Статья: Нохчийн мотт тахна а, кхана а.
Оценка 4.9

Статья: Нохчийн мотт тахна а, кхана а.

Оценка 4.9
docx
07.03.2024
Статья: Нохчийн мотт тахна а, кхана а.
Статья «Нохчийн мотт тахана а, кхана а»..docx

                                                                              

Статья:  «Нохчийн мотт тахана а, кхана а».

1алашо: «Хьехархочун белхан эвсаралла,дешархойн кхиамаш лакхабохуш, меттан хьал тодарна оьшуш х1ун ду,цуьнан кхана дог1учуьнца з1е ца хадийта?-хаттар дийцаре дар,дагадовлар, жам1аш дар.

1.    Кечамбар. Д1адолор.

а) декъашхой схьагулло; 2-3 цхьаьнакхеташ, кегий тобанаш кхуллу, гонехь охьаховшу).

б) Оьшучу белхан г1ирсан кхачо йо.

 в) Семинар д1ахьочун къамел ( М.Б.Магомадова)   

(1алашо йовзийтар, белхан кеп къастор, хан билгалъяккхар).

 

2.    Тобанашкахь болх д1абахьар

(белхан кехаташ т1ехь болх бо)

 

3.    Х1иттийна хаттарш дийцаре дар

(шайна хетарг алар, иза тидаме эцар, вовшашка  ладог1ар, барт хилар).

 

4.    Жам1аш дар.

(дийцаре динчу хаттарийн жам1аш до, сацамаш т1еоьцу)

 

5.    Семинаран маххадор ( Рефлекси яр).

 

 

 

Семинаран декъашхой:

нохчийн меттан а, литературин а  хьехархой, филологин 1илманийн доктор, профессор, хьехархо М.Р.Овхадов, методически кабинетан белхалой.

 

 

Дийцаре дан лерина хаттарш:

 

1.    Мотт 1амабар х1унда оьшу аьлла,хета шуна?

2.    Вайн дешархойн кхиамаш стенах боьзна бу?

3.    Муьлхачу хьелаша вайн белхан эвсаралла лакхайоккхур яра?

4.    Х1ун ду тахана маттана т1е1аткъам бийриг?

5.    Таханлерачу дешархочунна хьехар муьлхачу стандартаца дог1уш хила деза аьлла,хета хьуна?

6.    «Суна  сайна оьшучул хаьа ненан мотт»,- бохучу дешархочунна х1ун кхетам лур бара аша?

7.    Исбаьхьаллин литература вайн бераша ледара йоьшу,

муьлха аг1о карайо шуна церан ойла т1еерзо?

8.    Х1ора урокана 1алашонаш х1иттайо вай, ткъа хьехархочун беригге а белхан коьрта 1алашо х1ун ю аьлла, хета шуна?

9.    Сахьташ к1езиг хиларо х1ун до?

10.     Белхан дукхалло вайн корматалла кхиайой?

11.     Шаьш бечу белхан мел маххадор бара аш?

12.     Х1ун ду шу балха т1ехь сецориг?

13.     Керла учебникаш,церан мехалла.

 

 

 

Интерактивни доски т1е д1аяздина ду:

 

НОХЧИЙН МОТТ ТАХАНА А, КХАНА А

Мотт бу-къамду,

Мотт бац -къам дац.

 

Видеоролике хьовсу( Сулейманов Ахьмада нохчийн маттах лаьцна дуьйцу)

 

 Семинар д1ахьо Магомадова Б.И.

Де дика хуьлда! Дала вайн цхьаьнакхетаран т1аьхье беркате йолда!

Доккха хазахетар ду  тхуна, Муса, хьо х1окху тхан семинаре вар.Марша вог1ийла!

Вайн районехь кхоллаелла хьехархойн тобанаш( творчески группаш) ю, х1ора дешаран предметан ц1арах. Иштта нохчийн меттан хьехархойн тоба а ю шен болх беш.Цуьнан декъашхой бу хьехархой:Тутаева Сацита, Гебаева Малика, Гаева Зулихан, Бопаева Сацита, тобанан куьйгалхо со ю.

Юкъарчу балха т1ехь, хьехаран говзалла а кхиош,дешархойн кхиамаш алсамбохуш, цу т1ехь вовшашнама-кхоччу г1о деш, д1адаха некъ юьхьарлаьцна оха.Оцу балхана лерина ду х1ара таханлера вайн цхьаьнакхетар.

Х1ора хьехархочунна хьалха лаьтта доккха декхар: кегийрхойн шайн маттаца йолу з1е ца хадийта, цаьргахь меттан хьал1алашдан.Дуккха а шерашкахь болх беш, цу т1ехь шортта  зеделларг а долуш,схьабог1учу говзачу хьехархойн а,тахана д1абуьйлабеллачеран а цхьа лазам бу,дешархочун ойла ненан мотт 1аморна т1е муха ерзор яра ца хууш. Х1ун бахьана ду цу малонан я ледарлонан? Дуккха а  хьехархошкара хезацу хьокъехь  къамелаш.15,20 шо хьалха хилла дешархой бац тахана вайна хьалха 1ийраш.Заманан хьелаш хийцаделла, гезгамаша санна, дуьненчу яьржина,тайп-тайпанчухаамийн з1енаш(интернет), х1ора беран карахь телефон ю. Цо ойла а, са а д1алаьцна, шена т1ерзийна,къаьсттина кегийчийн, амма,дукхахьолахь, цунах пайда ца оьцу цара.Заманан аьрхачу амале бирзина уьш, вайна а хаало цуьнан болар. Х1ун дан деза? Вай т1аьхьа-м ца дисна техьа? Цаьрца цхьаьна д1адаха, церан лехамашка хьаьжжина,вайн белхан керла некъаш лаха дезий техьа шайн дайшкара схьадог1учух уьш хер ца бовлийта, са меца,акхаца хилийта, нохчо ц1е ца яйта? Вайн цхьаьнакхетаран коьрта хаттар ду х1ара.

-Муса, хьалхара хаттар хьоьга дан лаьара суна хьехархойн.

Ахьа вайн меттан бух толлуш,къахьоьгу дукха хан ю,оцу новкъахь алссам 1илманан белхаш арахецна, нохчийн мотт кхиарехь мехала меттиг д1алаьцна ахь.

Тахана х1оьттина хьал мел т1е1аткъам беш ду маттана?

 

Хьехархошца диалог д1аяхьар

 

-Дуьнен т1ехь лар йоцуш, д1адевлла меттанаш дукха дуй?

-Х1ун бахьанаш ду мотт д1абаларан?

-Нохчийн меттан хьехархо муха хила веза аьлла, хета хьуна?

 

Жам1аш дар.Сацамаш т1еэцар:

- таханлерчу чкъуран хьежамаш, лехамаш тидаме а оьцуш, керла юкъабевллачу хьехаран г1ирсех пайда а оьцуш,дешархошца кхетош-кхиоран болх д1абахьар

-хьехархоша шайн белхан корматалла шуьйра кхиор

- шайн балха т1ехь зеделларг даржор, кхечаьрга цунах пайдаэцийтар

 

4. Маххадор. Рефлекси.

Х1ора декъахочо шена семинарехь пайдехь карийнарг къастадо,маххадабо( кехаташ т1е д1аяздо).


 

Статья: «Нохчийн мотт тахана а, кхана а»

Статья: «Нохчийн мотт тахана а, кхана а»

Семинаран декъашхой: нохчийн меттан а, литературин а хьехархой, филологин 1илманийн доктор, профессор, хьехархо

Семинаран декъашхой: нохчийн меттан а, литературин а хьехархой, филологин 1илманийн доктор, профессор, хьехархо

Интерактивни доски т1е д1аяздина ду:

Интерактивни доски т1е д1аяздина ду:

Оцу балхана лерина ду х1ара таханлера вайн цхьаьнакхетар

Оцу балхана лерина ду х1ара таханлера вайн цхьаьнакхетар

Х1ун бахьанаш ду мотт д1абаларан? -Нохчийн меттан хьехархо муха хила веза аьлла, хета хьуна?

Х1ун бахьанаш ду мотт д1абаларан? -Нохчийн меттан хьехархо муха хила веза аьлла, хета хьуна?
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
07.03.2024