План урока по чеченской литературе для 2 класса на тему: Сейлмуханов Муса «Хьоза»
Оценка 4.9

План урока по чеченской литературе для 2 класса на тему: Сейлмуханов Муса «Хьоза»

Оценка 4.9
doc
17.01.2024
План урока по чеченской литературе для 2 класса на тему:  Сейлмуханов Муса  «Хьоза»
Сейлмуханов Мусан «Хьоза» .doc

Нохчийн литература

2 класс

Тема: Сейлмуханов Муса «Хьоза».

1алашо:  Сейлмуханов Мусас  йазйина йолу «Хьоза» ц1е йолу стихотворени йовзийтар; нийса а , кхеташ а , къастош а стихтворенин текст еша 1амор,

шайн дагахь ,хезаш, къастош еша; йаздархочун дог-ойла а гойтуш еша 1амор.

Урок д1аяхьар.

I. Организационни момент

II. Ц1ера болх таллар.

1.     Дешархоша схьайуьйцу Гадаев Мохьмад-Салахьа  язйина «Жимачу к1ентан илли» ц1е йолу байт.

- Муха дог1уш ду ло?

-Диттийн генаш х1унда дазделла?

- «Когаш к1амлуш» бохучух муха кхета хьо?

III.Меттан говзалла кхиор.

 -Д1аеша байт.

. Ирсас бедарш йиттира,

Иту хьокхуш шарйира.

«Иза-м тамаш бацара», -

Ислам вешаш вацара.

(Ж. Махмаев)

-Д1аеша хезаш.

-Д1аеша цецваларан эшарехь.

-Д1аеша хаттаран эшарехь.

-Д1аеша хазахетаран эшарехь.

-Хьанах лаьцна ю байт? (Ирсех).

-Муха йо1 ю ирса? Х1унда? (Ирса дика йо1 ю. Цо мало а йоцуш г1уллакхаш до).

-Аша дой иштта г1уллакхаш?

 

IV.Хаарийн актуализаци. Урокан 1алашо йовзийтар.

-Кроссвордан еък1ов чу д1аязйина ю яздархочун ц1е. Шуна уьш нийса карохь хуур ду муьлха произведени евзар ю вай.

м

с

е

й

л

м

у

д

а

а

з

м

л

х

в

а

з

о

р

о

а

в

ы

с

ь

ф

у

н

с

м

а

х

к

б

в

ч

с

м

а

с

у

м

ф

ы

а

а

е

в

т

-Муьлха дешнаш карий шуна?(Сейлмуханов Муса, Хьоза).

-Муьлха произведени евзар ю вайна? («Хьоза»).

-Мила  ву цуьнан автор? (Сейлмуханов Муса).

-Хьанах лаьцна хир ю аьлла хетта шуна произведени?

V.Керла тема  хьехар.

    1. Хьехархочо д1айоьшу Сейлмуханов Мусас йазйина йолу  «Хьоза» ц1е йолу стихотворени.

    2. Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Стенах  лаьцна ю  стихотворени?

-Муха гайтина автора 1аьнан сурт ? (Дарц хьоькхуш,шийла).

-Х1унда деъна хьоза к1ентан коре? (Мацделла деъна).

-Х1ун г1о дира к1анта хьозанна? (Баьпкан цуьргаш даьхьира).

-Байта т1ехь вуьйцу к1ант муха ву аьлла хета шуна?

-Х1унда хета шуна иштта

VI.Сада1аран миноташ.

VII.Керла тема кхин д1а а хьехар.

1.     Бераша д1айоьшу Сейлмуханов Мусан «Хьоза» ц1е йолу стихотворени.

        2.Хоржуш еша.

       3. Къастош ешар.

-Коьрта турпалхо мила ву байта т1ехь вуьйцург, хьена ц1арах ю и байт (Автора ше ц1арах йазйина и байт, коьрта турпалхо ша х1оттийна)

      

VIII.Рефлекси.

-Д1адеша дешнаш. Караде х1ора мог1анехь совнаха дош.

·        Яздархо,хьехархо, иллиалархо,х1орд.

·        Лор, программист, шофер, ж1аьла.

·        1илманча,х1илланча, х1урдахо.

-Муьлха дешнаш ду  совнаха? Х1унда?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

IX.Урокан жам1.

-Муьлха произведени йийшира аша?

-Мила  ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху  вайна оцу произведенино?

X.Ц1ахь бан болх балар:

   Къастош д1аеша Сейлмуханов Мусан  «Хьоза» ц1е йолу стихотворени. Аг1о 95-г1а.


Скачано с www.znanio.ru

Нохчийн литература 2 класс

Нохчийн литература 2 класс

Чулацамах лаьцна къамел дар. -Стенах лаьцна ю стихотворени? -Муха гайтина автора 1аьнан сурт ? (Дарц хьоькхуш,шийла)

Чулацамах лаьцна къамел дар. -Стенах лаьцна ю стихотворени? -Муха гайтина автора 1аьнан сурт ? (Дарц хьоькхуш,шийла)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
17.01.2024