Чеченская литература 4 класс
Оценка 4.9

Чеченская литература 4 класс

Оценка 4.9
docx
15.01.2024
Чеченская литература 4 класс
План урока по чеченскому языку _Урок 55. 1а 1. Мамакаев ._.docx

Нохчийн литература

Тема: «1а» . 1Мамакаев.(93)

1алашо: 1. Мамакаевн дахар ,кхолларалла ,  «1а»  ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Нийса  а, кхеташ а, шера а  еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна  1емар ду  яздархочун дог-ойла а  гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна хуур ду  хьехархочун  хаттаршна  жоьпаш дала. Берашна  1емар ду стихотворни  текста юкъара  цьацца  аларш талла.

Урок д1аяхьар.

1       . Ц1ера  болх таллар.

-Х1ун еллера  шуна ц1ахь 1амо?

-Тхуна  ц1ахь еша еллера «1аьнан хьаша»  ц1е йолчу дийцаран 4-г1а дакъа.

2.Мотт  шарбар.

Уьн т1ехь уьйриг,-

Тхов к1ел гуьйриг,-

Ков т1ехь борг1ал,-

Уьй т1ехь марг1ал.

Те1аш астаг1-

Цхьаъ, шиъ , кхоъ-

Уьш буьсуш бу,

Диъ, пхиъ, ялх-

Хьо юьстах ву.

3. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана  1амо билгалъяьккхина? (Стихотворени  «1а»)

-Мила ву цуьнан  автор? ( 1. Мамакаев)

-Х1ун болх бийр бу вай и дийцар дика  1амийта? Х1ун кхиамаш хир бахалур бу шуна тахана.

-Вайна  тахана девзар ду 1. Мамакаевн дахар , кхолларалла, стихотворении «1а». Вайна  1емар ду нийса а , кхеташ а , стихотворни тексташ еша.

4. Керла тема хьехар.

а) Яздархочух дош.

МАМАКАЕВ  IАЬРБИ

(1918–1958)

 

Поэзи  Iаламат  дукхаезаш  вара  Iаьрби Шамсуддинович  Мамакаев.  Шен стихотворенеш  тIехь  лакхарчу  говзаллица гайтина  цо  Даймохк  дукхабезар  а,  цуьнан хазалла а. Къеггинчу васташца гайтина цо ша винчу мехкан Iалам – Лаха-Невре а, Терк а. Ма  хаза  ю-кх  xIapa  moгIe,  хьайн  бай  mIe цIен  зезаг  даьлча.  Ма  хаза  ду-кх  хьо,  Терк  а, гIайре а, хьайна mIe баьццара къаж яьлча!

–  Маршалла,  маршалла  хьоь,  сан  Невре! Керла  духар  дуьйхи  ахь.  ХIетахъ  хиллачул  а

хьоме безам боьду хьоь... Шен  «Винчу  юьрта»  а,  «Партизанийн илли»  а  цIераш  йолчу  произведенеш  тIехь Iаьрбис  гайтина  сийлахьчу  оьрсийн  халкъан вежараллин гIоьнца Октябрьски революцехьа Нохчийчохь бина тIемаш а, баьхна толамаш а. Шен произведенешца халкъе ирсечу Даймахкана муьтIахь хиларе кхойкхуш вара I. Мамакаев. Вайн республикехь даима зевне дека Iаьрбин поэзин аз, цуьнан иллеш, эшарш.

 

аь) Хьехархочо д1айоьшу 1. Мамакаевн «1а»  ц1е йолу стихотворении.

-Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха  зама ю стихотворении т1ехь юьйцург?

-1аьно  1аламехь муха хийцамаш бина?

-Х1ун  дина чано? (1а даккха д1айижина)

-Х1ун до бераша? (Салазаш хоьхкуш, ша т1ехь хехкалуш)

-Шу муха ловзу 1ай?

-Муха кхета шу « ког ц1уббан» бохучух ?

-Чано б1аьстенца  шена   мухь гулйо шортта  ежаш лелий ,ерста. Чанан   цхьа п1елг бага а буьллий  и шеен мухь юуш  , наб а еш 1а  доккху.

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долууш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Пийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош  охьа  а  дахийтина,  б1аьргаш  хьекхош,  самадовлу,  мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

5. Керла тема кхин д1а а  хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь меллаша  д1айоьшу стихотворени.

аь) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1айоьшу стихотворени.

б)Сурт дилла шайна хазделлачу  х1уманна.

6.Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша тахана? Х1ун диси ницкъ ца кхаьчна? Х1ун бахьана ду  и кхиамаш  ца хиларна?

7. Жам1 дар.

-Муьлха  произведениевзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна  ю произведени?

8.Ц1ахь бан болх  балар.

1. Мамакаевн «1а»  ц1е йолу стихотворени  дагахь 1амо.


 

Нохчийн литература Тема: «1а»

Нохчийн литература Тема: «1а»

Керла тема хьехар. а) Яздархочух дош

Керла тема хьехар. а) Яздархочух дош

Х1ун дина чано? (1а даккха д1айижина) -Х1ун до бераша? (Салазаш хоьхкуш, ша т1ехь хехкалуш) -Шу муха ловзу 1ай? -Муха кхета шу « ког ц1уббан» бохучух…

Х1ун дина чано? (1а даккха д1айижина) -Х1ун до бераша? (Салазаш хоьхкуш, ша т1ехь хехкалуш) -Шу муха ловзу 1ай? -Муха кхета шу « ког ц1уббан» бохучух…
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
15.01.2024