Йоза 19/12/14
Урокан ц1е: йозанан доккха а, жима а элп 1 1
1алашонаш:
1.Предметни:
· Йозанан доккха а, жима а элп Шш довзар, Элп 1 ша цхьаъ, кхечу дешнашца яздан 1амор, дешнаш дешдакъошка декъар.
· 2.Метопредметни:
· Регулитивни: шеен делхан 1алашо билгаллъяккхар, цуьнан план х1оттор, планаца болх д1абахьа хаар.
· Познавательни:керла элп довза и лаха книги т1ехь хаар, ах дашах дина дош дан хаар.Схемина дешнаш карор.
· Коммуникативни: шеен кхиамех, кхачамбацарех хьехархочух , накъостех дагавалар.Накъостин кхачамбацарех ца велар, г1о дан лаам кхоллар
· 3.Личностни:ненан мате безам кхоллар и бовза лаам хилар.
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
Шарадаш
Чохь ду ч1ерий,
Бераш луьйчу.
Элп ахь хуьйций,
Хир бу... .1ам-т1ам
Бууш хуьлу со сов мерза,
Бос хуьлу сан ц1ен а, можа. 1аж- таж
Хьалхара элп д1адаккха,
Паччахьан бу куй со т1аккха.
Гуьйре яхча едда д1а,
Деъна кхечи шийла ...
Б1аьсте яха генаяьлла,
Аренца и хьаладаьлла.
Б -элпаца хи чу юссу,
I - элпаца т1улгашкхуьссу. (Бад - 1ад)
-Муьлха хили дешнаш?Муьлханиг ца девза?Хьовса дошам т1е.
Таж-паччахьан куй
-Д1аязлур дуй вайна дешнаш?Х1унда?(Элп 1 яздан ца хаьа)
2.1алашо йовзар.
-Д1аелла книгин 70-71 аг1о.Хьан эр дара х1ун 1емар ду вайна?
(Бераша план х1оттайо)
3.Керла тема хьехар.
· Йозанан доккха а, жима а элп 1 довзийтар.
Уьн т1е д1аяздо:
Аа Оо Нн Дд РрИи 11
-Кхаа декъе декъа элпаш?(1.А,О,И-мукъа, мукъаза-.Н,Д,Р,1,.—Элп1 яздан ца хаьа)
-Хьовса.Х1ара йозанан доккха элп 1 ду, хара йозанан жима элп 1 ду.
· Элп 1 д1аяздар.
Хьехархочо д1агайтарца д1аяздо элп 1.
1 1 1 1 1 1 1 1 1 1 1 1 1 1
1 1 1 1 1 1 1 1 1 1 1 1 1
-Стенах тер аду элп 1?
· Дешдакъош яздар.
1а 1о 1у 1и 1е
А1 о1 у1 и1 е1
-Х1ун хийцаделла?
· Дешнаш д1аяздар.
1ад, 1ам, йо1, во1,1ийса, 1умар, 1аша.
-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца?Х1унда?
· Предложенеш язъяр.
1умара салаз хохку.1айшата лайн-баба йо.
-Д1аеша хьалхара предложении?Маса дашах лаьтта хьалхара предложении?
5.Сада1аран миноташ.
6.Кхоллараллин болх.
· Дешан схема карор
-Хьехархочо д1агойту схеманаш.Х1ора схемина шиша дош каро деза.
Йо1-во1
1ийса-Муса
· Дешдакъойх дош кхолла.
1им-… 1а-…
1ус-…. 1а-…
1а-… 1а-…
· Кроссворд
Кроссвордан еак1овшхьалаюза, дог1у дешнаша яздеш.
1. Дийнан хан. ________
2. Уьстаг1ан к1орни. ________
3. Дайн г1иллакхаш, ламаст. ________
4. Балахьегар. ________
5. Къаьмнийн тайпа. ________
6. Пачхьалкхехькуьйгалладийриг. ________
(1.1уьйре. 2. Iaxap. 3.1адат. 4.1азап. 5.1аьрби. 6.1едал.)
1 |
уь |
й |
р |
е |
1 |
а |
д |
а |
т |
1 |
а |
з |
а |
п |
1 |
аь |
р |
б |
и |
1 |
е |
д |
а |
л |
1 |
а |
х |
а |
р |
Ребусаш
1.1 (жоп: 1у) 2.1^^(жоп: 1ов)
3. IA20 (жоп: 1аткъа) 4. IA (жоп:
1алам)
7.рефлекси.
Х1ун 1еми шуна?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.