.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».
Оценка 4.9

.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».

Оценка 4.9
Разработки уроков
docx
администрации
5 кл
02.05.2018
.Урокан  ц1е: изложени.   «Доттаг1ий».
Публикация является частью публикации:
Документ Microsoft Office Word.docx
Технологически карта. 1.Класс: 7 «А», «Б», «В». 2.Предмет : Нохчийн мотт. 3.Урокан ц1е: Изложени. «Доттаг1ий». 4.Урокан тайпа: Дозуш долу къамел кхиор. 5. Урокан г1ирс: Текст, ручка, тетрадь, слайдаш. 6.Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) .1алашонаш Кхеторан: Дозуш долу къамел кхиор. Текстах а, цуьнан дакъойх а лаьцна кхетам к1аргбар. Ц1ердашах лаьцна долу хаарш шардар. Кхиоран: Цхьацца болчу хаамаша юккъехь уьйр ларъяр. Предложенеш грамматически бакъонашца нийса йог1уш х1итто хаар, оьшучохь сацаран хьаьркаш яхка хаар шордар. Кхетош- кхиор : Дешархойн хаарш шордар, к1аргдар. Нохчийн матте болу безам кхиор. Урокан некъ. 1.Дешаран г1уллакхдарна ойла т1еерзор. Де дика хуьлда шун! Таханлерачу урокехь вай изложенин кечам бийр бу. Уггар хьалха вай дуьйцур ду доттаг1 муха хила веза. Схьа хетарахь шу массера а доттаг1ий бу . Ткъа мила ву шу (хьан) доттаг1? Муха хила веза деган доттаг1? (Дешархошка шайн ойла йостуьйту) 2.Хьехархочо йоьшу стихотворени. Мотиваци. Слайд. «Сан доттаг1» Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга. Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду, Шегара г1о­накъосталла хьуна оьшуш хилахь. Цундела лекха ву,сан дагна веза ву, Тешаме ша волу сан дика доттаг1. Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна, Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна. Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш, Бакъ­харц схьаолу, вас ца еш дагна. Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла, Ду иза сан массо а къайленан дог1а. Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш, Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна. Юкъ­меттиг ца юсту сан хьал­бахамца, Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо. Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна, Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла. Оьрсийн   яздархоша язйина  цхьа  а  стихотворени  хаий  шуна? Дружба – это тёплый ветер, Дружба – это светлый мир, Дружба – солнце на рассвете, Для души весёлый пир. Дружба – это только счастье, Дружба – у людей одна. С дружбой не страшны ненастья, С дружбой – жизнь весной полна. Друг разделит боль и радость, Друг поддержит и спасёт. С другом – даже злая слабость В миг растает и уйдет. Верь, храни, цени же дружбу, Это высший идеал. Тебе она сослужит службу. Ведь дружба – это ценный дар Слайд. 3.Синквейн. Доттаг1 Веза, тешаме, оьзда Дукхавеза,  лору Доттаг1  шен воцуриг  ву  г1ортор  йоцуш. Дуьненан  бахам. Хаарийн  актуализации  яр.  Дешархошка  стихотворенийн  маь1на  достуьйту. 4.1­2  дешархочуьнга  йоьшуьйту. Слайд. 5.Хаттарш. Муха  сурт дуьхьалх1утту  шуна? Муха дог­ойла  кхоллало  шун? (Х1окху   стихотвореница  йог1уш  йолу  оьрсийн  поэтан  стихотворени хаьий  шуна ?  (дагаяийта хьажа). 6.Хьехархочо  текстан  чулацам  бовзуьйту. ДОТТАГ1ИЙ Вехаш хилла цхьа ши доттаг1. Цхьаъ ч1ог1а вехаш хилла  боху, важа къен хилла. Къен 1аш волчунна ч1ог1а езаелла  бехаш 1аш болчу нехан йо1. Ткъа оцу к1ентан нанна а цо и бен ялон лууш ца хилла. Вехаш 1ачу доттаг1чо ша болу шен бахам д1абелла шен  доттаг1чунна. Ткъа цунах ч1ог1а кхаъ хилла, и йо1 ялийна,  ваха хиъна къен 1аш хилла доттаг1. Цхьана дийнахь газа дуккха хан яьлча, ша ца вовзийтуш, ша  саг1а доьхург ву аьлла, кет1а веана бахам д1абелларг. Иза,  х1ум­ма ца луш, д1авахийтина. Ч1ог1а и новкъадаьлла,  ойлане ваьлла х1ара д1авоьдуш, цхьана базар кхаьчна.  Кхунна т1евеана, цхьана воккхачу стага дехар дина, ша  схьаваллалц х1ара гали лардахьара аьлла. Нагахь ша  делкъале схьа ца ваг1ахь, хьайна дуьтур ахьа иза аьлла,  д1авахна и воккха стаг. Ши­кхо де даьлча а, и схьа ца веача,  чухьаьжча, кхунна гина гали дуьззина ахча. И ахча схьа а эцна, д1аваханчу кхо керт а эцна, ша хьалха  ма­хиллара ваха хиъна. Дикка х1ара ваха охьахиинчу хенахь  кхуьнан кет1а еана цхьа йоккха стаг. Ша хьайна чохь  г1уллакх дан яийтахьара аьлла цо. Шен нана хир ю хьо  тахана дуьйна д1а аьлла к1анта. Дукха хан ялале, оцу цуьнан нана ю бохучо йо1 хьахийна кхунна, резахилла кхо и ялийна. Дагадеана доттаг1чунна, хьаха веза ша шен доттаг1 ву  бохург шен ловзарга кхайкхина, бехкбаккха аьлла. Х1окхуо  шен нана яхийтина цуьнга кхайкха. Шен зуда ц1аялийнчохь, дика самукъадаьлла х1орш 1ача  хенахь, къамел долийра боху к1анта: ­ Цхьа доттаг1 вара сан, хьал долчу нехан йо1 ца йоуьйту  шега ша къен ву аьлла, цо соьга аьлча, цхьа х1ума ца кхоош,  цунна со долара ваьлла керт­ков д1аделла аравелира со, ­  аьлла и воллушехь, къамел долийра боху вукхо: ша дийца  мегар дарий цхьа х1ума? Цхьана диннахь хьо со волче кет1а  веара, ас хьо х1умма ца луш д1а а вахийтира. Цул т1аьхьа  базарахь цхьа воккха стаг веарий хьуна т1е, гали ахча дитина вахарий иза д1а? Ас ваийтина сан да вара хьуна иза. Хьо ваха охьахиъначу хенахь цхьа зуда еарий хьо волча, хьайна чохь г1уллакх дайта д1аэца аьлла? И сан нана яра хьуна, ас  яийтина, ахь цунах хьайн нана йийр юй хууш. Оцу вайн нанас захало хьахийна зуда ялийний ахь? И аса хьоьга яийтина  сайн йиша ю хьуна. Сайн йишин ловзаргахь 1аш волу со муха к1ант хета хьуна? ­ аьлла чекхдаьккхира боху цо. Эццахь та а тайна, гергарло кхин а ч1аг1делла, ваха хиъна и  шиъ. Слайд. 6.Хаттарш. 1.Ши  доттаг1  муха  хилла  бахамца? 2.Ша  болу  шен  бахам  д1абелча  х1ун  дира  къен  1аш  волчо? 3.Бахам  д1абеллачунна х1ун  хала  хийтира? 4.Базарахь  х1ун  элира  саг1адоьхучуьнга?  Цунна  х1ун  елира? 5.Ахчанах  х1ун  дира  к1анта?  Муха  ваха  хиира  к1ант? (бахам  д1абелларг) 6.К1ентан  кет1а  мила  еара?   Цо х1ун дехар  дира? 7.Т1еийцарий  к1анта  йоккха  стаг? 8.Шен  ловзарга  кхайкхинчохь  х1ун  къамел  хилира  шина  доттаг1чуьн? 9.Муха  ч1аг1делира  церан  гергарло? 7.Текстан  чулацам  2­3  дешархочуьнга  схьабуьйцуьту. 8.  План х1оттайо. 1.Сан  доттаг1­ сан  сий  лардархо. 2.Бакъ  волу  доттаг1. а) Иза мила  ву? б)Диканехь  а, вонехь  а  соьца  ву и. в)Шен  динарг  цкъа  а  цхьаьнга  а  ца  дуьйцург. д)Соьгахьара  дара  аьлла  , харцдерг  ца  дуьйцу  доттаг1чо. 9.Изложени  язъян  йолайо. 10.Ц1ахь: изложенин  кхоччуш  кечам  бар. 11.Рефлекси. Хьехархо: 1. таханлерчу  урокан  хаарех  пайда  а  оьцуш  д1аолуьйту  илли   «Сан   доттаг1». Слайд. 2.Кицанаш  даладойту. ДОТТАГ1АЛЛА 1. Ваша ваша вац и хьан доттаг1а вацахь. 2. Генара доттаг1а - йоьг1на г1ала. 3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву. 4. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац. 5. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна. 6. Доттаг1а коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу. 7. Доттаг1а шираниг тоьлу, керт - керланиг тоьлу. 8. Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал. 9. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш вуьсур ву хьо. 10. Эзир доттаг1а верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла.

.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».

.Урокан  ц1е: изложени.   «Доттаг1ий».

.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».

.Урокан  ц1е: изложени.   «Доттаг1ий».

.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».

.Урокан  ц1е: изложени.   «Доттаг1ий».

.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».

.Урокан  ц1е: изложени.   «Доттаг1ий».

.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».

.Урокан  ц1е: изложени.   «Доттаг1ий».

.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».

.Урокан  ц1е: изложени.   «Доттаг1ий».

.Урокан ц1е: изложени. «Доттаг1ий».

.Урокан  ц1е: изложени.   «Доттаг1ий».
Скачать файл