8-чу классана лерина планаш
Оценка 4.8

8-чу классана лерина планаш

Оценка 4.8
docx
05.10.2023
8-чу классана лерина планаш
8класс язык..docx

 

1-ра урок.

 

Урокан ц1е: Ненан мотт дахаран хазна.

 

1алашо: Нохчийн мотт хьал долуш хилар хаийтар.

                   Х1итнцалера нохчийн литература муха кхоллаелла хаийтар.

                    

                                        Урок д1аяхьар.

 

1.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

а)хаттарш ло 1амийнарг карла а доккхуш.

-Ненан маттах лаьцна муьлха стихотворенеш евза шуна? Д1аеша, хьан язйина уьш?

…Йист йоцу х1орд сана,

Бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

                           (Арсанукаев I/)

б)хьехархочун дош.

Мотт юкъараллин г1ирс бу х1унда аьлча, вай юкъараллехь дехаш  ду: цхьаьна доьзалехь а, куьпахь а, школехь доьшуш болу дешархой а,балхахь цхьаьна болх беш болу белхалой а,юьртахой, гергарнаш,бовза-безарш.

Мотт г1иллакхе а,оьзда а, къинхетаме тарлуш а бу.

Мотт-ойлана дег1 ду.

,,Мотт вай 1ама а бо,дахаран т1аьххьара де т1екхаччалц,и 1амо декхар а ду”,-аьлла яздина яздархочо К.Паустовскис

 

ΙΙΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Лакхахь ялийна текст д1айоьшу

2)кхочушдо 1-ра шардар.

-Ненан меттан маь1на муха лору поэташа?

 

ΙV.Жам1 до.

-Муха лору оьрсийн поэташа вайн нохчийн мотт?

-Вайн поэташа муха хестина нохчийн мотт?

 

V.Ц1ахь бан болх.

1)1-чу§ т1ера дешнаш д1адеша.

2-чу шардар т1ера цхьайолу стихотворении 1амае.

 

           

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

2-г1а урок

 

Урокан ц1е:Дешан чаккхнгахь й элп яздар.Ц1ера болх толу.

 

1алашо:Дешан чаккхенгахь й элп маца яздо хаийтар.

              Къамел -кхиор.

                                                          Урок д1ах1оттор.

1.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толу.

1)Ненан маттах лаьцна дуьйцу.

2)Ц1ахь дагахь 1амийна,,Ненан мотт” стихотворени схьаюьцу.

 

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Веана,стаг,Аргун,йовлакх,йоьду,б1аьсте,еха, т1уьйриг,уьйт1е, юрт,йовха, йохна,яхара, ялта, юьгу, юу, гуьйре.

-Билгалдаха х1орачу дешан дакъа.

-Й элп маца дилла деза дийца.

 

ΙV.Керла коьчал йовзуьйту.

1)Маца яздо вай дешнашкахь й элп,муьлхачу маь1нехь лела иза.

2)Д1айоьшу 5-г1а аг1о

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)кхочушдо 4-г1а шардар

2)фонетически къастам бо яьлла, йог1у, еха бохучу дешнашна.

 

VΙ.Жам1 дар.

1)Маца яздо й элп дешнашкахь?

2)Муьлхачу дешнашкахь й ца яздо?

3)Муха яздо  я элп нохчийн маттахь?

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)3-г1а д1аеша

2)2-чу шардар т1ера цхьа стихотворении 1амае.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

3-г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ердешан, билгалдешан, хандешан, куцдешан синтаксически г1уллакх.

 

1алашо:Ц1ердош,билгалдош,хандош,куцдош а карладаккхар а,

                церан синтаксически г1уллакх довзийтар а.1амийнарг

                т1еч1аг1дар.

                                         Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

-Маца яздо вай дешан чаккхенгахь н элп?Даладе масалш.

-Къамелехь олий вай н элп?

-Муьлха къамелан дакъош 1амийна вай?

-Х1ун гойту цара?Даладе масалш.

-Кху предложенина бе морфологически къастам.

   Ц1.дош.    хан.д.    хуттург.    Ц1.д.    хан.д.  ц1ер.дощ.

Книгаш яхьар ю аьлла, дош делира ас цунна.

-Кхин муьлха къамелан дакъа девза вайна?

ΙΙΙ.Дешнаш т1ехь болх.

 

Ч1ана ю (билг.)-еда,питьё.

1адам бу(ц1ердош)- ужас.

 

ΙV.1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.

 

1)билгалдаха  къамелан дакъош.

Стаг,аьхна,ц1ен, вахара,инкарло,болх,меллаша,еара,стохка,хаза,зезаг,стела1ад,ийцира,журнал.

а)Бераша гурахь синтарш дуьйг1ира.

б) Геннара гора йог1у сийна машен.

в) Асет а, Разет а, Ровзан а дика доьшуш ю

-Дуьйцу къамелан дакъойх лаьцна.

-Предложенехь церан синтаксически г1уллакх.

 

V.1амийнарг т1еч1г1дар.

 

-Кхочушде 5-г1а шардар.

-Предложенина бо синтаксически къастам.

-Т1аххьарчу предложенина бе морфологически къастам.

 

VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха къамелан дакъош девза вайна?

-Меран н маца яздо дешан чаккхенгахь?

-Муьлхачу дожаре даккха деза дош н элп дуй хьажа?

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1. Бакъо карлаяккха.

2.Кхочушде 8-г1а шардар.

 

 

 

4-г1а урок.

Урокан ц1е:Дешт1аьхьенаш а,дешхьалхенаш а дешнашца нийсаяздар.

1алашо:Дешхьалхенаш а,дешт1аьхьенаш а дешнашца

             Нийсаяздарх 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.

                                                        Урок д1аяхьар.

Ι.Урокана кечам бо.

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1-.Стенах олу ц1ердош?Х1ун хаттарш ду?

-Маса дожар ду?Легар маса ду?Билгала муха доккху?Даладемасалш.

-Стенах олу хандош?Маса хан ю?Х1ун хаттарш ду?Предложенехь муьлха меже хилла лела?Даладе масалш.

-Дуьйцу билгалдешнийн куцдашах лаьцна .Даладо масалш.

2.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

3.Билгалдаха кху дешнийн дешдакъа.

Д1авахара, стол т1ехь,кора к1елахь,схьавола,т1ейиллира,к1елхула велира,д1авигира,чукхоьссира.

-Дешт1аьхье юй кху дешнашна юкъахь?Муха язйина аш иза:

ΙΙΙ.1амийнарг  карладаккхар,т1еч1аг1дар.

-Стенах олу дешхьалхе?

Орамна хьалха а лаьтташ,дашна керла маь1на луш долчу дешнах дешхьалхе олу.

Масала:д1авоьду,схьаузу,т1екхаьчна.

Дешнашна дешхьалхенаш цхьана язйо

Муьлха дешт1аьхьенаш евза шуна.Ц1ердешан,билгалдешан,терахьдешан.Ц1ерметдешан кху дашца йолу  юкъаметтиг гойтучу къамелан декъах дешт1аьхье олу.Дешт1аьхье-г1уллукхан къамелан дакъа ду.

-Муьлха дешт1аьхьенаш евза шуна?чу,чохь,т1ехь,к1ел,хьалха,т1ехьа,юххе,улло,улле,юкъа,герга,гена нацкъара.

Дешхьалхе дешан дакъа ду,ткъа дешт1аьхье къамелан дакъа ду.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 7-г1а шардар.

Т1едилларш кхочушдо.

2.Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо предложенеш.

1)Селхана,к1антана юххе яхара нана.

2)Дийнна денош дойура бераша дитта т1е доьлий,комарш юуш.

3)стоьла к1елахь 1уьллура цициг.

4)Дитта т1ехьара ц1еххьана схьаиккхира т1аьхьа.

5)Дукха чехка цунна т1ехьаьдда,дехьа иккхира иза.

3.Билгалъяха дешхьалхенаш.

Т1едилларш кхочушдора дешархоша.

Бога д1а а кхоьссина,чуяхара и.

V.Дешнаш т1ехь болх.

К1евзиг (ю)-гнилой человек.

Луца(ду)-поздравления,пожелания.

Сакъдар(ю)-святое,священное место.

VΙ.Жам1 дар.

VΙΙ.Ц1ахь болх.

1)Дешхьалхенаш,дешт1аьхьенаш карлаяха.

2)Уьш юкъахь а йолуш 5 предложени х1оттае.

 

 

 

5-г1а урок.

Урокан ц1е:Предложенин тайпанаш карладахар.

1алашо: Предложенеш, церан тайпанаш карладахар.

            Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1_-Стенах олу дешхьалхе?Муьлха дешхьалхенаш евза шуна?Даладе масалш.

-Дешнашца дешхьалхенаш муха язйо?

-Стенах олу дешт1аьхье?Муьлха дешт1аьхьенаш евза шуна?Даладе масалш.

-Дешнашца муха язйо дешт1аьхьенаш а,дешхьалхенаш а?

2)Ц1ахь яздина шардар барта толлу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)-Маса тайпана ю предложенеш?

-Стенах олу предложени?

-Стенах олу дийцаран,хаттаран ,айдаран предложени?

2)Кхочушдо 10-г1а шардар.

    1.Т1едилларш кхочушдо.

    2.Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам.

ΙV.Дешнаш т1ехь болх.

Пхьоьха-сарахь юьртара геах гулло  меттиг,шайн цхьацца къамелаш а деш,самукъадоккху.

Гоьза-арахь,кертахь дин,говр д1атосу дечиг(коновязь)

V.Керла коьчал йовзийтар.

Предложенехь дешнийн вовшашца уьйр хуьлу.Уьйр шишша дош цхьанакхеташ нисло,масала:Дешархоша кест-кеста хаза книгаш йоьшу.

    Цу предложенехь вовшашца уьйр йолуш,шишша дош цхьаьна а кхеташ, дешнийн цхьаьнакхетарш хилла.Уьш кху кепара ду:

1)дешархоша йоьшу

2)книгаш йоьшу

3)хаза книгаш

4)кест-кеста йоьшу.

Предлженехь пхи дош хилахь ,4 дешнийн цхьаьнакхетар хуьлу.Дешнаш уьйрашца вовшахкхетарх дешнийн цхьаьнакхетар олу.

   Дешнийн цхьаьнакхетарш тайп-тайпана хуьлу:1)предложени чохь а,2)ша-къаьстина а,3)парг1ат а, 4)ч1аг1делла а.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)кхочушдо 12-г1а шардар.

2)5-6 дешнийн цхьаьнакхетар уьна т1е схьаязйо.

VΙΙ.Жам1 дар.

1)дешнийн цхьанакхетар муха нисло?

2)дешнийн цхьанакхетаран тайпанаш муха хуьлу7

3)парг1атчу а,ч1аг1деллачу а дешнийн цхьанакхетар юккъехь х1ун башхо ю?

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)1амае §2-г1а.

2)Кхочушде 11-г1а шардар.

 

 

 

 

 

 

6-г1а урок.

Урокан ц1е:Талламан диктант

1алашо:1амийнарг т1еч1аг1дар

                                    Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.

 

2.Текст д1айоьшу.

                             Аьхке дагалацар.

   Аьхке хаза зама ю.Стоьмах юьзна бошмаш а,бошмашкахь дека бес-бесара олхазарш а.Юьртана юккъехула а, йистехула а охьаоьху хаза хиш.Бухара т1улгаш а гуш сирла хиш а, шовданаш а ду.Баца юкъахь ц1ен а,можа а,баьццара а зезагаш ду.Цхьадолчу деношкахь бераш хи т1е ч1ерий леца оьху.Цхьадолу бераш юьртана уллорчу хьуьнах доьлху.Хьуьнхахь эшаршца декаш,шакарш етташ олхазарш ду.Екачу цаьпцалган цкъар а хеза.Наггахь х1аваэхь хьерчаш,ловзуш полларчий а го.

  Аьхкенан довхачу дийнахь ара д1ахьаьжча,йовхонан тов а хуьлу гуш.Иштта довхачу дийнахь хи т1е лийча доьлху бераш.Малхе г1еххьа шайн дог1маш дагадойтуш,хи чохь лийча а луьйчуш, соьналла йолчу могашалла ч1аг1ъян йоьлху.Цара кест-кеста книгаш йоьшу,ц1еначу х1аваэхь а, соьналлаш йолчохь а, бошмашкахь а дика садо1у.

 

3.Текст т1ехь болх.

1)Дешархоша шайн г1алаташ нисдо.

2)1-чу предложенехь синтаксически къастам бе.

3)Билгалъяха дешт1аьхьенаш.

 

4.Жам1 дар.

 

5.Ц1ахь болх.

1.Дешхьалхенаш,дешт1аьхьенаш предложенин тайпанаш карладаха.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

7-8-г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Дешнийн цхьаьнакхетарш а, церан тайпанаш а.

1алашо: Дешнийн цхьаьнакхетарш стенах олу хаийтар, церан тайпанаш довзийтар

                                                        Урок д1аяхьар.

Ι.Урокана кечам бо.

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

3.Билгалдаха кху дешнийн дешдакъа.

Д1авахара, стол т1ехь,кора к1елахь,схьавола,т1ейиллира,к1елхула велира,д1авигира,чукхоьссира.

-Дешт1аьхье юй кху дешнашна юкъахь?Муха язйина аш иза:

ΙΙΙ.1амийнарг  карладаккхар.

Кхеторан диктант.

Исмаилан Дудица доьзна ду цхьа халкъан дийцар.

Цхьана дийнахь Дуда хилла боху юьртан бажа бажош.Йоьлхуш д1айоьдучу зудчух б1аьрг кхетта цуьнан.Цуьнага вист ахилла, саца а йина, и елхаран бахьана хаьттира цо.«Маре яханчуьра ден ц1а яхана яра ша.Х1инца юха ден ц1ера марера ц1а д1айоьдуш ю ша,хьуна ма-гарра цхьа а совг1ат дац шена дина. Марзахошна дуьхьал муха х1уттур ю ша?»

Исмаилан Дудас  и юьртан бажа берриге шен бу хьуна аьлла, уггаре тоьлла етта т1аьхьа а х1оттийна, ц1а яхийтина и зуда.

-Муха ю цуьнан коьрта ойла?

-Хаза г1иллакх дуй Дудас х1оттийнарг?

-Схьаязде хандешан юкъахь долу дешнийн цхьаьнакхетарш.

ΙV.Дешнаш т1ехь болх.

Кхада-(х1ун дан?хандош ду)диттан генаш д1ахедо.

Тусадала-(х1ун дан?) хаадала.

V.Керла коьчал йовзийтар.

Вай ма-аллара дешнийн вовшвшца уьйр хуьлу.Масала:Хьехархочо берашна хаза туьйранаш дийцира.

Дешнийн цхьаьнакхетарш:

1)хьехархочо дийцира

2)берашна дийцира

3)туьйра дийцира

4)хаза туьйра.

Дийцира хьан?-хьехархочо,

Дийцира хьанна?-берашна,

Дийцира х1ун?-туьйра,

Туьйра муха?-хаза.

Предложенийн цхьанакхетарш хуьлу коьрта а, дозуш долу а дешнаш.

Шегара хаттар х1оттош дерг коьрта дош ду, ткъа коьртачу даша т1ера хаттарна жоп луш долу дош дозуш долу дош ду.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)кхочушдо 11-г1а шардар.

2)5 предложени х1оттае и дешнаш юкъа а далош.

VΙΙ.Жам1 дар.

1)-Стенах олу дешнийн цхьаьнакхетарш?

-Предложенехь уьйр хуьлий церан?

-Предложенехь 6 дош хилча,маса дешнийн цхьаьнакхетарш хуьлу.

2)Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)1амае §2-г1а.

2)Кхочушде 12-г1а шардар.

9-10-г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Предложенехь дешнийн уьйр:цхьаьнакхетаран а, карара а.

1алашо:Предложенин дешнийн уьйр йовзийтар.

                    Иза шина декъехь лелий хаийтар: цхьаьнакхетаран а, карара а.                                                                                               

 

                                                            Урок д1аяхьар.

Ι.Урокана кечам бо.

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

3.Хаттарш ло:

-Стенах олу дешнийн цхьаьнакхетарш?

-Маса тайпана хуьлу иза?

-Предложенехь уьйр хуьлий церан?

-Предложенехь 6 дош хилча,маса дешнийн цхьаьнакхетарш хуьлу.

-Стенах олу коьрта дош?Дозуш долу дош?Даладе масалш.

ΙΙΙ.1амийнарг  карладаккхар.

1.Билгалъяха дешхьалхенаш а, дешт1аьхьенаш а, дешнийн цхьанакхетарш билгалдаха коьрта а,дозуш долу а дешнаш.

Т1евеара,арахьаьжна ,стола т1ехь , арара чу веара, хаза йо1, т1оьрмиг чохь,схьахьаьжча, чувеара, т1евахана,лекха стаг.

ΙV.Дешнаш т1ехь болх.

Тусадала-(х1ун дан?) хаадала.

V.Керла коьчал йовзийтар.

1.Пердложенехь вовшвшца дешнийн уьйр хуьлу.

Иза къасто атта ду хаттаршца.Масала:Сан к1ант тахана деша д1авахана.

1)сан к1ант.

2)тахана д1авахана.

3)деша д1авахана.

4)к1ант д1авахана.

Предложенехь шайн цхьаьнатайпанара дешнаш хуьлу коьрта а, дозуш а.Шегара хаттар х1отточу дашах коьрта дош олу, ткъа коьртачу дашо х1отточу хаттарна жоп лучу дашах дозуш долу дош олу.Предложенехь дозуш долчу дашо коьрта дош довзуьйтуш кхетадо.Кортачу дашо шегара хаттар а х1оттадой , дозуш даше шеца уьйр тосуьйту.

Масала:

1)мила вахара?-к1ант д1авахара.

2)мила к1ант?-хьенан? сан

3_х1ун дира?-д1авахара х1ун дан? деша.

4)д1авахара маца?тахана.

Пердложенехь дешнийн уьйр уггаре а хьалха шинара кепара ю.

1)цхьанакхетаран уьйр(сочинительная связь)

2)карара уьйр(подчинительная связь)

Цхьаьнакхетаран уьйр дешнаш цхьабосса цхьанакхета, цхьабосса бакъо а йолуш.

Масала:Баца юкъа лепара ц1ен а,можа а, баьццара а зезагаш.

Предложенехь цхьаьн меженийн вовшашца ерг цхьаьна уьйр ю.

Цхьа нийсачу мехаллана цхьаьна дешнийн уьйран цхьаьнатайпанара уьйр олу.

Коьртачу а , дозуш долчу а дешнах уьйрах карара уьйр олу.

2.Дешархоша 3-г1а§ т1ера бакъо йоьшу.

 

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)кхочушдо 13-г1а шардар.

2)Кхочушдо 14-г1а шардар.

 

VΙΙ.Жам1 дар.

1)-Стенах олу дешнийн цхьаьнакхетарш?

-Предложенехь уьйр хуьлий церан?

-Маса тайпана  дешнийн уьйр ю ?

2)Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)1амае §3-г1а.

2)Кхочушде 15-г1а шардар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

11-г1а урок.                        

 

Урокан ц1е:Изложени«Партал ча»

1алашо: Дозуш долу къамел кхиор.

                                       Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст хьехархочо йоьшу, барта чулацам бовзуьйту.

       Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Текст д1аязйо.

                                         Партал ча.

            Байна етт схьалаха вахна, вехха лийлира Дуда.Цхьа 1ин хадийча, вукху 1инах чу а вуссуш, боккха арц толлуш лелара иза.Г1ел а велла сада1а цхьана юьхка т1е хиъна ша 1ачу хенахь ча гира цунна. Г1еххьа генахь яра иза Дудина.Юьхк  санна стомма, партал яра иза.Техкаш,кест-кеста соьцуш,халла болар дора цо.Цкъацкъа ехха йоллура изам1арашца латта охкуш, леррина цхьа х1ума лоьхуш. „шена даа лапг1а лахар бен, кхин цхьана а х1уманан бала бац-кх цунна”-аьлла хетара и гуш волчу Дудина. Дагахь адоцуш, ц1еххьана хийцаделира оцу экханан хат1.Муц1ар д1а а яхйина,хьожа йохура цо,корта д1а а , схьа а хьийзош.Т1аккха т1аьххьарчу когаш т1ехь ира а х1оьттина шена шеко йолу хьожа муьлхачу аг1ор схьаеттало,кхерам туьйсу меттиг мичахь ю хиинчул т1аьхьа, ц1еххьана д1аиккхира иза.Ядар партал делахь а, кхиссалуш чехка йоьдура иза.Ядар беламе дара цуьнан,карчийна чухаьхкина гуьйриг санна,пурх а йирзина йодура ча 1инах чу хьаьдда…

             Дуда цунна гуш вацара.Делахь а, х1ара волчу аг1орхьара дай хьоькхучу мохан х1онах, кхийтира цунна адаман хьожа.Иштта ларлора ча таллархочух.(Х.Берсанов)

 

 

ΙV.Изложени язъян кечам бар.

1.План х1оттор.Иза х1окху кепара хила тарло:

                                          План:

1.Байна етт лаха вахар.

2.Дудина ча гар.

3.Экханан хат1 хийцадалар.

4.Ц1еххьана ча д1аэккхар.

 

2.Оцу плане хьожуш,дешархоша юьйцу изложенин текст.Г1алаташ нисдо.

3.Хьехархочо кхин а цкъа д1айоьшу иза.

 

V.Изложени язъяр.

 

VΙ.Дешнаш т1ехь болх

Напг1а-ижу,кхача.

Партал-меллаша,текхна.

 

VΙΙ.Тетрадаш т1е д1аязйо изложени.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх

1амийнарг карладаккхар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

12-13-г1ий урокаш.

 

Урокан ц1е:Бартбар.

1алашо:Бартбар стенах олу,цо стенан уьйр гойту.

 

                                   Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

-Стенах олу дешнийн уьйр?

-Стенах олу коьрта дош?Х1ун г1уллакх до коьртачу дашо?

-Стенах олу дозуш долу дош?Х1ун г1уллакх до цо предложенехь?

-Стенах олу цхьаьнакхетаран уьйр?

 

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Стенах олу ц1ердош?

-Маса ду нохчийн маттахь къамелан дакъош?

-Стенах олу дешнийн цхьаьнакхетаран уьйр?

-Карара уьйр стенах олу?

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Карара уьйр кхаа кепара ю:1)бартбар(согласование),2)урхалла(управление),3)т1етовжар(примыкание)

Коьрта дош доллучу формане(дожаре,терахье,классе)дозуш долу дош х1отточу уьйрах бартбар олу. Коьртачу дашца цхьаьна дозуш долу дош хийцалахьи бартбар олу.

 

Жима к1ант школе деша вахара.

   ↓        ↓                                ↓

    Бартбар                               бартбар.

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 16-г1а шардар уьна т1ехь.

2.Бартбар схьакъастаде предложенехь.

 

VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу карара уьйр?

-Карарчу уьйран маса кеп ю?

-Бартбар стенах олу?

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъо дагахь 1амае.

2.Кхочушде 17-г1а шврдвр.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

14-15-г1ий урокаш.

 

 

Урокан ц1е:Урхалла.

1алашо: Урхалла стенах олу хаийтар.

                  Предложенехь урхалла лаха хаар.

                                                     Урок д1аяхьар.

1.Урокана кечам бар.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Бакъо шайн масалш а далош схаюьйцуьйту.

2.Х1иттийна предложенещ уьн т1ехь д1аязйоьйту.

 

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

-Стенах олу ц1ердош?Юкъара маь1на.

-Стенах олу билгалдош?

-Терахьдош стенах олу?

-Ц1ерметдош стенах олу?

-Хандош стенах олу?

-Куцдош стенах олу?

-Стенах олу цхьаьнакхетаран уьйр?

-Карара уьйр стенах олу?

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Коьртачу дашо дозуш долу дош дожаре х1отточу уьйрах урхалла олу.

Урхаллехь коьрта дош хийцарх дозуш долу дош хийцарх дозуш долу дош ца хийцало.

Масала:Салмана соьга куьг кховдийра.(урхалла)

Стиглахь седарчий лепа(урхалла)

Т1екхечира б1аьстенан хаза суьйре.(урхалла)

Екхначу буса бутт къега.(урхалла)

 

V.1амийнарг т1еч1г1дар.

1)Кхочушдо 17-г1а шардар.

-Хьалхарчу шина предложенин дешнийн цхьаьнакхетарш билгал доху.

--Билгалдаха коьрта а,дозуш долу а дешнаш.

-Бартбаран,урхаллин уьйраш билгалъе.

 

VΙ.Жам1 дар.

1)Таханлерачу темана ц1е х1ун ю?

2)Предложенехь муха къастайо урхалла?

3)Карарчу уьйран маса кеп ю?

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъо дагахь 1амае.

2.Кхочушде 18-г1а шардар.

 

 

 

 

 

16-17-г1ий урокаш.

 

Урокан ц1е:Т1етовжар.

1алашо:Т1етовжаран билгалонаш йовзийтар.Т1етовжар предложенехь бартбар,урхаллехь къасто хаар.

                           Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1) Ц1ахь язйина предложенеш юкъара бартбар,урхалла схьакъастайо.

2)-Бартбар стенах олу?

-Урхалла стенах олу?

-Карара уьйр стенах олу?

-Цхьаьнакхетаран уьйр стенах олу?

-Карарчу уьйран маса кеп ю?Муьлхарш?

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1).Легаде дожаршца х1ара дешнаш:стаг,жиманиг,ца1,массо а

Ц1.стаг, жиманиг,ца1,         массо а,

Д.стеган,жимачун,ца1аннан,массеран а

Л.стагна,жимачунна,ца1анна,массарна а

Др.стага,жимачо,ца1амма(ммо),массра а

К.стагаца,жимачуьнца,ца1анца,массаьрца а

Х.стагах,жимачух,ца1анах, массарах а

М.стаге, жимачуьнга,ца1анга, массаьрга а

Дс.стагал,жимачул,ца1аннал,массарал а

2)чаккхенаш схьакъастае.

3)Къамелан дакъош билгалдаха.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

-Карара уьйр кхаа кепара хуьлу: бартбар,урхалла,т1етовжар.

Т1етовжар дукхахьолахь куцдош а,хандош а цхьаьна лела.Дозуш        долу дош маь1ница коьртачу дашна т1етевжачу уьйрах т1етовжар олу.

V.1амийнарг  т1еч1аг1дар.

Уьн т1ехь болх бойту дешархошка.

Предложенеш язйойту уьйраш схьакъастайойту.

Сихха ц1ийнан дог1а д1атуьйхира нанас.

Ведда нанна т1е вахара к1ант

Зарган деша йоьду.

Ехха лаьттира иза.

Арахь ч1ог1а хаза ю.

VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Патар-почка,бутон,листочек

Марг1ал-прут молодой,побег

Нуьйр-седло

Партал-спокойно.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1§3-г1а 1амае.

2.5 предложени х1оттае.

 

 

 

 

18-г1а урок.                        

 

Урокан ц1е:Талламан диктант«Мохк бегийча.»

 

1алашо:1амийнарг карладаккхар.Дешнийн уьйрах  долу хаарш к1аргдар.

                Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

 

                                           Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Текст йоьшу хьехархочо.

                 Жаьбик юха а хьалаволало.Нисбеш,леррина буьллу цо х1ора а ког:галвала йиш яц.Х1инца дукха гена яц иза-кх хаьрцина б1ов.Тахана хьожур ву х1ара,цунна билгал х1ун хилла:Т1аккха б1аьста, лайн хиш д1а а девлла,якъаелча,вуха вог1ур ву, шеца кхин накъостий а балош.Цхьаболчара т1улг т1ебахьар бу, вукхара бетон йийр ю,кхоалг1ачара- и схьакховдор, ткъа кхо,Жаьмбика,б1ов юттур ю.

                  Кхунна хаьа цунах хьалхалерниг цкъа а хир йоций.Х1етте а…Стагана анайист ма оьшу.

                 Цундела воьду иза, и юьхь-б1аьргаш а йистина , къена хеталун стаг, масех ког мосазза боккху,садаккха сеца а сецаш, шераший, г1айг1анаший даздина шен дег1 а такхийна, т1ехь ша бинчу т1улгаш юккъехула ирх берда буьххье, ах хаьрцина б1ов йолчу.

 

ΙΙΙ.Т1едиллар.

1.Шолг1ачу предложенехь дешнийн цхьаьнакхетарш билгалдаха.

2.Кхоалг1ачу предложенехь уьйраш билгалъяха.

 

V.Дешнаш т1ехь болх.

Анайист-горизонт

Б1ов-башня

 

VΙ.Жам1 дар.

Тетрадаш схьалехьадо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккха.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

19-г1а урок.

 

Урокан ц1е:Предложенин коьрта меженаш.

1алашо:Предложенин коьрта меженаш карлаяхар.

              Дозуш къамел кхиор.

                           Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1) Ц1ахь язйина предложенеш юкъара бартбар,урхалла схьакъастайо.

2)-Бартбар стенах олу?

-Урхалла стенах олу?

-Карара уьйр стенах олу?

-Цхьаьнакхетаран уьйр стенах олу?

-Карарчу уьйран маса кеп ю?Муьлхарш?

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1)-Муьлха коьрта меженаш евза шуна?

-Коьртаза маса меже ю?

-Дуьххьара муьлха меже лоху предложенехь?

2)Синтаксически къастам бе предложенешна.

    Иза вог1ура говрахь.К1ант кхиссалуш ловзура.Бераш дахара экскурсе.Бераш г1овг1а йора.К1анта дика доьшу.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Нохчийн маттахь коьрта кхоъ хан ю:подлежащи, сказуеми, нийса кхачам.

Предложенехь шех лаьцна  дуьйцучух подлежащи олу.Масала:Арахь бераш ловзу.

Подлежащи хуьлу грамматически,логически, х1унда аьлча,вайн маттахь подлежащи шен грамматически формица а, маь1ница а хила тарло.

Грамматически подлежащи олу(грамматически формица а,маь1ница а) ц1ерниг дожарехь(формица) долчу подлежащех.Масала:Ислам дика доьшуш ву.

Дийриг,лург,меттигниг дожарехь маь1ница нислучу подлежащи логически подлежащи олу.

                Логич.

Масала:Асета коч ийцира.

Подлежащина хаттарш х1иттадо Мила? Муьлш? Х1ун ? я Хьан? Стен? Хьенан? Стенан? Хьаьнга? Стенага?

2)Подлежащих лаьцна дуьйцучух, подлежащин дар я хилар гойтучу коьртачу меженах сказуем иолу.Сказуемино жоп ло х1ун до? Х1ун хуьлу? Муха ю? Мила ву? Хьенан ю? Маса ю? хаттаршна . Деши металл ду.Саидов яздархо ву.Иза сан ю.Иза цхьаъ ю.

3)Ц1ерниг дожарехь а лаьтташ, подлежащин дар я хилар шена т1едерзачу дашах нийса кхачам олу. Масала:Поэта стихаш язйо.К1анта библиотекера книга еара.

Нийсачу(ц1ерн.дожар) лаьтташ а, сказуемино шеца терахьехь я классехь барт(коьрта) а хиларна нийса кхачам предложенин коьрта меже. Лерина.

V.1амийнарг карладаккхар.

1) Ши предложени логически подлежащи долуш,ши предложени грамматически подлежащи,йиъ предложени сказуеми долуш, йиъ нийса кхачам болуш предложенеш х1иттайо.

2) Кхочушдо 19 г1а шардар.

VΙ.Жам1 дар.

1.Хаттарш ло дешархошка.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае бакъ4- 5-г1ий(аг1о22-г1а)

2.Масалш даладе.

 

20-21-г1ий урокаш.

 

Урокан ц1е:Подлежащин хилар.

1алашо:Коьртачу  меженан долу хаарш т1еч1аг1дар.

              Предложенехь грамматически,логически подлежащин къасто 1амор.

   Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

 

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Предложенехь къастайо коьрта меженаш.

Аслан дика таллархо ву.

Аслана дика толлу.

Аслан талла воьду.

2)Хаттарш:

-Маса меже ю коьрта нохчийн маттахь?МуьлхаршСтенах олу подлежащи?

-Сказуеми стенах олу?

-Стенах олу нийса кхачам?

 

ΙΙΙ.Керла тема йовзийтар

Подлежащи уггар хьалха ц1ердашах хуьлу.Масала:Ислам доьшуш ву.

Подлежащи кхечу къамелан дакъойх хила а тарлор,ц1ердешан маь1нехь уьш хилахь.

1.Ц1ерметдашах а хуьлу подлежащи.

Со школера хьалххе елира.2.Лаамечу билгалдашах а хуьлу.Воккханиглара веза.

3.Лаамечу масаллин, рог1аллин терахьдешнех хуьлу подлежащи.Цхьац схьавеара,ткъа шорг1аниг д1авахара.

4.Лаамечу причастих а хуьлу подлежащи.

Вистхилларг дехьавелира.

5.Масдарх а хуьлу подлежащи.

Дешар-серло,цадешар- бода.

6.Хандешан билгалзачу кепах а подлежащи хила тарло.Х1усамехьдаа-мала шорта дара.

7.Наггахь ц1ердешан маь1нехь хилахь,айдардашах а подлежащи хуьлу. И ура  дика  деара.

8.Цхьана мехаллица , цхьа маь1на а долуш,цхьанакхеттачу дешнех х1оттаман подлежащи хуьлу.

Г1иллакх лардар дика ду.Кхузза кхоъ исс ду.

§5 –г1а дешархоша д1айоьшу.

 

ΙV1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 19-г1а шардар.(билгалйоху коьрта меженаш,дешархоша предложенеш х1иттайо грам-ки бух т1ехь.

 

V.Дешнаш т1ехь болх.

Г1аттам-восстание.

 

VΙ.Жам1 дар.

1.Хаттарш ло.

2.Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае бакъо 5-г1а.

2.20-г1а    шардар кхочушщде.

22-23-г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Хандешан цхьалхе сказуеми.

1алашо: 1)Предложенuн меженаш къасто 1амор.

2)Хандешан цхъалхе сказуеми кхечу предложенин меженех кьасто

1амор.

                                            Урок дlаяхьар.

Ι.Урокан болх дlах1оттор

 

ΙΙ.Цlахь бина болх таллар

1.Ц1ахь язйина предложенеш д1айоьшу дешархоша.

2.Подлежащих лаьцна дуьйцу.

 

ΙΙΙ.lамийнарг карладаккхар.

1) Фронтальни хаттарш:

- Маса коьрта меже евза шуна нохчийн маттахь? Ц1ераш яха церан.

- Подлежащи муьлхачу къамелан декъех хила тарло?

- Муьлхачу дожаршкахь лела иза?

- Грамматически подлежащи муьлхачух олу?

- Логически (маь1ин)) подлежащи муьлхачух олу?

-Хандешан цхьалхе сказуеми муьлха ду?

- Предложенехь сказуеми къасточу хенахь стенан тидам бан беза?

  2) Предложенешна т1ехь болх байтар:

 

ΙV.Дешнийн диктант.

Оьзда к1ант,суна дуьйцура,веанера,тептар,нана, пхиъ,муьста,цаьрца,охьадог1ура.

-Къамелан дакъош билгалдаха.

 

V.Керла коьчал йовзийтар.

1)Дукхахьолахь сказуеми хандашах хуьлу.

Деккхачу хандашах хилла сказуеми цхьалхе сказуем иолу.

Сказуеми шех хуьлучу кепах хандешан саттам олу.Хандешан цхьалхе сказуеми хуьлу билгалзачу а, лааран а, т1едожаран а, бехкаман а( хандешнийн)

Саттамийн хандешнаш.

Сказуеми хуьлу хандешан цхьалхе а, ц1еран х1оттаман а, хандешан х1оттаман а.

2) Дешархошка йоьшуьйту 6-г1а бакъо.

 

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1) Кхочушде 23-г1а шардар.

2) Билгалбоккху грамматически бух.

3)Хандешан цхьалхе сказуеми билгалдоккху.

 

VΙΙ.Жам1 дар.

1.Хаттарш ло дешархошка.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае бакъо§ 6-г1а(аг1о24-г1а)

2.Кхочушде 24-г1а шардар.

 

 

 

24-25-г1ий урокаш.            

 

Урокан ц1е:Ц1еран х1оттаман сказуеми

 

1алашо:Ц1еран х1оттаман сказуемих кхетам балар.

              Ц1еран х1оттаман сказуеми муьлхачу къамелан декъах хуьлу хаийтар.

                            

                                         Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.Билгалдолу цхьалхе сказуеми.

2.Стенах олу цхьалхе сказуеми?

-Муьлхачу хандешан саттамашкахь лаьтта хандешан цхьалхе сказуеми?

3.Кху предложенешкахь билгалдаккха цхьалхе сказуеми.

Гуьйренан денош хаза лаьттара.Йоь1ан жима дог тохаделира.

 

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

Хьалххе уьн т1ехь язйина предложенеш ю.

Айдамиров А. нохчийн г1араваьлла яздархо ву. Нанна шен доьзалхо даима  бакъ хета.

Хила дика доьшуш ю.

Вай билгалдаьхнарш ц1еран х1оттаман сказуем иду.

       1. Ц1еран х1оттаман сказуеми ц1еран декъах а, г1оьнан хандешан х1оттамах а лаьтташ хуьлу.        Ц1еран декъах а,г1оьнан хандешан х1оттамах а лаьттачу сказуеми ц1еран х1оттаман

сказуеми олу.Ц1еран х1оттаман сказуемина х1ара хаттарш х1иттадо иза мила ву? Муха ю?стенан ю?маса ду? Мосалг1а ю?х1ун деш ю?

      2.Ц1еран х1оттаман сказуемин ц1еран дакъа ц1ердашах, билгалдашах , терахьдашах,ц1ерметдашах, причастих,деепричастих,куцдашах хуьлу,ткъа х1оттам  вуЮхуьлу г1оьнан хандешнех хуьлу.

      3.Ц1еран х1оттаман сказуемех х1оттам  хитлла ву,хуьлу, боху г1оьнан хандешнаш лелла ца 1а, х1оттом хила тарло хета,ган,лара,дан,каро бохучу хандешнех. Ц1еран х1оттаман  сказуеми и дешнийн цхьаьнакхетарх хила а тарло.

     4.Ц1еран х1оттаман сказуемехь цуьнан лексически коьрта маь1на билгалдеш ц1еран дакъа ду.

 

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 25-г1а шардар.

Билгалдоху цхьалхе а,ц1еран х1оттаман а сказуеми.

 

V.Жам1 дар.

1.Хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку

 

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 7-г1а§(аг1о 26)

Масалш даладо.

      

 

 

 

 

 

26-г1а урок.

 

Урокан ц1е:Подлежащиний,ц1еран х1оттаман сказуеминий юкъахь тире.

1алашо:Подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юкъахь тире хааран бакъонаш йовзийтар.

              Дозуш къамел кхиор.

                           Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

 

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1) Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

2) бакъо схьаюьйцу.

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1)-Муьлха коьрта меженаш евза шуна?

-Коьртаза маса меже ю?

-Дуьххьара муьлха меже лоху предложенехь?

-Стенах олу подлежащи?

-Маса кеп ю хандешан?

-Маса кеп ю подлежащин?

-Стенах олу сказуеми?

2)Синтаксически къастам бе предложенешна.

    Иза вог1ура машенахь.Бера кхиссалуш ловзура.Со вахара экскурсе.Бераш г1овг1а йора.Йо1о дика доьшу.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Нохчийн маттахь ц1еранх1оттаман сказуеми коьртачу декъана шеца х1оттам болуш,оьрсийн маттахь х1оттам боцуш хуьлу.

Пушкин поэт ву.Пушкин-поэт.

Нохчийн маттахь сказуеми х1оттам боцуш ала тарло кицанехь а, стихашкахь а, ц1еран дакъа терахьдашах хиллехь а, сноскехь дош довзуьйтуш аМасала:Мало-хало.Хазалла сарралц- дикалла валлалц. Дешар серло- цадешар бода.Шозза шиъ-диъ.Фольклор- халкъан барта  кхолларалла.

Х1оттам боцуш алахь, подлежащи ц1еран х1оттаман сказуеми юкъа тире юьллу.Масала: Шозза шиъ-диъ.Шозза шиъ диъ ду.

1илманан декъехь дуьйцучохь ц1еран х1оттаман сказуеми х1оттам йолуш оьрсийн маттахь а олу.масала:Язык есть тело мысли.

Подлежащи ц1еран х1оттаман сказуеми юкъахь иза  боху ц1ерметдош хилахь цунна хьалха, х1оттам хиларе хьаьжжина доцуш , тире юьллу.Масала:Хьанала къахьегара а, дика дешар а-иза вайн коьрта декхар ду.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 27-г1а шардар.

а)ц1еран х1оттаман сказуемин буха сиз а хьокхуш

б)шина предложенина синтаксически къастам бе.

VΙ.Жам1 дар.

1.Хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.бакъо дагахь 1амае .

2.5 предложени язйо ц1еран х1оттаман сказуеми юкъахь а долуш..

 

27-28-г1ий урокаш.             

 

Урокан ц1е:Хандешан х1оттаман сказуеми

 

1алашо:Хандешан х1оттаман сказуемин  кхетам балар.

              Хандешан х1оттаман сказуеми муха кхолладелла хаийтар.

                            

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

3.Дешнаш т1ехь болх

Маккхал-коршун

Къорза къиг-сорока.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзуьйту.

1.Хандешан билгалзачу кепах инфинитив олу.Инфинитий,муьлхачу а саттаман г1оьнан хандашаххий хиллачу сказуемех хандешан х1оттаман сказуем иолу.Масала:Суна школе яха ца лаьа.Хьехархо керла теманах кхето юьйлира. Хандешан х1оттаман сказуемина х1ара хаттарш:Х1иттадо?Х1ун дан лаьа?Х1ун дан хаьа?Х1ун дан юьйлира?Х1ун дан кечвеллера?Х1ун дан волало?Х1ун дан х1итту?Х1ун дан воллу?Х1ун хила дулу?Х1ун дан кхуьу?Х1ун адн г1ерта?Х1ун дан хьожу?Х1унхила мега?Х1ун хила тарло?

Ваха лаьа,еша юлу, деша г1ерта,яздан мега,шелъелла тарло.

 

2.Хандешан х1оттаман сказуемин коьрта дакъа инфинитив ю,г1оьналлин дакъа г1оьнан хандош ду,х1унда аьлча инфинитиво сказуемин лексически коьрта маь1на гойту,ткъа г1оьнан хандашо и маь1на гайта г1о а до, сказуемин грамматически маь1на а  гойту .М:Дешархой экскурсе баха кечбелира.

 

3.Хандешан  х1оттаман сказуемехь инфинитивица цхьаьна лела а тарло г1оьнан хандешнаш:лаьа,дола,г1ерта,тара,кечвала,хаа,х1отта мага,хьажа,волавала,тардала,тохавала,тига,сихвала,хьакха,озо,эша,деза,кхиа,кхиаелла.Масала:язъян лаьа.аравала г1ерта,язъян кечло,деша кхуьу,деша деза,деша кечло.

ΙV.Т1еч1аг1дар.

1)9§  Бакъо йоьшу дешархоша.

2)Уьн т1ехь предложенеш язъйо.

Асет поезд  т1е яха кхиа еза. Ислама хаийтира и кехат деша дезий.1имрана г1ала деша ваха лаьа.дас дов дича Иляс деша волало.сан нана хьехархо ю.Арахь доккха ло диллина.

-Бакъонаш кралайоху.

-Билгалдоху сказуемеш,церан кепаш.

3)Кхочушдо 29-г1а шардар.

Т1едиллар кхочушдо.

V.Жам1 дар.

1.Хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 9-г1а бакъо,аг1о 29-г1а

2.Кхочушде 20-г1а шардар.

 

29-г1а урок.               

 

 

Урокан ц1е:  Сочинени

 

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Вайнехан г1иллакхашан мах, безам лаккхабаккхар.

               Предложени нийса х1отто хаар ,пунктационни бакъонаш карлаяхар, уьш т1еч1аг1ъяр.

                                              Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.

 

2.Сочинени язъян кечам бар.

1)дешархошна тетрадаш декъар

2)уьн т1ехь д1аязйина сочиненин ц1ераш:

 

 ,,Вайнехан х1инцалера йо1-и мила ю?

,,Вайнехан х1инцалера к1ант- и мила ву?”

Дешархоша шайна къастайо церех цхьаъ

 

3.Хьехархочун дош.

 

-Нохчийн мотт исбаьхьа, хаза, хьалдолуш, ира мотт бу. Дог-ойла ма-ярра ц1ена, нийса,юьззина д1айийца,билгалъяккха йиш ю вайн маттахь.Г1иллакх-иза адамаша лелочу юкъаметтигийн,гергалонийн кепаш,куьцаш,дозанаш ду.Ткъа уьш ,,оьздангалла” бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду.Цул сов,оьздангалла Далла ечу 1аламца,гонахарчу 1аламца,шен дег1аца, дагца,ойланца стаг ц1ена хилар а ду,Оьздангалла дуьххьалд1а х1ора стеган леларехь,амалшкахь гучуяьлла ца 1аш,цуьнан сица,синкхетамца хила езаш а ю.Х1окху замалахь вайнехан йо1 а, к1ант а муха  бу,уьш муха хила беза а дуьйцур ду, язйийр ю шайн сочинени т1ехь.

-Х1инца, аша  шайн тетрадаш т1ехь схьаязйийръю шаьш ц1ахь кечйина йолу сочинени.

 

4.Дешархоша сочинении язъяр.

 

5. Тетрадаш схьалахьдар.

 

6.Ц1ахь бан болх:

1амийнарг карладаккхар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

           

 

 

 

 

 

30-г1а урок.

 

Урокан ц1е:Предложенин коьртаза меженаш.

1алашо:Предложенин коьртаза меженаш карлаяхар.

             Уьш муьлхарш ю,церан х1ун хаттарш ду а хаийтар.

              Дозуш къамел кхиор.

                           Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.

 

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1) Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

2) бакъо схьаюьйцу.

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1)-Муьлха коьрта меженаш евза шуна?

-Коьртаза маса меже ю?

-Дуьххьара муьлха меже лоху предложенехь?

-Стенах олу подлежащи?

-Маса кеп ю хандешан?

-Маса кеп ю подлежащин?

-Стенах олу сказуеми?

-Х1ун гойту лач кхачамо?

-Х1ун гойту къастамо?

-Х1ун гойту латтамо?

2)Билгалъяха коьртаза меженаш.

   Шерачу арахь сов чехка керчайо ц1ерпошто чкъуьргаш.

Ас сийдо сайн ненан.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Оцу  предложенех масалш а деш керла тема юьйцу.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 41-г1а шардар

2.Т1едахкарш кхочуш деш, болх бо.

3.Х1ора кицанаш маь1на даста.

Г1а-заза хецнехь а, беш хаза яц, зарзарийн эшарша хьоьстуш яцахь.

Зоьртала велахь а, стаг ч1ог1а вац, хьаналчу ойланца дог кхехкаш дацахь.

-Билгалдоху латтамаш,къастамаш.

-Билгалдаьхна дешнийн кхолладаларх лаций дийца.

VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Б1аьштиг-шишка

Аьрша-70см.

VΙΙ.Жам1 дар.

1.Хаттарш ло.

2.Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.35-г1а    шардар кхочушщде.

2.Т1едилларш кхочушде.

 

 

 

31-32-г1ий урокаш.             

 

Урокан ц1е:Лач кхачам.

 

1алашо:Лач кхачамех 1амийнарг карладаккхар а,

                   т1еч1аг1дар а.

                            

                                         Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу.

3.Фронтальни хаттарш.

-Стенах олу кхачам?

-Маса кепара хуьлу кхачам?

-Муьлхачу дожаршкахь лела лач кхачам?

-Муьлхачу къамелан декъах лаьтта лач кхачам?

 

ΙΙΙ.Каралдаккхар.

1.Предложенешкара билгалъяха коьртаза меженаш:

Бузучу малхо серлаяьккхина юрт.

Къилбехьара  лахлуш генна д1абахло къегина арц.

 

2.Легаде бузучу малхи дешнийн цхьаьнакхетар.

3.Морфологически талла х1ара предложенеш.

Малх дикка лакха баьллера.

1уьйре т1екхаьчча тхо новкъа девр ду.

Цхьа чохь лаьттина г1ар-тата дукха хан ялале д1атийра.

ΙV.дешархоша шаьш болх бо.

1.Кхочушдо 34-г1а шардар.Предложенин бе синтаксически  къастам.

.Стела1ад,исбаьхьаллин бохучу дешнашна бо фонетически къастам.

2.36-г1а шардар (ΙΙ дакъа)схьаяздо.Билгалйоху коьрта меженаш.

Дуьйцу царах лаьцна.

 

V.Жам1 дар.

1.Хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

 

VΙ.ц1ахь болх.

1.1амае 10-г1а§ аг1о 32-г1а

2.Кхочушде 36-г1а шардар(ΙΙ дакъа)

 

 

 

 

 

 

33-34-г1ий урокаш.             

 

Урокан ц1е:Къастам

 

1алашо:Коьртаза меженах 1амийнарг карладаккхар.

                Къастам предложенехь схьакъасто хаийтар.

                            

                                         Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу.

3.Фронтальни хаттарш.

-Стенах олу кхачам?

-Маса кепара хуьлу кхачам?

-Муьлхачу дожаршкахь лела лач кхачам?

-Муьлхачу къамелан декъах лаьтта лач кхачам?

-Муьлхачу дожарехь лела нийса  кхачам?

 

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Х1уманан билгало гойтучу предложенин коьртазчу меженах къастам олу.Цох1окху хаттаршна жоп ло :муха? Муьлха,мичара?хьенан?стенан?

Къастам берта а,бертаза а хуьлу .Предложенехь дукхахьолахь къастам ц1ердашна хьалха хуьлу.

Къастамийн,ц1ердашнийн юккъехь бартбаран уьйр елахь,берта къастам лору. Къастамийн , ц1ерметдешнийн юккъехь урхаллин,т1етовжаран уьйр елахь-бертаза къастам лору:

Малхо комаьрша 1енайо лаьтта шен йовха з1аьнарш.

Стеган амалех а,хьолах ауггаре тоьшалха берг нехан безам цуьнгахь хилар ду.

Къастам  дукхахьолахь х1окху къамелан дакъойх кхоллало:

1)билгалдашан:лекха лам,мерза 1аж,комаьрша стаг,1аьржа б1аьргаш,болатан тур.

2)гайтаран а,къстаман а,доладерзоран а ц1ерметдешнех:х1ара дитт,д1ора стаг,дерриге адуьне,сан дахар.

3)рог1аллин терахьдешнаш:шолг1а буьйса,пхоьалг1а сахьт.

4)хандешан билгалзачу кепах:сан деша лаам бу.

5)причастих:яздина кехат,воьлу к1ант,леста г1а.

6)причастин карчам:шен меттахь ца аьлла дош хезна дац

V. Т1еч1аг1дар.

1. Кхочушдо 37-г1а шардар.

-Берта а,бертаза а къастамаш билгалбоху.

-Хьалхлерачу предложенина синтаксически къастам бе.

VΙ.Жам1 дар.

1.Хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙ.ц1ахь болх.

1.1амае 11-г1а§

2.Кхочушде 38-г1а шардар.

 

 

 

 

35-г1а урок.             

 

Урокан ц1е:Юххедиллар(приложение)

 

1алашо:Коьртаза а,коьрта а меженаш карлаяхар.

                Юххедилларх кхетам балар,цуьнан нийсаяздар.

                            

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу.

 

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Фронтальный хаттарш.

-Подлежащи стенах олу?

-Логически,грамматически подлежащи юкъахь х1ун башхалла ю?

-Сказуемин муьлха тайпанаш ду?

-Нийса кхачам стенах олу?

-Лач кхачам стенах олу?

-Къастам стенах олу?

-Берта а,бертаза а къастамаш муьлхарш бу?

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ера масаллина хьожуш,юххедилларш довзуьйту хьехархочо ,нийсаяздарна тидам бохуьйту.

1)Йо1-1илманча,к1ант-бено(юххедилларехь ший а дош юкъара делахь,царна юккъе дефис юьллу.

2)Лор Малика, хи Соьлжа,г1ала Грозни юкъара ц1е хьалха йолуш делахь ц1е цунна т1ехьа елахь цунна юкъахь дефис юьллу.Грозни г1ала,Малика –лор.

3)Газет«Даймохк»,журнал«Орга»журналийн предприятийн,исбаьхьа произведений ц1ераш кхин ц1ераш елахь,уьш даккхийчу элпашца яздо,кавычкаш юкъа а оьцу.

V. Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 46-г1а шардар.

-Хьалхарчу шина предложенина бе синтаксически къастам.

VΙ.дешархошка шайга болх байтар.

Х1окху дешнех предложенеш х1иттае:

Йо1-1илманча,к1ант-бено,Малика –лор,Соьлжа –хи.

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 12-г1а§

2.Кхочушде 44-г1а шардар.

 

 

 

 

 

 

 

 

36-г1а  урок                      

 

Урокан ц1е:Латтамаш

 

1алашо:Латтаман  кхетам балар.

Муьлхачу къамелан декъах хуьлу латтамаш хаийтар.                            

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

-Стенах олу юххедиллар?

-Муха яздо юххедиллар?

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

ΙΙΙ. Карладаккхар.

1.-Стенах олу къастам?

-Юххедиллар стенах олу?

-Къастаман кеп юй юххедиллар?

2.Кху предложенин бе синтаксически къастам.

Г1ийла хьоькхучу мохо меллаша дегадора арахь лаьттачу диттийн г1аш.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1е язйина пженеш.

Арахь лайн чимаш ду кхуьссуш.-меттиган латтам

Меллаша йог1ура машен-даран суьртан латтам

Дийнахь вахара иза балха-хенан

Алсам ийцира кана к1ан буьртигаш-бараман

Оллушехь дош нийса ца кхийтира 1имран-дуьхьлара

Хазалла а,дикалла а юьйцура ц1ернаха-бахьаннин

Латтам коьртаза меже ю.Латтамаша  гойту дар,хилар муьлхачу  хьолехь кхочуш хуьлу. Шайн маь1нашкахь хьаьжжина латтамаш хуьллу:даран суьртан,хенан,меттиган,1алашонан,бехкаман,бахьанин,дуьхьлара.Предложенехь латтам хуьлу: ц1ердашах,дешт1аьхе йолуш а,йоцуш а ,масдарх, куцдашах, деепричастех. хандеша билгалзачу

кепах,ц1ерметдашах.

V. Т1еч1аг1дар.

Кхочушдо 47-г1а шардар.

Латтамаш билгалбоху.Дуьйцу уьш муьлхачу тайпана ду.

 

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 13-г1а§

2.Кхочушде 44-г1а шардар.

 

 

 

 

 

 

37-г1а  урок                      

 

Урокан ц1е:Даран суьртан латтам.

 

1алашо: бараман латтаман  кхетам балар.

Предложенехь бараман латтам схьакъасто хаар.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

2.Хаттарш ло:

-Стенах олу подлежащи?

-Маса кеп ю хандешан?

-Маса кеп ю подлежащин?

-Стенах олу сказуеми?

-Х1ун гойту лач кхачамо?

-Х1ун гойту къастамо?

-Х1ун гойту латтамо?

3.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

ΙΙΙ. Карладаккхар.

Г1алаташ нис а деш тетрадаш т1е д1аяздо.

«Дайна бер» дийцар яздина  Дадашевс.Дог1анаш ихина Орга-хи дистина дара.Юьрта еана йо1-хьехархо жима яра

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Байн хьоькхучу мохо лестадора г1аш.Байн хьоькхучу мохо г1ийла лестадора г1аш.

Синтаксически къастам  бо предложенина.

Даран суьртан латтамаша гойту, муха  кхочушхуьлу дар, хилар .Цара жоп ло муха?мича кепара? бохучу хаттаршна .

Коьртачу декъана даран суьртан латтам предложенехь куцдашах,деепричастин карчамах, ц1ердашах,хандешан латтаман формех хуьлу.

Билгалдаккхар:Даран суьртан латтам шен формица къастамах тера хуьлу,цундела хаа деза даран суьртан латтам хандешнашца боьзна хуьлий, ткъа къастам-ц1ердашца.

Вон ж1аьла ша-шен ц1огана лета.

Хьо вон вистхилира цуьнга.

2)44-г1а аг1он т1ера бакъо йоьшу.

V. Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 49-г1а шардар.

2)4 предложенина бе синтаксически къастам

 

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 13-г1а§

2.5 предложени х1оттае, синтаксически къастам бе.

 

 

 

38-г1а  урок                      

 

Урокан ц1е:Бараман латтамаш

 

1алашо: бараман латтаман  кхетам балар.

Предложенехь бараман латтам схьакъасто хаар.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

-Стенах олу даран суьртан латтам?

-Мухакъастайо иза?

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Къолам,сий,денош,воьдура,1алашо,ведда,хуур ду,лаьмнаш,мерза,йисна,юьртахь,марзо,исс,мотт, не1, 1амор ду, аьзнаш, мостаг1,накъост,к1ант,чехка,нохчийн гуьйре,къинхьегамхо,хаийтира,соьцура,оьшу,хаа деза,аьлла,ц1ен.

-Йийца нийсаязъяран бакъонаш.

-Билгалдоху къамелан дакъош.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1е предложении ю хьалххе язйина.

                   Барам.латтам

Стиглахь наггахь гуш седарчий дара.

               Дееприч.

Цхьаннннхьа а воьлхур воцуш цомгуш вара иза.

Барам.

Саххилалц дог1а деара.

Бараман латтама гойту ск. Дар хилар муьлхачу барамехь,доржехь кхочуш хуьлу,Цара жоп ло:мел?Муьлхачу барамехь? Бохучу хаттршна.Бараман латтам дукхахьолахь куцдашах кхоллабелла хуьлу.Бараман латтам хила тарло деепричастех,дустаран карчамах а.

 

Дешархошка бакъо йоьшуьйту.

V. Т1еч1аг1дар.

Кхочушдо 50-г1а шардар.

Латтамаш билгалбоху.Дуьйцу уьш муьлхачу тайпана ду.

 

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 14-г1а§

2.Кхочушде 52-г1а шардар.

 

 

 

 

 

 

39-г1а  урок                      

Урокан ц1е:Меттиган латтамаш

 

1алашо: Меттиган   латтаман  кхетам балар.

Предложенехь хенан  латтам схьакъасто хаар.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

-Стенах олу даран суьртан латтам?

-Муха къастайо иза?

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

ΙΙΙ.Карладаккхар.

Фронтальны хаттарш

-Х1ун башхалла ю логически а,грамматически подлежащин юкъахь?

-Стенах олу сказуеами?

-Нийса кхачам стенах олу ?

-Нийса кхачам а, лач кхачам а вовшех муха къастайо?

-Маса меже ю коьртаза?

-Латтам стенах олу?

-Даран суьртан латтам стенах олу?

ΙV.Дешнаш т1ехь болх.

Гатар-восприятие

Ерд-(ю)-плаха;место казни,наказание.

Дуьшана(ю)-удобрение.

V.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь хьалххе язйина предложенеш ю:

Со селахана базара вахара.

Арахь диллина доккха л оду.

Тхан автобус Гуьмсехула яхара.

Аьтту аг1ора лаьтташ вара Ислам.

Тховнаш т1ехь сецна ло.

Билгалбоху латтамаш хаттарш х1иттадо.

Меттиган латтамаша гойту дар,хилар мичахь кхочушхуьлу.Цуьнан хаттарш ду:Мича? Мичахь? Мичара? Мичахула? Мичахьара? Мичахьахула? Мичхьара дуьйна?

Стенга? Стенгахь? Стенгахьа? Стенгахула? Стенгахьара? Стенгахьахула?

Меттиган латтамаш хуьлу дешт1аьхьенаш йолуш а, йоцуш а долчу ц1ердешнех, куцдешнех, ц1ерметдешнех, терахьдешнех, хандешан латтамийн формех.

2.15-г1а бакъо йоьшу дешархоша.

V. Т1еч1аг1дар.

1)Кхочушдо 54-г1а шардар.

а)билгалбоху меттиган латтамаш

б)синтаксически къастам бо хьалхарчу пхеа предложенина.

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 15-г1а§

2.Кхочушде 54-г1а шардар.

 

40-г1а  урок                      

Урокан ц1е:Хенан латтамаш

 

1алашо: хенан   латтаман  кхетам балар.

Предложенехь хенан  латтам схьакъасто хаар.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

-Стенах олу даран суьртан латтам?

-Муха къастайо иза?

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

Фронтальны хаттарш

-Х1ун башхалла ю логически а,грамматически подлежащин юкъахь?

-Стенах олу сказуеами?

-Нийса кхачам стенах олу ?

-Нийса кхачам а, лач кхачам а вовшех муха къастайо?

-Маса меже ю коьртаза?

-Латтам стенах олу?

-Даран суьртан латтам стенах олу?

 

ΙV.Уьн т1ехь болх бо дешархоша.

Ц1ийна юххехь бераш ловзура. Луларчу к1анта дика 1амадора дешар.

Хьехархочо къахьоьгура дешархошна хьоьхуш.

 

V.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1ехь язйина предложенешца болх бар.

Тхан кхана талламан болх бу. 1ан- б1аьста а, гурахь –аьхка а к1айн кирхьа кхозу цу 1аламат дуьхьал.Охуш аьлларг,оруш карийна.

Синтаксически къастам а бина тетрадкаш т1е д1аязйо предложенеш.

      Хенан латтамаша билгалдохучу маца кхочушхуьлу дар,хилар.Цара жоп ло: маца? Маца дуьйна? Маццалц? Бохучу хаттаршна.

Хенан латтам хандешан-сказуемих боьзна хуьлу.Иза кхоллало куйцдашах,деепричастих,деепричастин карчамах,хандешан латтамийн форманех.

 

VΙ.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 55-г1а шардар.

-Хенан латтам билгалбоккху.

2.Х1окху дешнийн цхьаьнакхетарх предложенеш х1иттае: со чоьхьавелира,к1ант сахиллалц, юххьера дуьйна, сарралц.

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 14-г1а§

2.Кхочушде 52-г1а шардар.

 

41-г1а  урок                      

Урокан ц1е:Бахьанин латтамаш

 

1алашо: бахьанин   латтаман  кхетам балар.

Предложенехь бахьанин  латтам схьакъасто хаар.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

-Стенах олу хенан латтам?

-Муха къастайо иза?

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

     Хенан                          меттиган

1.Селхана бераш хьуьнах дахара.

-Латтамаш билгалбаха х1окху предложенин юкъара.

2.Кху дешнашна юкъара г1латаш нисде.

Мотт,буьйса,воккханиг,къамел,къолам,дуьйцу,к1еззиг,сахиллалц,топп.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Дешнийн диктант.

Стомара,дийнахь, юьртахь,оццул,ч1ог1а,туьйра,юкъара.

Хьехархочо бахьанах кхетам балар.

Бахьанин саттамо гойту дар, хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу.Цо жоп ло:х1унда,х1ун бахьан дохуш?мича бахьаница? Бохучу хаттаршна:

Бахьанин латтам хуьлу:

1)Куцдашах:Хьамид дика стаг вара,цундела везара и массарна.

2)суффикс(-лла)йолчу ц1ердешнех:Хазалла а дикалла юьйцура иза

3)Лург дожарехь долчу масдарх,масдаран карчамах: Г1а-баца т1ехь хилла тхи дакъаделлера,малх хиларна.

4)Деепричастех,деепричастин карчамах:Кхоьруш,дуьххьара дош ца элира к1анта.

5)Бахьана долуш,бахьанехь бохучу дешнашца:Оццул кхерам болуш бу-кх х1ара «Церан арц»,

боьха нах кху т1ехь  бахар бахьана долуш.

 

VΙ.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 57-г1а шардар.

2.кхочушдо 58-г1а шардар.Шина предложенина  бе синтаксически  таллам.

 

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 17-г1а§

2.Кхочушде 59-г1а шардар. Цхьа предложенина синтаксически толлу.

 

 

 

42-г1а  урок                      

Урокан ц1е:1алашонан латтамаш

 

1алашо: 1алашонан   латтаман  кхетам балар.

Предложенехь бахьанин  латтам схьакъасто хаар.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар толлу.

-Стенах олу хенан латтам?

-Муха къастайо иза?

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1.-Маса ю коьрта а, коьртаза а меженаш?

-Муьлхарш?

-Стенах олу латтам?Латтам маса кепара хуьлу?

2.Дешнийн диктант.

Д1алиста,д1а ма хьо, схьа  ца дуьйцу, ткъе пхийтта, туьйра дийцина, б1аьргнег1ар, схьакъастор.

-Нийса д1аязде дешнаш.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Д1адийцархьама вахнера к1ант доттаг1 волчу.Х1ун 1алашо йолуш д1адийцархьама-х1ара 1алашонан латтам бу.Цо доттаг1 х1ун 1алашо йолуш вахна гойту.

2.Х1ун 1алашо йолуш кхочушхуьлу дар, хилар гойту 1алашонан латтамо.Цуьнан хаттарш ду: х1ун 1алашо йолуш?хьенан дуьхьа? Стенан дуьхьа?1алашонан латтам хандешах,сказуемех боьзна хуьлу.Иза хуьлу лург дожаран кепехь долчу ц1ердашех хандешан билгалзачу кепах,масдарх, хандешан латтамийн кепех.

3.51 аг1он т1ера бакъо д1айоьшу дешархоша шайн масалш д1аладо.

 

VΙ.Т1еч1аг1дар.

1.Хаттарш :

-Даран суьртан латтам стенах олу?

-Меттиган латтам стенах олу?

-Хенан латтамо х1ун гойту?

-Бахьанин латтам стенах олу?

-Бараман латтам стенах олу?

2.Кхочушде 60-г1а шардар.

3.Х1окху дешнех предложенин х1иттае:алархьама,ненан дуьхьа, дийцар дийцархьама, иштта,чехка водура, уьдуш вара, дика доьшура.

-Латтамаш билгалбоху.

 

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 18-г1а§

2.Кхочушде 61-г1а шардар. Цхьа предложенина синтаксически толлу.

 

43-г1а урок.

 

 

Урокан ц1е:Талламан диктант

 

1алашо:1амийнарг карладаккхар,

                                          т1еч1аг1дар.

                                                  Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Текст язъяр.

            хенан латтам                                                                меттиган латтам

   Эзар барх1 б1е шовзткъе барх1алг1ачу шарахь йолхитталг1ачу июлехь Шела улло гулбира Шемала нохчийн наибаш а,1еламнах а. Итт де хьалха Шуьйта а  гулбинера цо уьш,Йохийна, ягийна,ерзина яьхначу хьаннаш юккъехь,шуьйрачу арахь тийна д1ах1иттина лаьтта нохчийн эскарш.Имамна т1евеанчу нохчийн коьртачу наиба шелахойн Т1елхига кхуза муьлха наибаш баьхкина а,цаьрца мел б1аьхой бу а дийцира цунна доцца.Шемала б1аьрг туьйхира б1аьхошка.Дуккха а т1емашкахь зийначу,х1оккху Шемалх дуьненахь а ц1е яхана турпалхо винчу нохчийн хьалхалерачу майрачу гвардех бисина цхьа  кана т1емалой.Царна хьалха лаьттара ц1арна а ц1е яхана шелахойн Т1елхаг, шотойн Ботукъ а, гиххойн Сайдулла,бенойн Бойсг1ар,аьккхойн Гойтмар,гендаргенойн 1иса кхин болу г1арабевлла наибаш а.

-Ладог1ал,майра нохчий,-мохь туьйхира Шемала.

     Аре д1алаьцна долчу эскаро тапъаьлла ладуьйг1ира.

 

Грамматически т1едиллар.

1)хьалхарчу предложенина бе синтаксически таллам

 

ΙΙΙ.Жам1  дар

 

ΙV.Ц1ахь бан болх

Хандешнех лаьцна карладаккхар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

44-г1а  урок                      

Урокан ц1е:Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

 

1алашо: Предложенин цхьанатайпанара меженах кхетам балар.

                       Яьржина а, яржаза а цхьанатайпанарчу меженах кхетор.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Талламан белхаш  а,оценкаш йийцар.

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1.Хаттарш:

-Маса ю коьртаза меже?

-Стенах олу подлежащи?

-Стенах олу сказуеми?

-Стенах олу кхачам?Маса кепара хуьлу кхачам?

-Къастам стенах олу?

-Латтам стенах олу?Муьлха латтамаш бевза шуна?

2.Предложенеш х1иттае х1окху дешнашца:Ц1ена а,хаза а; бералла а,Орга-хи,дешархой,1илманча.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

1.Кхеторна оьшуш йолу меженаш чохь йолчу предложенин юьззина предложен иолу.

Вовшашца юкъахь цхьанакхетаран уьйр йолчу дешнех цхьанатайпанара меженаш олу.

2.Цхьанатайпанара меженаша цхьана хаттаршна жоп ло,цхьана дашах йозуш хуьлу.

Хуттургаш а йоцуш, цхьанакхеттачу меженашна юкъахь запятой юьллу.

Дукхахьолахь цхьанах. Меженах цхьана тайпанчу меженах хуьлу, амма тайп-тайпана къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло.

3.Предложенин цхьанатайпанара меженаш ша- тайпанарчу интонацица йоьшу.Уьш муьлхха а меже хила там бу.Хуттаргаш хуттурган суффиксаш йолуш а,йоцуш а ала а йиш ю.

4.Предложенин цхьанатайпанара меженаш яьржина а, яржаза а хуьлу.

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 88-г1а шардар.

1)Билгалйоху цхьанатайпанара меженаш.

2)Дуьйцу цхьанатайпанарчу меженах лаьцна

2. Синтаксически талла цхьа предложени.

 

VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Хесара-г1ийла,оза(худой,тонкий)

 

VΙΙ.Жам1 дар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 27-г1а§

2.Кхочушде 91-г1а шардар.

 

 

 

45-46г1ий  урокаш                  

Урокан ц1е:Предложенин цхьанатайпанара меженашкахь хуттургаш.

1алашо: Предложенин цхьанатайпанара меженашкахь сацаран хьаьркаш

                    х1итторан бакъонаш йовзийтар.

                     

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. §27-г1а бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1.Доски т1ехь болх байтар.

(Предложенеш д1а а язйойтуш, синтаксически таллам байтар).

1уьйранца схьакхийтира дуьне къагош дашо малх.

Дас шен к1антана хьехарш дора.

2.Бакъонаш схьайийцар.

 

ΙV.Дешнийн диктант.

Ц1оцкъамаш, шекъяьлла,цагинарг,цабезам,ца дуьйцу,г1ийланиг,кхойтта,вуьрх1итта,диканиг.

 

V.Керла тема йовзийтар.

Хьехархочун дош.

1.Вовшашца юкъахь цхьанакхетаран уьйр йолчу дешнех цхьнатайпанара меженаш олу.

2.Цхьанатайпанара меженаша цхьана хаттаршна жоп ло,цхьана дашах йозуш хуьлу.

Хуттургаш а йоцуш, цхьанакхеттачу меженашна юкъахь запятой юьллу.

Дукхахьолахь цхьанах. Меженах цхьана тайпанчу меженах хуьлу, амма тайп-тайпана къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло.

3.Предложенин цхьанатайпанара меженаш ша- тайпанарчу интонацица йоьшу.Уьш муьлхха а меже хила там бу.Хуттаргаш хуттурган суффиксаш йолуш а,йоцуш а ала а йиш ю.

4.Предложенин цхьанатайпанара меженаш яьржина а, яржаза а хуьлу.

 

VΙ.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 89-г1а шардар..

Т1едилларш кхочушдо.

2.5 предложени х1оттае цхьанатайпанара меженаш юкъахь а йолуш.

Цхьанатайпанара меженашна буха сиз хьакха.

 

V.Дешнаш т1ехь болх.

Дозаран-

Къасторан-

Дуьхьлара-

VΙ.Жам1 лар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 28-г1а§

2.Кхочушде 93-г1а шардар.

47-г1а  урок                      

Урокан ц1е: Цхьанатайпанара , цхьанатайпанара боцу  а къастамаш.

 

1алашо: Коьрта а, коьртаза а меженаш карлаяхар.

              Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу къастамаш бовзийтар.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина 93-г1а шардар толлу.

-Стенах олу хенан латтам?

-Муха къастабо иза?

2.Бакъо дешархоша схьаюьйцу

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1.-Маса ю коьрта а, коьртаза а меженаш?

-Муьлхарш?

-Стенах олу латтам?

-Латтам маса кепара хуьлу?

2.Дешнийн диктант.

Тайниг,д1атийна,схьа ца эцна,шийтта,хилла зен,бен доцуш, туьйдина,туьха, юьйхина,т1ийриг, шекъяьлла,нисъелла,ден, сурт,к1айн,хьо,иза,алар.

 

ΙV.Керла тема йовзийтар.

Хьехархочун дош.

Х1ума цхьана аг1ор билгалъечу къастамах цхьанатайпанара къастам олу.Масала:Дикачу , оьздачу г1уллакхашна кхачаво стаг адамийн лараме.

Цхьа х1ума тайп-тайпанчу аг1ор билгалъечу къастамаехь цхьанатайпанарчу боцу къастамаш олу.Масала:Баьццарчу тог1и чухула охьаоьхура чехка,сирла, хьаьъна хи.Цхьан къастамаш боьзна хуьлу,дозуш долчу дашах:Оьзда,г1иллакхе,хаза йо1.

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 97-г1а шардар..

Т1едилларш кхочушдо.

2.Барта кхочушдо 98-г1а шардар.

3.5 предложени х1оттае хуттургаш  юкъахь а йолуш.

 

VΙ.Жам1 лар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

-Даран суьртан латтам  стенах олу?

-Меттиган латтам стенах олу?

-Хенан латтамо х1ун гойту?

-Бахьанин латтам стенах олу?

-Бараман латтам стенах олу?

-Цхьанатайпанара , цхьанатайпанара боцу  а къастамаш муха къастайо?

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 29-г1а§

2.Кхочушде 101-г1а шардар.

 

48-49г1ий  урокаш                  

Урокан ц1е: Цхьанатайпанарчу меженашна юкъара дешнаш  .

 

1алашо: Цхьанатайпанарчу меженашна юкъара дешнаш довзийтар,

                  Уьш схьаккъасто хаар.

                     

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. §29-г1а бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

-Стенах олу подлежащи?

-Стенах олу сказуеми?

-Маса меже ю коьртаза?

-Маса тайпана хуьлу латтмаш?

-Стенах олу къастам?

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош.

Предложенехь цхьанатайпанарчу меженашца хила тарло юкъара дешнаш.Юкъара дешнаш а,цхьанатайпанара меженаш а цхьа меже хуьлий лела,аьлча а,юкъарчу дашах хилла меже хуьлу цхьанатайпанарчу меженех.

Юкъара дешнаш цхьанатейпанарчу меженашна хьалха я т1ехьа хуьлу.

1.Юкъара дош цхьанатейпанарчу меженашна хьалха лаьтташ делахь,царна хьалха лаьтташ делахь,царна хьалха шит1адам буьллу.

2.Юкъара дош цхьанатейпанарчу меженашна т1ехьа лаьтташ делахь, царна хьалха тире юьллу.

3.Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ, амма предложени чекхъялаза елахь, цхьанатайпанарчу меженашна хьалха шит1адам буьллу,царна т1ехьа юьллу

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 102-г1а шардар.

2.103-г1а шардар барта кхочушдо.

 

VΙ.Жам1 лар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 30-г1а§

2.Кхочушде 105-г1а шардар.

 

 

 

 

 

 

 50-г1а урок.

 

Урокан ц1е:Изложени«Г1иллакх»

 

1алашо: Дозуш долу къамел кхиор.

                 Преложенеш нийсавовшах  таса хаар.

                                      

                                Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Текст йоьшу хьехархочо

Хьалха санна,вайшиъ цхьаьнакхетаран бахьана б1ешерашкахь дуьйна схьадаьхкина нохчийн г1иллакхаш карладахар, церан к1орггерачу маь1нехь къамел дар ду.

И г1иллакхаш дийцина ца 1аш,уьш 1алашдархьама,т1едузархьама , хьекъалечу наха бинчу хьехамашка ладуг1ур вайшиммо.Дагадог1ий хьуна 1аьрбийн паччахьан йо1а шега:,,Къематдийнахь мелийн терза стен даздийр ду?”- аьлла  хаьттича,туркойн к1анта дела жоп?,,Г1иллакхо,-аьлла,жоп делла хиллера цо.Иза бакъдуьненахь  оьшуш дерг ду.Ткъа кху харцдуьненахь г1иллакх ца оьшу? Нагахь цу т1ехь шеко елахь, дагадоуьйтур вайшиммо Турпал-1елас шен к1анте Хьасане дина весет:,,Мотт мерза хиллачунна вежарий ца эшна”.Нагахь оцу дешнийн маь1нехь вай нийса кхеттехь,деша йиш ю-кх:,,Г1иллакх долчунна”. Х1унда аьлча,г1иллакх доцчу стеган мотт мерза хуьлийла дац

 

ΙΙΙ.Хьехархочун г1оьнца предложенеш нисйо вовшах а нийса тасарца.

 

ΙV.Тетрадаш т1е д1аязйо изложени.

 

V.ц1ахь бан болх.

 

Болх чекхбаккха.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                    

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

51-г1а  урок                  

 

Урокан ц1е: Предложенин шакъастинчу меженах лаьцна юкъара кхетам.

 

1алашо: Цхьанатайпанарчу меженашна юкъара дешнаш довзийтар,

                  Уьш схьаккъасто хаар.

                     

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. §30-г1а бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

-Стенах олу подлежащи?

-Стенах олу сказуеми?

-Маса меже ю коьртаза?

-Маса тайпана хуьлу латтмаш?

-Стенах олу къастам?

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош.

 

Предложенехь кхечу дешнех эшарций,маь1ниций къаьстачу меженах  предложенин шакъаьстина меженаш олу:Тхо ,кегийнаш,доьшуш дара.Бусана,цунна хьалха а йоьжна,ехха йилхира.Эшарпа ма елха а бохуш,хилларг а хоьттуш.Тхо, дешархой,экскурсе дахара.Селхана,хьалхарчу сентябрехь,бераш деша дуьйладелира.Корана хьалххахь,ц1енкъахь,1уьллура говраш лохку шед.

-

Предложенин шакъастина меженаш тайп-тайпана хуьлу:шакъаьстина юххедиллар а,причастин,деепричастин карчамаш а,хенан,латтамийн дурсаш а,шакъастина кхачамаш а,иштта подлежащеш а.

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 120-г1а шардар.

2.122-г1а шардар барта кхочушдо.

 

VΙ.Жам1 лар.

1.Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

-Предложенин шакъаьстина меженах стенах олу?

- Предложенин шакъаьстина меженаш йоьзанехь стенца къестайо?

- Предложенин шакъаьстина меженаш муьлхарш ю?

 

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 34-г1а§

2.Кхочушде 123-г1а шардар.

 

 

52-53г1ий  урокаш                 

 

Урокан ц1е: Шакъастина юххедиллар.

 

1алашо: Цхьанатайпанарчу меженашна юкъара дешнаш довзийтар,

                  Уьш схьаккъасто хаар.

                     

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. §34-г1а бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

1.Предложенеш х1иттайо т1еч1аг1дар юкъахь а долуш.

2.Легаде пхиъ,хьомениг хилар боху дешнаш.

3.Фонетически къастам бе пхенаш бохучу дашна.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Шакъастина юххедиллар предложенин меже ца хуьлу.Предложенин цхьа а меже ца хуьлу.Предложенехь юкъахь а, хьалха а,т1ехьа а х1ун хуьлу шакъаьстина юххедиллар. Юххедиллар:зуда-ламанхо,нана-борз,к1ант-белхало,хьехархо-француз,хи –Орга,шофер-ламаро, журнал « Стела1ад»,г1ала Махачкала.

Юххедиллар даьржина а,даржаза хуьлу.Даьржина юххедиллар(хьалха а ,т1ехьа а хилча) дозуш долу дош юкъара ц1ердош  делахь.

Дозуш долу дош долахьчу ц1ердашна т1ехьа даьржина,даржаза юххедилларш делахь.

1умар Гайсултанов яздархо,дешархошна дика вевзаш ву.

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 125-г1а шардар.

-Шакъаьстина юххедилларна буха сиз хьакха,запятойшца билгалдаха.

 

VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Жима дийцар яздо юххедилларш юкъахь а долуш

 

 VΙΙ.Жам1 лар.

1Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

-Предложенин шакъаьстина меженах стенах олу?

- Предложенин шакъаьстина меженаш йоьзанехь стенца къестайо?

- Предложенин шакъаьстина меженаш муьлхарш ю?

 

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 36-г1а§

2.Кхочушде 126-г1а шардар.

 

 

 

54-г1а  урок                

 

Урокан ц1е: Шакъастина латтамаш

 

1алашо: Шакъастийна латтамаш бовзийтар.

                           Сацаран хьаьркаш яхка хаар.                     

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. бакъо схьаюьйцуьйту

ΙΙΙ.Уьн т1ехь болх.

Шина дешархочуьнга уьн т1ехь болх бойту кехаташца.

1.Т1едерзар юкъахь а долуш предложенеш х1иттан(5)

2.Шакъаьстина юххедиллар юкъахь а долуш 5 предложенеш х1иттае.

3.Фонетически къастам бе Даймохк бохучу Дашна.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Деепричастех хилла болчу шакъаьстинчу латтамаша коьртачу сказуемина кхин а совнаха хаам т1етуху.

Деепричастех а, деепричатин карчамах а кхоллабелла  шакъаьстина латтмаша предложенехь запятойшца билгалбоху.

Масала:Меллаша д1айолаелира ц1ерпошт,к1уьран мархаш т1аьхьа а юьтуш.

Нагахь санна деепричасти сказуемина уллохь лаьтташ,маь1ница цунна герга елахь,запятойш ца х1иттайо : Сирчу т1улгашна юккъехула хи детталуш дог1ура.

К1ант резавоцуш хьаьжира йо1е.(резавоцуш-куцдош ду,запятой ца юьллу.)

Нагахь санна деепричасти сказуемина юкъаяг1ахь запятой ца х1иттайо.Сийлос яра чуерзош.Цхьа стаг хилла генара новкъа вог1уш.

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 124-г1а шардар.

-Латтамашна буха сиз хьакха.

-Муьлха латтамаш бу билгалбоху.

 

VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Къона-молодой,къена-старый,къаьхьа-горький,мерза-сладкий.

 

 VΙΙ.Жам1 лар.

1.Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

-Предложенин шакъаьстина меженах стенах олу?

- Предложенин шакъаьстина меженаш йоьзанехь стенца къестайо?

- Предложенин шакъаьстина меженаш муьлхарш ю?

 

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 35-г1а§

2.Кхочушде 123-г1а шардар.

 

 

 

 

55-г1а  урок                

 

Урокан ц1е: Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш.

 

1алашо: Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш довзийтар.

                           Сацаран хьаьркаш яхка хаар.                     

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. бакъо схьаюьйцуьйту


ΙΙΙ.Карладаккхар.

1.Ниййса язде юххедилларш.

Зуда-ламанхо,нана-борз,к1ант-белхало,хьехархо-француз,хи –Орга,шофер-ламаро, журнал « Стела1ад»,г1ала Махачкала.

2.Юкъадало дешнаш юкъахь а долу предложенеш х1иттае: ма-аллара,цхьа делахь,цул сов,ала дашна,бакъдерг аьлча.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хенан,меттиган а латтамаша дукха нисла предложенехь.Цара таро  ло к1орггера хаийта маца я мичахь кхочушхуьлуш ду  дар я хилар.

Предложенехь меттиган латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдечу дешнех меттиган латтаман дурс олу.

Предложенехь хенан латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдечу дешнех хенан  латтаман дурс олу.Предложенехь запятойшца билгалдоху и латтамийн дурсаш, ткъа олуш,соцунза еш,къаьсташ олу.

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 135-г1а шардар.

-Латтамашна буха сиз хьакха.

-Муьлха латтамаш бу билгалбоху.

 

VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

1.Жима дийцар яздо хенан а,меттиган а дурсаш юкъахь а долуш.

2.Ц1е тилла дийцарна.

 

VΙΙ.Жам1 лар.

Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

 

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 37-г1а§

2.Кхочушде 136-г1а шардар.

 

 

 

 

 

 

 

 

56-г1а урок.                        

 

Урокан ц1е:Талламан диктант«Атбий, Вахий

 

1алашо:1амийнарг карладаккхар.

                Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

 

                                           Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Текст йоьшу хьехархочо.

                 Шаьшшинан ког ма-боллу чехка хьуьн чу д1ахьаьдира и шиъ.Берзан бенна гена йоццуш, тог1енна йистехь, т1е1оттаелла хиллера ж1аьлина, шен к1езашна герга еъна борз.Схьахетарехь, Атбис,делкъанна ша х1ума йиъча йигна цуьргаш а,чорпа а к1езашна ло дела, и к1езий дуьзна девлча гуьйна чу мотт хьакха дагахь гергаеъна хила тарлора иза.

            Тог1ий йистехула д1аведда воьдучу Атбиний,Вахиний,вовшах хьерчаш леташ долу борззий,ж1аьлий тог1ин басах чукерчаш гира.Ж1аьлин багахь йоллура берзан ворта.Амма шегахь ницкъ хиларе терра, д1ай-схьай,етталуш, шен дег1аца хьерчадора цо Барза.Йоккха г1аьттинчу багара ц1арула ц1ен доьлаш а,яккхий к1омсарш а гора берзан.Шен ма-хуьллу шех леташ долчу ж1аьлин лерг, я кхин меже лаца г1ерташ шен вортанца ж1аьла д1ай-схьай деттара цо.Амма Барза цуьнан буьрсачу к1омсарех ларлуш, шен лерг деш доллура.Берзан къамкъарг шен караеъна хиллехь и къамкъарг а 1аьвдина юьйр яра цо иза.Делахь а берзан ворта а еанера цунна дика кара.

            Атбий, Вахий т1екхаьчча, тоьпах кхераелла йодург-м хир яра борз, шен яда аьтту хиллехь, бакъду, Барзас иза са а чохь дийна д1а ца яхийта дагахь схьалаьцнера.

 

ΙΙΙ.Т1едиллар.

1.Цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха.

2.Юкъадало дешнаш схьакастаде.

 

 

ΙV.Жам1 дар.

Тетрадаш схьалехьадо.

 

V.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккха.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                                      

 

57-г1а  урок                

 

Урокан ц1е: Цхьалхечу предложенин кепаш:цхьанах1оттаман,шинах1оттамах.

 

1алашо: Цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а ,кхаанах1оттаман а предложенеш йовзийтар.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

Кхочушде 274-г1а шардар.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош.

Шена чохь подлежащи а, сказуеми а и ший а коьрта меже йолчу предложенех шина х1оттаман предложен иолу.

Шена чохь подлежащих, сказуемих коьрта меже цхьаъ бен йоцчу предложенех цхьанатайпанаран предложени олу.

Шена чохь коьрта меже кхоъ йолчу предложенех кхаах1оттаман предложен иолу.

Масала:Кхана а малх хьожур бу.Арахь шелъелла.К1анто книга йоьшу.

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 72-г1а шардар.

-Билгалъяха предложени:цхьанх1оттаман,шинах1оттаман,кхаанх1оттаман.

-Ши предложени синтаксически къастае.

-Муьлха латтамаш бу билгалбоху.

 

VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Алсам-более

Алаша-упряжная лошадь

 

 

VΙΙ.Жам1 лар.

1.Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

 

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 20-г1а§

2.Кхочушде 73-г1а шардар.

 

 

 

                                       

 

                                      

 

58-г1а  урок                

 

Урокан ц1е: Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш.

 

1алашо: Юьхьан а, билгала –юьхьан а предложенеш йовзийтар.

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

Да вист а ца хилира.Нанас ийцира шен к1анта мел оьшург.Коч,хеча,галстук,костюм-ийцира нанас к1антана.

-Хьалхарчу предложенина синтаксически къастам бе.

-Шолг1ачу предложенина сацаран хьаьркаш х1иттае

-Кхоалг1ачу предложенина цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Шена чохь подлежащи а, сказуеми а долчу предложенехь юьхьан предложен иолу.

Юьхьан предложени хила тарло яьржина а,яьржаза а,кхечуьнга йолуш а,кхечуьнга ца йолуш а.

Шена чохь подлежащи а доцуш,сказуемино формица я маь1ница иза билгалдечу предложенех билгала-юьхьан предложен иолу.

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 74-г1а шардар.

-Хьалхарчу  предложени бе синтаксически къастам.

-Юьхьан предложени билгалъяха.

 

VΙ.Дешархошка уьн т1ехь болх байтар.

Кхочушдо 76-г1а шардар.

 

VΙΙ.Жам1 лар.

1.Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

 

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 21-г1а§

2.Х1иттае юьхьан  предложенеш.

 

 

                                              

 

 

59-г1а  урок                

 

Урокан ц1е:  Билгалза-юьхьан  предложенеш.

 

1алашо: Билгалза –юьхьан  предложенеш йовзийтар,

                     Синтаксически уьш къасто хаар.

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

-Стенах олу юьхьан предложени?

-Цхьанх1оттаман предложени стенах олу?

-Шинх1оттаман предложени стенах олу?

-Стенах олу билгала-юьхьан предложени?

-Коьрта меженаш схьайийца.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Шена чохь подлежащи доцуш а, юьхь билгал ца еш а йолчу предложенех билгалза-юьхьан предложен иолу.Масала: Аьхка мангал хьокху.Цу предложенехь г1уллакх кхочушдийриг маь1ница хаа йиш ю: мангал-мангалхоша хьокху.

Билгалза –юьхьан предложенехь дар кхочушдийриг вац коьрта,коьртаниг цуьнгахь дуьйцуш долу дар ду.И юхь билгалза юьсу.Цундела ишттачу предложенехь подлежащи хила а ца хуьлу.Масала: Газет т1ехь керла х1ун дуьйцу?Дуьйцушволчунну гергахь г1уллакх ду коьрта , и г1уллакх дийриг коьрта ца лору. Иза тидаме оьцуш цахиларна.

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 75-г1а шардар.

-Д1аязъе предложенеш юьхьан а.билгала-юьхьан а предложенеш къовларшна юкъахь билгал а йохуш.

 

VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Лаг-шея

Не1-шкура,дверь

 

VΙΙ.Жам1 лар.

1.Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 21-г1а§

2.Кхочушде 76-г1а шардар.

 

 

 

 

60-г1а  урок                

 

Урокан ц1е:  Юкъара-юьхьан  предложенеш.

 

1алашо: Юкъара –юьхьан  предложенеш йовзийтар,

                     Синтаксически уьш къасто хаар.

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

 

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

-Стенах олу юьхьан предложени?

-Цхьанх1оттаман предложени стенах олу?

-Шинх1оттаман предложени стенах олу?

-Стенах олу билгала-юьхьан предложени?

-Коьрта меженаш схьайийца.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених юкъара юьхьан предложен иолу.Масала:Охуш аьлларгоруш карийна(хьанна а)(кица).Барзана бага п1елг ца буллу. (цхьамма а) (кица).Нехан динара хотталахь вуссу.(милла а)(кица)

Коьртачу декъана юкъара-юьхьан предложени кицанах хуьлу.

 

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 75-г1а шардар.

-Д1аязъе предложенеш юьхьан а.билгала-юьхьан а предложенеш къовларшна юкъахь билгал а йохуш.

 

VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Хевсур-гуьржехера къам.

Хьекхорг-1аь1на доккха г1а.

Хьаьхьамч-х1ума вовшах латон г1ирс.

 

VΙΙ.Жам1 лар.

1.Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае 22-г1а§

2.Кхочушде 78-г1а шардар.

 

 

                             

 

61-г1а  урок                

 

Урокан ц1е:  Юьхьза  предложенеш.

 

1алашо: Юьхьза  предложенеш йовзийтар,

                     Синтаксически уьш къасто хаар.

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

3.Хаттарш ло:

-Стенах олу юьхьан предложени?

-Цхьанх1оттаман предложени стенах олу?

-Шинх1оттаман предложени стенах олу?

-Стенах олу билгала-юьхьан предложени?

-Коьрта меженаш схьайийца.

-Предложенин шакъаьстина меженах стенах олу?

- Предложенин шакъаьстина меженаш йоьзанехь стенца къестайо?

- Предложенин шакъаьстина меженаш муьлхарш ю?

ΙΙΙ. Дешнийн диктант.

Ган,дан,лан,доьшу,веха,сихло,х1утту,кхуьйсу,йолаелира,гучуйовлу,сакъерало,яздер,вог1ур ву,дити,веа,эли,кхоьсси,хьаьжи.

-Марсадуьйлу бохучу дешан дийца лексически маь1на.Х1оттае цунна дошаман статья.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Подлежащи доцуш а, хила оьшуш а йоцчу предложених юьхьза предложен олу.Масала:Х1инца шелъяла йоьлла .Арахь хаза ю.

Юььза предложени яржаза а, яьржина а хила тарло,масала:Шелъелла.Йохъелла.1аржъелла(Яржаза юьхьза предложенеш)Арахь шелъелла.Арахьйохъелла.Х1инца 1аржъелла.(Яьржина юьхьза предложенеш).

Коьртачу декъана юьхьза предложени дерзоран я г1оьнан хандош шена юкъадог1уш а, ц1еран я хандешан х1оттаман сказуеми юкъадог1уш а хуьлу, масала:1аржъяла юьйлира.Арахь 1аьржа ю.Екхна.

V.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 75-г1а шардар.

-Д1аязъе предложенеш юьхьан а.билгала-юьхьан а предложенеш къовларшна юкъахь билгал а йохуш.

VΙ.Дешнаш т1ехь болх.

        Уьна а, тетрадашна т1ехь а д1аяздо х1ара дешнаш а, церан чулацам :

Кхачам – х1ума стамдар, т1етохар, алсамдаккхар. Масала:  Дадина гатанан коч эцна.

Къастам – х1уманан билгало а, х1ума стенах йина а гойту. Масала: Эвлан йистехь дара лекха стаммий акхтаргаш.

Латтам – гойту хан, меттиг, бахьана, 1алашо и.кх.д1. Масала: Йоккхачу майданахь лаьтташ яра школа.

VΙΙ.Жам1 лар.

1.Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае бакъо

2.Кхочушде  шардар.

 

62-г1а  урок                 

 

Урокан ц1е:  Ц1еран  предложенеш.

 

1алашо: Ц1еран  предложенеш йовзийтар,

                     Синтаксически уьш къасто хаар.

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

3.Хаттарш ло:

-Стенах олу билгала-юьхьан предложени?

-Коьрта меженаш схьайийца.

-Предложенин шакъаьстина меженах стенах олу?

- Предложенин шакъаьстина меженаш йоьзанехь стенца къестайо?

- Предложенин шакъаьстина меженаш муьлхарш ю?

 

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

Шена чохь коьрта меже, цхьа подлежащи бен доцчу предложених ц1еран предложен олу.

Гуьйренан юьхь.Тийна буьйса.

Ц1еран предложенехь, х1уманан ц1е яккхар бен, кхид1а цунах лаьцна х1умма а ца дуьйцу.

Ц1еран предложенеш хила тарло яржаза а, яьржина а,масала:Гуьйре.Буьйса.(яржаза ц1еран предложенеш)Йочуне гуьйре.1аьржа буьйса.(яьржина ц1еран предложенеш)

Ц1еран предложени шакъаьсттиначу эшарехь олу,х1унда аьлча,х1уманан ц1е яккхарал сов, кхид1а х1умма а ца дуьйцушсацош,чекхйолуьйту дела.

 

ΙV.Т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо  шардар.

2.Т1едиллар кхочуш до.

 

V. Дешархошка уьн т1ехь болх байтар.

Дешархошка предложенеш д1аязйойту(я шардар)

 

VΙ.Жам1 лар.

1.Тема т1еч1аг1ъеш хаттаршо ло:

2.Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь болх.

1.1амае бакъо

2.Кхочушде  шардар.

 

 

 

                      

 

63-г1а  урок                

 

Урокан ц1е:  Юьззина а, юьззина йоцу а   предложенеш.

 

1алашо: Юьззина а, юьззина йоцу а   предложенеш йовзийтар.

                      Уьш  къасто хаар.

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Кхеторан  диктант.

Таллархоша гобина,к1елхьарадала аьтто боцуш дисна цхьогал.Цхьана аг1ор екъчу бацах летта йогуш ц1е хилла.Вукху аг1ор дог1уш хи хилла .Кхозлаг1чу аг1ор юьйлинчу тоьпашца таллархой хилла.Хи чу иккхина цхьогал.Цигга дуьхьал хьаьлхина таллархойн ж1аьлеш.Цхьогал хи чуьра хьала а даьлла, дега ца луш,ц1арах иккхина.Ц1арах чекх а иккхина,ткъех метар дехьа даьлча,таллархошкахьа юха а хьаьжна,дега а делла,дедда д1адахна цхьогал.

-Муха ю текстан ойла?

-Муьлхачу стилехь ю и текст?

-Синтаксически къастам бе  кхоалг1ачу  предложенина.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хандешан формано подлежащи схьагойтучу предложених юьззина предложен олу.масала:Трамвай йог1у.Хьалхарчу сентябрехь бераш школе доьлху.марша 1алда,шайн доттаг1а виц ма велаш.Тхоьга волахьа.Сарахь тхоьга дуьйлийша.Сибрехарчу рудвнийн к1оргехь кура долу собар 1алашделаш.

Муьлхха а цхьа меже ялоза йитинчу, амма иза маь1ница атта схьакарош йолчу предложених юьззина йоцу предложен олу.Юьззина йоцу предложених дукхахьолахь вовшашка дечу къамелехь(диалогехь) хуьлу.

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде  шардар.

Т1едиллар кхочуш  дайтар.

2.шайгара масалш даладе.

 

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепахь:

1-ра кеп-5 юьззина  предложениш  х1иттайо

ΙΙ-г1а кеп-5 юьззина йоцу предложениш х1иттайо

 

VΙ.Жам1 дар.

-Таханлерачу коьчалан ц1е х1ун ю?

-Муха къастайо юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш?

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае бакъо.

2.Кхочушде  шардар

 

 

 

 

64-г1а урок.

Урокан ц1е:Изложени«Г1алара хьаша»

1алашо: Дозуш долу къамел кхиор.

                                       Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Текст хьехархочо йоьшу, барта чулацам бовзуьйту.

       Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту.

 

ΙΙΙ.Текст д1аязйо.

     Ц1енчу стиглахь малх тоъал лакхабаьллера.Баца т1ера тхи а доьжнера тоххарехь охьа.Накхармозий дара „дов-в” деш, зезагашна т1ехула хьийзаш.Со гучуваьлча, 1елас,бете п1елг а лоцуш, куьг ластийра соьга Сепихьатг1еран керта юххера.

  -Хьажал!-п1елг хьежабора 1елас.-Ч1ог1а вист ма хилалахь, д1ахозуьйтур ду ахьа.Арахь 1аш ю хьуна

 иза, -бохуш.

   Тхойша керта улло д1авахара .Кертана тоьхначу аннашна юккъехула чухьаьжира тхойша.Йо1 кет1ахь 1ара, боккхачу  кхура к1ел лаьттачу г1антахь,аьрру аг1ор хьалха охьахецна йолу шен месаш шаръеш.

Аьтто куьйга ехк хьоькхура цо, аьрру куьг дайн, меллаша т1аьхьа даладора.Цо г1ийла бен цхьа узам хезара схьа.Г1ант лекха хиларна лаьтта охьа ца кхочу когаш цхьанаэшшарехь лестош бара.Суна ч1ог1а ерстина а,йоккха а хийтира иза.1ела хьоьжучахь а витина,цунна ца хозуьйтуш,къайлаха т1улг кхоьссира ас кхура т1е.Т1улг д1акхетташехь:„Х1аъ”,- аьлла,хьала а оьккхуш,куьйгаш некхехьа а довдош,кхерамца кхуре хьалахьажира йо1.Ехк хьалха охьаюьйжира.Сой,1елий цхьабосса велавелира.Ша цхьамма х1уьттаренна кхериний хиъча, йо1 ехк а йицъелла,г1анта йисте 1уьллу бантик а дитина,„мама” олуш,чуедира.Тхойша ведда д1авахара цигара хи лекъначу тог1и чу.Цигахь наха поппарна можа латта даьхна даккхий 1уьргаш дара,чувахча цхьанна а гур воцуш.

       -Цуьнца гергарло таса деза вайшимма,ша сол шо жима велахь а, гуттар воккха хила луучу 1елас къамел долийра…

      -Муха?-хаьттира аса.

      -Вайша урамехь кулоькех ловза х1уттур ву, вела а воьлуш.Т1аккха цунна хьажа луур ду.Иза ков юххе схьайог1ур ю.

     1елас кхоьллина план шиммо а къобал  а йина, цу т1ехь къаьстира тхойша.(М.Бексултанов.)

 

ΙV.Изложени язъян кечам бар.

1.План х1оттор.Иза х1окху кепара хила тарло:

                                          План:

1.Делкъхан хиллера.

2.1елан йо1 гайтар.

3.Йо1 г1антахь 1ара.

4.1ела витина,т1улг кхосса вахар.

5.Мама,аьлла едира йо1.

6.И шиъ тог1и чу вахар.

7.План х1иттийра 1елас.

 

2.Оцу плане хьожуш,дешархоша юьйцу изложенин текст.Г1алаташ нисдо.

3.Хьехархочо кхин а цкъа д1айоьшу иза.

4.Ца кхеташ долу дешнаш дийцаре дар.

 

V.Изложени язъяр.

 

 

VΙ.Тетрадаш т1е д1аязйо изложени.

 

 

VΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх.

 

 

 

 

65-г1а  урок                

 

Урокан ц1е:  Т1едерзар.

1алашо: Т1едерзар стенах олу хаар

                     Предложенехь  иза къасто хаар.

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Цамоттарна,кест-кеста,тайп-тайпана,бес-бесара,г1ап-г1иппехь,дап-диппехь,лап-липпехь,цхьажимма, цхьак1еззиг, цхьабосса, т1оф-аьлла,тап-аьлла,парт-аьлла,хьажархьама,хаархьама,дийцархьама, аларан дуьхьа, дийцаран дуьхьа, кхушара,шехеннахь,цундела,ца вогг1ушехь.

-Муха кхолладелла дешнийн диктант т1ера куцдешнаш?Йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Къамел хьаьнга до билгалдечу дашах т1едерзар олу.Масала:Доттаг1а,шерашна т1аьххье шераш,х1инццалц санна,уьдуш ду.

Т1едерзар ила тарло предложенина юккъехь а,юьххехь а,чаккхенгахь а.Масала:Дехьа,Эшарп,суна накъосталла.Ваха,схьаяхьа и книга.Де  дика хуьлда,Совдат!

Т1едерзар предложенина юккъехь хилахь, цунна шина а аг1ор запятойш йохку,юххьехь хилахь,цунна хьалха а юьллу запятой, ткъа предложени чекхъяьлча, цуьнан маь1не хьаьжжина оьшуш долу сацаран хьаьрк(т1адам, хаттаран я айдаран хьаьрк) дуьллу.

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде  шардар.

2.Синтаксически къастам бе,схемаш х1иттае предложенина.

 

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушде шардар уьн т1ехь къастам бе.

 

VΙΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу т1едерзар?

-Т1едерзар къастош муьлха сацаран хьаьркаш х1иттадо?

-Даьржина т1едерзар мухачух олу?

-Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш муьлханарш ду?

-Т1едерзар йозанехь запятойца ца къастош муьлха йдардешнаш ду?

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.41-г1а§ 1амае.

2.Кхочушде 233-г1а шардар

 

 

 

 

66-г1а  урок                

 

Урокан ц1е:  Юкъадало дешнаш а,предложенеш а.

1алашо: юкъадало дешнаш а,предложенеш а стенах олу хаар

                    

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

-Стенах олу юьхьан предложени?

-Цхьанх1оттаман предложени стенах олу?

-Шинх1оттаман предложени стенах олу?

-Стенах олу билгала-юьхьан предложени?

-Стенах олу т1едерзар?

-Т1едерзар къастош муьлха сацаран хьаьркаш х1иттадо?

-Даьржина т1едерзар мухачух олу?

-Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш муьлханарш ду?

-Т1едерзар йозанехь запятойца ца къастош муьлха йдардешнаш ду?

-Муха къастайо юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш?

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Дуьйцуш волчо шен ойланца йолу юкъаметтиг билгалъярна предложени юкъа далочу дешнех юкъадало дешнаш олу.Масала.Нурди,схьахетарехь,школе вахана.Нурди, тешна а,школе вахана.Нурди,  шеко йоццуш, школе вахана.

Юкъадалочу дешнел сов,предложени юкъа дийна предложенеш а яло тарло.Царах юкъаяло предложенеш олу.

Юкъаяло предложени,яьржина яцахь,юкъадало дешнаш а санна,предложенехь запятойшца къастайоМасала:Асет,суна хьо,хьоьхуш ю.

Юкъаяло предложени яьржина хилахь,запятойшца ца къастош, тирешца я къовларшкаца къачтайо.масала:Т1аус,вайна ма-хаъара,ч1ог1а эхьхеташ стаг ю

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде  шардар.

2.Синтаксически къастам бе,схемаш х1иттае предложенина.

 

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушде шардар уьн т1ехь къастам бе.

VΙΙ.Жам1 дар.

1.-Стенах олу т1едерзар?

-Т1едерзар къастош муьлха сацаран хьаьркаш х1иттадо?

-Даьржина т1едерзар мухачух олу?

-Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш муьлханарш ду?

-Т1едерзар йозанехь запятойца ца къастош муьлха йдардешнаш ду?

-Юкъадало дешнаш а,предложенеш а муха къастайо?

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1. 1амае. бакъо

2.Кхочушде  шардар

67-г1а урок.

 

Урокан ц1е:Шеран талламан диктант.«Маршонан ц1арах.»

 

1алашо:Хьалха 1амийнарг таллар, т1еч1аг1ъяр.

             

                                     

                                                 Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Текст ешар.

      Х1усамдас цецваьлла ладог1ура хьешо дуьйцучуьнга.Гуш дара иза цхьа х1ума дагадаийта г1ерташ хилар.

-Ц1е х1ун ярацуьнан?-хаьттира цо ц1еххьана.

-Цуьнан ц1ей?...Цуьнан ц1е 1ела яра,моьтту суна.

-Оцу  сан хьешах,1елих,хилларг хаьий шуна?

-Дера хаьа.

-Суна вевзинчу хегахь зуда а, ши к1ант а дара цуьнан.Царах цхьаъ хилла хир ду-кх.

-Цхьаберш дийна бу.

-Мичхьа бу уьш?Кху юьртахь буй?

-Дера бу.Цуьнан жимах волу к1ант со ву…

-Шун ненан ц1е х1ун яра?-хаьттира 1елас эххар а.

-Айза.

-Ткъа Айзех х1ун хилла, дукха къанъеллий х1ара?

-Дера къанъелла.Иза кхечухьа марехь ю.

-Кху эвларчу стагехь юй иза?

-Ю.

ΙΙΙ.Грамматически т1едиллар:

Къовларшна юкъахь юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш билгал а йохуш

ΙV.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

                 

 

68-г1а  урок                

 

Урокан ц1е:  1амийнарг карладаккхар

1алашо: 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

                    

                                      

                                              Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2. Бакъо схьаюьйцуьйту

 

ΙΙΙ.Карладаккхар.

-Коьрта меженаш схьайийца.

-Предложенин шакъаьстина меженах стенах олу?

- Предложенин шакъаьстина меженаш йоьзанехь стенца къестайо?

- Предложенин шакъаьстина меженаш муьлхарш ю?

-Стенах олу юьхьан предложени?

-Цхьанх1оттаман предложени стенах олу?

-Шинх1оттаман предложени стенах олу?

-Стенах олу билгала-юьхьан предложени?

-Стенах олу т1едерзар?

-Т1едерзар къастош муьлха сацаран хьаьркаш х1иттадо?

-Даьржина т1едерзар мухачух олу?

-Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш муьлханарш ду?

-Т1едерзар йозанехь запятойца ца къастош муьлха йдардешнаш ду?

-Муха къастайо юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш?

 

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде  шардар.

2.Синтаксически къастам бе,схемаш х1иттае предложенина.

 

V.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушде шардар уьн т1ехь къастам бе.

 

VΙ.Жам1 дар.

1.хаттарш ло

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1. 1амийнарг карладаккхар

2.Кхочушде  шардар


Урокан ц1е: Ненан мотт дахаран хазна

Урокан ц1е: Ненан мотт дахаран хазна

Урокан ц1е: Дешан чаккхнгахь й элп яздар

Урокан ц1е: Дешан чаккхнгахь й элп яздар

Урокан ц1е: Ц1ердешан, билгалдешан, хандешан, куцдешан синтаксически г1уллакх

Урокан ц1е: Ц1ердешан, билгалдешан, хандешан, куцдешан синтаксически г1уллакх

Урокан ц1е: Дешт1аьхьенаш а,дешхьалхенаш а дешнашца нийсаяздар

Урокан ц1е: Дешт1аьхьенаш а,дешхьалхенаш а дешнашца нийсаяздар

Урокан ц1е: Предложенин тайпанаш карладахар

Урокан ц1е: Предложенин тайпанаш карладахар

Урокан ц1е: Талламан диктант 1алашо: 1амийнарг т1еч1аг1дар

Урокан ц1е: Талламан диктант 1алашо: 1амийнарг т1еч1аг1дар

Урокан ц1е: Дешнийн цхьаьнакхетарш а, церан тайпанаш а

Урокан ц1е: Дешнийн цхьаьнакхетарш а, церан тайпанаш а

Урокан ц1е: Предложенехь дешнийн уьйр:цхьаьнакхетаран а, карара а

Урокан ц1е: Предложенехь дешнийн уьйр:цхьаьнакхетаран а, карара а

Кхочушдо 14-г1а шардар. VΙΙ

Кхочушдо 14-г1а шардар. VΙΙ

Урокан ц1е :Изложени«Партал ча» 1алашо:

Урокан ц1е :Изложени«Партал ча» 1алашо:

Урокан ц1е:Бартбар. 1алашо: Бартбар стенах олу,цо стенан уьйр гойту

Урокан ц1е:Бартбар. 1алашо: Бартбар стенах олу,цо стенан уьйр гойту

Урокан ц1е :Урхалла. 1алашо:

Урокан ц1е :Урхалла. 1алашо:

Урокан ц1е:Т1етовжар. 1алашо :Т1етовжаран билгалонаш йовзийтар

Урокан ц1е:Т1етовжар. 1алашо :Т1етовжаран билгалонаш йовзийтар

Урокан ц1е:Талламан диктант«Мохк бегийча

Урокан ц1е:Талламан диктант«Мохк бегийча

Урокан ц1е:Предложенин коьрта меженаш

Урокан ц1е:Предложенин коьрта меженаш

Урокан ц1е:Подлежащин хилар. 1алашо :Коьртачу меженан долу хаарш т1еч1аг1дар

Урокан ц1е:Подлежащин хилар. 1алашо :Коьртачу меженан долу хаарш т1еч1аг1дар

Урокан ц1е:Хандешан цхьалхе сказуеми

Урокан ц1е:Хандешан цхьалхе сказуеми

Урокан ц1е:Ц1еран х1оттаман сказуеми 1алашо:

Урокан ц1е:Ц1еран х1оттаман сказуеми 1алашо:

Урокан ц1е:Подлежащиний,ц1еран х1оттаман сказуеминий юкъахь тире

Урокан ц1е:Подлежащиний,ц1еран х1оттаман сказуеминий юкъахь тире

Урокан ц1е:Хандешан х1оттаман сказуеми 1алашо:

Урокан ц1е:Хандешан х1оттаман сказуеми 1алашо:

Урокан ц1е: Сочинени 1алашо:

Урокан ц1е: Сочинени 1алашо:

Урокан ц1е:Предложенин коьртаза меженаш

Урокан ц1е:Предложенин коьртаза меженаш

Урокан ц1е:Лач кхачам. 1алашо:

Урокан ц1е:Лач кхачам. 1алашо:

Урокан ц1е:Къастам 1алашо:

Урокан ц1е:Къастам 1алашо:

Урокан ц1е:Юххедиллар(приложение) 1алашо:

Урокан ц1е:Юххедиллар(приложение) 1алашо:

Урокан ц1е:Латтамаш 1алашо:

Урокан ц1е:Латтамаш 1алашо:

Урокан ц1е:Даран суьртан латтам

Урокан ц1е:Даран суьртан латтам

Урокан ц1е:Бараман латтамаш 1алашо: бараман латтаман кхетам балар

Урокан ц1е:Бараман латтамаш 1алашо: бараман латтаман кхетам балар

Урокан ц1е:Меттиган латтамаш 1алашо:

Урокан ц1е:Меттиган латтамаш 1алашо:

Урокан ц1е:Хенан латтамаш 1алашо: хенан латтаман кхетам балар

Урокан ц1е:Хенан латтамаш 1алашо: хенан латтаман кхетам балар

Урокан ц1е:Бахьанин латтамаш 1алашо: бахьанин латтаман кхетам балар

Урокан ц1е:Бахьанин латтамаш 1алашо: бахьанин латтаман кхетам балар

Урокан ц1е:1алашонан латтамаш 1алашо: 1алашонан латтаман кхетам балар

Урокан ц1е:1алашонан латтамаш 1алашо: 1алашонан латтаман кхетам балар

Урокан ц1е:Талламан диктант 1алашо: 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар

Урокан ц1е:Талламан диктант 1алашо: 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар

Урокан ц1е:Предложенин цхьанатайпанара меженаш

Урокан ц1е:Предложенин цхьанатайпанара меженаш

Урокан ц1е:Предложенин цхьанатайпанара меженашкахь хуттургаш

Урокан ц1е:Предложенин цхьанатайпанара меженашкахь хуттургаш

Урокан ц1е: Цхьанатайпанара , цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Урокан ц1е: Цхьанатайпанара , цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Урокан ц1е: Цхьанатайпанарчу меженашна юкъара дешнаш

Урокан ц1е: Цхьанатайпанарчу меженашна юкъара дешнаш

Урокан ц1е :Изложени«Г1иллакх» 1алашо:

Урокан ц1е :Изложени«Г1иллакх» 1алашо:

Урокан ц1е: Предложенин шакъастинчу меженах лаьцна юкъара кхетам

Урокан ц1е: Предложенин шакъастинчу меженах лаьцна юкъара кхетам

Урокан ц1е: Шакъастина юххедиллар

Урокан ц1е: Шакъастина юххедиллар

Урокан ц1е: Шакъастина латтамаш 1алашо:

Урокан ц1е: Шакъастина латтамаш 1алашо:

Урокан ц1е: Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Урокан ц1е: Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Урокан ц1е:Талламан диктант« Атбий,

Урокан ц1е:Талламан диктант« Атбий,

Урокан ц1е: Цхьалхечу предложенин кепаш:цхьанах1оттаман,шинах1оттамах

Урокан ц1е: Цхьалхечу предложенин кепаш:цхьанах1оттаман,шинах1оттамах

Урокан ц1е: Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Урокан ц1е: Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Урокан ц1е: Билгалза-юьхьан предложенеш

Урокан ц1е: Билгалза-юьхьан предложенеш

Урокан ц1е: Юкъара-юьхьан предложенеш

Урокан ц1е: Юкъара-юьхьан предложенеш

Урокан ц1е: Юьхьза предложенеш

Урокан ц1е: Юьхьза предложенеш

Урокан ц1е: Ц1еран предложенеш

Урокан ц1е: Ц1еран предложенеш

Урокан ц1е: Юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш

Урокан ц1е: Юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
05.10.2023