Урокан ц1е: Изложени. «Доттаг1ий».
1алашонаш:
Кхеторан: Дозуш долу къамел кхиор. Текстах
а, цуьнан дакъойх а лаьцна кхетам к1аргбар.
Ц1ердашах лаьцна долу хаарш шардар.
Кхиоран: Цхьацца болчу хаамаша юккъехь
уьйр ларъяр. Предложенеш грамматически
бакъонашца нийса йог1уш х1итто хаар,
оьшучохь сацаран хьаьркаш яхка хаар
шордар.
Кхетош- кхиор : Дешархойн хаарш шордар,
к1аргдар. Нохчийн матте болу безам кхиор.
«Сан доттаг1»
Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь
Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.
Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,
Шегара г1о-накъосталла хьуна оьшуш хилахь.
Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,
Тешаме ша волу сан дика доттаг1.
Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,
Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.
Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,
Бакъ-харц схьаолу, вас ца еш дагна.
Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,
Ду иза сан массо а къайленан дог1а.
Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,
Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.
Юкъ-меттиг ца юсту сан хьал-бахамца,
Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.
Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,
Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.
Дружба – это тёплый ветер,
Дружба – это светлый мир,
Дружба – солнце на рассвете,
Для души весёлый пир.
Дружба – это только счастье,
Дружба – у людей одна.
С дружбой не страшны ненастья,
С дружбой – жизнь весной полна.
Друг разделит боль и радость,
Друг поддержит и спасёт.
С другом – даже злая слабость
В миг растает и уйдет.
Верь, храни, цени же дружбу,
Это высший идеал.
Тебе она сослужит службу.
Ведь дружба – это ценный дар
Синквейн.
Доттаг1
Веза, тешаме, оьзда
Дукхавеза, лору
Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор
йоцуш.
Дуьненан бахам.
Хаттарш.
Муха сурт дуьхьалх1утту шуна? Муха
дог-ойла кхоллало шун? (Х1окху
стихотвореница йог1уш йолу оьрсийн
поэтан стихотворени хаьий шуна ?
(дагаяийта хьажа).
Хаттарш.
1.Ши доттаг1 муха хилла бахамца?
2.Ша болу шен бахам д1абелча х1ун дира
къен 1аш волчо?
3.Бахам д1абеллачунна х1ун хала хийтира?
4.Базарахь х1ун элира саг1адоьхучуьнга?
Цунна х1ун елира?
5.Ахчанах х1ун дира к1анта? Муха ваха хиира
к1ант? (бахам д1абелларг)
6.К1ентан кет1а мила еара? Цо х1ун дехар
дира?
7.Т1еийцарий к1анта йоккха стаг?
8.Шен ловзарга кхайкхинчохь х1ун къамел
хилира шина доттаг1чуьн?
9.Муха ч1аг1делира церан гергарло?
Ц1ахь: изложенин кхоччуш кечам
бар.
Рефлекси.
Суна урокехь зеделларг!
Таханлерчу урокан хаарех пайда а
оьцуш д1аолуьйту илли «Сан
доттаг1».
Ваша ваша вац и хьан доттаг1а вацахь.
2. Генара доттаг1а - йоьг1на г1ала.
3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.
4. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац.
5. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна.
6. Доттаг1а коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу.
7. Доттаг1а шираниг тоьлу, керт - керланиг тоьлу.
8. Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал.
9. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш вуьсур ву
хьо.
10. Эзир доттаг1а верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла.