Дешаран урок
Урокан ц1е: Аз а, элп а Мм (м)
Урокан 1алашонаш:
Предметни:аз а , элп а Мм довзийтар, иза мукъаза аз хилар хаийтар, церан башхаллаг йовзийтар .Мукъаза элп м юкъадог1 дешдакъош деша 1амор.
Метапредметни:
· Регулитивни:шеен белхан плпн х1оттор, цуьнан рог1алла ларъеш ешаран навыкаш хилар.шеен 1алашоне хьаьжжина нена пайден долчух кхета иза карадерзо хаа.
· Познавательни: цхьа элп хийцарца керла маь1на долуш дешнаш кхолла хаар.Ойлаяр, тидам бар кхиор.
· Коммуникативни: шеен хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш далар, шена хетарг масаллица т1еч1аг1дар.
Личностни:къамел деш волчунга ладог1а ,цодуьйцучунна реза вацахь масала а далош айхьа бохург т1еч1аг1дан,г1иллакхехь витхила а, диалог д1аяхь хаар караерзор.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Мативационни дакъа.
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Стигалхулауьшд1айоьлху:
Латга т1адош цкъацкъа йоьлху.
Малх бу царна оьг1азбахна,
Ган йиш йоцуш бераш тахна. (Марха)
Этт1а х1умнаш т1ехь ю цунна, -
Бешахь лаьтта тентак санна,
Де-буьйса цо доккху арахь,
Д1а ца йолушдог1а дарах. (Мунда)
1уьйранна дог1у ц1ен куьйра,
Суьйранна дог!у к1айн леча? (Малх, беттаса)
Дийнахь сарралц юьзна,
Сахиллалц - мецанаш? (Мачаш)
Малх санна къега, лаьхьа санна шерша? (Мангал)
Биъкогираха бо луштхо вх кхозур г? (Моза)
К1айн тГулг бешна бели, уьн
т1ехь ларашюьтуш? (Мел)
Сийначу бошхепа чухула бедда
боьду дашо 1аж? (Малх а, стигал а)
Мера к1елхула а хьийзаш, кара цайоггург? (Моза)
Ц1инц1алг такхийна йоьду минц1алг? (Махий, тай)
Буса - доттагЬш, дийнахь - тесна гуьллург? (Мотт-г1айба)
-Муьлха элп ду массо а жоьпехь?(М)
-Х1ун элп девзар ду вайна?
3.1алашо йовзийтар.
-Х1ун ю суьрта т1ехь? ( малх)
-МММалх дайехь муьлха аз хеза дуьххьара? ( аз м хеза)
-Бераш, вайна тахана х1ун 1амор ду?
-вайна девзар ду аз, элп М.
-Нийса боху , вайна тахана девзар ду аз а , элп а м, 1емар ду хуур ду аз муъа ду , я мукъаза ду. Элп м юкъадог1у дешнаш доьшур ду.
4.керла тема хьехар.
А)Аз а, элп с Мм довзийтар.
-Х1ун ю суьрта т1ехь? (Молха)
-Алал мммолха.Муьлха аз хеза дашна хьалхахь? ( аз м)
-Алал аз мммм.Аз м лакхалой?
-Аз м ца лакхало.Цуьнан мукъам бац.Иза мукъам боцу аз ду, иза мукъаза аз ду.
-Молха дашехь масадакъа ду? Маса мукъа элп ду?( молха дашехь шиъ мукъа элп ду , шиъ дешдакъа ду)
-Малх дашехь масса мукъа аз ду? Дешдакъа?
-Хьовсал бераш, х1ара зорбанан доккха элп М ду, х1ара зорбанан жима элп м ду. И м элп стенах тер аду?
-Доккха а, жима а элпаш м цхьатера ду , я тайп – тайпана ду?
-Х1ун ю кхоалг1ачу суьрта т1ехь? (котам)
-Алал котамммм. Аз м мичахь хеза? (Дешан чаккхенгахь)
-Маса дакъа ду ко-там дешан? Схеми т1ехь масса дакъа билгалдаьккхина?
-Схьеми т1ехь элп м хьан гойтар дара?
-Х1ун ю доьалг1ачу суьрта т1ехь ? (Лампа)
-Алал ламмм-па мича меттехь хеза аз м? (Даша юккъехь)
-Схеми т1ехь схьакараде элп м? Мича меттехьду иза? Маса дакъа ду лампа дешан?
-Маса мукъа аз ду схеми т1ехь? Масса мукъаза аз ду?
-Х1ун ю х1ара?( Лам)
-Мича меттехь хеза аз м? (Чаккхенгахь)
-Лаааам дашехь кхин дуй хьуна девзаш аз? ( а)
-лахарчу схеме хьажа , лам дешан юй и схема? (Мегар ю)
-Х1ара х1ун ю? (1ам)
-1аммм дашехь дуй аз м? ( чаккхенгахь)
-1аааам дашехь кхин девзий хьуна цхьа а аз? ( аз а)
-Лахара схема 1ам дашана мегар юй?караде цу схеми т1ехь ам.
-Х1ара х1ун ю? (т1ам)
-Т1ам дашна мегар юй лахара схема?
· Стенах тера ду элп.
Вовшийн юххехь
Ши стаг лаьтта.
Куьйгаш леци,
Т1 ехили,
М - элпах тера
хили.
-Сирникашца элп м х1оттаде.
5.Дешдакъош дешар.
Хьехархочо д1агойту элп м.
-Х1ара муьлха элп ду?
-Алал ммммммм.
-Хьехархочо улло х1оттадо элп а.
-Алал мммммм аз ца хадош цуьнца д1аала аааа,ммммаааа,ммммааааа,ммммааа.
-дераша х1ораммо ша-ша доьшу дешдакъа ммммааа.
-Х1инца д1адешша ши дешдакъа мммаааа-ммммааа.Х1ун дош хили?
Ша-ша дешал мА-ма.
-д1агойту а.д1адешал аааааа.
-Улло х1оттадо дешдакъа мА.Д1адешал массара .
-ААА_ММММАААА.
-Мила ю Ама.
-Хьехархочо д1агойту элп.Алал массара ааааа.
-Хьехархочо юххе х1оттадо элп м.Д1адешал ААААААМММММ.
-Караде книги т1ехь мА дешдакъа, караде ам дешдакъа.
· Ц1енаалар.
Ма - ма - ма - дуьхьал йола Ама.
My - му - му – ков д1аделла, бог1у му - у.
Ми - ми - ми - схьало соьга лами.
Мо - мо - мо - сох катуьйхи цхьаммо.
-Д1адеша меллаша,чехка.
-6.сада1аран миноташ.
7.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А) аг1о 29.
Х1ун ю суьрта т1ехь? ( маьждиг)
-маса дешдакъа ду цу дашехь?Муьлханиг ду хьалхара дакъа, шолг1аниг?
-Мьлха элп ду схеми т1ехь ?(элп м )
-М элпана уллохь муьлха элп хир ду? (Элп аь)
-Аь элпана уллохь? (элп ж)
- Ж элпана уллохь? (элп д)
- Д элпана уллохь? (элп и )
- И элпана уллохь? (элп г)
-маса элп ду цу дашехь? Аз?
-Х1ун бос бу суьрта т1ехь гайтинарг? (можа)
-маса дешдакъа ду цу дашехь?Муьлханиг ду хьалхара дакъа, шолг1аниг?
( иштта толлу дешнаш)
Б) предложенеш х1иттор.
-Йо1ана ц1е тилла (Ама)
-Амас х1ун до?_Аса х1ун элира ?(хаьттира)
-Аса предложении элира иза хаттар дара.Маса дош ду цу предложенехь?
Амас х1ун до –кхоъ дош ду.
-Хьан лур дара жоп? (амас шура молу)
-Иза х1ун яра ? ( предложении)
-Иза муха яра, хоттуш яра, я хаам беш яра?
-Иза хаам беш д1уьйцуш яра,иза дийцаран предложении ю.Чаккхенгахь т1адам буьллу.
· Байт 1амор.
Самукъане байташ
МамаМовсар лохуш ю,
Мовсар маьнги к1елахь ву.
Мовсар! Мовсар! Вола схьа!
Межарг безахь, эца д1а!
(Ж. Махмаев)
· Тобанашкахь болх.
Т1едиллар хьехархочун г1оьнца д1ахьо.
2-г1 тоба кхочушъе кроссворд.Суьрта т1ера х1умнийн ц1ераш кху чу язъе.
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
1-ра тоба кхочушъе грамматически арифметика
.М+ аша= маша
Мо+ г1а= мог1а
М+ асар=масар.
8.Рефлекси.
-Х1ун 1еми хьуна урокехь?
-стенах ца кхийтира хь?
_х1ун дара хьуна хазделларг?
-
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.