25-г1а апрель – нохчийн метан де
Мотт- иза к1оман са, адамаллин куьзга ду.Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц.
Мотт- иза массо х1уманан а бух бу.
Цуьнца доьзна ду халкан дерриге дахар:уьрам, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий,яхь, хьекъал, кхетам.Халкъо олуш кица ду: «Мотт бу-къам ду,мотт бац- къам дац.» Мотт вай лар ца бахь, ццуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Мотт –иза муьлххачу а хаьлкъан истории ю, цуьнан хиндерг ду. Иза халкъан боцуш йиш йоцу г1ирс бу.
Ненан мотт
Со вина Кавказан ломахь
Къожачу баххьашна юххехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжаш
Цо олу аганан илли
Декара, дог хьостуш, довха
Сан ненан маттара илли.
Цу иллин дешнашца гора
Даймахкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, Даймахке безам
Вайн дайша къийсамехь гайтар.
(А.А.Айдамиров)
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.