Дешаран урок ()
Урокан ц1е: Аз а,элп ОЬ оь (Оь)
1алашонаш:
1.Предметни:Аз а, элп а Оь довзийтар, мукъа шалха хилар хаийтар, Оь элп юкъадог1у дешнаш деша 1амор.
2.метапредметни:
· Регулитивни:шеен белхан план х1отто хаар, цу пленан рогаллица болх бар, дешаран корматалле кхиар.
· Познавательни:керла элп довзийтар, иза шатайпана шалха хилар хаийтар.
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор.Къамела юкъара предложенеш йовза хаар. Ойлаяр , тидам бар кхиор.Дозуш долу къамел кхиор..Тобанашкахь болх бар кхиор.
3.Личностни:Нохчийн мате безам кхоллар. доттагалла лело хууш дешархой кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар
Кроссвордан еак1овш чу дог1у дешнаш язде, ткккха шун таро хир ю цунна юккъехь д1алачкъийна шира т1еман г1ирс бовза(лакхара охьадеша).(Жоп: гоьмукъ.)
1. Шелвелча, цомгашчунна вогуш хуьлург.
2. Юьртахь суьйранна нах гулло меттиг.
3. Ангали хадошболу ч1ог1а т1улг.
4. Йоь1ан ц1е.
5.Миска стаг.
(Жоп: 1. Дагар. 2. Пхьоьха. 3. Алмаз. 3.
Аружа. 5. Пекъар.)
д |
п |
а |
а |
п |
а |
хь |
л |
р |
е |
г |
оь |
м |
у |
къ |
а |
х |
а |
ж |
а |
р |
а |
з |
а |
р |
Дог1у дош ала
Ц1ийнан беркат довр ду доьза,
Бертахь бацахь ц1ийнан . . . . (Доьзал)
Коьртара д1айоккхий пес
Подам ийн схьаоьцу .... (Оьс)
Баца юккъехь малхехь лепа
Ялта гулдеш йолу .... (Оьпа)
Йоккхуш ву со сайна тоьла
Гулйина ас лаьттан .... (Оьла)
Эсано ца юу лоьдгаш
Йоьхуш соьга баьпкан .... (Оьлгаш)
Школехь доьшуштхо ма ду
1алам довза 1емашду.
Хьехархочо тхуна хьоьху,
Бецаш лоьхуш,тход1а... . (Оьху)
Таллархочо берзан к1езий лоьцу,
Цо ц1а деъча, ас уьш д1а ма ... . (Хоьцу)
3. 1алашо йовзийтар.
-муьлха элп девзар ду вайна тахана?
-Х1ара х1ун ю?(Дешдакъош )
-Царна х1ун дийр ду?(Деша 1амор ду дешдакъош)
-Х1ара х1ун ю?(дешнаш деша 1амор ду)
-Х1ара х1ун ю ?(Кицанех кхетор ду)
-Муьлха аз хеза массо дашехь?Х1ун 1амор дув ай урокехь?
4.Керла тема хьехар.
А) Аз а , элп а Оь довзийтар.
-Х1ара х1ун ю ?(оьпа)
-Оьпа дашехь муьлха аз хеза дуьххьара?(ОЬ)
- Аз (ОЬ) мукъа ду , я мукъаза ду?
-Х1ун бос бу схеми т1ехь?
-Маса дешдакъа ду оьпа дешан?
-Муьлханиг ду хьалхара ?(оь)
-Шолг1а?(па)
-Х1ара х1ун ю?( Моьлкъа)
-Мичахь хеза аз (ОЬ)?
-Х1ара х1ун ю?(гоь)
-Мича меттехь хеза аз (ОЬ)?
-Даладе аз(оь )дашна юьххьехь долу дешнаш?Юккъехь?Чаккхенгахь?
-Х1ара зорбанан доккха элп Оь ду, х1ара зорбанан жима элп оь ду.
Б)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо д1агойту мукъаза элпаш, х1ора элпана улло элп оь дуьллуш д1адоьшуьйту.
БББОЬОЬОЬ
ДДОЬОЬОЬ
Г1Г1ОЬОЬ
ЛЛОЬОЬ
ТТОЬОЬ
В)Дешнаш дешар.
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Кицанаш д1адешар.
-Муха кхета шу царех?
Б)Ловзар «лами»
2. Оь - на т1ера д1адуьйлалуш долу дешнаш даладе, цхьацца элп т1е а тухуш:
оь
оьс
оьла
оьмар
оьрнаш
оьг1азло
3) «Доттаг1алла» дийцар дешар.
-Стенах лаьцна ду дийцар?
--Мила ву сан доттаг1?Караде текста юкъахь длш.
-Мила ву адаман доттаг1?
-Мила ву г1азалин доттаг1?
-Оха х1ун леладо?
-Шун буй доттаг1ий?Стенна оьшу доттаг1?(Доттаг1 оьшу хьуна г1о эшча г1о дан, хьайн къайлахдерг дийца мегар ду доттаг1е)
-Кицанех муьлханиг ду доттаг1аллех лаьцна?Цунах муха кхета хьо?
7.Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.