Дешаран урок
Урокан ц1е: Муха йийца еза шеран хенаш.
1алашонаш:
1.Шеран хенаш йовзийтар,х1ора хан масса баттахь лаьтта дийцар, беттанаш довзийтар.
2.Хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала 1амор, дозуш долу къамел кхиор
3.1аламе безем кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
Х1етал-металш шеран заманех лаьцна.
2.1алашо йовзийтар.
1а1 , б1аьстий къовсадалар –дийцар.
-Х1ун ю дийцар т1ехь юьйцург?Х1ун 1емар ду вайна урокехь?
3.Керла тема хьехар.
А)Беттанаш бовзийтар.
Бераша д1айоьшу ц1ераш.
-Муха кхета шу лахьан бохучух?Бекаран?
-Маса ю шеран зама?Схьайийца.
-Муьлха беттана бу 1аьнан?Д1абеша.
-1аьнан беттанийн х1ун бос бу?
--Муьлха беттана бу б1аьстенан ?Д1абеша.
-б1аьстенан беттанийн х1ун бос бу?
-Муьлха беттана бу гуьйренан ?Д1абеша.
-Гуьйренан беттанийн х1ун бос бу?
-Муьлха беттана бу аьхкенан ?Д1абеша.
-Аьхкенан беттанийн х1ун бос бу?
4.Сада1аран миноташ.
5.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Байташ ешар.
-Стенах лаьцна ю и байт?Х1ун до бераша 1ай?
-Б1аьстенан муьлха билгалонаш евза шуна?
-Муха хуьлу аьхка?Х1ун дуьйцу гуьйренах лаьцна?
Б)Кроссворд «Шеран заманаш»
-Муьлха шеран зама ю бераша салазаш хоьхкург?(1а)
-Маса деша ло?(б1аьста)
-маса хоьцу бераш д1а?(Аьхка)
-Маса дега дитташ т1ера г1аш охьа?(гуьйре)
|
|
б |
1 |
аь |
с |
т |
е |
|
|
|
а |
х |
|
|
|
|
|
|
|
к |
|
|
|
г |
уь |
й |
р |
е |
|
|
|
1. Тобанашкахь болх.
2. Х1ора тобано шена хазахетачу шеран заманан сурт дилла.
5.Рефлекси.
-Муьлха шеран заманаш евза шуна?
-Муьлхачу беттанашкахь лаьтта б1аьсте?Аьхке?Гуьйре?1а?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.