Открытый урок "Терахьдош а, цуьнан маь1на а"
Оценка 5

Открытый урок "Терахьдош а, цуьнан маь1на а"

Оценка 5
docx
13.01.2024
Открытый урок "Терахьдош а, цуьнан маь1на а"
Поур. язык 6 а, б кл. - 30.11.23 шо ОТКР..docx

Нохчийн  мотт   6 а  кл. -  30.11.23  шо

Урокан ц1е:  Терахьдош а, цуьнан маь1на а.

Урокан 1алашо

1аморан: дешархошна  1амийначу  къамелан   тайпанах   билгалдашах  карладаккхар,терахьдош  довзийтар 

 кхиоран:  дешархошна  хаа деза, терахьдош  стенах  олу,  иза  коьрта  къамелан  дакъа  дуй,  цуьнан  маь1на  довза, тайпанаш  къасто а, ПКЭна  кечам.

кхетош – кхиоран: нохчийн матте,  къинхьегаме   болу безам к1аргбар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна  девзар ду терахьдешнаш , 1емар ду къамелехь а , йозанехь а царех пайдаэца.

2. Метапредметни: Шайн болх кхиамаш дика хир болчу кепара д1ах1отто а , шайн кхиамийн бахьанаш довза , царех пайдаэца 1емар ду,  хьехархочун хаттаршна дуьззина йа доца жоьпаш дала, хуур ду вовшех дагабовла,  1емар ду шайна оьшу г1ирс лаха , цунах пайдаэца, хуур ду цхьанна т1ера пхеанна т1екхаччалц долчу терахьдешнна т1ехьа ъ йаздар, исс ,итт терахьдешнийн чаккхенгахь шала мукъазнаш йаздар. Берийн алсамдер ду ойлайар , тидам бар,х1ума довза а , лаха а лаам.                                                                                                     3. Личностни: берашна луур ду , говзалла а йолуш , шайн говзаллехь баккхий а буьйш корматтала а йолуш дешархой хила.

Урокан  г1ирс:  у, мел, план, книга, тетр., ИКТ – г1ирс, дошам, Самукъане грамматика.

                                           Урок  д1айахьар

 

1.Урокана  кечамбар.  Ойла  т1ейерзор
      «Сан  герз -  иза  бакъонан  дош ду,  оцу  герзаца  ас  муьлхха  а  мостаг1  эшор  ву».    ( Кадыров  А.-Хь.)

2.Ц1ахь бина болх таллар – Ш.73 (4 предл.),  бакъо  13,  цхьана билгалдешан  грамматически  таллар  гайта)

Урокан  1алашо йовзуьйтуш,   дешархойн  хаарийн  актуализаци  -   Муха кхета шу къамелан  дакъа бохучух?   Муьлха къамелан дакъош  девзина  вайна?  Маса  ду   къамелан  дакъа?  Коьрта?  Г1уллакхан? Ткъа  девзий  вайна  х1ара  къамелан  дакъа?

Маса , мел йу аса дуьйцу

Эшахь гойту рог1алла.

Хьем ца беш, ахь ала дош,

Вай дуьйцург ду (Терахьдош.)  -  лаха предложенгешкахь терахьдешнаш

Нанас  суна  итт  тетрадь  ийцира.  Ас  сайн  вешина  кхо  мандарин  йелира. Соьгахь  пхи  туьма  ду. Тхан  урокаш  шиъ  даьлча  чекхйовлу.-  къастаде  терахьдешнаш.

 

3. Урокан  тема  йовзийтар -  1) хьехархочун    дош   -  терахьдашах  лаьцна  дийцар   -      книгин  лорах  болх  бо -        бакъонаш    йешарца,  масалш  далош

Х1инца  вай  цхьа  ловзар  д1ахьур  ду: Вайн  тайп- тайпана  ловзарш хуьлу                                  ( Го йукъа  валарх ловзар,  Хьаша  ларвар, Таалархо,  Хаал, мила ву?, Лечкъаргаш)  

Оцу  ловзарийн  бакъонаш  йу,  дагардарш  а .  Хьанна  хаьа  дагардарш?   Иштта ниг  далор  ду  вай:

Цхьаъ - шиъ - нана-п1елг,

Кхоъ - диъ - хьажо-п1елг,

Пхиъ - йалх - йуккъерниг,

                                               Bopxl- бapxl - маза-п1елг,

                                               Исс - итт -ц1азаниг,

     By хьо х1инца т1аьххьарниг.

-Маса п1елг багарбира цу т1ехь? (Итт).

-Муьлхачу дешнаша г1о дира хьуна и хаа? (Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ, йалх, ворх1, барх1 исс, итт.).

-Цара х1ун гойту? (П1елгаш маса бу гойту).

-Д1айазде и дешнаш.Хаттарш ло царна.

 

2)   хьехархочуьнца  цхьаьна  уьн  т1ехь  болх  д1ахьо  дешархоша, къастаде  ц1ердешнаш,  билгалдешнаш ,  терахьдешнаш  -  аг1о  49 ,  бакъонан  лакхахь

  Дешнаш т1ехь  болх -  дошаман  статья  х1оттор               

Терахь(ду) -терахьан,терахьна,терахьо,   терахьца, терахьах, терахье,терахьал, терахьаш (ду)-1)дата; 2) число.

цхьаллин терахь-единственное число,

дукхаллин терахь-множественное число.

3) Терахьдешнийн тайпанаш  довзуьйту

Масаллин-кхоъ,шиъ,кхузткъа.

Рог1аллин-ворх1алг1а ,шолг1а

Декъаран-цхьацца,исс-исс.

Гулдаран- ворх1е а,ший а,йалхе а.

Дакъойн:  шиъ барх1алг1а, иттаннах  диъ

Билгалза-масаллин- кхо-диъ,пхи-йалх.

-Довзуьйту терахьдешнийн тайпанех  Дуьйцу х1ун гойту цара.

 

                                         Сада1аран  миноташ 

4)  дешархошца  цхьаьна  кхочушдо  Ш. 76 ,  терахьаш  йозанца  йаздеш

5) Б.т.  т1едахкарш  кхочушдо

4. Урокан  жам1  дар  -  -Стенах олу терахьдош?  Муха  хуьлу  уьш? Х1оттамца  къастадой  вай  терахьдешнаш?   Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу? 

5. Ц1ахь бан болх :   Карл. бакъонаш,  Ш.  75, Б.т.  т1едахкарш

6. Рефлекси  йар:   Сайн хаарш шорди ... Суна керланиг 1еми …    Аса кхин а къахьоьгур ду сайн хаарш  т1едузуш ...

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                                   

 

 

 

          Йиллина  урок : «Терахьдош а, цуьнан  тайпанаш а»              

                                                  (6 класс)

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                         Альбекова  Асет Вахаевна


 

Нохчийн мотт 6 а кл

Нохчийн мотт 6 а кл

Х1инца вай цхьа ловзар д1ахьур ду:

Х1инца вай цхьа ловзар д1ахьур ду:

Йиллина урок : «Терахьдош а, цуьнан тайпанаш а» (6 класс)

Йиллина урок : «Терахьдош а, цуьнан тайпанаш а» (6 класс)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
13.01.2024