехь иштта къиза-инзаре, дера чевнаш. Церан дог1машкахьх1инццалца Кавказан лаьмнашкахь хилла а, х1инца болу ницкъ а, доьналла а дара, церан дог кура а, майра а, буьрса а дара. Даго бохучул, шовкъе лаамаша бохучул сов 1едал а дацара церан… Хаьара лаьмнашна а, адмана а шаьш сирлачу безамаххий, ницкъаххий дуьзна долчу Нана-1аламан бераш дуйла…»

«Х1ай! Шу турпалчу дайн к1ентий! Шу х1унда девлла иштта сутар-саьхьар дуьне гулдан – деший, сискал – ткъа цхьа а х1отто мах боцу сан сийлахь-йоккха хазна аш х1унда ца тергал йо? Х1унда ца оьцу аш соьгара сирлачу, майрачу дахаран масал, парг1атонехьа къийсаман лекха лаам, турпала хьунарш?» Амма йист хуьлуш яц ялхойн, бацарийн ярташ, ткъа ламанийн лекха кхайкхам къарлой, бужий д1абов» («Асир») - Асламбек Шерипов «Статьяш а, къамелеш а». Грозный, 1977).

Ша ала дог1у Сулейманов Ахьмада вайн мехкан паспорт – Нохч-Г1алг1айчоьнан топоними – х1отторах. Вай ц1ерадаьхначу юкъанна нохчийн, г1алг1айн массо а яртийн, ламанийн, хийн, шовданийн ц1ераш а хийцина, кхин – харц ц1ерш техкинера Нохч-Г1алгайчохь а ( цу хенахь – Грозненски областехь), Дег1астанара а, Къилбаседа Х1ирийчуьра а нохчий, г1алг1ай 1ийначу меттигашкахь. Кху махкахь нохчий баьхна ала цхьа а билгало ца йитнера Делан мостаг1аша – Сталинан, Берийн хьадалчаша, ур-атталла беллачарна доьг1на чарташ а т1ехь бухдохуш. Доь доцуш вай дайа 1алашо йолуш дина х1ума дара иза. Шайн махка юхадерза бакъо еллехь а, шаьш хийцина ц1ераш юхаметта х1итто дагахь бацара вай ц1ера даьхнарш. И харц ц1ераш йисаре сатуьйсура цара.

Халахеташ делахь а, вайна юкъахь а, къаьсттина кегийрхошна, шайн ворх1е а дайша яьхна йолу ц1ераш а йицйина, вай цадезачара техкина ц1ераш яхан буьйлабеллера цхьацца болу нах. Цу хенахь хилларг-мх1унда дуьйцура, х1инца а кест-кеста хеза вайна 1алхан-Юртах - Айвазов (Айвазовская), Таьнга-чух – Липовка, 1алхан-Г1алах – Ермоловка, иштта д1а кхин а олуш. Цул иехье а, осал а х1ун хир ду?

И шадерриг гуш а, 1еткъаш а волавелира Ахьмад топонимин т1ехь болх бан. Нохчийчоь-м йийца а ца оьшура, иза ца кхочуш цхьа а, жима а, йоккха а юрт ца йисира луларчу Г1алг1айчохь а, Дег1астанара а, Гуьржийчуьра а, Къилбаседа Х1ирийчуьра нохчий, г1алг1ай бехачу меттигашкахь а. Къилбера – къилбаседане, малхбалера – малхбузе кхаччалц мосуьйттаза чекхваьлла ша топоними х1оттош Нохчийчухула олура Ахьмадас. Цуьнан ког кхачаза цхьа а юьрт, к1отар, б1ов, г1ала, каш, зиярт, лам, раг1, арц, дукъ, 1ам, 1ин, хи, шовда, ирзо, тог1е, хоте ца йисна вайн махкахь. Х1ора меттиган ц1е боккхачу безамца йоккхура Ахьмада, царех х1ораннах шех лаьцна дийца инзаре хаза х1ума а хуьлура цуьнан. Цу меттигашца доьзна долу иттаннаш шира дийцарш, легендаш, аларш цигахь бехаш болчу нахера д1аяьздинера Ахьмадас. Цу хенахь цуо и болх бина ца хиллехь, тахана и хатта а, хаьттича дийца а стаг воцуш дисна хир дара вай.

П1елг санна ша цхьана стага бина мехалчу балхо Нохчийн мохк юха а шен бакъ болчу дайн дола берзийра. Аьлча а, вайн мостаг1аша хийцина вайн мехкан бакъ болу бух юхаметтах1оттийра. Х1инцачул т1аьхьа вайн цадезачийн кхин цкъа а аьтто хир бац нохчийн къомо эзарнаш шерашкахь шайн лаьтта т1ехь йитина хьанала лар доь доцуш яйъа. Дела реза хуьлда Ахьмадна и боккха болх цуо барна!

 

Сулейманов Ахьмад нохчийн меттан воккха говзанча вара. Мотт д1абаьлча, къам д1адериг хиларх дика кхеташ вара иза. Шен «Дахаран генаш» ц1е йолчу поэмехь поэто иштта мах хадабо ненан метан:

 

Воккхаве со хьуна хуъчу

Кхечу кьаьмнийн меттанех,

Хьайниг бицбеш, 1амо дезна

Уьш хьуна ца моьттинехь.

 

Вай ц1ера дахале нохчийн маттахь дешна волчу цунна кхеташ а, товш а дацара Сибрехара ц1а даьхкинчул т1ахьа вай берашна ишколехь ненан маттахь хьоьхуш ца хилар. Кегий къаьмнаш а, церан меттанаш а кхане йолуш ца хилар ч1аг1дан 1алашо йолуш 1963-чу шарахь Москвахь д1аяьхьначу ерригсоюзни 1илман – практически конференцехь Сулейманов Ахьмада элира: «Х1ора стагна сийлахь долу кхо х1ума ду дуьненчохь вовшахдаккха йиш йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш. И кхо х1ума – халкъ а, мотт а, Даймохк а ду. Оцу кхаа декъах муьлхха а цхьаъ д1акъастийча дисна ши дакъа - дахалуш дац. Нохчийн къам казахийн, киргизийн мохк ца тайна а, оцу махкахь дахан а, 1ен а ца хууш а ца г1ертара шайн Даймахка. Кху дуьнен т1ехь мел йолу дуьхьалонаш а эшош, шаьш 13 шарахь хала гулбина бахам а битина, нохчий шайн Даймахке г1ертара Дала делла и сийлахь кхо х1ума вовшах а тоьхна, юха а дуьззина къам хилла даха».

 


 

Скачано с www.znanio.ru

Лен воцчу сийлалле кховдаеш ц1е…»

Лен воцчу сийлалле кховдаеш ц1е…»

Серлаболу корехь чиркх. – Вевзаш вацарх ломахь наха

Серлаболу корехь чиркх. – Вевзаш вацарх ломахь наха

Лойша суна» стихотворенехь лирически турпалхочо доттаг1ашка иштта кхайкхам бо:

Лойша суна» стихотворенехь лирически турпалхочо доттаг1ашка иштта кхайкхам бо:

Шуьйрачу цу новкъахь Хьо наггахь ган!

Шуьйрачу цу новкъахь Хьо наггахь ган!

Умхаев Хьамзат Сулейманов

Умхаев Хьамзат Сулейманов
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
25.04.2018