Дидактическое пособие по развитию функциональной грамотности.

  • docx
  • 29.04.2024
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала dokument_microsoft__12_nnn_office_word.docx

Йоза

Урокан ц1е: Йозанан доккха а , жима  а элп Нн.

1алашонаш:

1.Предметни:.Йозанан доккха а , жима а элп Ее довзийтар, уьш  дешна юккъехь , юьххьехь , чаккхенгахь яздан 1амор.Адамийн ц1ераш доккхачу элпаца яздар.

2.Меторедметни:

·        Регулитивни:Урокан 1алашо йовза хаар шена гуш долчух , дуьйцучух тидам барца., иза д1айийца говзвлла кхиор, шена дан делларг, даза диснарг   ган 1амор.

·        Комуникативни: ша ца кхетачух шеен накъосташца, хьехархочух дагавалар, иза нийса хатта хаар.Дошамца болх бан хаар.

·        Познавательни: Дешнашкахь цхьа элп хийцарца керла дешнаш ган, церан маь1нех кхета хаар.

3.Личностни:Дешаран пайдех кхеташ хилар, деша керланиг хаа лаам хилар.Ненан метан хаззалла гар.

Урок д1аяхьар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

Накхармоза

Накхармоза   ловзабаьлла,

И   к1езанна  т1аьхьабаьлла,

Цунна оба ала г1ерташ,

Амма  к1еза цунах къехка:

И  д1ауьду, леташ,

 Мозанах ца   кхеташ...

Вукхо-м боьдий,меллаша,

Оба йоккху зезагна:

Майра хилла зезаг

-Мозанах  и кхерац.

-Стенах лаьцна  ю байт?

-Х1ун хила майра?

-шун дуй накхармозий?

 

2.1алашо йовзар.

Уьн т1ехь гуш ду суьрташ(нуй, н1аьна лан,элп н,н элпаца йолу ц1ераш, кроссворд, ах дешнаш.)

-Лерина хьовса суьрта т1е.Х1ун го шуна ?Билгалъяха 1алашонаш.

-Х1ара хун ю?(элп Нн)

-Х1ун дийр дув ай цунна?(Вайна девзар ду йозанан элпНн,1емар ду и д1аяздан))

-Х1ара х1ун  ю?( дешнаш)

-Царна х1ун дийр дув ай?(дешнашкахь элп Нн яздийр ду)

-Х1ара х1ун ю?Цунна х1ун дийр ду?(Кросворд ян 1емар ду)

-Х1ара х1ун ю?Царна х1ун дийр ду?(Уьш хита 1емар ду.)

3.керла тема хьехар.

·        Йозанан доккха а, жима а элп Нн довзар.

-Д1адеша дешнаш.муьлха элп т1еоьшу?

…уй,…аьрс, …1аьна,ла…,бе…

-Элп н.

-Вайга д1аязлур дуй и дешнаш?Х1унда?(Дац.Вайна ца хаьа элп Нн яздан)

-Шайгахь долчу элпашна  юкъара схьакъастаде элп Нн.И муьлханиг ду?(Зорбанан)

-Хьовсал.Х1ара йозанан доккха элп Н ду, х1ара йозанан жима элп н ду.Стенна оьшу шина тайпана элп Нн?

-Х1ун хии шуна?(Девзи йозана элп Нн)

·        Элп Нн д1аяздар.

Хьехархочо д1агойту уьн т1ехь.берашка цкъа хьалха яздойту х1аваэхь, цул т1ехьа тетрадаш т1ехь)

Н Н Н Н Н Н Н

Н н н  н н н н н

Нн Нн Нн Нн Нн

-Х1ун 1еми вайна?(Элп Нн яздан)

·        Дешдакъош яздар.

На  но  ну  ни не

Ан он ун ин ен

-Х1ун 1еми вайна?(Элп Н юкъадог1у дешдакъош яздан)

 

4.Сада1аран миноташ.

 

- Н1аьна, н1аьна, т1илдиг-н1аьна,

Н1аьне дехар до бераша

Йола хьажа хьо тхан керта куьйган эшарехь керт-ков  гойту.

 

- Даккхий т1емаш даржийна,

Хаза корта айбина,

Йог1ур яра                                          

 

Т1емаш даржадо, корта  хьалаойбу, д1асахьоьжу

Кхераделла, соне охьаховшу бераш, царна гонах хьийза со цига, Аьлла делара Дадига.

 

- Н1аьна, н1аьна, т1илдиг-н!аьна,

Тхуна г1одан хьо ца яг1ахь,

Куьйра хьийза стиглахь д1а-а

Дерриг к1орнеш д1адаьхьна,

Дуьтур ду цо, доцуш цхьа.

-Иштта делахь, йоггур ю:

Пиллиг-т1емаш даржийна,

Еха з1ок сайн ирйина,

Ямарт куьйра дукха сиха

Кертал араэккхада!

 

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

·        Дешнаш яздар.

-Вай урок  йолош муьлха дешнаш яздан ницкъ ца кхечира?Язлур дуй шуна уьш?

 

…уй,…аьрс, …1аьна,ла…,бе…

 

-Д1аеша ц1ераш 51 аг1он т1ера. Муьлхачу элпаца язйо уьш?Х1унда?

Д1аязъе.

Ану, Иман, Нура,Нурседа, Сану.

-Х1ун 1еми шуна?(Элп Н дешнашкахь яздан)

·        Творчески болх

1.     Кроссворд

Кроссвордан еак1овш чу доггуш долу дешнаш яздахь, цу  юк-къехь д1алачкъийна йолу хьозанан ц1е ешалур ю  шуьга (еша лакхара охьа). (Жоп: н1аьвла)

1. Бешахь олхазарш  къахко  юьгушерг.

2. Дийнат.

3. 31акардаьхни.

4. Лаьтта бухара хьаладолу хи.

5. Куьркахь хьаьжк1аш  кхорзуш, уьш . кегош болу г1ирс

6.Х1умаюу г1ирс.

(Жоп: 1. Мунда. 2. Да1ам. 3.Н1аьна. 4. Шовда. 5. лалакх. 6.М1ара.)

-Х1ун ю н1аьвла?Хьовса дошам т1е?( жаворонок).

м

у

н

д

а

д

1

а

м

 

н

1

аь

н

а

ш

о

в

д

а

л

а

л

а

кх

м

1

а

р

а

2. Дешнийн пхьалг1ахь

Лахахь далийначу элпех пайда а оьцуш, керла

дешнаш кхолла: Е, А, О, И, Ц, КЪ, Н, К, Р, Г. Xlopa дош

Н элпа т!ера дГадолалуш хила деза.

(Жоп: некъ, ног, нар, ницкъ, нека, неца, нана.)

7.Рефлекси.

-Муьлха 1алашонаш яра вайн урок йолош?

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

-Х1ун дан ницкъ ца кхечи шун?

-Х1н ду самукъадаьлларг, шуна юха а дан лаьарг?


 

Посмотрите также