8 – г1а класс
Нохчийн литература
Урокан ц1е: Шайхиев 1.Х. дахаран а, кхоллараллин а некъ.
«Дорцан буса» поэма. Ден хьехар.
1алашонаш: «Дорцан буса» поэмин исбаьхьаллин башхаллех кхетор; берийн ойла а, дагалацам а кхиор; нохчийн поэзе болу безам к1аргбар, г1иллакх-оьздангаллех дерг дешархойн амелехь ч1аг1дар.
Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна йовза йеза поэзин исбаьхьаллин башхаллаш, бовза беза исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла а, къамел д1адахьа а, г1иллакхе дерг а, доцург а къасто хаа деза,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.
Хьехаран некъаш: хаттарш х1итторца къамелдар, хьехархочун дош, учебникца болх бар, доттаг1чуьнга кехат йаздарца йозанан къамел кхиор, тобанашца болх.
Урок д1айахьар
Шайхиев 1алвади Хасмагомедович(1947-2018)
Таханлера вай урок лерина йу нохчийн говаьллачу йаздархочун Шайхиев 1алвади Хасмагомедовичан дахарх а, кхоллараллех лаьцна .
Шайхиев Iалвади вина 1947 шеран 12 апрелехь Киргизерчу Ошски областан Мирза-Акински районан Октябрьски йуьртахь ахархочун Хасмохьмадан доьзалехь. Школехь дешар киргизийн маттахь дIадолийна, Октябрьски йуьртахь киргизийн маттахь бен школа ца хилла. 1953 шарахь ШайхиевгIеран доьзал Сулюкта гIала кхелхина бахча, цигарчу школехь дешна кIанта. «1957-чу шарахь Киргизера Даймахка цIадирзича, тхайн йуьртарчу (Нажин-Юьртан кIоштара Замай-Юрт) йуьхьанцарчу школан 4-чу классе деша вахара со, – йаздо Шайхиев Iалвадис «Даймохк» газето 2013 шеран 5 октябрехь зорбатоьхначу шен дагалецамашкахь.
Уггар хьалха билгалдаккха лаьа Шайхиевс публицистикан декъехь дийриг. Ша школехь доьшуш волчу хенахь йазйина цо шен дуьххьарлера статья. Цуьнца цо йуха а бакъдина нохчийн кица: «Хиндолу хьоза бенахь дека».
Йоза-дешар дика 1амор, ойлайан хаар, шена гург, хетарг, ша тидам бийриг йозанан дашца нехан кхиэле говза дилла хаар – иза дерриг, Дала делла пох1ма а, хаддаза шена т1ехь къахьегар а цхьаьнаийча санна нисделира 1алвадина шинна а маттахь (нохчийн а, оьрсийн а) проблема х1отто хаарца йаздар карадерзар.
1.Ойла т1ейерзор.
Шен халкъ лоруш,цуьнца болчу безамах йуьзна йу Шайхиев 1алвадин поэзи.
Цуьнан байташ арайийлина Соьлжа-Г1алахь, Москвахь, Махачкалахь, ткъа иштта дуьненан 17 пачхьалкхехь. СССР-н йаздархойн мог1аршка а д1аийцира иза ша дукха жима волуш. Иза даима а ша школехь дешархо волуш дуьйна а «диллина йаздеш» ву, «некъ баккха» шен «деган иллина, ирбина къолам».
Поэтан кхоллараллин
коьрта теманаш лара мегар ду: Даймохк, машар, адамалла, къинхетам, доттаг1алла.
II. Дешархойн хаарш жигардахар.
Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.
( Кехаташ т1е хьалххе хаттарш д1а а йаздина, кегийчу т1оьрмигаш чу а дехкина, цхьацца дешархочуьнга цу чуьра хьала а дохуьйтуш далийта мегар ду царна жоьпаш)
III. Ойла т1ейерзор.
Механ ц1ийзар,
Дорцан 1еткъар
Хьесапе ца оьцу цо.
– Же, ма 1елахь!
Же, ма 1елахь! –
Ша а, дин а чехабо.
- Бераш, шайн дешнашца йухасхьаала хуур дарий шуна оцу кийсакехь бохург?
- Авторна муьлха дешнаш карийна сурт исбаьхьаллин басаршца гайта?
- Кхин х1ун тайпа исбаьхьаллин башхаллаш йу те «Дорцан буса» ц1е йолчу поэмехь йалийна.
-Хьан эр дара аша, стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь?
( Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)
IV. Поэми т1ехь болх бар.
Поэма хьехархочо йоьшу, барта къастайо
Хьехархочун дош.
Исбаьхьаллин литературин говзарш дахар гайтаран кепе хьаьжжина кхаа тайпане йекьало: эпос, лирика, драма. Оцу кхаа тайпанах х1ора а шен къаьсттина башхаллаш йолуш ду. Шатайпана йу царна т1ехь дахар гайтаран кеп. Эпически, драматически говзаршкахь билггал болчу хиламех лаьцна дуьйцу, тайп-тайпана персонажаш кхуллу, церан вовшашца йолу йукъаметтигаш гучуйоху. И персонажаш шайн йуьхь-сибатца, леларца, амалца, духарца къамелан
башхаллашца къаьсташ хуьлу. Шуна ма-хаъара, эпически говзарх йу «Дорцан буса» а. Ишттачу говзаршкахь авторо исбаьхьаллин сурт х1оттош шуьйра гойту цо кхочушден г1уллакхаш, цо дакъалоцу хиламаш, адамашца цуьнан йог1уш йолу йукъаметтигаш. Таханлерчу урокехь Шайхиев 1алвадин поэмин исбаьхьаллин башхаллех лаьцна къамел дийр ду вай.
2. Учебникца болх бар.
Хаттаршца доьзна къамел:
Поэмин исбаьхьаллин башхаллех лаций дийца вай
- Муьлхачу стихкхолларан кепехь йазйина х1ара поэма? (хорей)
- Дийца поэмин дош дашца нисдаран (рифмийн) башхаллех лаций
- «Дорцан буса», аьлла поэмин ц1е тилларца авторо хиламан шатайпаналла муха гайтина?
- Х1ун символически маь1на леладо поэмин ц1аро «Дорцан буса»?
- Муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсех пайдаоьцу авторо турпалхойн амалш гойтуш
V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.
(1амийнарг т1еч1аг1деш, хаттаршца доьзна къамел дийр ду)
1.Муха хийти шуна поэма, х1ун ойла кхоллайалийти цо шун дегнашкахь?
(Доьзаллехь ден дош коьрта хилар а, и дош доьзало лардан дезар).
2. К1анта муха т1елоцу дас шега бохург?
(Шен халахеташ делахь а, дас бохург до к1анта)
VI.Урокан жам1аш.
Шайхиев 1алвадин байташ, поэмаш. Царах х1оранца а хаза ношйелла ойла, дика чулацам, шатайпа башха сурт хаало. Даймохк, да-нана, латта, дерриг
1алам, вайн кегий бераш, лаьтта т1ехь дехачу адаман жоьпалла, доттаг1ий, вайн истори, хьошалла – уьш дерриге а Шайхиевн поэзин коьрта теманаш йу. Поэтан х1ора мог1ано а вайн историна, г1иллакх-оьздангаллина герга валаво дешархо. «Ч1аг1о» поэми т1ехь йаздархочо гайтина тешаме доттаг1алла деза а, сийлахь хилар.Да-нана лоруш, церан весеташ кхочушдеш хила везар т1еч1аг1до йаздархочо.
-«Сихалло къаьхьа стом белла» бохучу дешнийн маь1на де.
(Сихаллехь ойла ца йеш жоп дала мегар дац, йа х1уманна мах хадо а мегар дац, х1унда аьлча хьан ойла хийца йала тарло, ткъа делла дош кхочушдан деза. Лаа ца аьлла вайн дайша : «Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина»).
VII. Ц1ахь: биографи йеша, конспект йазйе тетрадаш т1ехь. Поэма йеша, чулацам схьабийца.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.