Презентация представляет дикую природу, боевые и жилые башни, в Чечне, которые возвышаются в горной части.над террасами селений. Природа Чеченской Республики привлекает своим великолепием и разнообразием растительного и животного мира. Презентация полезна на уроках краеведения , классного руководства, для просмотра на тематическом вечереДикая природа
Даймехкан исбаьхьа куьцаш
Даймохк!
ДАЙМЕХКАН А, 1АЛАМАН А ИСБАЬХЬА
КЛАССАЛ АРАХЬАРЧУ ДЕШАРАН УРОК /6 – Г1А
КУЬЦАШ
Ма хала хьох къаьстина де – буьйса даккха,
Хьо ца гуш, ца хезаш хьан лаьмнийн аз.
/УРОК – ЭКСКУРСИ/
КЛАСС/
1алашо: дешархошна Даймехкан исбаьхьалла йовзийтар;
Даймохк беза а, ларбан а ойла кхуллуш, кхетош кхиор;
шеран массо а заманашкахь Даймехкан хазалла гайтар;
шайна хуучу байташца Даймохк хестабайтар.
Даймахке болчу
к1орггерчу безамца,
урокана программа а,
дешнаш а яздина
нохчийн меттан
хьехархочо
Альтемиров 1аьрби
Мусаевичас.
Б1аьвнаш, лаьтта шу кхийдаш сийначу
Хийла аш лайна халонаш, харцонаш
стигала.
шерийн,
Хастам беш шу йилхина кхоьллинчу вайн
Хийла аш ладег1на аьзнашка адамийн.
Далла.
Урок д1аяхьар:
Хьехархочун дош:
Хьоме дешархой, вай тахана шуьца д1ахьур ю классал арахьарчу дешаран
урок.Вайн урок хир ю вайн исбаьхьчу Даймехкан куьцаш шуна довзийтарна
лерина…
Х1ора стагана а хьоме хила беза ша вина, шен дай баьхна Даймохк.
Дуьненна го туьйсуш вай лехарха, Нохчийчохь санна исбаьхьа 1алам а,
лаьмнийн хазалла а, шовданийн ц1еналла а, хьаннийн исбаьхьа куьцаш,
дийнатийн, олхазарийн башхаллаш а йолуш кхин мохк хир бу аьлла ца хета
суна…
Вайна массарна а т1ехь доккха декхар ду и Даймохк беза а, ларбан а…
Кхин д1а хьовсур вай вайн Даймехкан а, 1аламан а исбаьхьчу куьцашка…
Даймохк, мила хир ву хьо ца безаш?!
Хьан хазалла йовза ца лууш?!
Хьо ца безахь х1ун до дахарх!?
Бахам оьший, х1ун до бахамах!?
Даймохк, мел исбаьхьа хуьлу хьо 1ай а!
Хьан лаьмнашка хьоьжу со геннара.
Ца 1ебаш лаьтта со царех ирс оьцуш.
Лайно даздинчу цу баххьашка хьоьжуш.
Даймохк,воккхавеш лаьтта со:
Хьан лаьмнех, аренех,шийлачу шовданех,
Ца к1ордош мийла, ца к1ордош хьежа,
Реза ву дуьнен чохь со меллалц веха!
Хьан хьуьна лаамаза нисвелла, Даймохк.
Лаьтта со сайн бералле ойланца вахана.
Жимчохь со левзинчу зезагийн ара,
Кхачий со кароро цу некъан и тача.
Цу лаьмнех чухьаьдда,
Дог1у хьо сихделла.
Г1овг1а а ю хьан
Беш дагна хьаам!
Суьйренга лестина малх буза боьлча,
Ц1ийъеллачу стигале б1аьрг аса тоьхча,
Вуьсу со цецволий хьан исбаьхьчу 1аламах.
Цу 1аламан тайп – тайпанчу хиламех.
Даймохк, ма ч1ог1а безна хьо Далла!
Сел исбаьхьа 1алам хьан кхолларна Цо.
Сан дагна хир ма дац хьол хьоме х1ума.
Даиман вехар ву хьо лоруш, беш хьан хама.
Даим а ца лаьтта хьан 1алам тийна.
Буьрсачу дахкарца, букара хьийзош,
Лекхачу бердех хьан хиш чу кхийсалуш,
Лаьтта со ойла еш, царех д1аийна.
Цу лаьмнийн коьртера ахьа чутекхийна,
Орга, и даккхий чхьараш ду б1аьргашна гуш.
Ма боккха бу, Орга, хьан дег1ера ницкъ.
Доьху ас Деле сайна Даймахкахь рицкъа.
Дешархошка хаттарш дар
1.Стенах олу Даймохк?
2. Х1унда олу винчу махках Ненамохк ца олуш Даймохк? Дийца шайна
хетарг.
3. Муьлхачу яздархоша а, поэташа а шайн байташкахь хестабо Даймохк?
4. Даймахках лаьцна зшарш хаьий шуна?
5. Стенна т1ера д1аболало Даймахке болу безам?
6. Даймохк а, Даймехкан 1алам а муха лардан деза?
Дешархоша дуьйцу шайна хетарг.
Хьанна хаьа Даймахках лаьцна байташ?
Дешархоша йоьшу шайна хуу байташ.
Даймохк, гуьйренан цу довхачу дийнахь,
Ларамза хьан луьстачу хьаннашкахь нислахь,
Даг т1ера хьогалла цхьа атта д1аойбуш,
Хетало дег1ана цу хьаннаша ницкъ луш.