Классный час: Здравствуй птичья страна.

  • docx
  • 29.04.2024
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала dokument_microsoft_66___h1un__desh__du__office_word__2_.docx

Йоза

Урокан ц1е: муха хатта деза: х1ун дешду?Оцу хаттарна жоп далар.

1алашонаш:

1.Предметни: дар билгалдечу дешнех кхетор, царна хаттарш дала хаар, жоьпаш далар.Уьш д1аяздан хаар.

2.Метапредметни:

·        Регулитивни: шеен  белхан  1алашонах кхетар,  план х1оттор, цуьнан рог1аллица д1авха хаар.

·        Познавательни: дар билгалдечу дешнашна хаттаршна жоьпаш далар.

·        Коммуникативни: ден накъосташа  дечух лаьцна  хаттр дала хаар,ша дечух лаьцна дийца хаар.

3.Личностни : Нохчийн мате безам кхоллар.

Урок д1аяхьар.

1.Дешаре  шовкъ кхоллар.

Хьехархочо гойту  йо1 к1ант  цхьацца г1уллакх деш долу  суьрташ т1ехь.бераш тобанашка а доькъий дуьйцуьйту.Х1ун деш  ю йо1 йо1араша, х1ун де шву к1ант –к1енташка.Йо1ана  к1антана  ц1е тилла.

-Мансур ловзу.Мансур. воду.Мансура нека до.Мансура ч1ара лоцу.

Яхас сурт дуьллу.Яхас яздо.Яхас  нуй хьокху.Яха ловзу.

-Х1ун до Мансура?

-Х1ун до Яхас?

2.!алашо  йовзар.

-Д1аеша тема.Х1ун 1амор ду  вай?(Х1ун деш ду  хаттар дала)

-Суьрте хьовса.Стенна оьшу иза?(Дуьйцур ду х1ун деш ду бераш)

-Х1ара х1ун ю?(Йозананболх бан билгало , х1окху суьрта т1ехь дерг д1аяздир ду)

3.Керла тема хьехар.

·        Еък1овш  чуьра предложенеш еша.Аса х1ун до?(Аса йоьшу)

-Муьлхачу дашо гойту аса деш дерг?(Йоьшу)

-Х1ун хаттар ло?(Х1ун до?)

-Д1аеша  шолг1а  предложении.Ахьа х1ун до?(Йоьшу)

-Муьлхачу дашоо гойту  деш дерг?(йоьшу)

-Муьлха хаттар ло цунна?(Х1ун до?)

·        Суьртах лаьцна дийцар.

-Цераш  тахка  берашна.Хетта цара дечух  лаьцна.

-Марха х1ун деш ю?(Марха  язъеш ю)

-Хьехархо х1ун деш ю?(Хьоьхуш ю)

-Адам х1ун де шву?(Ладуг1уш ву)

-Муха  хоту  цхьа х1ум деш волчух лаьцна?(Х1ун де шву?)

·        Йозанан болх бар.

Хьовса  книгин 150  агон т1е.Т1адамийн  метана  дешнаш дохкуш  д1аяздо.Цкъа хьалха  ладуг1у яздо, шолг1 яздо.

Аса ладу1гу.Аса яздо.

Ахьа ладуг1у.Ахьа яздо.

Цо ладуг1у.Цо яздо.

Вай ладуг1у.Вай яздо.

Аша ладуг1у.Аша  яздо.

Цара ладуг1у .Цара яздо.

-Муьлхачу дешнаша гойту деш дерг?Муьлха хаттарш ло  вай царна?

3.Сада1аран миноташ.

4.Керла тема кхин д1а а хьехар.

·        Т1ейуза предложении.

Д1абеша хьалхара мог1а.И х1ун ю ?(Предложени)

-Хун т1еоьшу?(деш дерг)

-лахарчу дешнашна юкъара харжа.

-Школехь тхо тийна х1ун деш 1а?( Школехь тхо тийна хевшина 1а)

-Урокехь х1ун до?(Урокехь ладуг1у)

-Музыка 1амош х1ун до?(Музыка 1амош эшарш лоькху)

-Делкъана х1ун до?(Делкъана дуьйлало)

-Д1аязъе предложнеш.

Школехь тхо тийна хевшина 1а. Урокехь ладуг1у. Музыка 1амош эшарш лоькху. Делкъана дуьйлало.

5.Рефлекси.

-Муьлха хаттар ло дар билгалдечу дешнашна?


 

Посмотрите также