План- конспект по чеченскому языку на тему: "Ц1ердешнийн дожарш"
Оценка 5

План- конспект по чеченскому языку на тему: "Ц1ердешнийн дожарш"

Оценка 5
docx
16.02.2021
План- конспект по чеченскому языку на тему: "Ц1ердешнийн дожарш"
Дожарш 1.docx

Гуьмсан урхаллин к1оштан

«Ойсхарара №1 йолу юккъера ишкол»

 

 

 

 

 

 

 

Нохчийн меттан урок

5 класс.

 

Тема: «Ц1ердешнийн дожарш»

 

 

   

 

 

 

                                 

    Хьехархо: Муталиева Макка Рамзановна

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

2021 шо

 

Модуль: Ц1ердош

Урокан чулацам: «Ц1ердешний дожарш»

Дешархочун 1алашо:  (х1ун хуур ду, стенна 1емар ву урокехь)

-дожарийн ц1ераш карла йохар ю; -церан маь1на, рог1алла, хаттарш хаьар ду;

-нийсаязъяран бакъонаш хаьа;

-Халкъан барта кхолларалле йолу марзо хаьа.

Хьехархочун 1алашо (урхаллин кепехь: вовшахтохар, 1амор, кхета г1о дар)

Дешаран: -ц1ердешнийн дожарех долу хаарш т1едузар; -ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш йовзитар.

 

Кхиоран:  Ц1ердешнийн дожарех пайдаэца хаарш кхиор.

 

Кхетош-кхиоран: Халкъан барта кхолларалле йолу марзо кхиор.

 

Т1етовжаран кхетамаш:

Ц1ердош, ц1ердешнийн дожарш, чаккхе.

 

Керла кхетамаш:

Хьархо, бухка

Урок д1аяхьар

1. Вовшахтохаран мур.

Хьехархо: Де дика хуьлда шун, дешархой. Кийча дуй шу урокан?

Нохчийн меттан 1амат юй? Тептар? Ручка, къолам?

 

2. Мотивацехула актуализаци:

1) Ц1ера болх толу (2-3 мин.)

Хьехархо: (Слайд 1)  Бераш, тахана вай шуьца х1ун 1амор ду. Х1окха байте ладог1ий, ойлае.

Мила ву? ХIун ю? – леговала.

Хьенан, стенан сурт ду, ала.

Хьанна, стенна ду вай реза?

Хьан, стен вайна гIо дан деза?

Хьаьнца, стенца меттиг хуьйцу?

Хьанах, стенах лаьцна дуьйцу?

Хьаьнга, стенга хьовсур ду?

Хьанал, стенал гIоле ду?

Бераш: Тахана вай дожарш 1амор ду.

Хьехархо: (Слайд 2)  Нийса бах. Ц1ердешнийн дожарех лаьцна дуьйцуш, д1ахьур ю вай х1ара урок.

Дожарш шуна хьалхарчу классашкахь дуьйна девзаш ду. Цкъа юьхьанца уьш карла а даьхна, кхид1а царах болу  кхетам шорбийр бу вай.  

3. Керланиг довзар.

Хьехархо: (Слайд 3) Х1ун ю ц1ердош?

-Муха хийцало ц1ердешнаш? (классашца,терахьашца,дожаршца а,)

-Маса класс ю? ( 6 класс ю)

-Маса терахь ду? (2 терахь ду)

Маса дожар ду нохчийн маттахь?

Бераш: Нохчийн маттахь барх1 дожар ду.

Хьехархо: (Слайд 4) Вайна ма-хаьара, церан шен хаттарш ду.

1. Ц1ерниг  дожар       мила? муьлш? х1ун?

2. Доланиг  дожар       хьенан? стенан?

3. Лург   дожар           хьанна? стенна?

4. Дийриг дожар          хьан? стен?

5. Коьчалниг дожар     хьаьнца? стенца?

6. Хотталург дожар   хьанах? стенах?

7. Меттигниг дожар   хьаьнга? стенга?

8. Дустург  дожар      хьанал? стенал?

Хьехархо: (Слайд 5) Дожарш шина тайпана хуьлу: нийса а, лач а.

Ц1ерниг дожарх нийса дожар олу, х1унда аьлча иза шен юьхьанцарчу кепехь хуьлу, цуьнан хаттарш ду:  мила? муьлш? х1ун?.

Ц1ерниг доцчу, вукху дожарех  лач дожарш олу, уьш ворх1 ду:

Доланиг 

Лург                

Дийриг         

Коьчалниг

Хотталург 

Меттигниг

Дустург

4. Керланиг кхинд1а хьехар.

1амат т1ера бакъо йоьшу бераша(аг1о 140)  

-Х1инца (Слайд 6) бухка, хьархо боху шиъ дош дожаршца хуьйцур ду вай, цуьнан чаккхенаш билгал а йохуш.

(уьн т1ехь болх, дешнийн маь1на довзуьта)

Ц1. Бухка             хьархо

Дл. Бухкаран       хьархочун                     

Л.  Бухкарна        хьархочунна

Др. бухкаро          хьархочо

К.  бухкарца         хьархочуьнца

Х.  бухкарх          хьархочух

М.  бухкаре          хьархочуьнга

Дс. Бухкарал        хьархочул

(Слайд 7) Сада1аран минот.

 

5. Т1еч1аг1дар.

1. Тобанашкахь болх. (3мин.)

Кхаа тобано цхьац дош легадо: ирс, юьртахо, юьртахой.

Ц1. Ирс             юьртахо             юьртахой

Дл. Ирсан         юьртахочун       юьртахойн

Л. Ирсана         юьртахочунна   юьртахошна

Др. Ирсо           юьртахочо         юьртахоша

К. Ирсаца         юьртахочуьнца  юьртахошца

Х. Ирсах          юьртахочух        юьртахойх

М. Ирсе           юьртахочуьнга   юьртахошка

Дс.Ирсал         юьртахочул        юьртахойл

6.Урокан жам1 дар.

Х1ара урок ц1ердешнийн дожарех шун долу хаарш сов даха 1алашо йолуш яра.

Керла х1ун доьвзи шуна ц1ердешнийн дожарех лаьцна?

Урокехь вай бинчу белхан муха мах хадор бара аш?

7. Ц1ахь:

Х1окху урокехь 1амийнарг карла а доккхуш, ц1ахь х1ара дешнаш легаде: дахар, некъ, дешархо, к1ира.

8. Рефлекси (Слайд 8)

 

https://alltop.com/viral/wp-content/uploads/2013/09/Fotolia_45419600_Subscription_XXL1.jpg

Со реза ву айса бинчу балхана.

 

https://alltop.com/viral/wp-content/uploads/2013/09/Fotolia_45419600_Subscription_XXL1.jpg

Со доггара реза вац айса бинчу балхана, со хьожур ву кхин дика болх бан.

https://alltop.com/viral/wp-content/uploads/2013/09/Fotolia_45419600_Subscription_XXL1.jpg

Со ца кхетта.


 

Гуьмсан урхаллин к1оштан «Ойсхарара №1 йолу юккъера ишкол»

Гуьмсан урхаллин к1оштан «Ойсхарара №1 йолу юккъера ишкол»

Модуль: Ц1ердош Урокан чулацам: «Ц1ердешний дожарш»

Модуль: Ц1ердош Урокан чулацам: «Ц1ердешний дожарш»

Маса терахь ду? (2 терахь ду)

Маса терахь ду? (2 терахь ду)

Дл. Ирсан юьртахочун юьртахойн

Дл. Ирсан юьртахочун юьртахойн
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
16.02.2021