Проект на тему: "Бойсхар"
Оценка 4.6

Проект на тему: "Бойсхар"

Оценка 4.6
docx
16.02.2021
Проект на тему: "Бойсхар"
ПРОЕКТ БОЙСХАР.docx

ПАЧХЬАЛКХАН КОРМАТАЛЛИН БЮДЖЕТАН ДЕШАРАН ХЬУКМАТ

"С. С-А. ДЖУНАИДОВН Ц1АРАХ ГУЬМСЕРА ХЬЕХАРХОЙН КОЛЛЕДЖ"

 

 

 

 

Проект:

"Гергибел ларъеш хиллачу т1амехь

Бойсхара дакъа лацар 1847 шарахь"

 

 

 

 

 

 

 

 

Кечйина: 3-чу курсера "Е" группера

 Муталиева Маккас

 

 

 


Д1адолор………………………………………………………..............................3

Бойсхаран дахар......................................................................................................4

Гергибел ларъеш хиллачу т1амехь Бойсхара дакъа лацар 1847 шарахь...........5

Мусаев Ахьмада дийцар. Бойсхар д1акхалхар...................................................16

Д1адерзор...............................................................................................................20

Пайдаэцна литература…...............................................……………….………...21

Чулацам

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


Д1адолор

Бойсхарах лаьцна дуьйцаш долу дийцарш карор ду Дег1астанан, Нохчийн, Г1аскхийн, Европейскийн я кхи дукха яздархоша бинчу белхашна юкъахь.

Бойсхарас шен т1аьхьа яккха дика ц1е йитна, къонах, майралла, Даймехке болу безам, шен къоман тешна хилар бохучу маь1нашца йог1уш.

1847 шарахь Дег1астанан  Гергибел лар еш, бенош шайн майралла гайтира хьалха ваьл наиб Бенойн Бойсхар, цуьнан накъост Солтамурад волуш.

Паччахьан эскаро го бира Гергибельна. Цхьа б1аьрг, цхьа куьг долу Бойсхара шен т1емлошца лар еш яра район. Паччахьан эксара куьйгалхой хан мел йола т1елетара юртана. Иштта цкъа т1елетча нохчийн наибан ког баккхар нис делла. Ц1и а долуш оьхш, шен кхетамах ваьлла 53 шо долу полководец паччахьан т1емлошна карира.

Бойсхар лаьцна аьл хаам массо лаьмнашка а кхечира. Шамильс ч1ог1а хала лайра и хаам, цо ша г1о дора Бойсхаран накъосташна, гергара нахана и эццера вадита.

Солтамурад шен наиб бакъонаш д1а ел, кхи хан ца йолуьтш новкъа велир и Бойсхари вешица Биройца, шен вежаршца Мунойца, Ханмурадца а Дагестане ваха. Дагестани наибан г1оьнца разведка йина царна хиира Бойсхар чу воьллина меттиг. Иштта царна хиира цу г1аскхийн лоьраша цуьнан ког д1абаьккхин хилар. 1847 юккъерчу июнь баттахь лазина волу наиб темир-хан-шурински горнизонны дарбан ц1а чуьра тутмакхийн дарбан ц1а чу дехьа ваьккхира. Кеста Солтамурадана хаам хилира, июль беттан хьалхарчу деношкахь Бойсхар кхечу Г1алара г1опе вуьгаш хилар. Солтамурада ч1аг1о йира царгара Бойсхар новкъахь ваккха. Бенара т1емлой бара цуьнан г1о да бохуш. Царна юкъахь вара Имам Шамилс Бойсхар ара ваккха дел ахча дохьш веана стаг.

Солтамурадан т1елатар ч1ог1а дикчу аг1ор д1адирзира. Цхьа б1аьрг, цхьа куьг, цхьа ког болу Бойсхар церан куьгара схьаваьккхира.

 

Белхан 1алашо:-Бовза Бойсхаран дахаран некъ; -Хаа муьлхачу бахьанца бина Бойсхарас т1ом Гергебиль юртахь 1847 шарахь.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Бойсхаран дахар

Бойсхар.jpg

 

Бенойн Бойсг1ар-(оьрс. Байсангур) тайпан Бено (Эди некъе) хилла Бойсг1ар, 1817-1864 шерашкахь маршонан т1амехь дакъалоцуш хьалха ваьллачерах цхьа куьйгалхо. Бойсг1ар вина а кхиъна меттиг Бена ю, иза вина Баршкъе доьзаллехь Бенахь 1794 шарахь. 1830-г1а шерил хьалха хилла дахарех х1ума хууш дац. Бойсг1ар г1азотехь д1акхелхина 1861 шарахь, 1овхахь.

 

 

 

 

 

 

Харц ц1е

Таш адам

Вина терахь

1794 шо

Вина меттиг

Бена, Нохчийчоь

Кхелхина терахь

1861 шеран 1 март

Кхелхина меттиг

Хаси-Эвл, Дег1аста, Российн импери

Пачхьалкх

Къилбаседера-Кавказан Имамат

Т1емаш

Кавказхойн-оьрсийн т1ом 1763-1864.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Гергибел ларъеш хиллачу т1амехь Бойсхара дакъа лацар 1847 шарахь

 

Ламанхоша 1845 шарахь, Нохчийн хьаннашкахь, паччахьан эскарна т1ехула къегина толамаш баьхначул т1ехьа, Къилбаседа-Малхбалехьара Кавказехь командовани хьал вуончу долу. Цул сов 1846 шарахь имам Шемало а, цуьнан наибаша а г1араяьлла поход йо Малхбузехьара Кавказе (Г1ебарта), императоран ц1ийнаха болчарга къайлах Къилбаседа-Малхбалехьара Кавказан къаьмнаш карадерзорехь керла некъаш а лоьхуьйтуш.

Оьрсийн империн Дег1астан а, Нохчийн а ламанан районашкахь йолу позициш а, укреплениш а, г1аьпнаш а ергге д1аяха гергга яра  Шемалан эскаран т1еман г1улллакхашца. Маршо а, лаамалла а къуьйсуш болчу ламанхойн кхиамаш баккхий бара: паччахьан эскар Дег1астара а, Нохчийчура а арадаккха кхерам туьйсура цара. 1842-1843 шерашкахь паччахьан эскар дохоро Шемалх бакъволу лаьмнийн да вира. Кавказан лаьмнийн декъаца болу муьлхха а паччахьаллин некъ д1абелира. Оцу цхьана 1843 шарахь Ламанан Дег1астара бух ца буьтуш ламанхоша йохийра 12 укреплени а, г1аьпнаш а.

1843 шо чекхдолуш паччахьан эскар кхачам боллуш лелхийра Аварера а, Ламанан Дег1астара а.

Паччахьан эскаран командованина принципехь ладаме хилира ламанхошкара инициатива шайн караерзор, Шемалан, Оьрсийн империн карахь йолчу территорин дозанехь йолу, пачхьалкхийн (Мехтулински ханалла, Тарковски игамхальство, Даьрг1а, Кази-Кухумски ханалла) форпосташ схьаяхар. 1844 шарахь и меттигаш къевсина болабелла т1ом ладам болуш бара шинне а аг1онна. Оьрсийн импери, Къилбаседа-Малхбалехьара Кавказ шен карара йолий хиъча, Ламанан Дег1астахь йолу шен позициш юхаерзо а, лакхахь ц1е яьккхина йолу территориш карахь сацо а г1ертара. Нохчашна а, дагестанцашна а коьртахь волчу имам Шемална кхин д1а йолу 1алашо гора Къилбаседа-Малхбалехьара а, Къилбаседа-Малхбузехьара а Кавказехь шен 1аткъам алсамбаккхарехь. Шемалан коьртачарех цхьаъ 1алашо яра Дег1аста а, Нохчийчоь а, цул сов Къилбаседа Кавказан 18-чу а, 19-чу а б1ешарашках калониальни эскарша караерзина йолу ерриге территориш маьршаяхар.

1845 шо чекхдолу хенахь Оьрсийн империн Дег1астахь а, Нохчийчохь а йолу положени чог1а вуон яра, аьхка т1амех эла М. С. Воронцов коьртахь а волуш эшар бахьнехь. Шемалан пачхьалкх шен кхиам д1ач1аг1бан г1ертара, кхин д1а паччахьан эскар Дег1астара а, Нохчийчура а, ткъа цул хьалха Х1ордан йистера а, Къилбера а Дег1астара ара а доккхуш. Паччахьан эскар догдохийла йоцучу хьолехь дара, сихха хадам боллу сацаме кхачийла хьоьжуш. Иза дика хаьара Кавказехь а, Санкт-Петербургехь а. Император Николай 1 ша-ша вара стратегически коьрта меттигаш Ламанан Дег1астахь а, Нохчийчохь а караерзо буьйр деш.

Цу юккъе йог1ура Ламанан Дег1астахь г1араяьлла йолу эвла Гергебиль. Салта, Гергебиль, Ириб, царца цхьана кхин а коьрта пункташ караерзоро лора оьрсийчу командованина Аварин дозанан т1екхочийла а, 1843 шарахь карара евлла йолу укреплениш а, г1аьпнаш а юхаерзо таро а.

1847 шарахь Кавказан сардал волу Воронцова Дег1астан ламанахь  д1ач1аг1йина йолу кхо пункт караерзо план х1оттайо. «Взять укрепление Гергебиль, истребить враждебные нам и беспокойные селения  Салта и Согратль, уничтожить, если окажется возможным, Ириб» - иштта дешнаш ду цуьнан  указа юккъехь. Императора, Воронцова лелочунна реза а хилла, цу маь1ехь шена хетарг цунна д1ахаийтира. «Гергебиль находится в совершенной котловине, занятие его правильным и самостоятельным укреплением может представить крайнее затруднение: если впереди Гергебиля занять значительным подвижным резервом Руджу или другой пункт наиболее удобный и привести его в надежное состояние, то Гергебиль потеряет свою важность и будет только наблюдательным постом на Кара-Койсу и опорною точкою на прямом сообщении Темир-Хан-Шуры с Кумухом» - ишттачу дешнашца.

Императорски плане хьаьжжина, кхаа баттахь (май, июнь, июль) паччахьан эскаро укреплениш х1аллакьян езаш яра, кхо эвла кара а ерзош (Гергебиль, Салта, Ириб).

1847 шарахь Дег1астара Воронцови отрядан т1ехь йолчу 1алашонаш юккъехь коьртанаш яра: 1) …Койсубулан дукъ т1ехьа лаьтташ йолу ламанхойн юкъараллин терго яр; 2) Къилбаседа Кавказан массо а пункташна юккъера з1е а, йист а ларъяр; 3) Г1уьмкийн аг1ора долчу эскарна, мостаг1 т1елатахь, г1о дар… 1847 шо долалуш х1иттинера т1еман г1уллакхан планаш, церах цхьаъ ишттачу т1едожарех лаьттара: «…к 5 мая отряд должен перейти Койсубулийский хребет, овладеть Гергебилем и до 1 июня построить там укрепление, привести сам аул в надежное оборонительное положение, а также возвести башни для принятия входа и выхода из Аймякийского ущелья и переправы через Кара-Койсу».

Дег1астахь а, Нохчийчохь а хаьара паччахьан командовани шайн 1840-1845 шерашкахь йохийна йолу стратегически т1еман позициш юхах1отто йоллуш юй, Ламанан Дег1астахь, Нохчийчохь шайн эшамех ламанхошкара ч1ир эца дагахь юй. Имам Шемала костаца Идрис ц1е йолу наиб Гергебиль эвла ч1аг1йан волавелира.  Идрис ч1ог1а дика организатор, г1ишлош яран белхан дика куьйгалхо а вара. Оцу хенахь цунна цкъа х1инци гина вацар Бенара Кавказан къонах Байсангур, амма цуьнан хьуьнаршшехь, майраллех  лаьцна дуьйцуш хийла хезнера. Х1унда аьлча, 1843 шарахь Ламана Дег1астахь ерриге 12 паччахьан г1аьпнаш, укреплений дагестанцаша, нохчаша йохийначул т1ехьа цунах лаьцна дуьйцуш вара массо стаг. Оцу т1емнашкахь Бойсхара гайтира дег1астарчу халкъе шен болу безам, шен берриге ницкъ а, дахар а Дег1астара , Нохчийчура халкъ колонишшех маьршадаккхар дуьхьа д1адала кийча хилар. 1845 шарахь дуьйна Нохчийчохь санна (Бенахь, Ичкерехь), Дег1астахь а цхьа куьг доцучу, цхьа б1аьрг боцучу Бенойн Бойсхара майраллех, къонахаллех лаьцна байташ, дийцарш лелара халкъан юккъехь (1845 шеран июль баттахь куьг доцуш висна иза).

1847 шеран б1аьста шен т1емалошци Гергебиле, Согратла ваханчохь къоначу наибана Идрисана т1е кхаьчна, Гергебиль укреплени ч1аг1 яр хьолехь 1илма делла бохуш дуьйцу Бенойн Бойсхара. Иштта цу хьолехь шен хьехам беллачарех бу имам Шемал, Хунзахара мудир Хаджимурад, Телетлинара Кебед Мухьаммад, Балахунера наиб Муса. Къоначу наибана шаьш зийнарг д1ахаийтина цара, кхечу меттигашка т1ом бан шаьш д1адахле. Дуьххьара дуьйна ерриге эвлан оборона Идрисан карахь яра, оцу т1ехь цунна г1о деш бара командираш Хьусайн, Муса, Гергебилара 1ела иштта кхиберш. Иштта хьахо еза цу хене кхачале Идриса цхьанатоьхна йолу дика, тайна болш беш йолу разведка, контрразведка.

Идрисан куьйгаллехь Гергебилан гуо баьккхина 5 аьрша стомма, 2 сажен лекха т1улгийн пен, 5 б1ов йинера. Иштта хи чохь долу резервуараш а (царех цхьаъ яра Аймакхийн ч1ожан хьалха йолчу б1аьвна уллехь). Цул сов, пенийн дохаллехь дукхах йолчу меттигашкахь транверсаш (йохаллин обстрелах ларвеш йолу лаьттех йина дуьхьалонаш), герзан х1оьънех ларвеш йолу блиндажаш йинера. Казиев Шапис шен башхачу «Имам Шамиль» ц1е йолчу, «Жизнь замечательных людей» бохучу г1араяьллачу серехь шен йохаллехь юха-юха арахецна йолчу книгант1ехь боху: «Нападавших ждала многоярусная оборона, «волчьи ямы» и сакли с фальшивыми крышками, крепкие завалы и каменные укрепления с узкими бойницами и подземными ходами».

 И ша дерриге къайлах деш дара, инзаре дукха болчу паччахьан таллархойх лачкъина. Мостаг1чун разведка т1етаь1на болх беш яра, цунна тешалла деш дуккха а документаш ду. Церах цхьаъ ду генерал Бебутовх, 1847 шеран май беттан 11 дийнахь иза шен отрядци Гергебиле воьдуш Кутиша эвлан т1екхаьчначух лаьцна: «Здесь он временно остановился лагерем и отсюда отправил парламентатера, некоего Али-Магома-оглы, в Гергебиль, Гоцальт и Салты, чтобы склонить жителей к добровольной сдаче нам этих укрепленных селений. Миссия эта, между прочим, маскировала главную цель, состоявшую в том, чтобы в точности узнать о положении и о силе укреплений этих пунктов, о неприятельских партиях, о преднамерениях и распоряжениях Шамиля».

1997 шарахь Дег1астан а, Нохчийн а лаьмнашкахь Ахульган оборонех лаьцна материал лахьош, шира бахархоша генерал П. Граббесан  Шемалан векалшца дагаваларехь хилла йолу къайлах 1алашонех лаьцна дуьйцуш хезна бохуш къамелаш дара лелаш. Мостаг1на лаьара укрепленийн ледара меттигаш, защитникийн барам, хьал, Ахульган т1ейохучу штурман хила мега йолу направлениш йовза. Рамзан-хьаьжас дуьйцуру, генерал Бебутовс 1847 шарахь шен эскарци Гергебиле воьдуш уьзза прием лелийна бохуш. Х1иллане волчу генерал Бебутовин ойланаш хиъна, 1ела-Магам эвла чу ма вита аьлла хабар а дахьитна, ткъа цуьнца къамел эвлан арахь а бен ца деш сацам бана наиба Идриса. Муьлхачу «дагаваларе» 1ела-Магам Гергебиле вахана хууш волчу Идриса иза шен аг1ор а ваьккхина, шалха агент вина цуьнах.

Ахуьлган гонд1а долу хьал иштта дара: 16 июнехь леттачул т1аьхьа шинне аг1он хьал вуончу даьлла. Граббе эша а эшнера, дикка зен а хиллера, амма ламанхой х1инци а артиллерийски тоьпаш к1ел бара, ткъа цуьнах дикниг к1еззиг дара. Шемалан столицин защитникаш бохорехь керла некъаш леха волавелира Граббе. Мохьмад-Т1ахира язйинчух ду: «Когда же они увидели множество убитых и все, что уних было попорчено, то решили прибегнуть к хитрости. Они начали строить соооружение из досок, имеющее крышу, и понемногу приблежаться к Ахульго так, чтобы не терпеть ущерба от воинов Шамиля. Несколько его товарищей бросились, однако, на них и испортили это сооружение». 1839 шеран 16 июлехь д1анисделла долу хьал оьрсийша а иштта д1ахьахадо. Масала, Милютина оьрсийн сапёрин Ахульган 1уьнкарчу оганашна штурм ян аннийн галерейш д1ахиттош бина болчу белхан сурт иштта х1оттадо: «Саперы наши и тут придумали средство: они решились строить галерею из дощатых щитов, связанных плотно между собою, а чтобы вся эта система могла держаться на крутизне, они вынуждены были на вершине гребня утвердить в утесе два прочных столба, к которым прикрепили канатами всю постройку так, что галерея, можно сказать, должна была висеть на канатах. Смелое это предложение облегчалось тем, что в некоторых местах на протяжении крутизны были небольшие площадки, которые не только могли доставить упор галереи, но и способствовали устроению ложементов для караулов, прикрывающих производство работы. В особенности затруднительно было начало этой необыкновенной работы, прежде чем она могла быть прикрыта спереди караулом. Вылазки неприятеля каждую ночь не только останавливали работу, но и все, что было сделано уничтожали ».

Моссо а источникаша дуьйцу, оьрсаша Ахульган т1е кхача г1ерташ, юх-юха и шайн штурмующи калоннаш еш гайтина йолчу х1илланан 1аламаташех а, ламанхоша уьш х1ора буса йохош, къар ца луш гайтина йолчу хадамаллех а лаьцна. И сурт лаьттина цхьа баттахь. Ахульгехь хиллачу т1амех лаьцна йолчу ламанхойн цхьана эшарехь локху «русские целый день бомбили Ахульго из 30 пушек и строили хитроумные сооружения для штурма, а горцы ночью восстанавливали свои укрепления и дома, разрушенные артиллерией , и смелыми вылазками уничтожали сооружения штурмующих» бохуш.

«Жаль, Идрис, что у вас мало лесов, чтобы строить завалы, хитроумные заграждения, укрытия для лучших стрелков, рука не поднимается трогать  эти прекрасные сады, созданные вашими отцами и дедами. Зато у вас достаточно камней, которые можно использовать для защиты своего очага. Будьте при встрече с врагом твердыми, как эти скалы и камни» - иштта дешнаш далийна Бенойн Бойсхара къоначу Идрисан дог оьцуш, накъосталла деш. Мел хазчу дешнашча билгалбаьккхина цо шайн кхоллам, мел хаза дог оьцуш хилла цо шех масала а оьцуш, къонахаллий, майраллий кеп хилла д1ах1уьттур болчу къоначу ламанхойн.

Имам Шемал, наибаш Бенойн Бойсхара, Мурад-Хьаьжа, Балахунера Муса, Телетлера Кебед Мухьмад иштта кхиберш къоначу Идрисана Гергебиль ч1аг1ечу хьолехь хьехамца г1о дина ца 1аш, т1ет1аь11а оборонехь а г1о деш бара. Оборонительни центр хилла йолчу Гергебиле Нохчийчура а, Дег1астара а моссо маь11ера подкреплени йог1ура. Мостаг1 т1елета хан т1екхачале 1500 стаг гулвеллера г1оьнна баьхкинчерах. Ка мел долуш волу эвлан вахархо крепостан гарнизон хилла д1ах1оьттинера. Баккхий нах, бераш, гергебильци берриг бахам Кудутле, Араке д1ахьажинера.

Кикуни юртахь Мурад-Хьаьжин отряд сецнера, Кудутлехь – Балахойн Мусан. Кхин т1е болу мурдийн ницкъ гергебилан бешашна гонд1а д1анисбеллера. Уллехь мел йолу эвла лата кийчча лаьтташ яра. Идриса шен г1оьнчашна гонд1арчу ярташка яздина кехат долш ду.

Т1аманна кечам бечу хенахь Идриса  Маалера Кади Мухьаммаде, Гоцатлера Ашухане, Могохера Малле язйина:

«От нуждающегося (в помощи Аллаха) любезнейшим братьям Кади Мухьаммаду из Маали , Ашахану из Гоцатля и Малла из Могоха. Мир вам, длящийся вечно». А затем – приезжайте завтра сюда со всеми вашими мужами (воинами) с шестидневным продовольствием, так как сообщения о прибытии неверных стали многочисленными и прерывными. Вы приходите все, без исключения, авось Аллах Всевышний нам поможет. И всё».

Кехатехь хьахийна йолу ярташ Идрисан куьйгаллехь йолчу наибствана чуйог1уш хилар билгал йолу кехатан чулацаме хьаьжчи, т1едожоран кепехьдуьйцуш долу Идрисан къамеле хьаьжчи.

Къаьсттина дош ала мегар ду ч1аг1йинчу Гергебилан х1оттийначу суьртах лаьцна. Дег1астара авторша 1847 шарахь эвла ч1аг1йарах лаьцна къаьсттина меттигех дош аьлла дитина. Крепостех а, Идрисан куьйгаллехь бинчу белхийн а дуьззина х1оттина сурт карадо оьрсийн генералин, офицерин рапорташкахь а, докладашкахь а.

Иштта Волконскис язйина: «Гергебиль находился на крутом утёсе левого берега Аймякинки, впадающей в Кази-Кухумское Койсу, против Аймякинского ущелья. С северо-западной стороны аул был недоступен по природному своему положению, потому что здесь он упирался в отвесные скалы; с остальных сторон везде были укрепленные сакли, которые постепенно возвышались к центру аулу амфитеатром, представляющим собою род цитадели. На передних рядах этих сакль, земляные крыши все вскрыты и вместо них постлан был хворост, чуть-чуть присыпанной землёю. Таким образом, каждая из подобных сакль представляла большую волью яму, провалившийся русский солдат не должен был более возвратиться на свет божий.  Там, где сакли своею большою группой образовывали цитадель, каждая из них была превращена как в отдельное укрепление, и каждый ряд нижних сакль защищался анфиладным и перекрестным ружейным огнем верхнего ряда. Внутри аула, где только было возможно, повсюду были устроены блиндажи, баррикады, завалы и траверсы. Внешняя оборона укрепления состояла из стены около 500 саженей в окружности, вышиною в 2 сажени и толщиною в 2 аршина, с амбразурами и с ложементом вокруг. Укрепление фланкировалось двумя башнями и одной укрепленною саклею, с траверсами и блиндажами от рикошетного и навесного огня, и захихалось двумя орудиями – фальконетом и горным единорогом. Стены и башни были возведены из мелкого камня с землею и обмазаны глиною; сверху прикрытия защитников, засыпанные внутри землею. По стене сделано до 96 амбразур, расположенных на расстоянии друг от дуга одной, двух и более саженей. Они были прорезаны очень высоко от земли, приспособлены для дальнейшей обороны и вблизи штурмующему вреда нанести не могли.

Был важный недостаток во фланговой обороне из башен, которая была направлена так неверно, что атакующему также не могла принести большого вреда. Вода в аул была проведена из Аймякинки, но по заверению одного из лазутчиков, ее легко можно было бы отвести, подкравшись как-нибудь к самому укреплению. В укреплении продовольственных товаров было немного: на руках же у каждого защитника было по 2 сабы муки».

Кхин д1а дуьйцу цо: « При входе в Аймякинское ущелье и в окрестностях Гергебиля никакой обороны, вроде завалов не было. Мост через Кази-Кухумское Койсу, против бывшего укрепления горцев, был цел: но другой мост через Кара-Койсу был разрушен, и вместо него на Аварском Койсу был наведен временный деревянный мост. Все подробности об укреплении – пожалуй даже в преувеличенном виде, были нам известны заранее, именно в конце мая, но и к крайнему сожалению, не было известно самое важное – устройство в саклях, волчьих ямах, с которыми мы ознакомились во время штурма».

«Аул казался укрепленным по всем правилам европейской фортификации» - т1аьхьа язйина цунах лаьцна кавказоведцо Покровскойс. Бойсхара,Мурад-Хьаьжас, Кебед Мухьаммада, Балахойн Мусас бинчу хьехамца къоначу Идриса ч1ог1а дика кечйина яра Гергебиль эвла т1аманна. Готта урамашкара саьккалш чохь берзалойн 1ораш дан дага деанчарех вара къонах Бенойн Бойсхара, ткъа крепость ч1аг1йар хьолехь куьйгаллехь вара г1араваьлла нохчийн инженер Юсуп-Хьаьжа, цунна г1о деш Унцукулера, Согратлера говзанчаш а бара.

1847 шеран хьалхарчу июнехь эзарнашкахь Воронцови куьйгаллехь йолу паччахьан эскаран отряд Гергебильна т1ейолаелла. Военны министр волчу Чернышевина леринчу рапортанна т1ехь Воронцова Гергебиль караерзина йохо цхьанатоьхна ницкъан барамах лаьцна къастийна: «В составе Дагестанского отряда находилось: шесть батальонов пехоты, два эскадрона драгун, милиции, четыре легких, четыре горных орудия и две двухпудовые мортиры. Самурский отряд состоял из четырех батальонов, четырех горных орудий № 4-го батареи 20-й артиллерийской бригады, ракетного взвода, двух взводов крепостных ружей, роты кавказского стрелкового батальона, двухсотен донского № 22-го полка, сими сотен конной и трех сотен пешей милиции».

Кхин д1а генерало язйо: «В тот же день начальник главного штаба с войсками, находившимися в авангарде отряда, произвел рекогносцировку укрепленного селения, причем были определены места для расположения войск и батарей, предназначенных для разорения сделанных неприятелем весьма значительных работ. Действительно, Гергебиль, как доносил об этом князь Бебутов, укреплен в последнее время весьма сильно».

Нагахь паччахьан администрацин архиван документашкахь 1847 шарехь Гергебилехь хилла болу т1еман сурт ма-дарра х1оттина делахь, дагестанцийн сочиненешкахь и доца а, ч1ог1а ладаме а х1оттина ду. Масала, Мухьмад-Т1ахир аль-Карахин белхашкахь цу т1еманна лерина иштта мог1анаш ду: «В конце весны 1263 г. (1846\47гг.) к имаму пришло письмо от Идриса, наиба Гергебиля, тайное, с просьбой о помощи, сообщение о том, что русские идут против их крепости. Имам выступил с вооружением и снаряжением. Когда он достиг плато Хунзаха, его встретили Кибид Мухаммад ат-Тилики и Газимухаммад ат-Тилики. Они сказали имаму: «Здесь нет сведений об этом». Имам пошел дальше и остановился на равнине селения Куруда и здесь услышал грохот пушек. Имам полетел птицей и когда поднялся на гору Ифут, то увидел русских,отступающих от крепости после нападения на нее с осадными лестницами и разрушения из пушек одной ее части.

Воронцов проклятый отступил оттуда с большим уроном среди своего войска».

Архиван документаш т1ехь ма-гарра, 1847 шеран 2 июнан делккъехь Гергебилан гонд1ара батарейш т1етоха кийчча 1аш яра. Уьзза Воронцовин Чернышеве долчу рапортехь билгалдаьккхина дара: «Артиллерии было вменено в обязанность преимущественно стараться разрушить южный исходящий угол аула, который при рекогносцировке признан был удобнейшим пунктом для атаки, и, сверх того, разрушить все сакли, примыкающие к этому углу, и припятствия, заграждающие путь к верхней части селения».

1847 шеран хьалхарчу июнехь, динахь шиъ даьллачу хенахь массо а ламанан, аренан тоьпаш а, шина пунтах йолу мортираш а т1етоьхна Гергебильна. Яккхийчу тоьпийн г1ов хилла иттанаш чакхармашка Кара-Койсу, Аварски Койсу, Кази-Кухумски Койсу хинийн т1ог1ешкад1ахезаш, и лаьмнаш а, бердаш а сам даьлла моттуьйтуш. Эвлахь уггаре вуончарех бохаме латам хилла иза, цуьнан майда х1инцалера футболан аренал масийттузза жима хилла, ткъа защитникийн барам ткъозза жима хилла мостаг1ийн штурм ечу эскаре хьаьжча. Паччахьан отрядаш хилла т1еман говзаллийн бакъонашца д1ох1иттина, карахь дикачех герз долуш, дика 1амийна, цу хенан кхиаме яккхий тоьпаш а, ракетни подразделенеш а йолуш. Цу инзаречу армадин хбалха хилла коьрта 1алашо – эвла хилла меттиг а ца юьтуш йохор, цуьнан защитникаш беригге байъар.

Ала деза Идрис а, эвлан защитникаш а шаьш ца хилар хьолехь а цхьацца дош. Эвлан гонд1а, тайп-тайпана аг1онашкахь д1атарбелла хилла Шемал а, цуьнан наибаш а коьртехь болуш г1о дан баьхкина болу ламанхой.  Наиб Беной Бойсхара коьртахь волуш говранашкахь нохчийн отряд д1атаръелла къилбаседа-малхбузехьара эвлан аг1онахь, г1араяьллачу Гергебильски бошмашкахь. Бойсхарца т1амехь кхиъна болу нохчий бара, Ц1оьнтарара Шуаиб, Даьрг1ара Джаватхан, Аьрсанара Сухаиб, Ичкерера Эльдар куьйгаллехь а волуш. Нохчий майра летара цу т1емашкахь, шайн Дег1астара вежаршна г1о ца дар шайн сий дайъаран меха а хеташ. Царна уллехь дагестанцаш а бара оборона ларъеш. Кхоалг1ачу июнан 1уьйранна Мурад-Хьажа Кикуне, Кара-Койсу аьрру аг1ор гучуваьлла. Самурски отрядан лагеран дуьххьал, 500 мурд хинал чекх а ваьлла, Кази-Кухумски Койсу аьрру аг1ор д1а а лаьцца севцна. Амма эла Аргутински т1елеттачул т1аьхьа Кара-Койсун бердах д1атаба дизира церан.

Шен сочинени т1аьхь Волконскис къастадо: «В течении ночи, со второго на третье число, и в продолжение всего следующего дня и ночи, артиллерия наша не прекращала своей пальбы, действуя согласно преподанным ей указаниям. Главная услуга, оказанная ею отряду третьего июня, состояла в том, что она к полудню подбила одно неприятельское орудие, которое должно было замолчать. Осажденные ограничились выстрелами из другого орудия и постоянно таскали его с места на место: то против наших батарей, то против самурского лагеря, то против передвигающихся войск».

Ткъа цу хенахь д1ач1аг1йинчу эвлахь Идраса х1оттийначу плане хьаьжжина дика д1адоьдура дерриг. 1843 шарахь Гергебильна уллорчу паччахьан укрепленин штурм йолуш, укрепленин лекхара, паччахьан эскаро хьалххе минанаш ехкана долчу, дакъанчу лилхина даьккхинчу г1алат т1ера жам1аш лехьийнера Идриса. Цунна диц ца деллера мел нах кхелхинера цигахь церан гура а нисбелла, цундела шен берриг ницкъ мостаг1на цуьнан некъаш дуьхьалберзоран хьоле бехкинера цо. Т1ом д1абирзича и кхийтира шена зеделлачул дика х1ума доцийла.

Марк Твено ма аллара: «Кошка, раз  усевшаяся на горячую плиту, больше не будет садиться на горячую плиту, и на холодную тоже».  Цу 1843 шарахь инзаре йоккха взрыв хилла, штурм ечу ламанхойн б1енашкахь синош д1а а хьуш. Х1инца Идриса ша ладоьг1ура паччахьан эскаро штурм я атака яле. Крепость чохь моссо х1ума цунна кечйина яра. Идрис кхуьура эвлан х1ора меттиг талла, т1емалойн дегнаш ирах1итто, мостаг1ан д1асалеларах тидам бан, крепость чохь леларг леррина лечкъада Воронцовех, цуьнан разведчикех. Ткъа Идрисан шен разведка, контрразведка дика болх беш яра. Дуьххьара оьрсаша яккхий тоьпаш т1етоьхначул т1аьхьа Идриса укрепленехь защитникш к1еззиг болу, йохийна йолу лахара йист д1атойа ницкъ боцу, тоьпаш крепость чура д1аяха г1еташ болу сурт х1оттийра царна. Цу суртах 1ехавелла мост1аг1 дуьхьала штурме веана, нийсса церан гура ваг1ана. Кхузахь ца олуш дуьтийла яц, Идриса ша ч1ог1а хьекъал долуш, хьунаре оборонин куьйгалхо, т1еман стратег хилар, Воронцовел, цуьнан генералел тоьлуш хилар гайтар. Иштта иза го мостаг1о ша мук1арло ма-дарра: «Но так или иначе, а брешь, Слава Богу, пробита и к вечеру достаточно расширена. Пальбу велено было продолжить и ночью, чтобы беспокоить неприятеля и не допустить его исправить повреждения – хотя, по-видимому, неприятель не очень крепко был озадачен своим положением, а об исправлениях и вовсе не думал. Относительное спокойствие его выразилось в том, что он почти не показывался и из ружей стрелял очень мало. Это и ввело в заблуждение князя Воронцова, который остановился на мысли о том, что гарнизон укрепления ничтожен. В заключение всего, лазутчики дали знать ему, что горцы в эту ночь намерены увезти свои орудия. Все это, вместе взятое: брешь, незначительность гарнизона, возможность ускользнуть из наших рук неприятельским орудиям, какая то видимая небрежность защиты – заставили главнокамандующего решиться немедля на открытую атаку Гергебиля. Штурм назначен был на следующий же день, и ночью приступлено было к составлению диспозиции. Войскам приказано было отдыхать бодрствовала только артиллерия, - впрочем, значительно сократив пальбу».

Оьсаша буьйсанна а къа ца хеташ т1ейеттара яккхий тоьпаш, цундела лаьцначеран д1абишийла ца хилла ца 1аш, болх бан а дезара, укрепленин йохийна меттигаш то еш. Воронцова ма-аллара, штурм йолаялале: «в продолжении 2-го, 3-го и утром 4-го числа июня брошено на Гергебиль 229 двухпудовых бомб, 6151\4 пудовых гранат, 230 12-футовых и 340 9-футовых ядер; все эти снаряды произвели ужасное разрушение, в стене были удобопроходимые бреши и, несмотря на это, дух многочисленного гарнизона не упал». Гергебиль т1е 1423 граната, бомба кхоьссинера. Цхьацца стагана т1е цхьацца граната я бомба нисло, крепость чохь 1500 сов стаг ца хиларе хьаьжжина. Кхин д1а эвлан Идрис куьйгаллехь волчу защитникийн майраллех, доьналлех 1адиначу Воронцова боху: «Изумительная стойкость эта убедила меня, что взятие селения открытою силою не может быть произведено без весьма значительной потери в людях, и что единственное средство овладения им есть совершенное уничтожение посредством действия артиллерии».

Главнокомандующи Воронцовина ца хаьара ши шо хьалха (1845 шеран июнь-июль) нохчийн лаьмнашкахь шен ротанаш, полкиш, батальонаш йохийна а волу, цигахь куьг доцуш висна а волу  г1араваьлла къонах Бенойн Бойсхара Гергебилан защитникашна юккъехь вуйла. Бойсхара хьалхахь а волуш майрачу нохчаша ларйина къилбаседа-малхбузе аг1ора йолу Гергебилан бошмаш.

Къоначу наиба Идриса фельдмаршал Воронцовина т1ехул тактически баьккхинчу инзаречу толаман дозалла хаа тоьар ду штурман атакаш хилла цхьана дийна анализ яр. Ткъа деш1астан исторически авторша ч1ог1а мадаре дуьйца цунах лаьцна. Иштта Чохера Г1ожа-1елас шен сочиненин 22 декъехь яздо: «В 1264 году 11-го шаабана (летом 1847 г.) главнокомандующий князь Воронцов устремился на укрепление Гергебиль и, после небольшой перестрелки, ввиду невозможности взять укрепление, возвратился в Тучи-даг, ггде оставался два месяца». 1847 шеран июан дуьххьарлерачу шерашкахь ламанхоша гайтинчу майраллехь, доьналлехь, къонахаллехь лаьцна ч1ог1а к1еззиг аьлла ду дег1астан, нохчийн авторийн сочиенешкахь. Ткъа цара гайтина йолу майралла, доьналла дешнашца дийцалур доцуш сийлахь-йоккха ю. Амма иза гуш ду шайна оццул ца лаьашехь  мостаг1аша шайн рапорташкахь шаьш Идрисан куьйгаллехь ламанхоша эшорца реза болуш къере хиларе хьаьжчи а, церан майраллех уьш инзаре бийларе хьаьжчи а!

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Мусаев Ахьмада дийцар. Бойсхар д1акхалхар

Нисачу некъат1ехь ваха а хууш верг иза хьалха воккхуш хилла беноша. Вайна хьалха Бойсхар ваккха веза аьлча оха а воккху аьлла массара а иза бенойн тхьамда хоржуш, Ц1онтаройн Шо1ип, Гендарганара 1от1а я Хьот1а, Аьккхойн Аькхмарза, Шелахойн Сойпа, Мусхан бохуш Аьхканбарзера хилла тоьлла болчу къонахоша цараъ олу ваьшна нохчашна юкъахь коьрта верг Бойсхар вуьтар ву вай аьлла,

х1ара ву вайл массарел шайна шайл а г1оле хеташ верг. 

Оцу заманахь цара тоьлла эскарш схьа хьисош дара даьрг1ахь 1840 шарахь боккха т1ом хилла циге уггаре тоьлла эскарш дакъош хилла  россера схьахьовсийна иццехь т1ом болчу хенахь.

Бойсхарца цхьаьна болчара элара: хаац тахана Бойсхара ц1ех ялхазза маьхьсеш яссош гира шайна аьлла, ша и тур детташ оцера ц1их хьала юзуш хилла цуьн уьш ялхазза Бойсхара маьхьсеш чуьра ц1ий дассийракха.

Оцу дийнахь цигехь ч1ог1а т1ом бина цо, цигехь чов хилла цунна б1аьрг а баьккхина цуьна куьг а чолакха дина цхьа болчара х1инца  керла бевллачу яздархоша шайна луъ луъарг яздо но цхьа бакъ ду оцу архивашт1ехь а  цхьаьне меттехь хьалхалерачу заманахь лерачу баккхий наха дуьйцу ца хезнар дуьйцу цара далийна доцу дешнаш цара цу юкъа далийна хир дуй хеа суна ше шениг толо г1ерташ. Хьала ваккха г1ерташ ахинца оза безамашка даьлла а хаац суна тхешан де девашас, девеши зудчо х1етахь 125 шо хилла ю бахара иза баьлбика бохуш зандакъара г1еза хьажин веши йо1 хилла иза цо дуьцуш дага дог1у: г1унгурашна а ашанина а юккъехь оцу хьуьна юккъехь ицце а дигна шайн бераш а эцна юьгчо шен бежана а х1ума а юьгуш иццехь дечгиш хедош се а баош байнашна иццехь ц1е а латош, доьхьала шайна д1а дийша дечгаш х1ума а йохкий, бежанийн ц1окарчий оцут1е а тухий, буьйсанна адаманна ган ца гайта ц1е жима латош хилчух тера ду цара. Иштта 1ара шаьш бохуш дуьйцара оцу йоккхачу стага, 

цо дийцира: ша 1уьйранна схьа оьцучу хенахь Делан возаллора х1а ша цунна т1ехьарчийна х1уманна т1ехула цуьна бетат1е юьхьт1е иштта халла куьйгаш а та1адой меллаша цуьна юьхь лаза ца ян г1ерташ.Ша а бохабой и ша д1а а боккхий ц1ан ма дора ша бераш иштта бала ма хьигира юъчанца а молчунца г1ело лайра шаь бохуш. Уьш цхьаьна болуш а даиманна а биркоьз олуш хилла Шемала Бойсхарах цхьа б1аьрг берг оле 1оттар ечухуле цуьна ц1е йоккхуш а ца хилла цо 

шайн т1еххьар шаьш цхьаьна кхетначохь Шемала Бойсхар а вог1а, Бойсхар лакха вала баьрче вала бохуш и къамел дан воьлчахь вела велна Бойсхар: во Шемал Дела дахьа х1а х1инццалац х1ара суьйли коьрте а ховшийна 1ачу хенахь ма ца йоккхура ахьа  шен ц1е цкъа а х1инца ахьа шена х1ара ц1е йоккхуш Бойсхар вог1а, Бойсхар лакха вала охьа хаал, Бойсхар хьо баьрче валал ахьа и олуш шайна хезча Шелара Т1алхьат, Аьканчу барзера 1усман а Ц1онтаройн Шо1ип а Шотойн Дуби  дукхаъ багар а бина уьш ма буьйлара бара х1инца тховса шен ц1е яккха дага деана хьуна Шемал дера яцара хьуна ахьа хьалхам шен ц1е йоккхуш цхьаьнен а меттехь тховса диване веъча баьрче валал аьлла баьрче хаикха ахьа ша аьлла цунаха ца ваша вела велла хилла бохукха иза. 

Наибаш т1ехьара д1а бовлу цхьа берш, цхьа берш белла хуьла оцу хенахь 1усман а велла хуьла, Шо1ип а велла хуьла, Гендарганара Хьаса а велла хуьла, т1аккха биснарш цхьацца бахьанашца шаьш реза ца хилла оцу суьйлаша ца ечу нисонна а харцонашна а т1ехьара д1а бовлу. Бойсхар аьлла цуьнги цуьни накъосташа хьо х1унда воьду цаьрца, д1а ма г1о юха верза, хьашт дац хьо стенна воьду цаьрца Бойсхар вела велара боха оьшучу меттехь вада а водуш тулучу меттехь т1ехьа а х1уттуш лелаш хилчам ша Бено а хир вацари аша ц1е яьккхина Бойсхар а хир вацари х1инцалалац т1ехьа хоьтна а лелла х1инца хало т1е хоьтначу т1ехьар эскар д1а а даьллачу хенахь Шемал д1а теси Бойсхара олитачулла а нахе а, дуьнене а оцу Шемалца вахаъ вахана вели Бойсхар алита леи шенам. 

Царна а ца хети эхь, хьуна х1унда хета шеги аьлчи вуй терачух тера лелаш йиш хуьла т1аккха цареха тера лелчам уьш хуьле са йиш ма яц цареха тера хила 

цу гунибехь т1ом беш шолг1а кхоалг1а го а лаьцна, х1оруш оцу юкъахь охьуш болчу хенахь Шемал маьждигачу а вахна ламазаш даьш волуш и кара ваха волли хиъна Бойсхарна д1а оьхуш ц1ийш а долуш чевнаш хилна а волуш  во Шемал бохуш мохь бетта цо оцу маьждига хьалха а воли гучу валац Шемал, во Шемал бахарах и гучу валац юха а. Карниев бохуш полковник хилла царский армии и говраши юьхь а лаьцна нисса маьждига хьалха цо говраш д1а хитта йо Шемал шен к1ентий а оьций шен стунда а, стун ваша а оьций меллаша говрат1е а хуий кера воьду. Бойсхара мохь туху цуьнга Шемал ахьа ДЕЛАН КЪУРЪАНАХ дуй биъна вай керистана кераг1ур ма дац аьлла болийна бацара вай х1ара т1ом ткъе пхеа шарахь т1ом а байтина тхоьги хьо х1инца кера хунда йоьду,  х1ай к1илло и ДЕЛАН не1алат хуьлда хьуна цери кери г1ун велахь ма г1о цери кери 

цери кери г1ун велахь ма г1о цери кера ша воьйтура вац хьо т1аккха Шемал шен говрахь д1а воьдуш, во Шемал бохуш шеги мохь беттарах вист хуьлуш а ца хилла юха хьожуш а ца хилла вайна хууш ма хиллара нохчаша я т1ехьашха тухуш а ца хилла  я говранна тухуш а ца хилла. Оцу полковнико олу оццул цо кхайкхарах хьо юха х1унда ца хьожа. Дера ца хьожа ша юха хьаьжначулла т1ехьа оцу шен шина б1аьрги юккъе цо топ тухур йолун дела элара боху Шемала. -Иштта ца тохало цунна? -Ца тохало нохчочо т1ехьашха тохаъ ца тух элара боху Шемала. 

Юха х1ара кера воьдуш Шемал бохуш мохь бетташ айхьа байлахь дитинчу дай а наной а вежарий бойъуш айхьа байлахь дитинчу кегийчу  берийн ц1арах не1алат хуьлда хьуна кера г1ун велахь ц1ийнадай х1аллак бойтуш бухахь бисинчу жоьра бисинчу зударийн ц1арах не1алт хуьлда хьуна кера воьдун велахь, ма г1о кера  оха хьуна х1уммаъ дойтур дац, т1аккха ша волччехь дукха и 1аьт1къина  и кера ваханца ца 1ийча цхьа акхарочо санна мохь хьаькхна  ка тоьхна лаьттаха шиъа а куьйг тоьхна латта а даьккхина и шина буьйнахь 1аьвдина цо ма дош дац х1ара хьо т1ехьашха тоьхна вийна аьлла ц1е ян лаац х1инца хьо  шена доьла ерзахьара т1ехьашха шена тоха а лура яц хьо д1а яхитина алар ма доккха х1ума дукха и ДЕЛАН не1алат хилначу г1ойла хьо бохуш мохь бетташ т1аккха иштта д1а вахана Шемал. Массо а меттехь Бойсхара шегара дика масал гойтуш хьалхе йоккхуш хилла майрачарна юкъахь майраниг оли ц1е йоккхуш а хилна. Цуьни 

юха царский армехь тоьлначу инарлаша шаьш къамелаш дина шайгахьа валахьара хьо бохуш шаьш инарлин чин лур дара хьуна ца11а тайпа хьуна эша х1умаъ дуьтар дацара шаьш хьо шайна т1е ваг1ахьара бохуш дехарш деш хилла цуьнги ша керистанашци мостаг1чулла лаьцна шуьги кери а веана шуьца гергарло ца лело ша дуй биъна ара ваьлла ву, шен йиш йац шоьгахьа вала и волуш ца хилла цаьргахьа. Бойсхар шен яьсси йистехь йолчу хьехахь 1аш хилла иза ши к1ант а х1усаманана а хилла цуьна т1ах1ира 12 олхазара 14 оцу г1азакхаша ши к1ант а х1усамнана схьа а лаьцна т1е г1уркхаш детташ хьизош ла а ца делла т1е веана Бойсхар, цхьа а йо1 ца хилна цуьна я иза т1е за1араш тоьхна лаьцна а вац и ши к1ант шен даьх д1а ца къаьсташ цхьацца куьг лаьцна. Хасавюрта иза ирх уллуче вахана иза, ирх уллучу дийнахь цунна юххехь хилла и ши к1ант шен шина к1анте аьлла цо ша д1аваха везаш ву вукхарги аьлла цо д1аваккхиша х1ара ши к1ант шеха хала дукха шена цунаха хьаьрчинчура и ши к1ант д1а ваьккхина.

Бойсхар Хасавюьртахь ирх уллучу дийнахь цхьаьллига цхьаьна оьрсечо Бойсхар санна волчу къонахчунна к1елхьара г1ант д1а а даьккхина т1ехьарчу т1ехьенна хьалха очернит дойтара дац шаьш аьлла оьрсаша а ца даьккхина цхьаьна къомо а ца даьккхина. Цигахь мохь тоьхна цо: х1ай шен мостаг1ий нисса къилбехьа а вирзина заккъ аьлла ша сацахь са долуш бусалба динехь д1а воллита ша, нагахь къилбехьа букъ тоьхна шен са далахь ж1аьла санна д1а кхосса ша и къамел даьш а волуш соьлечо саг1а доьхаргот1ехьашха т1е а еана мира тоьхна и шен г1ант д1а кхуссучу хенахь, цо мийра туххушехь цхьаьна куьйга шен кочара муш а лаьцна доьхьала мийра тоьхна лахара мочхалах и  коьртаха чу а дахна и велла. Т1аккха цо ма аллара нис дели бахара иза, нисса къилбехьаъ вирзина са дели бахара цуьна.

Го лаьцначу юкъахь шецани к1еззиг бен накъости а боцуш го хадош ара велара бохара иза. Ша ц1а веанчу хенахь кхи а пхи б1аь1а бере карина бахара цунна герз кара эца йиш йолуш и пхи баь1а бере т1ехьа а волуш  Шемал кара ваханчул т1ехьа кхи арахьра ярташкара  1едал къобал а дина оцу 1едална муьт1ахь хилла нах севццачулла т1ехьа пхеа шарахь т1ом бина бахара цо бенойн латта кера ца дохуьйтуш. Цуьни кери вахар шен х1усама нана а  ши к1ант а г1уркхаш детташ хьизош етташ уьш ца хьиза байтаран доьхьи ша хинца кера ца вахчи ца волу кера ваха бахара иза. 

Иза кера вахана аьлла хезчи тхан ДЕДЕ ДА ХИЛЛА ОЬЛЖА БОХУШ ША ШЕН ДЕВАША КЕРА ВАХАНЧУЛЛА Т1ЕХЬА ДУЬНЕ ДУУР ДАЦ ша аьлла  Баратинский эскарна доьхьала а вахана ша цхьаъ летта бахара иза. Ши тур эцна вахана иза, дикка зама яллалац 1уьйранна малх схьа кхеташ оцарна доьхьал кхетна иза малх лакха баллалац. Царна доьхьала т1ом а бина, цара х1ара т1еххьара вен а вийна, цуьна корта карчийна ломахчу цуьна доьзал а, х1усам нана а, пхи к1ант а волчче лакхат1ера чу бахитина бахара Бенойн ломара юккъера дукъ олучу аг1ор. Схьа хетарехь декъа 1инчохь хилна цуьни доьзал манта а кхи шиъ- кхоъ хилла цу чохь шаьш цуьна корта схьа эцчи ВАЛЛАХ1И ДЕЛАН ВАЗАЛЛОРА оли дуй боу бахаркха цара шаьш и корта кера а эцна оцу шайн схьа хетарехь я бун я жимо хьех хилна цери цучохь цу чу баьхьначу хенахь лерина шаьшги ма хьаьжнехь б1аьргиш тоха а тоьхна и бела ма белира и корта.(АХЬМАД  МУСАЕВ ВУ ДУЬЙЦУШ ВЕРГ)

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Д1адерзор

 

Бойсхар ч1ог1а майра къонах хилла. Ше дег1, са ца кхоош т1ом бора цо, шен къоман маршо лоьхуш. Таш-адам аьлла ц1е яхара цуьнан, оьрсийн маттахь "Человек из камня"

Гергибел ларъечу т1амехь Бойсхара доккха дакъа лецира. Наиб Идрисана хаза хьехам а бира цо, ткъа хьехам бина ца 1аьш, хьалха ваьлла г1о деш вара Бойсхар.

Бойсхара Гергибел ларъечу т1амехь дакъа лацарех лаьцна Муххьаммад-бесс язйина произведени а ю.

Х1ара проект кечъя ч1ог1а лаам бара сан. Кху т1ехь болх беш суна боьвзина нохчийн майра турпалхой, доьвзина церан дахар, амалш, мохк безарехь шайн са дала уьш кийча хилар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Пайдаэцна литература

 

1. ВикипедиЯ  https://ru.wikipedia.org/wiki/Байсангур/Беноевский;

2. Юсуп Дадаев "Байсангур Беноевский";

3. Исмаилов Абу Туриевич. Русско-чеченский словарь-"ДОШ";

4. Govzalla переводчик https://dosh.govzalla.com/;

5. РБ переводчик  http://chechen-republic.ru/.


 

ПАЧХЬАЛКХАН КОРМАТАЛЛИН БЮДЖЕТАН

ПАЧХЬАЛКХАН КОРМАТАЛЛИН БЮДЖЕТАН

Д1адолор……………………………………………………….

Д1адолор……………………………………………………….

Д 1 адолор Бойсхарах лаьцна дуьйцаш долу дийцарш карор ду

Д 1 адолор Бойсхарах лаьцна дуьйцаш долу дийцарш карор ду

Бойсхаран дахар Бенойн Бойсг1ар-(оьрс

Бойсхаран дахар Бенойн Бойсг1ар-(оьрс

Гергибел ларъеш хиллачу т1амехь

Гергибел ларъеш хиллачу т1амехь

Кавказехь а, Санкт-Петербургехь а

Кавказехь а, Санкт-Петербургехь а

Оцу хенахь цунна цкъа х1инци гина вацар

Оцу хенахь цунна цкъа х1инци гина вацар

Шамиля». 1997 шарахь Дег1астан а,

Шамиля». 1997 шарахь Дег1астан а,

Моссо а источникаша дуьйцу, оьрсаша

Моссо а источникаша дуьйцу, оьрсаша

Вы приходите все, без исключения, авось

Вы приходите все, без исключения, авось

В укреплении продовольственных товаров было немного: на руках же у каждого защитника было по 2 сабы муки»

В укреплении продовольственных товаров было немного: на руках же у каждого защитника было по 2 сабы муки»

Масала, Мухьмад-Т1ахир аль-Карахин белхашкахь цу т1еманна лерина иштта мог1анаш ду: «В конце весны 1263 г

Масала, Мухьмад-Т1ахир аль-Карахин белхашкахь цу т1еманна лерина иштта мог1анаш ду: «В конце весны 1263 г

Дег1астара вежаршна г1о ца дар шайн сий дайъаран меха а хеташ

Дег1астара вежаршна г1о ца дар шайн сий дайъаран меха а хеташ

Относительное спокойствие его выразилось в том, что он почти не показывался и из ружей стрелял очень мало

Относительное спокойствие его выразилось в том, что он почти не показывался и из ружей стрелял очень мало

Гергебиль и, после небольшой перестрелки, ввиду невозможности взять укрепление, возвратился в

Гергебиль и, после небольшой перестрелки, ввиду невозможности взять укрепление, возвратился в

Мусаев Ахьмада дийцар. Бойсхар д1акхалхар

Мусаев Ахьмада дийцар. Бойсхар д1акхалхар

Шемал дера яцара хьуна ахьа хьалхам шен ц1е йоккхуш цхьаьнен а меттехь тховса диване веъча баьрче валал аьлла баьрче хаикха ахьа ша аьлла цунаха ца…

Шемал дера яцара хьуна ахьа хьалхам шен ц1е йоккхуш цхьаьнен а меттехь тховса диване веъча баьрче валал аьлла баьрче хаикха ахьа ша аьлла цунаха ца…

ДЕЛАН не1алат хилначу г1ойла хьо бохуш мохь бетташ т1аккха иштта д1а вахана

ДЕЛАН не1алат хилначу г1ойла хьо бохуш мохь бетташ т1аккха иштта д1а вахана

Ши тур эцна вахана иза, дикка зама яллалац 1уьйранна малх схьа кхеташ оцарна доьхьал кхетна иза малх лакха баллалац

Ши тур эцна вахана иза, дикка зама яллалац 1уьйранна малх схьа кхеташ оцарна доьхьал кхетна иза малх лакха баллалац

Д1адерзор Бойсхар ч1ог1а майра къонах хилла

Д1адерзор Бойсхар ч1ог1а майра къонах хилла

Пайдаэцна литература 1. ВикипедиЯ https://ru

Пайдаэцна литература 1. ВикипедиЯ https://ru
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
16.02.2021